Page 1

Дугин 1аьрби

Туьйранах 1ехабелларш ( Хабарийн ц1ов)

Соьлжа-г1ала 2010 шо


Дугин 1аьрби

Авторан сурт

Туьйранах 1ехабелларш ( Хабарийн ц1ов)

Соьлжа-г1ала 2010 шо Дешхьалхе 3


Дуьнене д1асхьажна а валале, 70 шо д1аделихьенан дагахь дара кху хене вер ву аьлла?! Х1ун хилла, х1ун гина, х1у хезна цу юкъана? Суо кхеттал хилчахьана дуьйна, къамелашка ладийг1ина ас. Къаьстана дага чохь дисина бералехь хезнарг. Эрна ца аьлла, жимчохь 1еминарг т1улга т1е яздина йоза ду, воккхачохь 1еминарг ша т1е яздина йоза ду. Вай арадаьхна долуш дара иза. Со элпаш довза а вахале, соьга далун долу г1уллакх т1едиллира суна. Кха дечиг а туьллуш, чохь йовхо латто езара. Х1унда аьлча вайга чугуллора г1еметтах1оьттина мел болу божарий нохчий. Цуьнан а шен бахьана дара: вайн воккхах волу ваша Абу пхьар вара. Мачийн пхьар. Ткъа пхьерана гондахьа даима а хьийза нах. Цо шеен болх бо, баьхкинарш багаетташ 1а. Цу заман чохь доьшуш газет дацара. Радиокад юьрта юккъерчу б1ог1ама т1ехь бара, цхьаъ, к1ирнах – баттахь цкъа хаам бан бола а луш. Цуьнга ладог1а уьдуш Адам а ца гина суна. Дика т1аьхьа Бен – Дими !умара пондар локхур бу бохучу хенахь Бен. Телевизор, интернет х1ете а юкъаер ю аьлла г1енах чул башха дагахь а дацара. Цундела вовше дистхуьлуш оьцура марзо. Хийла хиларг – леларг хезна сунна х1ета! Ц1енчу нохчийн маттахь! Кхин мотт царна хаа а ца хаьара, цундела вайниг цара говза, Шера буьйцура, хьан б1аьргаш хьалха лапп олий сурт х1оттош. Х1ета хезначух цхьаццадерг х1инца а дага чохь лаьтта сунна. Хан-зама а яьлла, сох г1еххьа жимастаг хилча а, саакха волчуьра юха ца вирзира. Массанхьа а кхача салаьттара, дерриге а хаа лаьара. Вайн йоккхачу пачхьалкхан массо а к1ажа кхача г1ерташ, некъ бара. Ц1ерпошта т1ехь юкъарчу вагона чу хиъча, ирахь латта а меттиг ца кхочура. Цу хьолан дика аг1о алсам яра. Хийла хилларг-лелларг девзара. Мичахь муха беха нах , церан дагахь х1ун ду хаьара. Некъахой хьоьца эвхьаза хуьлура цхьаьна йокху хан к1езиг йолу дела, хьо мила ву царна а я уьш муьлш бу хьуна а ца хуу дела.Вевзачуьнга цкъа а дийца ца х1утту берг дуьйцура . Хьо мотт туоха а вахалур ма вац я т1ехтохам бан т1екхоче а хир вац. 4

Цу кеппара веха лийлира со «хоьхка» а Хилла ( сан накъосташа хьийзош ма-аллара).Х1орда йистехь, лекхачу лаьмнашкахь, сийначу тог1енашкахь-адам вовшах мел кхеттачохь къамелашка ладийг1ина ас.Хийла хаза дош хезна, цу сохьта дицлой, дайна д1а а долуш.Кхоам-я1 церан! И дешнаш д1а а яздеш,гулдича, хийланна пайда бер бара царах. Амма вайн лаг а лаьцна 1аш йолчу малоно х1умма а дан ца дуьту. Уггаре а хьалха со суо а т1ехь. Делахь а цхьа к1еззиг бехказа валлал болх бина ас – цхьацца сайн коьрта чохь дисинарг д1аяздина.Уьш шуна тахь,цхьаъ мукъане а ойлане валахь, ас эрна ца хьегна къа. Кху тептара т1ехь оьрсаша «рассказ» олучохь «хабар» диллина ас .Х1унда диллина а дуьйцур ду. Арадаьхначуьра вай ц1адирзича сунна дуьххьара караеъана книга Бадуев Са1иданиг яра.Латинийн йозанца арахецна яра иза. Цу т1ехь яздина дара и «хабар». Д1ахьаьжча, г1умкаша а , суьйлаша а , лаьзгеша а , вайн Кавказан дуккха а кхечу къаьмнаша а дуьллуш хиллера изза «хабар».И д1а а даьккхина «дийцар» юкъа х1ун дан далийна, «повесть» маь1нехь и ца дуьтуш? Суна хетарехь, оьрсийн кхин цхьа дош ( «повесть») вайн матта юкъадалорхьама дина. Нийса хир ду вай юха а «рассказ» бохучу маь1нехь хабар лелийча, ткъа «повесть» бохучохь «дийцар» дитича.Шуна муха хета, вежарий, йижарий? Ткъа сайх дерг аьлча, со дуьнен т1е ваьлла меттиг Хаьмби-Ирзе ю (кхин ц1ерш а лелийна цо – Хадис-юрт, Лермонтов-юрт). Иза Т1ехьа-Мартанан к1ошта юкъайог1у. Саъ диъ шо кхаьча, вайн дерриге а къам махках даьккхина. Хало а, шело а, мацалла а Казахстанехь лайна тхан доьзало. Къестарш дукха хилла, тхан ц1ийнах кхоалг1а дакъа дисинехь кхин ца дисина. Юьхьанца цу хийрачу махкахь къар ца бала г1ерташ тийсабеллира вайн нохчий. Т1аьхьом цхьанцца уьйраш а тасаелла, вайца бухарчеран а ларам а болуш д1атарделлира. Исс класс цигахь чекхъяьккхира ас.Уьтталг1ачохь деша волавелча ц1а дахка бакъо елира. 1957-чу шеран октябрь чекхболуш тхо а кхечира Нохчийчу. Хаьмби-Ирзехь юккъера школа х1ета яцара, цундела уьтталг1а класс Сема1ашкахь яьккхира ас. 5


Кхин юкъа хан ца юлуьйтуш деша вахара Нохч-Г1алг1а пачхьалкхан хьехархойн институте (х1инцалера университет ю иза), мотт а литература а. Студент волуш яздира хабарш сайн накъосташа уьш магийча, сайна доьшуш волчу Сатуев Хьусейнца (т1аьхьо – г1араваьлла нохчийн поэт хилира цунах) яздархой Союзе д1адаьхьира. Амма цигахь уьш деша йиш ца хуьлуш иттех шо делира. Институт чекх а яьккхина,жима хьехархочун болх а бина,со эскаре г1уллакхдан вахара.Цигахь ши шо а даьккхина, цул т1аьхьа Красноярскан махкахь кхин кхаа шарахь а хьоьхуш болх а бина ц1авирзича а сан хабарш деша раг1 ца кхочуш 1оьхкура.Т1аьххьаре а ,собар кхача а дина,со Мамакаев Мохьмадна т1евахара.Х1ета «Орга»альманахан редактор вара иза. Цо суна хьалхха дийшира «Гайтаман дов хаттар» боху хабар. И къобал а дина: «Х1ара а т1етухур ду ,х1ара санна дисинарш делахь уьш а т1етухур ду», - элира Мохьмада. Шен дош кхочуш а дира. Со юьрта г1ахь,гал а ваьлла,литературина Варна кхоьруш,Мамакаев Мохьмада «Ленинан некъ» газете д1ах1оттийра со. Амма мелхо а журналистико д1аяьккхира ерриге а хан, исбаьхьаллин х1умнаш язъя буха а ца юьтуш.Кегийрхойн «Комсомольское племя» газетехь а «Грозненский рабочий» газетехь а къахьегна ас . Ткъа дийцарш т1ехь долуш цхьа сборник ара а хецна ас». Киртиг т1ех1оьттича» яра цуьнан ц1е ,иза зорбане елира 1 9 8 7-чу шарахь. Т1аьххьарчу хенахь-м вай х1умма а язъечохь а ма ца хиллий, махкахь х1оьттина хьал-де а ,т1емаш а бахьанехь.Цхьадика,карарчу хенахь-м чусадеъна вайна.Х1инца сан 7 0 шо кхаьчнехь а , деш х1ума а доцуш вижина 1илла йиш яц : сайга далург аса а дан деза,МигельСервантеса шен «Дон-Кихот» боху роман кхузткъа шо кхаьчначул т1аьхьа язйина шуна бехира тхойга Мамакаев Мохьмада яхьана семинарехь,(цо и дуьйцучу хенахь тхо студенташ дара) цундела баккхийнарш а парг1атбовла ца оьшу, дерриге а дукъ кегийчарна т1е а диллина… Иштта и дага а лаьцна, х1ара къахьегна ас, хьоме вежарий, йи-

жарий. Ткъа кхид1адерг - шун карахь ду. Даггарчу лерамца—йозанда.

1-ра дакъа

Хилларг-лелларг

6


Т1ам бойна г1арг1ули (Хабар) Хиъна 1аччохь - дийнахь делккъехь! – г1аннабарша 1ехийна хиллера Товка. Иза кхузткъеит шо т1ехъиккхина йоккхастаг яра, 1асанна метта шен куьйгана тайна г1аж а лелош. Ц1еххьана дог къийла доладелира, хан яларх хуьлуш г1оле а йоцуш. Ванах, ша йина, ша 1ийна, дагна готтара а мерза йолу юрт дуьхьала тесна хилла техьа?.. Тера дац. Xlapa х1инца боккъал а самаяьлла, амма кхуьнан дагчуьра сингаттам лах ца белира. Товкин кийрахь гулделлера шортта хи, дуьра, довха - тап б1аьрхиш. Дог луьйчуш санна хетара цу ц1енчу 1амчохь, амма хаалуш бацара хийцам: тохара санна ов деттара, дилхах к1охцал 1оьттича санна, йоккачу стагана ницкь а беш. Х1ун ду техьа и ? Коьрта чуьра цхьа сингаттаме тийжар д1адолуш дацара, орцахвала стаг а вацара чохь гуш. Шен г1ожа т1е а тевжаш, арашершира Товка. Кхуьнан во1 а, нус Зайнап а, лулахо а уьйт1ахь лаьттара, шайн кортош ирах а дерзийна. Цец а яьлла, хьалахьаьжира йоккхастаг. Тапъаьлла, д1атийра: стигалхула хьийзаш яра г1арг1улеш. Цара хьоькху маьхьарий хиллера xlapa самаяьккхинарш а, кхуьнан сахьийзинарш а. Гуотуьйсу олхазарша, шайн оьзда дог1маш а дахдина, цкъа лилула сийначу паналлехь го уьш, юха к1айн бамбин оьлана юккъехь къайла довлу. Ма хаза хьийза уьш, шайн жатташ (олхазарийн тобанаш) вовшахъетташ!.. Амма церан делхар дагах чекхдолу. - Х1ун бала бу техьа цаьргахь? - ша шега йистхилира йоккхастаг. И хоьттуш ю моттаделла лулахо жоп дала х1оьттира: - Шело гергаеана, ткъа г1арг1улеш йовхачу метте д1а ца яхача милла лийр ю. Шаьш йинчу махках йовла ца лууш, мохь бетташ тийжаш ю-кх уьш. - Гена яха езий церан? - Еза. Къилбе. 1а ца х1уттучу метте. - Изза г1арг1ули ю со а, - элира Товкас меллаша. - Сан а сагатло сайн махкана. Циггаша т1ех а евлла гlyp ю хьуна и мисканаш. Дави7

са, церан санна т1емаш делира сан, царна т1аьхьа а х1оьттина ц1а яха. Амма со т1ам бойна г1арг1ули ю. - Са логе кхаьчна сан, Лолла, - элира Товкас шен во1е, шаьш чудахча, - со ц1а йигахь, г1азкхийн кешнашка со д1айолла хьуо ца г1ертахь. - Т1ом ма бу цигахь, - юха а т1е ца тайра к1ант. - 1аьржа талу цигахь делахь а, со сайн махкахь, сайн нахана юккъехь яла йитахь... - Мулкалмовто хаам-ам ца бина хьоьга, кечам биэ аьлла? - бегаш т1е даккха г1оьртира во1. - Бина. - Муоха бина цо и? - хазахийтира к1антана, нанас забар т1елаьцна моьттуш. Амма кестта кхийтира, ша г1алатваьллийла. - Хаам бац суна, т1ехула гота2 яьккхича санна, хебаршка ихина сан юьхь; хаам бац суна, шина б1аьрга чуьра дайна нур; хаам бац суна, къежбелла корта, букара сеттина дег1? Кхин х1ун хаам бан беза, цхьа ког коша а бахана 1аш йолчу соьга? - барт беттара нанас... Цунна ца луъушехь яьккхинера во1а шен нана т1амана гена. Ша цунна чусадиллина волу дела, т1едетта-аш лаьтта герз цунна а кхетарна ша кхоьру дела. Нехан махкахь цхьацца аьтто а нисбелла д1атасавеллера и. Доьзал а кхабалора, бераш деша а д1ах1иттийнера. Уллехь нана ца тоьура. Т1аккха илла а билла а бохуш, йиттане а йита а ца йитина, схьаялийра Товка. Юьхьанца сагатда ца кхуьура йок¬кхастаг: Лоллица уьйраш тесна болу нохчий а, оьрсий а, суьлий а бог1ура кхуьнца къамел дан. Ша мукъаваьлча ненаца волалора во1... Доккха хи гойту. «Суна-м вайн Марта хазахета». Цхьа тайна лаьтташ хаза шахьар гойту. «Суна-м вайн юрт хаза хета». - Хьажахь, мама, хьаллара хьун - ма исбаьхьа ю и! Багандечиг, бероза-дечиг, таьллаш... - Со кху меттигашна х1ума бохуш яц: болучунна хаза мохк бу. Кхузарчу нахана луьйш а яц: церан шайн г1иллакхаш ду. Амма сан кхузахь са ца къерло. Ц1а йигахь со, Лолла, хьайн сох доллуш х1ума дацахь. - Юьгур ю, - дош луора во1а. Амма кхочуш ца дора. Ткъа Товка денош хьавх, сахьташ дагардеш lapa, лаьцна стаг санна. Дуьненахь а уггаре а хаза меттиг ю Кавказ, тешна яра йоккхастаг. 8


Ткъа Нохчийчоь-цуьнан дог ду. Стенна дуьйцу-xlapa хаза юй, важа дика юй, бохуш? Сан дог-ойла шех хьаьрчар йолуш мохк xlapa ца хилча? Безачарна Дала ма эшабойла xlapa, ткъа со санна йолучуннаг1енах а ма гойла! Суна сайн ц1а яха лиъча бехке дуй? -Дац. Xlapa г1уллакх чекхдаьлча юьгур юй, важа даьлча юьгур юй, бохуш лейора. Амма Лоллин г1уллакхаш цхьаъ д1адалале кхин масийтта гучудолура. Т1аьххьаре а Товка кхийтира, ша иштта 1ахь гуттаренна а херахь йисина яьллийла. Собар кхача а дой, йоккачу стага сацам бо: 1уьйрре ара а яьлла, къайллаха ц1а яха. - Синок, куда едиш? Возми мине туда?.. Амма «мамаша» гена ца елира. 1едал а, веза-вевзарг а г1аттийна, лехира, нуьцкъаха юхаерзийра. «Цхьаьнаг1ур ду вайша, сан г1уллакх чекхдала гергадахана». Туьйра хилира цунах а. Г1аш гlyp ю ша, шен дагахь ч1аг1ъелира Товка, шофершка шена моттбоьттуьйтучул. Тохара хьажц1а а ихний и нах, х1окхул а беха некъ а беш. Ша х1ун г1аддайна ю царал? Цунах а г1уллакх ца хилира: тилаелира. Доцца аьлча, кхузза новкъара нуьцкъаха юхаерзийра йоккхастаг. Бехкаш а дохуш. Дош а луш. Амма Товка шен во1ах х1инца ца тешара. Х1етте а ша тешна муттуьйтура. Цунна томана. Цхьана сарахь берриге а доьзал те¬левизоре хьоьжуш 1ара. Нохчийчохь доллург хаа лууш xlopa сарахь ладуг1ура Тов¬кас. Ткъа цу чохь долучул а буьрса дуьйцура хьал. - Миска Мелисат х1ун деш ю техьа?-ойланашка яхара йоккхастаг. - И мукъане а кхузахь елахьара, иштта ч1ог1а сахьийзар дацара сан. - Ахь ма ч1ог1а язйи и! - реза воцчу озехь дуьхьала вистхилира Лолла. - И х1ун динарг ю? - Дера, ю и дика лулахо, - тоьшалла дира Товкас. К1антана хаьара, Мелисат йийца ша бахьана даьккхича, шен ненан самукъадер дуйла. Цунна долийна а дара цо и къамел. - Ас г1одмийн такхорех шишша туьма дехча, вайн урамехь вехаш волчу Хушпара бер-берх1итта сом бен лур дац ша элира. Со реза ца хилира. Цхьа хан яьлча ч1ог1а ахча а эшна, цу мехах д1адала сацам бира ас. Амма Хушпаре и ала даго ца юьтура.Т1аккха Мелисат йолчу яхара со, иштта а, иштта а дара, ахь д1аоьцур дацара сан такхо9

раш оццу берх1итта соьмех, аьлла. «Дера, оьцур дац, - елакъежира Мелисат, соьга схьа а хьоьжуш. - Хьуна царах дезаш хилла шишша туьма лур ду-кх. Г1одмаш-м хьа-ах ду 1ай суна оьшур». Цул т1аьхьа а, хьайна луъу мах а х1оттабай, д1ахьуо ас аьлча, дера, хьур дац, ахь ц1е тоьхна мах а белла хьур ду, олий, xlopa шарахь соьгара г1одамаш оьцура цо... Со кертахь цхьаъ деш хаалахь, г1одора я ша йог1ий, я шен йиш яцахь ши йо1 йоуьйтий... Ша мукъаяьлча, уьйт1а йог1ий къамелаца сатедора... сан сапарг1атдоккхура... Лолла, шело ч1агъялале ц1а д1аюьгур юй ахь? -Ю. И дош кхочушдира во1а, амма цхьанне а дагахь доцчу кепара. Итт сахьт долуш, наб т1ег1оьртина шена, аьлла, Товка шен чу д1аяхара. Шийтта даьллачул т1аьхьа вижа дагадеара Лоллина. Араваьлча, корехь йогуш серло а гина, стогарш д1адайа йицъелла хир ю мама, аьлла, чувахара. Маьнги т1ехь х1инццалц санна нисъелла 1уьллуш яцара нана, юрг1а а ца теснера т1е. - Мама, жимма д1ахилахь, - аьлла улле вахара к1ант. Важа меттах а ца елира. - 1аламат сема наб хуьлуш ма яра xlapa х1инццалц, тховса ма ч1ог1а кхетта. К1адъелла хилла хир ю, - бохуш, д1анисъя куьг 1оьттира к1анта. Ненан пхьарс, ша санна, шийла бара... Воьхна, куьйгаш эго доладелира. Мел лерина хьаьжча а, дег1 а дара г1орийча санна. - Ва-а-а-а, ма-ма-а-а-а! - мохьбелира Лоллига, дуьне 1адо г1ерташ санна. - Ахь динарг х1ун ду? Ма тешнабехк би ахь! Ша-шех лиэташ; г1ори-г1оддаха шен корта пенах бетташ, воьлхура Лолла: - Ца луъушехь схьа а ялийна, оццул цо дехар дича а ц1а а ца юьгуш, ас айса йий сайн нана, айса йи. Со велла велира цуьнан метта, и дийна а юьсуш... «Деллахь, ши дакъа ц1а текхо дезар ду-кх сан, xlapa иштта витахь», -аьлла, кхераелира Зайнап. Едда яхана орца даьккхира. Лулахой а баьхкина, цара дешнастаг а валийна, виэза-вевзарг а кхаьчна, уьш массо а дика а хьаьв- зина, во1е ца кхочуьйтуш кечйира нана цунна сел дукхабезаш хиллачу махка д1айига. Шайн юьрта, гергарчу нахе, хаам бира, Товка д1аяьлла, аьлла. Нуй хьаькхна, аннаш дилина, чан д1аяьккхина, ц1енош а, уьйт1е а

10


кечйира Мелисатг1ара а, еллачуьнан кхочурболучара а. Цундела нехан керта хьийза а ца везаш, шен ц1ахь, шен уьйт1ахь х1оттийра Лоллас тезет. Товка д1аюллучу хенахь, кешнаш т1ехула хьаьвзира г1арг1улийн жут1. Шайн т1ам бойна накъост гуттаренна а кхузахь юьсуш юйла хууш санна, маьхьарца-белхаршца кхо гуо тесира цара. Цул т1аьхьа мог1а бинна къилбехьа д1аяхара. Амма церан г1ийла аьзнаш, велха догдоуьйтуш, деха дийкира хезначийн лергаш чохь а, кийрахь а. Ткъа Лоллига б1аьрхиш ца сацаделира. Цунна дуьхьала х1оьттира цунах терра сурт. Амма х1ета нана дийна а яра, цунна уллехь а яра. Х1инца дуьне дасделла: нана уллехь ю, амма са чохь яц... Цхьанне а ала х1ума доцуш д1аерзийра Лоллас шен нана. Саг1а даьккхинчул т1аьхьа д1аваха туохавелира. - Мелисат, - элира цо, - тохара санна, керт а лелае хьайна, ц1енойн дола а диэ, хьайн йиш хилча, тхан не¬нан коша т1е а г1о-хьан механ х1ума дацара цуьнан. - Даламукъалахь. Товка - дика адам дара... Вайн карахь дерг-м дийр ду: вирд доккхуш, ц1арца мел а кхайкхор бу, xlopa езачу буса саг1ина х1ума а лур ю, п1ерасканан де т1е моссаза деи кешнашка а г1ур ю. - Дела реза хуьлда хуьна, Мелисат. - Массарна а хуьлда Дела реза... Лолла, хьайн ц1енош чу ахь цхьаъ чухаийча бакъах хетара суна. Хьан шортта гергара нах а бу. -Хьайна луъург чу а хааве, хьайна лиъча-ара а ваккха. Со махка вухаверззалц хьо ю-кх церан да... Х1инца цу ц1енош чохь 1аш со ву, xlapa мог1анаш яздешверг. Сан г1алара петарш яьгча, Мелисат 1анне а ца 1ийна, со юьрта д1авахана. Шу тоххара шекдевлла хир дуйла хаьа: Мелисат - сан йиша ю. №3 йолу «Вести республика» газет 2001-чу шеран июль беттан 17-г1 де; №5 йолу «Орга» журнал, 2002-г1а шо. 1Жут – стая (преимущественно птиц). См.словарь А.Мациева. Мокха1 – бритва.

11

2Гота – плуг с упряжью. См. «Нохчийн-оьрсийн словарь»А. Мациева

Корта башаро бина аьтто (Хабар) Мокханца1 хьаьккхина д1абаьшна корта хилар бен, кхид1а кхечу кегийчу нахах къаьсташ а ма вацара со - юьхь-сибатца а, я духарца a. Xleттe а суна вевзаш а воцчу сан нийсархочо суна т1ехь сацийна хиллера шен сирла ши б1аьрг. Дела реза хуьлда цунна -цо и ца динехь, хийла х1ума дуьсург хилла, суна а ца хууш. Автобус, дукха юькъа а хил¬ла, д1аяхийтира ас, цул т1аьхьа йоьдучуьнца гlop-кх со аьлла. Helapa юххера со юхаволуш гина хиллера цунна. Юкъа 1ийдина, хьацарх вуьзнера со, цундела юьстаха а ваьлла, киснара мерах хьокху йовлакх схьа а даьккхина, сайн шерачу т1уьскех хьекха х1оьттира со. Цигара ваьлча -юьхь т1е, вортанна т1е... Цу хенахь соьга кхайкхина хиллера цо: -Х1ей, накъост, схьахьажахьа цкъа кхуза! Рамзана (х1ета-м цуьнан ц1е иштта юйла а, дера, ца хаьара суна) мохь сайга бетта аьлла хьенан дагахь ду, цундела ас лергадуьхьиг д1а а ца уьйхьира. Дан х1ума а ца хилла, машенара а воьссина, суна т1е а веана, белшах куьг 1оьттира цо. - Накъост, вайн некъ цхьаьна бог1уш буй техьа? - Ца хаьа, - элира ас, дуьххьара гуш волчу жимчу стаге цецваьлла д1а а хьаьжна. - Х1унда хетаделла хьуна иштта? - Хьо тхан юьрта йоьдучу автобусана чухаа г1иртина дела. Къамеле девлча, и бакълуьйш карийра. - Стенца ду шу? - хаьттира ас. -Таксица. - Бехк ма билла: такси хехка таро яц сан - со студент ву. - Цунна ахь сагатдан ца оьшу, такси оха лаьцна, - элира Рамзана, «оха» боху дош билгал а доккхуш. - Тхо ишта а вуьшта а тхешан ц1а Ох1ла2 – (в данном случае) люди.

12


ца дахча ца довлу, цхьа меттиг мукъа а ю. Хьо реза велахь, т1аьхьа xloттa. - Реза муоха ца хуьлу, аша массо aгlopa а сан аьтто беш хилча. Делахь а цхьа хаттар дисина. Х1оккхул дукхачу ох1лана2 юккъера со х1унда хаьржина ахь? - Олуш-дуьйцуш д1адоьлхучу хенахь къасто дита вай и? - Иштта а мегар ду. Х1орш геннарчу херахь (хийрачу меттехь) г1ишлош юттуш белхаш а бина, г1еххьа шай-кай а яьккхина, ц1авог1уш кхо шича хиллера. Сан некъ нисбаларан бахьана кестта гучуделира: Рамзана еха месаш лелайора, кхуьнан нанас т1ех а детташ: - Г1азкхийн молла-м вац хьо, и яккхий к1озарш лело? Д1атабайта и хьайн корта... И дов церан долу дикка хан хиллера. Ц1еххьана со гича, нанна дуьхьала вига марзделла хиллера Рамзанна. Со велавелира: - Доккха г1алат ду ахь дийриг а! Со гича, кхин а ч1ог1а луьйр ма ю и хьуна... - Хаьа суна, - т1етайра Рамзан. - Делахь а цунна там ма хуьлу суна дов дечу хенахь! Юха, ойланашка вахна а 1ийна, хаьттира соьга: - Ахь корта д1абошуьйту дукха хан юй? - Со хаъал хилчахьана. - И бохург х1ун ду? - Хьалха тхан дас бошура, жимма а бахлушшехь... Суна х1инца а дагадог1у цуьнан к1еда куьйгаш. Дешнастаг ма вара и... Сан ялх шо кхаьчча дада кхелхина. - Дала гечдойла цунна, Дала декъала войла и, - кадам бира соьга кхааммо а. - Дела реза хуьлда шуна а, - элира ас. - Цуьнан сий деш, цуьнан сина хала ца хетийта х1етахь дуьйна д1абошуш бу-кх xlapa сан корта... ...Бошмаша хьулйина, хазйина 1уьллуш яра кхеран юрт. И гучуяьлча хаьттира соьга Рамзана:

13

Туза1 – отбить (лезвие режущего орудия) См. словарь А. Мациева.

- Хьо мила волчу вог1уш ву? - Магомадов Мовлади. - Т1ехьарчу когаша т1е х1оьттина ча юьйций ахь, Мовлади аьлча а? Нийсархоша забарийна Ча-дада олу цунах. Соьга велар иккхира: ван а ву Мовлади ченах тера - иштта онда а, болар - хьалха букара сеттина, кучан чет делладелча, ченан ц1оканна т1ехь санна, дехий чоьш хуьлу гуш... - Ча-дада дийнахь чохь соцуш вац, цундела доьлххушехь вайга д1аг1ур ду вай. - Мичхьаша лела и? - Хьуьнахула. Ги шалготоп а юллий, кара суьрташдохург а оьций. Т1аьхьо-о кхочу чу, ша яйинчу хенах воккха а веш: х1унехдинччохь олхазар дийкира (мел хаза аз дара цуьнан!), минехдинччохь кулла к1елара лергъяxap д1атасаелира (ма каде йоьдура и шен са дадийна!), шен оьзда дег1 а эцна д1аиккхина доьдуш лу дара! Уьш дуьйцур ду к1орда ца деш, ладог1а карахдолуш цхьаъ караваг1ахь. Ткъа церан цхьанне сурт даккха каялахь-ма - цул ирс долуш стаг дуьненахь а карор вац... Мовлади х1ете а вуьте а ц1ахь хир воцу дела со шайга д1авигира шичоша. Рамзанан воккхах волу ден ваша 1абдул-1азим (вукху шичин, Ризванан, да вара и) волчу кет1а х1иттира тхо. Такси мукъа йитира. Тхо уьйт1а девлча, охьа а таь1на, буйнахь доллуш диг а долуш, лаьттахь 1уьллу хен тусуш1 гира тхуна х1усамда. Хенаро стаг вара и (тхуна-м вуно къена хетара, тхаьш х1ета къона долу дела). Бакъду, г1еххьа дуьне-м даа а диънера цо. 1ийша-м дуьнено иза а 1ийшинера: сеттина букъ, хебаршка яхана ворта, къежбелла кор¬та - билгалонаш шорта яра. Карахь а ницкъ к1езга хилар гойтура цо меллаша деттачу дагаро. Тхо ша-ша лаьттачохь совца а дина, бай-й ког боккхуш букът1ехьаша т1евахара Рамзан. Г1еххьа гергакхаьчча, меллаша кхайкхира: - Степан! - аьлла. Х1усамда, дечигана т1еластийна диг саца а дина, парг1ата хьалахьаьжира, букъ а ца нисбеш: - Хьо х1ун ала г1ерта?! - Цхьамма а Степан олий хьох? 14


- Олуш берш а хир бу, - аьл¬ла, дег1 нисдеш ирах1оьттира 1абдул-1азим. - И ц1е хьанах йолаелла дагадог1ий хьуна? - И х1ун кеп ю ахь х1иттош ерг?! Масийтта бутт ц1ера ваьлла а баьккхина, салам-ж1алам а доцуш, могаш-маьрша а доцуш, лар толлу ж1аьла санна, т1е а веана, бартхатта ма волавели хьо! Хьуна мила гина, х1ун хиина? -т1ечевхира 1абдул-1азим. - Де дика хуьлда хьан, Ваша! - меттаван волавелира Рамзан. И маракхийтира девешина. - Далла воьзийла, - жоп делира х1усамдас, - шу маьрша а дог1ийла! Xlapa мила ву шуьца верг? Со а вовзийтира цунна. - Ваша, бехк ма биллалахь суна, ас хьоьга хаьттинарг хьал¬ха ца даьккхинехь, минга дер дара суна. Х1инца - оха лелийнарг: т1етаь11ина болх а би, цкъачунна вайна тоъал ахча а деи. Вийна а вац, ваьккхина а вац. Т1аьхьадаьлла 1едал а дац. Т1аьххьара дешнаш Рамзанан багара довллушехь, кхьу-укъ аьл¬ла, велар иккхира Ризване, оццул сецо и г1ертташехь. Буьрса д1ахьаьжира цуьнга да: - Хьуна х1ун хазделла, ва пхьу-к1еза? - Степан ца хиллехь-м дара 1едал коча деъна, - айкхвелира во1. - Со кхетавел, - д1ахьаьжира Рамзане деваша. - Х1инцца, - аьлла, Рамзан дийца кечлушшехь, куьйга эшарехь сацийра: - Собардел цкъа. Екха къамел дезаш вац со. Кху чуьрчу хьет1абехчалго, - кхуьнан зуда яра и, - кхалла х1ума охьаюьллушехь, шайн нене дистхила, -т1едиллира 1абдул-1азима. - Догг1ушехь цигаша даьхкинехь бакъахь а дара. - Ваша, со г1иллакхах воьхна бохуш, нана суна лейта воллурий хьо? - самукъане велакъежира Рамзан. - «Уггаре а хьал¬ха хьайн деваша лара веза ахь», - аьлла, ненан озехь дешнаш а далийна, ц1еххьана, гай даьтт1ача санна, мохь белира Рамзане: - Ваша-а, соьгара даьлларг, ас динарг!.. - Х1ун хилла х1инца? - цецвелира х1усамда. - Воккха-дада волчу ваха ма везара со чоьхьа ма веллинехь... 15

- И-м чохь вацара: дехаре а баьхкина, наха масла1ате вигина иза. - Деллахь ма юьхь1аьржа xlyттyp со! Оцу Степан Владимировича дийцинчо хье д1аэцна-кх сан! Хьалха «хьет1а-бехчалг» йолчу а х1уттуш, Рамзанан нана йолчу дахара тхо. Цунна ч1ог1а тайра со (корта баьшна хиларна). Mapша т1еветтара «г1азкхийн молла» а хилла ц1а вирзинчу шен во1ана. - Нана, коьрта т1ера чкъор ма дийцахь, коьрта чуьра сан хьекъал ма ца го хьуна, и мел дукха ду хаьий хьуна? - Дера, ду-кх пхьидан ц1оганалла-м, - ша к1антана реза йоцу кеп х1иттайора нанас... Тхо юхакхачале дакъийна жижиг, галнаш кийча дара «хьет1а-бехчалган». Тхо дуза а дина бен ца дийцийтира 1абдул-1азима Рамзане шен хабар. - Дуьххьара и Степан Владимирович суна гира Оренбургера Сакмара олучу юьрта йоьдучу автобуса т1ехь. Кхеташ ма-хиллара, цу хенахь суна и мила ву а ца хаьара. Амма иза ирахь лаьтташ гича, хиина 1ен эхь а хетта, со хьалаг1аьттира. Ша д1анисвеллачул т1аьхьа цо ч1огг1а хаьттира соьга: «Хьо мича къомах ву?» - «Х1ун бен ду и?» - белш саттийра ас. «Суна хаьа хьуна хьо мила ву, - массарна а хазош вистхилира и. - Х1унда аьлча шуний бен ца хуу дела баккхийнарш лара»... - Шайн маттахь муоха эли¬ра цо иза? - хаьттира девашас. - «Я знаю, кто ты. Потому что только вы умеете уважать старость»... - Уьш цуьнан дешнаш дан а ду, - т1еч1аг1дира 1абдул-1азима. - Тхан белхаш чекх а бевлла, г1еххьа шай-кай ийцира оха, д1адаьхьира шен къамел Рамза¬на. - Лаахь а, ца лаахь а Москох даха деза вай бохург чудоьссира тхуна: далах1оьттина болх бича - пачхье (пачхьалкхан коьрта шахьар) - хаза ю-яц хьовса ца мега вай?.. - Долийнарг мила вара? - Ваша, и ма алийтахь соьга, - дехар дира Рамзана. – Бехкениг хьуна эшахь, со ву,човха а бина, х1орш ца совцийна волу. Ахь човхо а, тоха а бакъо а елла, д1авахийтина а хилча. - Дика ду. Кхид1а? - М-м-м... Ваша, дерриге а дийца, я юкъа-кара? 16


- Дерриге а, ма-дарра. - Дика ду... Цигахь рестора¬не даха марзделира тхуна. Юуш, дистхуьлуш, тхаьш лелийнарг карладуьйлуш 1аш кеп хьалаелира тхан. 1абдул-1азим ца веша-аш велакъежира, уьш къамелех ца бехнийла хууш волу. Амма эвхьаза воккху хаттарш ца дира (юккъера г1иллакх - оьздангалла д1а ца далийтархьама): иштта а мас¬со вовшийн дика кхетара. - Иза а хуьлуш хуьлу, - эли¬ра цо багахь. - Т1аккха?.. Т1аккха тоха сак1амделира-кх, - корта оллийра Рамзана. - Тхан шуьна уллеша т1ех а ваьлла д1авоьдучу г1азкхичунна тхох цхьаммо, хьала а иккхина, цу ц1огана к1ела... т1ехьашха ала г1ертара со, Ваша, багара даьллачу дашана къинт1ера валалахь... т1ехьашха ластийна мийр балийтира. Воха а воьхна виснера важа. И юхахьаьжча: «Бехк ма биллалахь, тхе¬шан накъост ву моьттура суна», -элира. «Х1ума дац», - аьлла, г1азкхи д1авахара. Т1аккха и марз а делла, 1ад1е аьлча а, ца соцуш, хьалалелхаш, изза кеп х1иттайора: «Г1азкхичунна х1унехдинчу мийр бетта мега, бехк ма билла аьлчахьана», - а бохуш. - Т1аьххьара а, хьаьжк1ийн ц1ов санна, даккхий мекхашдерг дуьхьал велира. Иштта дарий и? -Ваша, ц1ахь 1ашшехь, шадерриг а гуш хилла-кх хьуна? - боккъалла а тамаша бира Рамза¬на. - Цо буй тоьхна шун накъост вожийра, шу а, хьала а лилхина, цунах тасаделира. И ондо-о борз а хилла, аш урс даьккхира. Иштта дарий и, сан вешин к1еза? - Ваша, я хьо цигахь хилла, я хьоьга шайхалла доьссина, -метта ца валора Рамзан. - Цхьа а шайхалла ца доь¬ссина, - элира 1абдул-1азима. - Шу санна йолу тентигаш дукха гина... Юха х1ун хилира? Официантко телефон а тоьхна, милици ялийра, цара докъа-полла а бина шу даьхьира. Цул т1аьхьа?.. - Протокол а х1оттийна, тхо чудоьхкира. Диъ-ворх1 шо набахтехь даккха дезар ду а бахара. Буьйса ма ярий и. 1уьйранна хьаь-

17

Посалла1 - подхалимаж

камо т1екхойкху аьлла, Йоккхачу Кабинета чу дигира. Хиллачунна йишйоьхна (оха лехнарг дара тхуна карийнарг-м), корта оллабеллера сан, цундела тидам ца хили¬ра бухарниг суна цхьанхьа гина хиларан. Амма полковника, леррина соьга а хьаьжна, хаьттира: «Вайша вевзаш вуй?» - аьлла. «Вац», - жопделира ас, д1ахьаьжинчул т1аьхьа цуьнан аматаш цхьаннах тера хетташехь, шена посалла1 хьоькху цунна ца моттийта. Тхан паспорташка а хьаь¬жна, къамеле велира иза. Т1еман хенахь - Герман-т1ом буьйцура цо, Ваша, - ша а хилла бахара вайн юьртахь. Вайн фамилин ч1ог1а бала кхечира цуьнан. Къаьсттина цунна хаа лаьара, оьрсаша Степан олуш цхьа а гергарстаг вайн ву-вац. Нохчийн ц1е цуьнга ца йийцаелира, амма и шалха хилар дагадог1ура. Тхан дай массо а бу шалха ц1ерш йолуш, эли оха. Д1а а йийци. Массо а тера хетара, амма билггала ала ца xlyттypa полковник Мокеев. Т1ом бина муьлхарг ву царах, аьл¬ла, хаьтти. Кхоь а ву, хаийти оха. Делахь, Казахстанера дуьйна шен дена мала шовдан хи дахьа веънарг вуй царна юккъехь, хоьтту цо. Иза тхуна туьйранахь дуьйцуш а ца хезнера... - Хьайн йиш елахь, хьайна хуург дерриге а дийцахь тхоьга, т1аккха цхьаъ дагадан там бара тхуна, - дийхира ас, ц1унла а дахана 1ачу оха и аьлча нийса хир ду-дац сайна ца хуъушехь. Иза резахилира. ПОЛКОВНИК МОКЕЕВС ДУЬЙЦУ Шун къам дерриге а махках а даьккхина, шийлачу меттигашка д1ахьажийнчу шарахь хилла со шун юьртахь. Цкъа, гурахь, сан салташа, т1е герз а лаьцна, жимастаг кхачийра со волчу. - Накъост майор, нохчи лаьцна оха. - Мичахь? - Шовдан чуьра хи оьцуш воллуш. - Дуьхьало-м ца йира цо? -хаьттира ас. - Ца йира. Цунна халахета долу х1ума оха а ца элира. Х1унда аьлча майра т1ом бина и волу дела. - Шуна мичара хаьа? 18


- Цуьнан некха т1ехь йоллу «Хастаман» орден хьан-хьанна а луш ма яц, накъост майор. Уьш бакълоьра: и орден салтичуьнгара шеггара (нахаца декъахь дерг ца лорура) хьуьнар, доккха хьуьнар даьлчий бен ца лора. Б1аьхоша ч1ог1а ларам бора и йолчуьнан. Нохчи и совг1ат даьккхина ца lapa: уллехь кхозуш Ц1ечу Седанан орден а, майраллин, доьналлин мидлаш а яра. Т1еюьйхина дуккхаза а йиттина, тишъелла салтин бедарш яра, тlepa погонаш д1а а яьхна. Т1емалой д1а а бахийтина, къамеле велира тхойша. - Хьо муха кхаьчна кхуза? Берриге а нохчий ц1ера баьхнийла ца хаьа хьуна? - Хаьа. Со а ваьккхина, уьш санна, сайн махках. - Т1аккха юха х1унда веана хьо? - Хи дахьа. - Х1ун хи? - Шовдан хи. - Мичара дуьйна веана хьо? - Казахстанерчу Атбасар г1алина гена йоцчу юьртара. Со акъ а ваьлла висинера, цуьнан дешнех тамаш беш. - Кхета а веш, ма-дарра дийцахь... - Тхо шийлачу метте кхаь¬чна, - бахара нохчичо. - Йовхачигара д1авигна волу тхан да махкалла а доьлла, вуьшта аьлча, цигара мохк ца лайна, воьжна ву. Цкъа цо эккхийтира: «Вайн юьр¬тара шовдан хи кийра 1аббалц мала йиш елахьара-м, велча а бен ца хетара суна.». - «Дада, валар ма хьехаде, сан дег1ах дакьа ца хилахь, и хи хьуна хир ду-кха хьуна»... Ша аьлла дохковаьллера и, ма г1ахьара хьо, ша сатухур дара, цо боххушехь со новкъавелира... - Цигара дуьйна муха ван велира хьо, шуна некъ бихкина ма бу? - хаьттира. - Аьлча цхьа а тешар а вац, амма х1окху к1ал-к1овсарша баьккхира-кх сан аьтто. Цкъа а уьш дош хетта а ма вацара хьуна со (берийн ловзарш уьш лоруш), х1унда аьлча хийла йог1учунна уьш ца елла а, ца йог1учунна елла а меттигаш 1иттабелла дела. Делахь а кху бехачу З1ехо1 - связист Омра2 - приказ

19

новкъахь сан тешаме накъостий хилира царех. Хьалха оьхкина сан к1ал-к1овсарш гушшехь, соьца ден къамел мерза хуьлура, соьга совнаха хеттарш а ца дора... - Ахь царех к1ал-к1овсарш аьлча-м суна а халахета. И «Хастаман» орден х1ун динчунна елла хьуна? - Хаьддачу серан ши юьхьиг вовшахтеснера ас. - Ахьа-м пайдабоцчу т1е даьккхи айхьа динарг, ма-дарра, сих ца луш, дийцахь. - Кхин дийца х1умма а ма дац цигахь. Делахь а, со 1анне а ца 1ийча, резахилира и. НОХЧИЙЧО ДИЙЦИРА Юьртара кегийнах д1абуьгуш, ц1ахь 1ен эхь а хетта, сайн лаамца цхьа шой ах шой хьалха вахна со Ц1ечу Эскаре. Тхуна моьттура, тхо цигахь а цхьаьна хир ду. И ца хиллера аьттехьа а. Тайп-тайпанчу меттигашка д1асакхиссира тхо. Со т1екхоче висина махкахо вара ка¬питан Карачаевцев. Иза батальонан штабан хьаькам вара, со - з1ехо1 вара. Хьуна ма-хаъара, тхойшиннан цхьаьнакхетар цунна лиъчий бен хила йиш яцара. Цкъа цо чехка т1екхойкху аьлла, ваха со. «Махкахо, - элира цо соьга эсалчу озаца, -з1е хаьдда дисина вай. Иза сихха меттах1отто еза. Хьол хьалха д1ахьажийна виъ вуха ца вирзина. Цундела хьо 1аламат ч1ог1а ларлуш хила веза. Кхин вахийта сан хан ца йисна хьуна. Кестта т1елата дезар ду, амма з1е ца хилча, эскаршна куьйгалла далур дац. И бахьанехь дуккха а нахана - вайшиннан б1аьхаллин накъосташна - боккха бохам хила тарло: байина а, чевнаш йина а, чуолакх бисна а. Т1аккха цунна вайша бехке хир ву. Хьо кхийтарий, сан махкахо? - Дика кхийтира, накъост капитан! - Варийлахь, вайша схьаваьлла меттиг юьхь1аьржа ма х1оттаелахь, - дийхира цо, омра2 дан шен бакъо йоллушехь. - Сан дег1ах дакъа ца хилахь, з1е болх беш хир ю-кха хьуна, -тешийра ас Карачаевцев. Боьлакаш3 – овраги Кхалакхезиг4 - вдребезги

20


- Махкахо, хьо дика кхетта ца хилла сох: хьуо вейта бакъо яц хьуна хьан, вала пурба ас ца ло хьуна. Х1инца кхийтарий хьо? - Дика кхийтира, накъост ка¬питан! - Делахь, хьан некъ дика хуьлда! - аьлла, маракъевлира со... 31ехочун г1ирс цхьана белшах а оьллина, вукху aгlop автомат а тесна, со д1аиккхира. Батальонан штаба чуьра дуьйна караийцира ас, эскаршна юккъе з1е ялош, лаьттахь 1уьллу сара. Иза нанап1елганий, хьажо-п1елганий юккъехула чекхболура. Хаьдчахь, серан юьхьиг сан буйнара охьаюжур ма ю... Хьуьнан боьлакаш3 яра д1асакхиссина, делахь а уьш к1езга яра, дукхахьолахь шера аре яра со ведда воьдург. Штабана герга, мостаг1ашна гена волуш, болар чехка дара, х1унда аьлча йог1учу а, йоьдучу а даьндаргех ларвала ца оьшу дела. Т1аьхьо сурт хийцаделира:текхаш, хьалаэккхий водуш, барз белахь -т1ехьа лечкъаш, ор делахь - цу чохь д1атебаш, некъ бора. Т1аьххьара а сара хаьдчига д1акхечира. Уьрсаца ц1ан а йина, юьхьигаш вовшах тесира. Амма штабаца къамел дан ваьлча, г1уллакх ца хилира. Делахь-х1ета, кхечухьа а хаьдда хьуна. Кхин д1аболу некъ къаьсттина хала бара. Со хаа веллера цу дела-мостаг1ашна: хьежа а деш, т1е герз детта буьйлабелира. Улле лаьттах даьн- дарг а кхетий, ченан к1ур г1оттура. Самукъа ца долура хьуна и гича! Д1аэккхаш, схьаэккхаш, йоккха топ кхетта даьккхинчу ор чу лечкъаш, тек-хаш, керчаш, тебаш, хала делабалица д1акхечира сара хадийначу шолг1ачу метте. Хадийна бохург-м х1умма а доцург ду, йоккхачу тоьпан х1оьо кхалакхезиг4 баьккхинера. Цхьа юьхьиг к1аг чохь 1уьллура, цунах сайн тайдечка т1ера сара а тесна, д1атекхира. Юха а, ц1еххьана хьалаэк- кхий, д1ахьодуш, ор чу лечкъаш, элан литта т1ехьа къайлаволуш, т1аккха текхаш, кхин шиннахьа хаьддарг вовшахтесира. Юха сайгара аппарат серах а тесна, штабе кхайкхира: «Альфа», «Альфа», со «Омега» ву», - аьлла. Хазахийтира Карачаевцевна: «Мах¬кахо! Баркалла хьуна, ахь динарг тхуна дицлур дац хьуна! Х1инца схьа а волий, кхузахь сада1а хьайна...» «Катюша5» - реактивни х1оъ туху г1ирс

21

Со вухавог1уш вайн х1аваакеманаш дара чухахкаделла доьлхуш, танкаш яра, латта а дегош, дуьхьала йог1уш, царна т1аьхьах1оьттина дог1уш г1аш-салт дара. Болх бан йолаелира вайн яккхий тоьпаш, шайна юккъехь къаьсташ алун дарц айдина «Катюшаш5» а йолуш... Иштта, и серан юьхьигаш вовшахтесна аьлла, елира-кх суна «Хастам» ц1е йолу салташна луш йолу и сийлахь орден. Бакъду, х1инца лечкъина суо винчу, суо кхиинчу юьрта вог1уш, ч1ог1а беркат а делира суна цунах. Цунах а, кхин йолчу орденех а, мидлех а. ЮХА А ДУЬЙЦУ ПОЛКОВНИКА - Сел генара кхуза муха веана хьо? - хаьттира ас. - Шуна некъ маьрша ма бац... Нохчичо жопделира: - Klopa кхоьхьучу вагонаш чохь лечкъаш, наггахь машинистана г1oдеш, цкъацкъа нахе билеташ оьцуьйтуш, цкъацкъа г1аш вог1уш... - 1едал хьайна т1е1оттаделлехь, хьайна хан тухур ярийла хаьий хьуна? - хаьттира ас, т1аьхь-т1аьхьа цо дуьйцучух тамаш а беш. - Муха ца хаьа, спецкомендатурехь тоххарехь схьакхайкхийна иза, - элира нохчичо. - И дерриге а хуъушехь, веана хьо леррина мала хи дахьа кху генарчу метте? Цхьана дикачу г1уна чуьра х1унда ца делира ахь, кхузара ду аьлла. Цунна хуур ма дацара. - Суна хуур дара... - Бакъволу къонаха ву хьо, -элира ас. - Шуна санна, баккхийнаш лара ца хаьа цхьанна а. - Нахана а хаьа, - бахара нох¬чичо. - Хьуна бевза хир бац и саннарш... - Дагавеа суна! - мохьбелира Рамзане, полковникан къамел хада а деш. - Мила? Нохчи Степанний? - Х1ан-х1ан! Хьо. Оренбургера Сакмаре йоьдучу автобуса т1ехь элира ахь соьга изза дешнаш. - Муьлхарш? 22


- «Шуний бен ца хаьа баккхийнаш лара». - Делахь, суна охьахаа меттиг елларг хьо ву-кх? Полковник вехха 1ийра вист ца хуьлуш. Схьахетарехь, цунна дуьхьала х1уьттурш кхин суьрташ дара, кхечу заманахьлера. - Ас машенахь новкъаваьккхира и нохчи, - элира т1аьххьаре а Степан Владимировича. - Кехат-бакъо а кечйира, иза лерина долу 1едалан г1уллакх кхочушдеш ву, аьлла. Бакъду, д1акхаьчча ц1ерга кхосса, элира ас, тхойша къаьстина бутт баьлча, ас а д1абоккхур бу цуьнан бух. - Х1инца ахь лелориг а ма ду кхераме, - элира нохчичо соьга. - Ахь х1унда до и? Хьан дена дагадеана хи а дац, со хьан гергара а вац... - Цхьажимма а шух тера къо¬наха хила лаьа-кх суна, - жопделира ас. - Сан нохчийн ц1е яккха шайна хала ду, оьрсийн ц1е тиллийта бохуш, хьийзаво со цигарчу наха. Х1инца дуьйна хьайн ц1е сайна тилла бакъо лохьа суна, - дийхира цо. Со кхийтира: цо сан вуно лакхара мах хадийна. Бакъдерг х1унда ца дуьйцу, цо аьлларг дагах а хьакхаделла, б1аьргаш мустделира сан... саца ца делира соьга б1аьрхиш... - Сан ц1е Степан ю хьуна, - элира ас, - ас дозалла дийр ду ахь и ц1е лелаяхь. Тхойша мар-мара кхийтира. Юха тхойша машенахь церан хиллачу керта а вахана, дик-диканиг г1абакх, хорбаз, паста а яьккхина, уьш шина гали чу а нисйина, ношделлачарах кхораш къесто х1оьттира. Юха йоккха гиба а (шатайпа кхаба ю и) карийна, цу чу шовдан хи доьттира, т1е, бехачу новкъахь и ца талхийта, ц1ахь мел йолу дато жима х1ума чукхоьссира. Ас, станце д1а а кхетийна, ц1ерпошта т1е хаийра иза. Х1етахь дуьйна кхин ца гина тхойша, амма цунах тера къонаха хила г1ерташ, кху замане-м ваьлла со, - дерзийра шен хиллачех долу къамел полковника... - Ваша, нийса дийцаний цо? - хаьттира Рамзана. - Ма-дарра, -меллаша жопделира 1абдул-1азима. - Т1аккха цул т1аьхьа х1ун хилира, Ваша? 23

- Х1умма а. Со Атбасаре д1акхечира ц1ерпоштахь, цигара машенахь тхаьш 1аш долчу юьрта вахара. Дадас, хи д1а а эцна, масех къурд бира: «Xlapa дан а ду вайн юьртара шовдан хи. 1абдул-1азим, хьо воьдийла ца лаьара суна, некъахьовзам хиларна кхоьруш... амма х1инца ас эр ду хьоьга сайн даго къобалдийриг: хьо ден дика к1ант ву. Дела реза хуьлда хьуна». Суна дага а дог1уш цкъа а со хастийна вацара цо. Цундела 1едало сайна Турпалхочун ц1е тиллинехь а, иштта хазахетар дацара суна... 1ийна-а, дадас кхид1а а элира: «Х1инца суо велча а г1айг1ане вац со...» -«Дада, ма ийзаехьа 1ожалла т1е, - ца ладелира соьга цуьнан дешнаш. Юха Карачаевцевс з1е ваьштаяло хьажочу хенахь сайга баьхнарг дага а деъна, т1етуьйхира: - Оха пурба ца ло хьуна вала. Со-м хьо тхайх ца къастийта леллий, и кхераме некъ беш». - «Кхалха лууш-м ца боху хьуна ас и, к1ант. 1ожалла когаш к1елахь а йолу дела... Со меттахь а 1уьллу дела...Со д1авалахь а, вайн доьзал ахь ледара буьтур бац, хьох б1абоьлла ву со бохург а дара сан и... Ткъа валар-висар вайн карахь дац». - «Дада, ас цхьа х1ума дийца мегар дуй?» - «Дийцахь, к1ант». – «Цхьана х1уманах тамаш бира оха со т1ам т1ехь волчу хенахь... Цхьа эпсар вахийтина хиллера жимчу машенахь эскаран лакхарчу хьаькамаша туп тоьхначу метте. Ч1oгla къайле йолуш карта хилла цуьнга дохьуьйтуш дерг. Иза шен хеннахь д1а ца кхачадахь, чехка т1ом д1аболабелча, вайн б1аьхой шорта охьаата тарлуш а хилла. И эпсарна хууш а дара. Новкъахь оцу деламостаг1аша яккхий тоьпаш етташ, цхьа гериг эпсаран хьех яхана. Хье мел экаме бу, дада, эпсар цу сохьта велла д1авала везара. Амма цуьнан коьрта чохь долчу - шен вала бакъо яц, цкъа карта д1акхачадаллалц - дешнаша дийна витина и. Эскаран туьпе д1а а кхаьчна, карта бухарчу эпсаре д1акховдошшехь, са даьлла. Оццул хилла цо тоьхна доза... Кхийтарий хьо, дада? Сан вала йиш яц, со сайн хазчу, сайн беркатечу Нохчийчу могаш-маьрша вухаверза веза аьлла, ахь хьайн даг чу дижадахь, хьан махкалла д1адер ду, хьо та а велла г1оттур ву, даламукъалахь. Ас сайгара бохуш дац хьуна и, лоьраша х1ета тхойга дийцинарг ду хьуна», - и тешо г1ертара со. Кхин д1а дерг шуна гуш ду: вай вешан махкахь а ду, шун ден да каде хьийзаш а ву... 24


ма.

- Ткъа шун г1уллакх муха чекхделира? - хаьттира 1абдул-1ази-

- Ас вийцинчу нохчичуьнан фамили Зайндиев яра. Шун сан¬на. Шун юьртара а вара, - элира полковника. - Хийра нах буй шун юьртахь и фамили йолуш? - Бац, - хаийтира ас цунна. -Ткъа ахь вуьйцург, цхьаъ велахь, сан деваша ву-кха. - Дуккхаза а дагаихина суна, - бахара Степан Владимировича, - и шен да д1авалале т1екхаьччий техьа, шовдан хи мало кхииний техьа, хорбаз-паста кхаллийта кхииний техьа бохург... - Накъост полковник, - кхаъ баьккхира ас, - тхан ден да-м тхол а х1айтъаьлла ву хьуна... - Боккъаллий? Ма дика ду и... Аша х1ун дей? Ас 24 сахьт ло шуна, Москвара юм эца. Цул т1аьхьа кхузахь хаалахь, та11ийна чудухкур ду шу. Кхийтарий? Ц1а ма-кхеччи, Степан муьлха ву а хьажа, соьга телефон тоха а ала цуьнга. - Номер цо яийтина хьуна, Ваша. - Бакъахь ду. - Ткъа почте маца воьду хьо, Ваша? - Х1инцца. Оццул вайна г1уллакх дина стаг хьоьжуш 1айта мегар дац. Ц1ена бедарш а йоьхна аравелира 1абдул-1азим. Юха, кхайкхина, Рамзан д1авигира. - Нанас х1умма а диэ аьллий хьоьга? Диэ. Нанас бохург дан деза... Ц1ом а оллийна, чувелира Рамзан: - Дуьло, парикмахерске доьлху вай. Корта д1абашийта боху Вашас. - Шек д1а ма вала хьо, хьуна т1уьска бичахьана, ши т1уьска хир ву вайша... - забар йира ас. Накъостий г1адбаххана белабелира. ...Сихвелла вог1у Магомадов Мовлади дуьхьалакхийтира тху¬на новкъахь. Топ а, суьрташдохург а охьа а йиллаза вара и. Т1екаре мараветтавелира мас-сарна а, воккхавера ша волчу хьаша варах. - Аш х1ун до? - хаьттира цо. Д1адийцира. 25

- Цуллий а цхьа х1ума диэ вай? Корта д1абашале, безамна хазхазчу меттехь суьрташ даха вай? Т1аккха корта д1а ас бошур бу. Цул т1аьхьа а циг-циггахь суьрташ дохур ду вай. Тера ву-вац хьовса, ханзама яьлча, нахана вевза ца вевза хьажа дика хир ду шуна... Тхо резахилира. Х1ета Мовладис даьхначу суьрташна т1е а 1оттавелла, дагадеъна суна х1инца мел дийцинарг. №4 йолу «Вести Республики» газет. Арахецца 2001-чу шеран июль беттан 24-чу дийнахь; №5 йолу «Орга» журнал, 2002-г1 шо.

КЪАХЬЪЕЛЛА МАРЗО (Хабар) Г1уллакх д1адоло г1ерташ вовшахдетталуш бен дацара тхо, амма нахана ца хууш х1ума ца дуьсу. Иштта нисделира х1инца а: тхо долчу кхечира кхайкхаза хьаша. Тхан иштта къамел хилира: - Шуна белхахой оьшу бохуш хезнера суна. - Хьаьнгара? - Хьенехкера. - Иза дика вевза суна... Хьан ц1е х1ун ю? «Ризавди» хаза ц1е ю. Ткъа хьалха кхоллараллин болх бина вуй хьо? - By. - Мерахула шок а эккхаш, халла къежира иза: балдийн йистош г1еххьа д1асаяхара, ам¬ма вовшахлеттачуьра къаста ца къаьстира. - Цхьаъ дагадеана воьлу хир ву хьо? -Х1аъ. - Х1ун дара техьа и? - Кхин ладам болуш х1ума дацара иза-м. - Делахь, айхьа болх бечу юкъана, хьайна уггаре а ч1ог1а дагчу дижина х1ума дийцахь. - Юха а, х1инцца суна дийца ца лиънарг ду-кха иза, - элира Ризавдис, ойла йина-а. - Т1аккха х1унда ца лиира хьуна? - Ас и дийцахь-м, со редакцина улле а вуьтур ма вац, - г1адваххана 26


велавелира и. - Ладоьг1ча хуур, - жоп делира ас. – T1e, мел лачкъийна дерг a, гlapa ца долуш а ца дуьсу. - Иза а нийса ду, - аьлла, шена дагадеънарг схьадийца резахилира Ризавди. *** - Бакъдерг х1унда ца дуьйцу, сайх б1абоьлла-а жимастаг вара со цу хенахь, - д1адолийра шен къамел Ризавдис. - Хилча а х1умма а тамаш бойла а дацара: къона вара; лаккхара дешар чекх а даьккхина, 1едало д1ахьажийнчохь кхаа шарахь болх а бина, махка вирзинера. Юха редакце балха д1атасавеллера (и дан х1умма а атта дацахь а)... Къахьоьгуш мичахь ву хьо аьлла, сайн юьртахоша хаьттича, юьхь т1ехь бен ца хета кеп xloттo а г1ерташ (амма дагахь ч1ог1а воккхаверца), д1ахоуьйтура: «Эцца редакцехь»... Со т1евеъча, сан ларам беш, баккхийнарш а хьалаг1итта а буьйлабелча, кхин а, кхин а билгалонаш а гича, корта хьаьвзинера-кх. Байтамал-я1! Суна дицделлера, дагахь хууш йолчу назми т1ерачу цхьана мог1анан к1орггера маь1на: «Хиларо 1ехийча, хадаро велхаво»... Суо цхьа х1ума ю моттадаларан кхин цхьа бахьана а дара: ас язйинчу х1уманех пхи-ялх дика ю аьлла, ц1е яьккхина яра уьш зорбане евллачул т1аьхьа, цхьаболчу журналисташа «Воккхастаг» ала долийра сох. Ткъа, церан 1едалехь, хьуна ма-хаъара, иза - хьо къобалвар ду... хьо шайниг ларар ду... Иштта сан г1уллакх тоделла догг1учу хенахь 1оттаделира сох х1инцца суна дагадеънарг... Суна цкъа а дицлун доцург... *** ... Белхан де чекхдала гергадаханера. Сан хьаькамо, ша волчу чу а кхайкхина, элира соьга, кхана 1уьйранна исс сахьт далале яз а йина, юьртабахамера материал охьайилла еза. Х1инца араяьн йолчу номер т1е гlyp ю и. Суна ч1ог1а там хилира: иштта жоьпалле г1уллакх сох тешадо-кх сан куьйгалхочо, делахь-х1ета со ларориг хиларх шеко яц-кх цуьнан. Блокнота т1ехь д1аяздина цхьацца терахьаш а дара сан, тоьллачу белхалойн ц1ераш а схьакарийра. Дуьххьара дош лаха со ойланашка воллушехь, не1 а ца тухуш, сан кабинета чувелира Юсуп. Иза совхозан коьрта бухгалтер вара, тхой27

ша дукха хан йоццуш вевзинера. Со цунна т1ег1ерташ а ма вацара, х1унда аьлча, и сол иттех шо воккха волу дела. Х1етте а, х1инца санна, хат1 доцчу хенахь, санкъ, олий, схьакхочура кест-кеста. - Ледара 1аш-м хьа-ах яц борз, - волавелира и шен забарш ян, ша со волчу дуьххьара кхаьчча санна. - Шен къаьсттина чоь ю, кхоъ телефон. Йоккха стол, к1еда г1енташ-м хьеха а дийр дац вай. - Юха, жимма вист ца хуьлуш а 1ийна, ц1е яьлча санна, сихвелира. -Же, же! XIapa безамехьа меттиг тховсенна мукъа йитал: вай т1аьхьадуьсуш ду. «Стенга?» - цецвелира со. - «Peгla». - «Цигахь х1ун дисина вайн?» - «Сан маьхча Дугаш, лекъ санна йолу, «Волга» а ялош веана Г1алмакхойн махкара. Х1инца оцу машенан сий дан вовшахкхеташ ду-кх вай». - «Мовлад ешийта алахь цуьнга, цхьа дешнастаг а кхайкхий, Деле ша зенах-зуламах ларвар доьхуш». - «Са ма гатде, ешийтина. Х1инца кегийчу нехан кеп х1отто а лаьа цунна». - «Делахь шун некъ дика хуьлда, тховса йиш яц сан». - «И а ца дуьйцуш, xlapa хаза суьйре цхьаьна яккхийтахьа вайга, вовшашка дист а хуьлуш, вовшех марзо а оьцуш. Леррина уьстаг1 а бейтина, вайшинга хьоьжуш 1аш Дугаш а ма ву»... Юсуп мегарг а ца хилла, со резахилира. T1e тхо жа лелочу метте доьлхуш дара, цигара язйича материал керла а йолуш, дико-о хир ю, хьесап дира ас сайн дагахь. Т1аккха со хьаькамо хаста а вийр ву... Д1акхачале маьрк1ажан бода буьйлира, дукхах йолу х1ума, г1аларт санна бен, къаьсташ а йоцуш. Тхуна дуьхьала веара ши ваша - Бай-1елий, Сар-1елий. Уьш совхозан жа1уй бара, лакхарниг воккхах волу Бай-1ела а волуш. Могаш-парг1ат хаьттина девллачул т1аьхьа, шен бала берг айдира Юсупа: - Кечам биний аш? - Цхьа тиэма дина-кх, - сатедира Бай-1елас. Цхьабакъду, цу «тиэманал» мерза х1ума сан бетал чоьхьа-м ца яьллера со дуьнен т1е ваьлчахьана. Иза т1аьхьо хиира суна, ткъа цкъачунна... «Дукха юьстаха ду кхеран 1ойла, - ойла йира ас. Мехкадаьтта чудоьттинарг бен стогар бац. Нахах хаьдда бу. Доцца аьлча, дуьне дац кхара дуург а»... Ткъа багахь: - lep-дахар муха ду шун? - хаьттира ас Бай-1елига, дукхахдерг, со корреспондент ву аьлла, дезатоьхна Юсуп ваьлла дела. 28


- lep-дахар-м, дера, дацара xlapa, - сан дага чу хьаьжча санна, латкъам бан волавели¬ра х1усамда. - Электрически серло яц, т1аккха я телевизоре хьажа а, я радиога ладог1а а аьтто бац. Эцца, цхьа г1уллакх а хилла, г1ала я юьрта вахча, газетийн мор бохьу, ткъа иза наггахь бен ца нисло. Цундела наха х1ун леладо а ца хаьа, тхаьш х1ун лело деза а ца хаьа... Мацах хаьттина боху х1ума хуучу стаге, дуьненахь хьекъаленаш дукха бу я 1овдалнаш дукха бу, аьлла. 1овдалнаш алсам бу аьлла, жопделла боху, 1овдалчарна 1уй т1етоьхчахьана... И нийса а ду,- т1еч1аг1дира Бай-1елас, - массарах а д1а а хаьдда, дохкучу оха хьаьнгара х1ун хьекъал оьцур ду? Х1ун аьлча там хир бара техьа кхарна, бохуш, со ойланашка вахана воллучу хенахь, Юсуп, цавешаш (царах? я сох?) схьа а хьаьжна, вистхилира: - Миска-я1, ма къа ду-кх кхеран, пекъарийн! Кхарах къа а хетий, велха ма велхалахь. Ахь деши-дети шорта шайна даларх, оцу Бай1елас а, оцу Сар-1елас а уьстаг1-хьайба а дитина, кхин болх бийр бац-кх хьуна... Суна моьттура, вукхо ондда дуьхьало йийр ю. Амма Бай-1ела, цхьа безамехь виэла а къежна, къера хилира: - И-м бакъ ду хьуна. Са долу х1ума самукъане ма ю. Х1оранне шен амал ю. Хьо гучуволлушехь, вовза а вевзий, маьхьарца дуьхьала хьоду... Кхин а шортта дуьйцур долуш вара и шен балхах лаьцна. Амма кхайкхаза веанчу хьешо юкъахдаьккхира къамел. Г1аьттина, х1ун ду мила ду хьажа, д1авахара Бай-1ела... Бода къовла а белла, г1аларташ дара гуш Бай-1елин, веанчуьнан метта. Жимма дехьа а ваьлла, къамел дира цу шимма. Юьхьанца меллаша, т1аьхьо - бага юьззина, т1аьххьаре а вовше т1е маьхьарий а хьоькхуш. - Юкъаг1оьртича х1ун дара техьа? - хаьттира ас. - Ца оьшу, - жопделира Юсупа. Дугашна-м суначул башха бевзаш а бацара кхузара нах. - Церан дов-м гена дер дацара. -Х1унда? - Кхоччуш гергара ву и шиъ, - кхетийра Юсупа. Т1аккха со ладег1а велира. «Жа хьалха а даьккхина, хьуо ц1а 29

вог1ур ву аьлла, веана хир ву хьо? - 1уьттура Бай-1елас. - Дика дайна г1ан ду» - «Ас хьоьга - ледара ма биталахь аьлла - ц1инто белира», - шениг дуьйцура хьешо. «Ца белира», - керста дира Бай-1елас. И дешнаш тергал а ца дора кхуьнан верасо: «Цунах, хан-зама яьлча, анда а баьлла КА хилла хир бу»... (Ванах, «ц1инто» х1ун ю техьа, цунах КА хилла х1унда хила беза? - ойла йора ас, амма суна жоп ца карадора цкъачунна). Ткъа вукхо шениг дуьйцура: «Иштта ц1инжий белира»... - «Ца белира»... - «Цунах боккха уьстаг1 хилла хир бу»... (Тохарлерра тайпа ойла йо ас юха а: «ц1инжий» х1ун ю, цунах уьстаг1 хилла х1унда хила беза?» Жоп дац). «Бошто ялийра ас»... «Ца ялийра»... (И х1ун ю?). - Цунах йоккха Бож хилла хила еза»... (Х1унда?). - «Авст ялийра ас -цунах йоккха Газа хилла хила еза.» (Х1ун ю? Х1унда?) - «Ца ялийра, ца хилира»... - «Гуш лаьтташехь, харцдерг х1унда дуьйцу ахь?» - т1ечевхира и Бай-1елина. «Ас харцдерг ца дуьйцу, -элира х1усамдас. - Ахь далийнарш х1уоранаш дара». - «Уьш мича дахана?» - «Делла-кх». –«Дерришший?» - «Дерриш а». - «Дерриш а сайнаш х1унда делла уьш?» - «Хьо яа х1ума яхьаш схьакхачаре сатуьйсуш, мацалла делла-кх». - «Кхузахьчул дукха яа х1ума цхьаннахьа а ма яц». - «И пачхьалкхан ю». - «Хилча х1ун ду?» - «Уой, пачхьалкхана 1уьрг даьлла-м ца моьтту хьуна? Ахь дуьйцучу хабаро а бат хьанйийр яц. Хьайн писала д1а а теттина, ахь берстина батт1а боллу уьстаг1, иштта газа эццехьара, х1инцале а шорта т1аьхье хир яра». - «Бехкана аьлла хаам суна иштта а беънера». «Цхьа г1ийла 1аьвла-1ахар бинера, и милла белира». - «Ц1окарчий мукъане а ярий царна т1ехь?» - ца вешаш хаьттира верасо. - «Яцара». - «И бохург х1ун ду?» - инзаре велира хьаша - «Царна т1ехь кхекхий дара. Ц1окарчий акхарошна т1ехь хуьлу». - «Уьш мичахь ду?» -« Деа шарахь хьоьга хьежийна, дахка а делла, ас д1акхиссина». «Кхиссина дера. Уьш бахьана а дина, делла аьлла 1едалан уьстаг1ий диъна-кх оцу хьан сутарчу бето»... *** Ас кхузахь дуьйцург - суо кхеттарг, т1аьхьо хаьттича хиънарг а ду. Цу хенахь дукхахдерг со т1аьхьа ца кхуьуш дисина. Цундела: «И х1ун г1урт бу-у?» - дагадеара суна, амма и ала тамехь а ца хетта, ас хаьттира: «Ванах, цара буьйцург х1ун мотт бу-у?» - «Вайн, нохчийн 30


мотт», - ц1оцкъамаш ирах хьаьдира Юсупан. «Наггахь долчу дашах бен со кхеташ мотт-м бац и, - элира ас. - Цара х1ун къуьйсу?» - «Бай1елига хоттур ду вай». - «Суна эхь хета, корреспондент ву аьлла схьа а веана, дешнаш хоьттуш 1ен». - «Сан накъост, - хьажо п1елг ирах а бахийтина, сацавелира Юсуп, ша аьндолчунна т1е сан тидам бахийтархьама, - вайн дайн кица ду: хаттар - цкъа эхь, ца хаар - валлалц эхь. Цу юкъана маьхьарий д1атийра. Бай-1елий, цуьнан верассий цхьанхьа къайлаваьллера. Цхьа хан яьлча, хьаша, шен т1ома к1елахь лечкъош laxap а болуш: «Ховхар, дадин ховхар бу и», - бохуш, машена чу а хиъна, д1авахара. Бай-1ела тхуна т1евеара. *** Арахь беца т1е истанг а тесна, цу т1е жижиг-галнаш а х1оттийна, малар схьа а деана, лакха хьалаоьзна, богуш шиъ мехкадаьттанан стогар а болуш, сакъерар д1адолош дохкура тхо. Массо а сан коча веанера: даа, мала. Дууш гlo дийр ду, мала аш а ма ала, мелча тховса болх чекхбаккхалур бац соьга, аьлча а, 1ад ца lapa. «Хьан хенахь пхийтта минотехь наб йича тоа деза, -чу1ертара Юсуп. - Жимма тхоьца декъаварах, к1адда а хир дац»... - Тховса х1ун дан дезаш ву хьо? - хаьттира Бай-1елас. - Шух лаьцна шайн газете яздан воллу-кх, - хьалхаиккхира Юсуп. - Оха цу бехках мукъа витча тоьур дуй хьуна? Дацахь, г1oдан йиш а ю-кха тхан. - Массо а цецваьлла д1ахьаьжира Бай-1елига. - Кхо бутт хьалха тхох лаьцна йоза оьрсийн газето т1етоьхна. Цу юкъана хийцаделла х1умма а дац: жа а тоххарлераниг ду, нах а хьалхалерраниш бу; терахьаш керланаш х1иттийчахьана волу-кх хьо - маса жий бехкина, 1ахарий мел дина, царна т1е мел дилх диллина... - Т1аккха газет кхузахь дуй? - Х1инцца схьадоуьйту. Статья оьшучу барамехь яра: 150 газетан мог1а. Керла терахьаш а схьадийцира. Сапарг1ат велира со: х1инца даа а мегар ду, мала а мегар ду, сакъера а мегар ду. *** - XIapa жижиг сел мерза х1унда ду? - хаьттира ас х1усамдега, 31

амма, массеран а метта жоп луш волу, Юсуп хьалхаиккхира юха а: - Бекхаш болу laxap бу бийнарг... Г1еххьа дуза а дуьзча, маларо кеп а йича, къамеле довла лиира тхуна. - Бай-1ела, и х1ун бохь вара хьан коча веънарг? Х1ун хинжийц1инжий дуьйцура цо? Х1ун къуьйсура ашшимма? - барт хатта волавелира Юсуп. - Кхетадехьа тхо а. - Ван-м сан верас вара и, - шега дехарш а ца дойтуш, дийца волавелира тхан х1усамда. -Цкъа эца а эцна, цхьа ц1инжий а балий х1окхо, цхьа ц1инто а балий. Юха, жимма хан а ялийтна, цхьа авст а ялий, цхьа бошто а ялий. - И айхьа ц1ераш йоху х1умнаш х1ун ю кхетадехьа тхо, - дийхира Юсупа. Бай-1ела, цец а ваьлла, хьаьжира коьртачу бухгалтере: цо боккъал а боху, я забар йо? Кхета а ца кхетта, дийца волавелира: - Уьш ерриш а шо кхаьчна х1умнаш ю: ц1инжий - стен уьстаг1 бу, ц1инто - боьршаниг, авст - стен газа ю, бошто - боьршаниг. - Собар делахь! Цунна ахь беллачу laxapx х1ун олура-а? - 1аьвла-1ахар. Иза 1ай бинарг бу-кх. - Ткъа ховхар х1ун ю? - Ховхар бу, - жоп делира Бай-1елас, - жима laxap, «ховха» laxap... Т1аккха т1аьхьакхиира со церан къамелана - Бай-1елин, цуьнан верасан. - И г1ийла к1орнеш суна охьа а кхиссина, д1авахана xlapa, диъ шо а далийтина, тахана ц1еххьана гучувели-кх, к1антана зуда яло дагадеъча. Цундела ас а эт1ийра-кх дог, суо 1аббалц... - И-м и дара, - велавелира Юсуп, - оцу вайн верасан даьхни мича даьхьана ахь? - Эцца жа юккъехь лела-кх, деба а дебаш. Делахь а, наб ца йойтуш сахьийзор ду ас цуьнан... Деа шарахь гучу а ца ваьлла... *** Айса язйинарг зорба ма тоьхханехь, газеташ дахьийтира ас жа1ушна. Ма хазахетар ду царна, бохуш, б1аьра дуьхьала цхьацца исбаьхьа суьрташ х1иттош lapa со, балдаш шашаха дела а къежаш. Цу хенахь веъна Юсуп схьакхечира. 32


- Дийшарий цара газет? Резахиларий уьш статьяна? - сихвелла хаьттира ас. - Мичара! - шийла ша биллира сан кийра Юсупа. - Баркалла шайгара ца хиндолу т1елхигаш ю хьуна! - шена халахета кеп х1иттайора Юсупа. - Нохчийн мотт-м хьала а, охьа а цунна ца хуийла гуш ду, суьйли-м вац техьа иза, бохуш, вала а, вуола а ца вуьтуш, хьийзийна со цара. Чхам-м, аьлла, бос баьхьира сан. - Я к1еда-мерза дийций ас? - Д-д-дийцахьа ма-д-д-дар-ра... - хазийра ас халла, воьхначуьра метта ца валуш. - Шега пхьаж луьстигах къасталуш а ца хилча, х1ун ден дакъа текхо вахана xlapa цу бал¬ха, бохуш, суна чуг1иртира уьш, - т1аьхьт1аьхьа даздеш, дуьйцура Юсупа. - Соьгара х1ун гучудаьлла царна, - кхин 1ен ца велира со. - Сайна дагадог1-дог1ург д1аэр ду ас. Ахь «овкъарх раствор а кхехкайой», уьстаг1ий лийчадо, садолчу х1уманех ц1ена хилийта, аьлла яздина. Ахь юьйцуш йолу «овкъарх йина раствор» - КХА ду. Вай арадаьхначу хенахь саба доцуш (я и ца тоьуш), нохчийн зударша и кха а доккхуш, цуьнца бедарш юьттуш, шайн корта буьлуш, бераш лийчош - мезех, хинжех ларийна вай... - Ахь яздина: «уьстаг1ий лоргуш долу тукар»... - XIинца иза а нийса ца хили? Собардел. Цара хестош волчу журналиста а диллина иштта. Ладог1ал ахь: «Ножницы для стрижки овец». - Газет Юсупана мерак1ел даьхьира ас. - Цо нийса яздина. Церан маттахь иштта дан а ду иза. Амма вай цунах «ч1ода» олу. Ч1ода ду и, сан хьоме доттаг1а... Сайн ги боккха мохь боьлча санна, дег1 дазлуш лаьттара сан. Дог эт1ара, жа1уша даийтинчу хабарна дуьхьаладаккха х1ума ца карадо дела, мел ч1ог1а лехарх. - Кхид1а а дийций вай? - са эца деъна мулкалмовт санна, новкъа вара суна Юсуп. Амма ла ца доьг1ча ца волура. - Ахь яздина: «цхьана уьстаг1а т1ера лергинчу т1ерг1ан» терзанан барам... Цунах «тхонка ду» оццул, ала деза... Царам-м кхин а дехха дийцира. Уггаре а царна новкъадеънарг дара «коллективана коьрталла деш ву» бохург. И мичара даьллера хьуна? - хаьттира Юсупа, шен къамел а сацийна. 33

- Х1оккхузара, - оьрсийн газет д1акховдийра ас. - «Коллектив возглавляет»... - «Коьртехь лаьтташ ву» ала ца мегара? - Х1ан-х1а, т1аккха «во главе» бохург хуьлу. Ткъа «возглавляет» нийса нохчийн маттахь аьлча «коьрталла деш ву» , - къарвала дагахь со а вацара. - Делахь, Бай-1елассий, Сар-1елассий х1ун бахарий? Кхин шаьш долчу aгlopa д1а ма г1ерта, бахара. Шайна мийралла ца дезахь... И д1овш а тоьхна, Юсуп д1авахара. Со суо висира сайн г1ийладекъазчу ойланашца. Къаьсттина суна халахетарг х1ун дара аьлча, Юсупа, боккха там а хуьлуш, схьатуьйхира жа1уьйн кост, шена халахета моттийта и г1иртинехь а. Суна хьалха а хааделлера: шен къамелехь парторганий, корреспондентаний (забар ечухуо) 1уттуш самукъадолура цуьнан. Бай-1елаг1ара иштта к1оршаме дуьйцур дацара аьлла хета суна. Юсуп кхин шозза-кхузза веара со волчу, амма со цуьнца цхьаннахьа а ца вахара. Хедира тхойшшиннан ч1аг1дала кхиина далаза долу гергарло. Дицло х1ума дуй и ткъа? Марзо эца вовшахкхеттера тхо, амма и бахьанехь суна-м, стим санна, къахьделира xlapa маьлхан к1айн дуьне... *** Ризавди балха схьаэцаран я ца эцаран хьокъехь цхьа барт хилира тхан. Газетдешархошна лиънарг дийр ду оха: цара магавой - балха схьаоьцу, ца магавой - 1одика йойла, дегабаам ма биэ. Цундела шайна хетарг язде, хьомсара вежарий, йижарий, варийлаш, мало ма елаш! Ризавдис а до цхьа дехар: кху т1ехь дуьйцуш дерш уьстаг1ий, гезарий хиларе терра, царах хуург а, хезнарг а (ц1ераш хилла ца 1аш, тайп-тайпана дийцарш, кицанаш, туьйранаш, иллеш) язде редакце. Царна юккъехь хаза х1ума шортта хирг хиларх шеко яц.

№1 йолу «Нохчийчоь» газет, 2005-чу шеран март беттан 27-г1

34


ЛАЬЗГИ-ШОВДА (Хабар) Хьалха-МартантIерачу Акаев Мусагара хезна хIума дага чуьра ца долу сан. Цхьа стаг хилла, бах, буц хьакха дагахь. Амма мало еш гуьйренга вахана. ТIаьххьаре а, мангал а карахь, арашершина. «Хьенех, ахь хIун до?» – хаьттина хIара вевзачара. Докъар кечда воллу ша, аьлла, бах. Бакъду, ша буса хьокхуш, наха дийнахь хьокхуш, буха хIума йисина моьттуш-м вац ша. Цунний а дайна, со шина даггахь Iашшехь, кхечара кхунах тераниг яздина хила тарло шортта. ХIетте а, хIара кехата тIе а даьккхина кийра ца бассабахь, сапаргIат дер дац сан. *** Ша санна, шийла шовда. ДIамелча, цергаш а лагIош. Канаш чохь хи бете дале, куьйгаш а гIорош. Исбаьхьа хьуьна юккъехула, тача а доккхуш, охьадоьду. Цо даьккхинчу хорша чу хорбаз а йиллина, чагIаран шиша дIатардира оха. Уьш шеллучу юкъана кхидолу гIуллакхаш дан дагахь дара. «Тхо» – кхоъ вара. Iалхан – Юьртара Сатуев Хьуьсайн, поэт; ДегIастанара вай долчу деша веъна волу лаьзги Маджидов Шериф, яздархо; ешан бен кхин гуьнахь доцу сой. ХIетте а цара со критик лорура, цара яздинчух муьста дош алар бен ас деш хIума доццушехь. Цхьацца цхьаьнадог1у х1ума а дара тхан: цхьаьна доьшуш дара; цхьа петар а лаьцна цхьаьна Iара Соьлжа-гIалахь хан йоккхучу хенахь; цхьа нийса накъостий дара. Генарчу заманахь дуьйна дуьненарчу массо а къаьмнийн уггаре а хьуьнаречу къонахаша яздина тептарш оьрсийн матте даьхна карадахь, тIекхетий, уьш деша а доьший, юха царах хетарг дуьйцуш хан токхура. Ткъа хIинца садаIа даьхкинера мукъачу дийнахь. Юург – мерг кIезго еънера оха. Тхуна дукха малар а ца оьшура, ши-кхо тIадам хилчахьана: жималло иштта а дахийнера; дукха даар 35

а ца оьшура, цкъа-шозза кхалла хилчахьана: дуьненан хазалло иштта а дузийнера. Къамелаш деш, марзо оьцура, тхуна цунах кхачам хуьлура. Олхазарш а дара самукъадаьлла «цIар-цIир» деш, хIоранна аз къаьсташ, хIоранна ша-тайпа мукъам болуш. Цаьрга ладоьгIуш, дагана хьаам хуьлура. Амма кху шимма (сан шина накъоста) ладогIа ца вуьтура, мехкарий, церан (цаьрга а) безаммий балхош. – Ма дайша и берийн къамелш, вайх къан а делла нах ду!.. Иза со ву. «Къанбелларш» хIета ткъаессана а, ткъа а шераш кхаьчна бара. УьстагIан жижигна доладеш Хьуьсайн вара: сийссарехь цастарш а дина, аьтта хох а, чам табо бецаш а тоьхна, кIаддала хIоттийнера. Мутт тIе а даьлла, безамехьа дара и хIинца. Хьуьсайн ша, дуткъа серий а даьхна, царах эвнаш деш воллура, хьалххе кечдина долу жижиг царна тIехь датта. Сан дешнашна резавоцуш схьа а хьаьжна: – Валохь, бага гIаттийна а ца лаьтташ, жIолмаш гулъя гIохь, – элира цо, – и олхазарш цигахь а дека хьуна. Воьд-воьду-уш, силам диллинчу некъа тIе кхечира со (семаскан некъ, – олура цунах дезткъеитт шо тIехъиккхина йолчу сан дешичас ВаваIа). Дехьа а велира. ЖIолмех мор а боьттина, сехьавала гIертачу хенахь, Iодара евлча санна, йогIуш кегий машенаш яра, хьалхаяьлла милцойниг а йолуш. Аз чIагIдечу гIирса чухула оьрсийн маттахь, гай даьтIча санна, мохь хьоькхура эпсара: – Машенаш некъайисте яха! ГIашлой шаьш бол-болчохь совца! Гучух инзарваьлла, суо волччохь дIатийра со. ШолгIачу машена чохь гIеметтахIоьттина зуда яра – цхьаннах чIогIа тера хетара. Амма дага ца йогIура. Мел ойланаш йича а. Со къаьрззина хьоьжура цуьнга. ХIара хьетIе ши бIаьрг баьккхинарг мила ву техьа аьлла делахь а я стенна делахь а иза а хьаьжира схьа. ТIаккха цунна а суо вевзина моттаделира. Мила ю техьа иза? ГIовгIа, тIех а иккхина, генаяьлча а лаьттара со, Iадийча санна. Кхин и дага а ца еъна, накъостий болчухьа когаш левзира. Тхол хьалха кхуза Iийначара, жимо кIаг а баьккхина, цу чохь ягийнера цIе. Циггахь латийра оха а, бецашна я садолчу хIумнашна зен ца хилийта. И яьгна а яьлла, кIегашна тIе чим биллинчул тIаьхьа, 36


Хьуьсайна царна тIехула эвнаш хьалаоьхкира. Хорбаз карча а еш, шен бала балхош вара лаьзги. Деха дийцира Шерифа: чIерий луьйцучу хикемана тIе ша балха вахар; шаьш лийцина чIерий а, юха уьш кечдеш гIутакхаш чудохкар а; хIорда тIехь челакха тулгIенаш гIиттар а, шаьш цаьрга къар цадалар а; кеманан куьйгалло харц пал лелош хилла хилар а, Iедална йогIург шайн кисана а ерзош, ша цаьрца латтийна къийсам а… ХIара цигахь зуда яло нахарташ вовшахтухуш леллашехь, хIара тIехьийзинчу йоIана, кхунна дукхаезачу Зейнабана кхин кIант карийна хиллера. И бала бара кхуьнгахь берг. И гучудаьлча кхуо лаьзгийн маттахь човхийнера иза: «Кхахьбе!», – аьлла. «И бохург хIун ду?» – «Кхахьпа» бохург ду-кха». – «Тхан маттахь санна ма ду изам!» - цецвелира тхойша. Цу хенахь тхуна ца хаьара, ширачу заманчохь вайн генара дай, нохчийнаш а лаьзгийнаш а, цхьана махкахь Iийнийла а, делахь-хIета цхьатера дешнаш ца хила йиш йоцийла а. Iилманчаша «Кавказан Албани» цунах олийла а. Тхаьш хIинццалц дийцинарш а дицдина, лаьзгийн а нохчийн а меттанашкахь цхьаьнадогIу дешнаш лоьхуш Iийра гIеххьа, карийча, дашо барз карабеъча санна, даккхий а деш. Уьш мелла а долуш дара: нохчийн «юкъ» - лаьзгийн «юкь» (цара ма-яздарра) – оьрсийн «середина»; мукх – мух - ячмень: поп – пип – бук; да – дах – отец; кхаллар – хлеб – калар (лаьзгийн) – жареная пшеница; ц1оз – ц1иц1 – саранча; лан – лиэн – подкова; йо1 – дочь (оьрс.); яъ (лаьзг.) – мать (оьрс.) Г1ажарийн меттанашкара вай а цара а т1еэцца долу «гуьнахь», «бахьна», кхидерш а ца дийцича а. Иштта самукъадаьлла дохкучу хенахь, хьаьвззина, бецала лаьллича баьIашка доьду вир санна, йоIа шена бинчу тешнабехка тIевеира Шериф юха а: – Цо а и дича, зударех хIун тешам хир бу!.. – И хIун къамел ю ахь еш ерг? – собар кхачийра сан. – Ахь-м и хьайн тIехьийза йоI дуьненахь массарел а даладелла хилар билгалдаьлла даьлча санна ма-дуьйцу. Суна-м ца хета и иштта. Массарел а дика суна сайн нана хета, Хьуьсайнна – шениг. Йижарий а бу тхан цхьамма а ала хIума а доцуш, беза-бевза мехкарий а бу. Ахь дагабаийтичхьана, хьан а хир бу. Зейнаба иштта дира, Зейнаб вуьшта ю алий хьайна ма-луъу дийца, амма массо йоI ма бехъе. 37

Цкъа а ас аз ч1агIдина шена ца хезна дела, цецваьлла, схьахьаьжира Шериф. Юха вехха ойланашка вахна а лаьттина, гIаддайна, амма безамехьа велакъежира иза: «Дика ду. Хьо бакълоь». *** – Ас цхьа хаза хIума дийца шуна, – юкъавелира Хьуьсайн. – Ахь яз ма делахь цунах лаций, – дихкира цо суна, – со суо дагахь ву и кехата тIедаккха. – Со-м ма вац къолам караоьцуш а. – Ча тешийла хьайх-м… ХIинца ладогIалаш. Нускал доссийначу буса тIам тIе вигна, боху, цхьа жимастаг. Юха дукха хан ялале хаам кхаьчна и тIепаза вайна, аьлла. Гергарчара а, марзхоша а и цIа вогIур вац, хьайн гIайгIабе боххушехь, пхийтта шарахь шен майрачуьнга хьоьжуш Iийна и зуда. «Iийча доккха хIума дара и? – дагатесира суна. Цхьадика, багахь дIа-м ца элира. – И санна дерг-м эзар шераш хьалха а хилла. Ширажелтойн тептарш тIехь яздина а ду. Масала, Гомеран илли тIехь вуьйцуш волчу Одиссейн сесаг Пенелопа ткъа шарахь хьежна и цIа варе. Ас дешна. Кху шимма дешна а хир ду. Дуьненахь цхьа а керла хIума дац, Хьуьсайн; ахь дуьйцург а тIехь». Иза хIета дагадеънарг ду. Ткъа хIинца, хIара дешнаш дIаяздечу хенахь, дагадеънарг кхин ду. Нагахь санна Хьуьсайн шейхалла долуш хиллехь, цунна хуур дара шен хинйолу хIусамнана Табарк шена а шен доьзална а вуно чIогIа муьтIахь а йолуш чекхъер юйла ша кху харц-дуьненахь волчу хенахь а, хIара бакъдуьнена вирзича а. Буьрса тIемаш махка кхаьчча нах шайн баккхал кIелхьараяккха гIерташ лелачу хенахь, Табарк Хьуьсайнан йоза тIехь долу кехаташ дадийна лелла, уьш хIаллакьхиларна кхоьруш… Юха а кхин ойла а хьийза сан коьрта чу. И дакъа кхаьчна а волуш, ас хIинцца дийцинарг шена хиънехь а, Хьуьсайна и ца дийца а тарлора: вайн Iедалехь шенаш, шен гергарнаш, чоьхьарнаш хестор тамехь дац. Ша дийцаниг а дийцина IадIе там бара тхан деган накъост. Ткъа цо дуьйцучун буьззина ас мах ца хадабаран бахьана дара со жима хилар. Шена тIе ца хIоьттича, ша ца лайча ма ца кхета и санна долчух. 38


Цу хенахь со а ца кхетара. Суна хIун гинера? Суна хIун хезнера? Ас хIун лайнера? Моьттур-кха сайна цхьаъ хаьа. – Ткъа уггаре а хаза хIун ду хаьий шуна? – воккхаверца, юьхь серла а йолуш, хаьттира Хьуьсайна. – Хаьа, – бегаш беш элира ас. – ХIун ду? – ЦIару-ула цIий а делла, «тIак-тIаккинехь» даьтта Iийдалуш долу жижиган цастарш ду-кх. ДIахьаьжча, со бакълуьйла хиира сан шина накъостана. Ас бохург дохо а ца гIоьртира. Хьуьсайна эвнаш хьалха а дехкина, ас хорбаз а йохийна, лаьзгичо чагIаран тIадамаш пхьегIи чу буттушехь, тIаьхьахIоьттина зуда а йолуш цхьа бохь гучувелира. Тхо доьхна дисира: и тхол гIеххьа воккха вара, малар хьулда тхо ца кхиира, хIун дича бакъахьа ду а ца хаьара. Хьала а лилхина, дегI нисдеш дIахIиттира. – Суна салам-кад ца кховдабо аш? – хаьттира цо. Тхо вовше хьаьвсира. Хьуьсайна жимма бухахь цIен тIуналла йолу стака дIакховдийра. Иза Iанне Iа а ца Iийна, тахана цхьа нийса накъостий хир ду вай, цул тIаьхьа вешан гIиллакхаш лело ма – дезза лелор ду вай, бохуш, пхьегIа караийцира оха а. Ирахь лаьтташехь, цхьа-ши къурд бира цо. Цу хенахь цуьнца йолчу зудчуьнга дIахьаьжира со. Машенахь гIала йоьдуш хилларг яра иза. Цецваьлла, къаьрззинчохь висанера со. Малар а дицделлера. Соьга а хьажна: – Жима къонах, хьуна реза вац со, – элира кхайкхаза веъначу хьашас. – Хьан хIун бакъо ю нехан зудчунна бIаьргаш тIедегIа? Хьо жIоламаш яхьаш вогIуш а хьан хьежар деза а ца делла, хьо лаха араваьлла ву хьуна со-м… Цо боккъалчу озехь дуьйцура. – Ма хьийзавехьа и жимастаг, – гIолецира зудчо. – Цунна ма ца бевза хьан бегаш… – Забар ян вуьтуш ца хилча, хьайн тIоьрмигаш дассаделла. – КIарула Iаьржачу мекхийн ирахъяхна йистош, хьавзийна, йиснарш а ирйира тхан керлачу накъоста. Зудчо шаьш еънарг юккъе хIоттийча, даар-малар дикка алсамделира тхан. Шовдан йисте дахкарх доккха той хилира. ХIета мел аьлларг а, мел хезнарг а юхадийца воьлча, йоккха тати 39

гуота хир яра. Цундела коьрт-коьртаниг довзуьйтур ду. *** – Шу хIун къуьйсуш дара тхо тIекхачале? – хаьттира Iабдис (иштта хиллера тхан хьешан цIе) – ХIокху Iачо хьийзош ву-кх тхойша, – забаре латкъам бира Хьуьсайна, со юкъахьакхош. – Гой шуна, массарна а бале ваьлла хилла хIара-м. Суна ваьлла а ца Iаш. ХIун диэ боху кхуо? – Ша кIадда а деш а вац, оха динарг меттахь а ца дуьту. – Цкъачунна ца кхета со… – Тхойша цхьацца къолам Iуттуш ву, амма оха яздинарг кхуо маггане а ца магадо-кх. – ХIун анташ карадо хьуна кхаьргахь? – Дика ду аш бехкевечунна а дош делла… Кху шинна дерташ-м лалора соьга. Шаьш яздинарг илла а билла а деша, хетарг ала бохуш коча богIу суна, тIаккха ас сайна цатайнарг дIааьлча, дегабаам бо. – Ахь иштта дийцарх со тIаьхьакхуьур вац. Схьалаца коьртана аттачу даккхахь, – дийхира хьашас. – Дика ду. ХIокху Шерифа дехха дийцар яздина лаьзгийн маттахь. – Боцца чулацам бовзийтира ас. – Иза-м ладогIа догдогIуш хIума ма ю, – элира Iабдис. – ХIун ледарло карийна хьуна? – Харцонан вад и хикема ду кхуьнан йозанехь. ХIорд ловза а баьлла, буха догIуьйту кхуо иза. И нийса дац. ХIунда аьлча дуьнен тIера харцо дIаяьлла бохург хуьлу тIаккха. Ткъа иза иштта доцийла вайна массарна а ма хаьа. – Ас хьехошдерг билггала долу цхьа кема ду, – тIе ца тайра Шериф. – Исбаьхьаллин йозано массеран а юкъарадерг гайта деза. Дукхахьолахь дукхахболучарах Iотталушдерг. Х1ора стаг ша-ша вийцичам, дуьненахь хила ца тарлуш хIума данне а дац… Корта а оллийна, гIеххьа ойла йира 1абдис. Юха цо элира: – Сайна ца хуург дийца ваьхьар вац. ДIо-о генара дешна вац со. Ткъа тIамо сайн багана долада Iамийна. – Муха дара иза? – гIиллакх хIоттийра оха, цунна дийца некъ бок40


кхуш. *** – Чехкачу тIамана чухьаьлхина доьлхура тхо. Ц1аьххьана уллехь немцойн йоккхатоп а иккхина, синкхетам дIабелира сан. Меттавеъча, со мостагIийн карахь вара. Со санна, цхьацца бахьанашца дакъазбевлла шортта нах хиллера. Эрна арахь гуобакьккхина кIохцалсара а тесна, бежнаш санна, тухуш-Iуттуш чулаьхкира тхо. Хецца тIедогIу догIа сацо тхов бацара, ша тIера хьоькхуш санна шийла болу мох сацо пенаш дацара. Макхъелла стигал йоцург тIетаса юргIа дацара, тIунделла латта доцург буха йилла гоь яцара, хьайн ши буй боцург г1овла нисъя г1айба бацара. Ткъа дIаяла гергаяхна гуьйре шийла яра. Цундела буса сахилале ткъа а ткъеитт а милла лей дIаволура. Чудаха беапенаюкъ хIунда яц аьлча, немцоша бахара, оццул дукха салтий карабогIур буйла шайна ца хаьара, цундела шаьш бина кечам кхачамболуш бац. Йораббана, хIун дича хIун хир дара техьа бохуш со гIийла ойланашка вахана Iачу хенахь, могIабинна массо а дIахIиттийра. Юха омур дира, жуьгтий юкъара схьаболва аьлла. Вуьш хьалха а буьйлуш дIанисбелча, суна дагадеира жимчохь дуьйна сайна дуккхаза а хезнарг: жуьгтий дикачохь бен 1аш бац. Царах дIакхета веза со, кху дела-мостагIашна хIун хуур ду со мила ву? Корта Iовдал хилча, дегIана бала хуьлу. Лаьтташ долу тхо, кара биэлаш а елла, саьнгар яккха дIахIиттийра. ХIетте а цхьа а вон хIума дага ца тесира. Хала дела-балица яьккхина девлча, йисте дIанисдира. ТIаккха а цхьа а ойла меттах ца елира. Омра а дина («омур» олура цо), тIе герз дерзийча, хуьлуш лаьттачух кхийтира. Амма гIуллакх гена даьллера. Кхиэравелла ца моттийта, эхь-бехк луьйцуш Iачохь дацара, дегIана са дезахь. Со цIогIа детта велира ма-хуьллу: «Со жуьгти вац, дIаваккха со кхузара!», – бохуш. – Цо мохь хIунда хьоькху? – хаьттина хиллера церан хьаькамо. Талмажас немцойн матта даьккхинера. ДIатIевигира со цунна. Мила ву хьо? Нохчи ву аьлча, царна и хIун ду а ца хаьара. ТIаккха, цIаьххьана дага а деъна, Кавказ хьехо велира 41

со. «О-о-о! Гут, гут! Зер гут!» (Дика ду, тIех дика ду), – делира церан багара. Цхьадика, Кавказ евзаш хиллера. Лоьрана тIе а вигна, цIий ийцира сан. И теллича, царна хиира со жуьгти воцийла. Царна муха къаьста-м ца хаьа суна. Со бисинчу йийсарех дIа а тоьхна, жуьгташна тоьпаш туьйхира. Саьнгаран йисте воьжнарг а чу а карчийна, тIе латта хьаькхира. И семса латта меттахъхьийра еххачу заманчохь. ХIета дуьйна сайна билггала ца хуург эр а дац, дийр а дац, аьлла чIагIо йина ву со, – дерзийра цо шен къамел. И къиза сурт дуьхьалара дIа ца долуш, шорта 1ийра тхо, юучухмолучух чам а баьлла. Тхуна хаза-м хезнера Гитлера а цуьнан бIоно а жуьгтий хьийзийна бохуш. Амма даго къобал ца дора-кх иза. Я генарчу туьйранах тарлора. Ткъа хIинца шен бIаьргашна гиначо, лергашна хезначо хьалха дIахIоттийра деган Iаткъам. *** Мел чIогIа догдоьхнехь а, дуьне ца диъча ца долу бисинчара. ГIеххьа тийна-таьIна а Iийна, тхо а девлира къамеле. – Кхида муха хIун нисделира хьан? – хаа лира тхуна. – Тоьпаш ца тухуш витинехь а, Iожалла когаш кIелахь яра. Милла леш дара, мацалла садала доллура, цамгарш даржа доладеллера. Кху Кавказан къаьмнех жимо тоба вовшахкхеттера тхан. Сахиллалц стигал Iийдаелла, латта а тIеда дара, тхан бедарш а тIунъеллера, юккъеша гIеххьа дохк а хIоьттинера. ГIаддайна хьал дара тхойгахь, хIетте а яхь дIа ца яла гIерташ, цхьаьне керта улле а даьхкина, воьдург – вогIург тергалвеш лаьттара. И нисделла догIмаш долу немцой тIаьхьа а хIиттийна, цхьа лоха мунда яра схьайогIуш. Цуьнан гаттий бIаьргаш а гина, тхох цхьамма элира: «Япуо ву иза. Япон – паччахь а Гитлер а гергарло тесна ву. Цундела овгалийн куйннал бен воцу хIара хьалха а ваьккхина богIу и куц хаза бIаьхой». Цахуург дуьйцуш къа латош хиллера тхо. Тхан къамел а хезна, кIохцалсерийн керта тIе веира иза. «Шу мичара ду?» – хаьттира цо цIеначу оьрсийн маттахь. Тхо цец а девлла вовше хьаьвсира. «Кавказера». Цигара-м ша а ву, элира цо. 42


ДIахьаьжча, гIалмакхо хилла хиллера иза. Советан Iедална ницкъ ма-ббу дуьхьала а волуш. Немцошкахьа болу бIо вовшахтуоха бакъо елла хиллера цунна. Шен Iалашо цо йовзийтича, онда дегI а долуш волу Донера цхьа гIалгIазкхи резахилира Советан Iедална дуьхьала тIом бан а, эшахь вала а, хIунда аьлча цу муьжгийн боьхачу Iедало шайн оьзда хIу хIаллакдина дела. Амма гIалмакхочо бухабуьсучу накъостийн аьтто бан дош лахь: тхо тIаьхьахIита реза дацара. Вукхо делира. Тхоьга хеттарш дира немцоша: буц хьакха хаьий? бажа бажо хаьий? говраш лело хаьий?.. И а ца хаахь, хIун хуур ду тхуна! Тхо царна мегначух тера дара, хIунда аьлча, кхаа дийнахь кхаа бусий малхбузехьа дигира тхо машенахь, немцойн махка. КIотарш товш яра. Цигахь нах бехара цкъа а цхьа а тIом ца хилча санна. Ткъа цу саьхьара жоьжагIатера далийнчу тхуна тамашина хетара иштта хьал дуьненахь хилар а. Бакъду, тIеман цхьа башхо-м яра цигахь а: кIезиг бара божарий. Хьал долу немцойн зудчун говраш лело д1анисвира со. Кхиберш – кхечанхьа. Жим-жимма чусадеира. Iема-аш, церан мотт а Iемира. Сайн аьтто а нисбина, бархI бутт баьлча со ведира. И хьолан зуда-м соьца дика яра: цхьа а тайпа хIилла дан а ца гIерташ ас дезарш до, олура цо. ХIетте а сайн дагара цуьнга хаийта ца хIоьттира: Iедална тIех муьтIахь хуьлу цигара бахархой: мотт багIийта тарлора. Де-буьйса ца лоруш, юм ийцира ас. Садаьржича хьун, колл лохуш, бода хIоьттича майро некъ беш. Цкъацкъа тилалора, юха мича кхаьчча толлура. Са а хаьдда, вожжалц дIагIертара. Жимма метта а вогIий, юха а дIатасалора. *** Бузучу малхаца, йогIучу суьйренца цхьана шовдан йисте кхечира. Iадийча санна висира со. Тап нохчийн эвлайист яра иза. Деллахь, галваьлла а цIа ца вирзина техьа со?! – сатесира ас. – Ишттачу метте ирахь1е ма оьхура тхо. Амма кхузахь садоIу дегI дацара. ТIаккха хьалхе воккхаве ваьлла со… Суна и дагатоссушехь, сурт санна хаза ши йоI гучуелира, юьйхина гIаблеш а йолуш, пхьаьрсах тесна цIеста кIудалш а, карахь чами а 43

болуш. ДегIе зуз деира суна: винчу махка кхаьчна техьа со, боккъала а! Амма хьесапдича, иза дикка генахь хила безара. ШайтIан пал-м бац техьа хIара? Стаг тило, цара эрна арахь а ловзар хIоттадо, боху. ЦIаьххьана дагадеира: шайтIан когаш юханехьа бирзина хуьлу, боху. Хьажа веза со. Хьаьжира. Когаш хила ма-безза бара, товш йолчу пошмакхаша биснарг а хаз а бина. ХIетте а суо тиларчу вахана моьттура, бIарлагIах Iеха а велла. Кхузахь нохчийн мехкарий хуьлийла ма – дацара! Лечкъарх, хIума къаьстар дацара. Хьалхара колл дIа а теттина, юьхьдуьхьала хIоьттира со: – Суьйре дика хуьлда шун, куц тайна мехкарий! Б1аьргнег1ар тухучу юкъана, акъ яьлла лаьттира и шиъ. – Нохчи ву, нохчи ву! – маьхьарий девлира. – Вало, дадина хазахетийта вай!.. КIудалш а, чами а охьакхоьссинчохь бисира. Шай-шай хьалхаяла а гIерташ, кхаьънаш дара дохуш: – Да-да-а, тхуна нохчи карийна! Тхо гIеххьа болчу гух хьаладевлча, лаьтташ цIа дара, тап вайн Нохчийчохь хIета деш хиллачу кепара. Буьйда кибарчигех доьттина пенаш кира тоьхна кIайдинера, тхов бара чорхан гериго цIебина, куьцехь яра аннийн учи. Со цIера волуш, дукхахболучийн яра иштта хIусамаш. ГIовгIанца-цIогIанца тхо уьйтIа кхаьчча, поп санна онда къонах гучувелира. Бохь ирахбахна сура куй тиллина, бустамаш долу исхаран чоа дуьйхина, вета болчу кучо лаг къайладаьккхина, оьзда гIодаюкъ къовлуш кхелина доьхка дихкина, гIалакх санна йоккха шаьлта цунах оьллина безамехьа кечвеллера из. Буру санна долу мекхаш ирахдерзийна, къар ца вайта гIертара иза хене, ц1оцкъамаш а тIехь къежвала вуолавеллехь а. И шех бIобоьлла стаг, налха санна, кIадвелира со шен махкахо вуйла хиъча. ГIори гIоддаха мара а къевлина, велхаран къурдаш далийтира цо. Къайла а ца дахьаделла. «Хозма-а, хозма-а!» –бохуш, юх-юха тIекъовлура цо. – И бохург хIун ду? – юкъа ца лилхича ца Iеделира тхо. – Деллахь ца хаьа суна-м, – даре дира Iабдис, – «хаза» бохучух тера-м ду и дош. 44


– ХIусама чувоьдуш, – кхид1а а дийцира тхан воккхах волчу накъоста, – пенах доллучу куьзган чохь суо гича со кхеравелира: дакъаделла шайтIа дара хьалха лаьтташ. Чукхетта беснеш, олладелла мекхаш, мацалла къега бIаьргаш, бехъелла бедарш (цкъацкъа гай текхо дезаш а хуьлура некъ бечу хенахь). Амма чкъарх аьлла лийча а лийчина, эпсар санна кечвелча, юучух зорха а 1абийча, адамийн сибате вирзира. Куьзга бехке дан бахьана а ца карадора. ГIеххьа цаьргахь Iийра со. Дууш-молуш, гинарг – хезнарг дуьйцуш. ХIусамден цIе яра ЦIуоцIа. Советан Iедал доккхучу муьрехь дуьхьала тIом бинера цо, инарла Деникин коьртехь волчу бIона юкъа а вахна. Майра ву, говза лета аьлла цIеяханера. Ткъа шаьш эшча, кхечу пачхьалкха дIаваханера шен доьзал а, шен бахам а дехьа а боккхуш. Кхуьнан карахь ницкъ хиларе терра, цигахь а дика аьтто баьллера. ХIора доьзалхочун цIарах шишша – кхоккха машенаш эцнера. Балха хIиттийна шортта говза нах а болуш, шен долахь дика хьал дара цуьнан. Амма и ши йоI йоцург кхин доьзалхой ца бисинера. Йиша гIумкичуьнга маре дIаеллера, бусалба-х вай иза, аьлла. ЦIийннана а, цхьаъ бен воцу воI а кхелхинера. «ХIусамнана-м вайн Декъастана сагатдина дакъазаелира хьуна?» – хорам хилла хала схьааладелира цуьнга. Ткъа хIинца кхиина яьлла хIара ши йоI шена ма-хетта д1атаръя аьтто боцуш, холчахь вара иза. Вайна юккъера бехк Дала лорийла а аьлла, ах бахам а ло ша, ахь цIе тоьххана йоI хьоьга а йоуьйту ша, бохуш, хIара цигахь висаран захало дийцира. Зудаберашна-м ала хIума дацара, амма хIун дан дезара бисинчу махкана, са а бIарздина кхуьнга хьоьжуш Iаш хинйолчу нанна, гергарчарна, безачарна, бевзачарна?.. – Мохк хьуна ца битна, – йиш йоьхна элира воккхачу стага, – нохчий гIалгIай цхьана дийнахь берриге а нуй хьаьккхина цIера баьхна, хьажах1отта бахка а бакъо а йоцуш. Хьан нана дукха яхайойла Дала, амма цунах дерг а тешаме дац: сийначу Сибреха бигна цIийзачу Iай йовхачу Декъастанара. – Мел доьхна де цигахь делахь а, са Нохчийчохь а дитна, кхузахь дилх дусто ца лаьа суна, 1ер-дахар цIерачух тарда а гIерташ… 45

Иштта дийцича а вуьшта дийцича а хIара тIе ца тайча, ЦIуоцIас тIаьххьаре а аьллера: – Делахь, сил мерза езар йисна-кх хьан винчу махкахь. – Iабди акъ а ваьлла висанера, цуьнан дуьхе кхиа долчу хьекъалх. Амма и дуьне гина борз яра, цундела и хIумнах дика кхетара. – ЦIа кхойкху хьоьга цу дашо – бIелига?.. – Со цIийвелира, – кхидIа дуьйцура Iабдис. Шейхалла долуш вукх и воккхастаг! – Хьуна-м цуьнан цIе а ма хаьа. – Хьенан? – Дашо-БIелиган. Воккхастаг гIоддаха велавелира, юьхь гIеххьа къон а луш. – Хьоьжур юй техьа иза? Ас жоп ца делира. Даго хьоьжур ю боххушехь… *** Iабди вист ца хуьлуш Iийра вехха. Тхо а ца довлура меттаха. ТIаьххьаре а тхо детIира: – Хьо дIа ма тий? – Кхара даа а, мала а ца вуьту со, Дашо-БIелиг, – аьлла, зудчуьнга дIахьаьжира Iабди. – Бухадисинчу шаьш лелийнарг ахь дийцахь, жимма садоIур дара ас. ОхьатаьIинчуьра хьала а ца таьIаш, зудчо элира: – Со муха Iийр ю божаршна хьалха а хиъна, къамелш деш? – «Нехан божаршна» бохург дара цуьнан иза, амма цуо и багах ца даьккхира: массо а иштта а кхетара цо бохучух. – Товш ма дац. – Кхара мукъ лур бу хьуна: хIорш бехк баккха арабевлла бац. ХIорш леррина ладугIучех бу. – Дийцахь, Дашо-БIелиг, – дийхира оха а. Ца яьлла йистхилира иза: – Со нусклара а ялале, хIара невцалха а вахале, Шуна хьалха Iийриг (Iабдех иштта элира цо, цIе кхобуш) тIаме вигира. Ирча кхаъ кхечира дукха хан ялале: тIепаза вайна. Кийрахь летта цIе дIа ца йовра. ХIетте а вийна аьлла и кехат цахилар а гIоле хетара. Дикане сатуьйсуш гергара мел верг Iашшехь, вайн къам лаххьийна махках даьккхира. Дукха нах белира – шело46


нах, мацаллех, махкалла доьлла а. Хан ца кхачарна тхойшинна наной бисира. Са а пха а озийна беш болу болх рицкъа нисда гIерташ бора. Ялта чудерзийначул тIаьхьа, колхозан аренашкахь кенаш лахьадора, йисина картол лохура. Кхин генара дикане-м сатуьйсийла а яцара. Iедална дина цхьа а зен доццушехь, гулйинарг дIаяккха тIаьхьа говр хохкура бригадира, аьтто баьлча доггаха шед а тухуш. Арадаьхна пхи шо даьлча, хьийкъина ялта а кхиъна, мацаллин кхерам дIабелира. Чийлак дуьззина йолчу картолех цу шарахь цхьа эппаз бен ца лора. Со хьелиозархо а яхна, хьоналла хила а йолаелира чохь. Iойла дIанисделча а, марзхоша а сайн гергарчара а паргIат садаккха ца юьтура: и цIа вогIур вац, хьайн гIайгIабе, бохуш. Уьш сайна саготта бу моьттура суна юьхьанца, амма уьш соьгара юьхьIаьржо яларна кхоьруш хиллера. ЦIартIехь йоцчу зудчунна аланза ца дуьсу, эккхийтира цкъа. – Со нехан цIартIехь а ю, со муха лелла цIа веъча цунна шена хуур а ду, – хадийра ас. – Ткъа мотт – эладитца сан бала а бац. – Дийна велахь а, дуьнен цхьана маьIIехь волчу цунна хIун хуур ду? – Дийна а ву. Хуур а ду. Тхойша вовше марзо эцца а дац… Цхьана юкъана тхан шина нанас а хьийзира со, цхьаьна Iен реза ца хуьлуш, – шаьш вовше яьлча а ца меггашехь: невцан баьрче а хиъна Iийр яц ша сайнчо бохуш, несан ден цIахь Iел вала да воцуш яц ша кхуьначо бохуш. Невцан я ден цIа мича ду? Тхешан куьйга хьалайоьттина лаппагIни. ТIаьххьаре а кхин цхьа чоь тIе а хIоьттина, чухула неI а яьккхина, охьахаийра. Т1аккха ше а йолчу тIе а кхочуш сапарг1атъелира со. Иштта хиэрахь деха кхойтта шо а даьккхина, вай махка дирзира. Юха а хьелий уоза хIоттийра со. Лакхара гайтамаш бу кхуьнан бохуш цхьа хан яьлча Iедало хесто йолийра. Сан массо а етт буьзина бара, цIена бара, со гича самукъадолуш бара. Бежнашна а хаьа шайца дика хилча. ХIетте а эладита долийра цIоганехь бисинчу зударша: цунна къаста а дина дукха шура ло хьелий делла, цунна нехан маша тIеяздо, цуьнгахьа уозабзам бо, цхьа нун доцуш хуьлийла дац и, бохуш. ТIаккха уггаре а гIийла – гIийла етт схьа а хаьржина, тоба вовшахтуьйхира ас. Айса яьккхина шура шекболучарна а гойтуш, юха а 47

хьалхе яьккхира ас. Цу юкъана цхьа а тайпа бина хаам а боцуш, Х1ара цIа кхечира. Вовше кхаьънаш дохуш куп гулъелла, урамехь мел верг схьахьаьдда, «ловзар дан деза!» бохуш юрт сийса йолаеллачу хенахь гIовгIанца – маьхьарца машенийн жIуга дIахIоьтти. Милцой а, царна хьалхаваьлла къорза эпсар а волуш. – Москохара воккха хьаькам веъна Соьлжа-гIала, – элира церан тхьамдас. – Хьо тIеялае аьлла дахкийтина тхо. – Сан цуьнца цхьа а гIуллакх-м дац, шена со эшахь, схьавуола-кх кхуза, – жоп делира ас. – И мел лакхара хьаькам ву хаьий хьуна? ХIуъа а зулам далур долуш ву. – Цуьнан вонах а ца кхоьру, цуьнан дикане са а ца туьйсу. Соьгара кхош дIа ца даг1ахь, цо суна дан хIума-м дац. – Иштта ма алахьара ахь, – хьастабелира милцой, – хьо йоцуш юхадаьхкича, тхуна могуьйтур ма дац. – Делахь пхийтта шарахь обаргваьлла лелла хIара хьалхавалахь йогIур ю, ца валахь – ког дIабоккхур бац… – Шиъ даладе ца аьлла тхойга, – ойланашка велира эпсар. – Делахь, шун некъ маьрша бу-кх! Доцца аьлча, дIадиттина – схьадиттина барт а хилла, Соьлжа-гIала а дигна хьаькамашца къамелш а дина догIу тхойша. Новкъа довлуш хIара меттиг коьртахъяккха кхианера хIара. Даар-малар а эцнера. Цундела кхуза кхаьчча, чудирзина тхойша. Кхуза варан бахьана ша дуьйцур-кх кхуо. *** Ши-кхо дош аллал бен хIума а дац цигахь-м, бахара Iабдис. Илла а билла а со Iийр воцийла хиъча, хIусамдас хаьттира соьга: «Лаьзгишовда девзий хьуна?» – аьлла. «Дуьйцуш а-м ца хезна. Мел дукха ду Нохчийчохь «ломанах духдуьйлу шал шийла шовданаш»! Тхан юьртахь а ду Виси-шовда». – «Хьуо цIавирзича, схьалахалахь иза». – «Сан дегIах дакъа ца хилахь-м лохур ду. И стенна коьртахдаьккхина ахь?». – «Тхан воьалгIа да хилла лаьзгичуьнца гергарло лелош. Цу шимма барт бина вовше цIерш шайн берашна тахка. Вукхо шечунна «Межид» тиллина, хIокхо «Ахьмад» тилла езаш хилла, амма вайна 48


юккъехь АхьмадгIар иштта а шорта болу дела, цо «Лаьзги» тиллина шен воIан цIе. Къаьмнийн сий деш техкина цIераш иштта а йолуш ю вайн: Iайнди, ГIумки, Турко… Цу Лаьзгичо даьккхина и шовда: шена мэл а хир, нахана хьагбелча мала хи а хир, аьлла. Со дукха Iийна цу шовдан йистехь. - Жимма саца а велла, цо элира: – Туьхала Iуьттуш йовха сискал а юуш, цу шовдан хи тIе а молуш хIинца а цигахь Iен йиш хилийта, сайн кхузахь мел болу бахам дIалур бара ас. Со кхуза веъчахьана цхьа буьйса ца яьлла гIена-кхоьлах вайн мохк дуьхьала ца тосуш, кийра Iабо гIерташ Лаьзги-шовдан чуьра хи ца молуш. Молу, молу… амма кийра ца Iабабо… Хьуо цIа кхачахь, напгIа даалахь цигахь. Тхо дага а лоцуш»… *** Тхо массо а кхийтира цо сатийсинчу сискалх. Амма… хала делабалица бен логах чоьхьа ца йолура, махках хьоьгу и нах дуьхьалтуьйсуш. – Тхан гергарчу стага дуург а дуьне дац, – элира Шерифа. – Хьан гергара стаг мила ву? – ца кхийтира Iабди. – Ахь вийцина ЦIуоцIа ву-кха. «Маджид» тхан воьалгIа да ву, цуьнан цIарах ю сан фамили а «Маджидов». Сой Хьуьсайнний вовше хьаьжира: Шерифа боккъал а дийцинера тхойга шайн дайн нохчашца хиллачу доттагIаллех лаьцна. ХIетте а Iабдис махках ваьлла хьаша вуьйцуш тхойшинна и дага а ца деира. Шериф тIаьхьакхиънера, шен дас шега дийцинчух и тера хиларх. *** Цул тIаьхьа жимма Iийна сахьт тIе хьаьжира тхан хьаша: «КIентий, бехк ма биллалаш, тхан кхин Iен йиш яц: оьгIазе милцой тIаь-

хьабаьхкина хир бу. Цара тхо дIакхето деза хIара шен хьелий детта кхуьъург». Уьш дIабаханчул тIаьхьа, Iадийча санна, тийна Iийра тхо дехха. Юха хьала а гIаьттина, кехаташ гулдан вуолавелира со, уьш дагорхьама. Хьешаша шайн яахIуманна кIела «Ленинан некъ» газет диллина хиллера. Хьалхарчу агIон тIехь Дашо-БIелиган доккха сурт дара тоьхна, язйина статья а йолуш: «Хьуьнаре хьелийозархо». И ешча кхийтира со: цуьнан сурт дуккхаза а гина суна газета тIехь. Цундела юьхь-сибат цхьаннах тарделлера. Гина а яцара хIинццалц, гергар а яцара, хIетте а коьрта чохь йисанера цуьнан аматаш, евзаш ю а моьттуш. Амма тхо массо а кхеттера: Хьуьсайна буьйцуш хилларш уьш барийла. – Хьуьсайн, и стаг цIа а кхачале, хьуна мичара хиина цара лелийнарг? – хаьттира ас, цецваьлла. – Хьо санна, деккъа йозанах кхачамбина Iаш вац со, наха хIун леладо а хьожу, – хьовзийра цо со. – Дика ду. Уьш тIебахкале ахь элира: «Уггаре а хаза хIун ду хаьий шуна?» ХIун дара иза? – ДIавалахь дIа. Оцу зудчуьнан майра пхийтта шо даьлча нехан дагахь а доцуш цIа кхаьчча ала воллур-кха. Ахь дIаала вита-м ца витира, – дегабаам бечуха-а бахара Хьуьсайна. – ХIинца-м шуна шайна а хаьа иза… *** Хьуьсайн ша дуьненахь йоккхучу хенахь итт гулар арахеца кхиира-нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь. Амма хIинца ас дийцинарг цо нахала – даьккхина меттиг ца карийна суна. Со гIалатваьллехь, къинт1ера валалахь, Хьуьсайн. Сайн дагахь диканиг дан гIерташ дIаяздина хьуна ас хIара хабар.

2008-гIа шо, 28-гIа июль.

Дагадахкарна, дагахьлаттарна… 49

50


(Хабар) Ма к1езиг бахьана т1е ца тоьуш хиллера, тхешан нийса накъостах лаьцна керла х1ума довза! Сомах-г1енах дагахь а доцург. Балха т1ехь мукъа хан а яьлла, иза а (Товсултанов Х1арон), со а к1ажахь лаьттачу лоха шуьне а хиъна, чайнах къурдаш а деш, мерза къамел тасаделла 1ара. Тхуна жимхалла лелош вара Денин во1 Султан, кхоалг1а накъост. Т1е тхо гуллуш долу меттиг – цуьнан белхан чоь ю. Шерра немцойн мотт хаьа Султанна, и караберзош лаккхара дешар чекх а даьккхина цо. Цундела шен меттехь кица далийра: «Андере фелер зинд бессере лерер». И гочда дагахь а хиллера, амма ца кхиира. «Нехан г1алаташ дика хьехархой бу» бохий цара?» - велакъежира Х1арон. Цунах боккха кхаъ хилира Султанна: «Хьуна а хаьа немцойн мотт?» - «Цхьана хенахь г1еххьа таро йора, х1инца-м хезаш а, буьйцуш а цахиларна бицбелла». – «Маца 1еминера хьуна иза?» - «Вай арадаьхча. Вайна дуьххьала, некъал дехьахь, цхьана г1аддайначу лаппаг1ни чохь 1аш бара немцойн доьзал – наний, кхо беррий. Царах даьлла беркат дара-кх. Ткъа немцой вайл а хьалха арабаьхнера, т1ом буола а балале, церан Гитлерехьа уозабезам хила тарло, аьлла. Вайн нохчийн къам нуй хьаьккхина ц1ера даьккхинчу хенахь, Х1аронан диъ шо бен дацара. Х1етте а гинарг, лелларг дика дагадог1у цунна. Эрна ца кхолладелла кица: жимчохь 1еминарг т1улга т1е яздина йоза ду. Шийлачу махка нисбеллера Х1аронаг1ара – Къилбаседа Казахстане. Дарц даьлча, кхеран ц1енош долчохь лекха барз х1уттура, деккъа ло доцург гуш х1ума а йоцуш. Не1, кор а ца деллалора. Хьалха аравалавеллачо, лулахойн не1 мукъайоккхура. Вукхо – шел дехьарчуьнаниг… Шелонал а хала яра х1оьттина мацалла. Кхарна 1ен бакъо елла юрт жима яра – цхаъ бен урам а боцуш. Делахь а, ша овгалин куй биллал бен воцу дела, Х1аронна-м йоккха шахьар хетара иза. Келлер фамили лелайора немцоша. Церан Альберт кхо-диъ шо воккха вара Х1аронал. Т1аккха иза-м кхиина ваьлла къонах вара 51

Х1аронан б1аьргаш чухула хьаьжча. Х1етте а т1екаре тасаеллера цу шинна. Оццул жима ша воллушехь, ц1ийнан дукъ д1акхехьа г1ертара Альберт. Кхин х1ун дийр дара цо: да веллера, нана-дег1о ма-лов цамгарш долуш яра, ваша Ёх1ан а (нийсса «Иох1ан» хилла хиллера и), йиша Элиза а лаьттахула текхаш жима дара. Даима чудан рицкъа лохуш ваьлла лелара Альберт: шен нийсархошца воьдий к1ен кенаш лахьадора; колхозан арахь чуерзочу хенахь ца гуш йисина картолаш лохура, уьш яхьийна елахь а магош; ялта д1ахьош ворда елахь катухий буйнахь к1а я мукх бахьара, т1еетташ шад йоллушехь. Кхин цхьа х1ума а 1еминера – пхьагална талла эхар. Бакъду, цуьнан цхьа а тайпа герз дацара, уратталла буог1а гур а. Цундела буткъачу аьчган сераца хорам буора: хьуьнхахь пхьагалша лай т1ехь юьту лараш билгалъяьхнера; уьш даима цхьана новкъа лелийла а хууш дара. Уллерчу диттах я коьллех сара тосура, боьххьехь шаршад а бой. Едда йог1у пхьагалан корта цу чу нислушшехь, шад къовла а лой, лаг 1овдура. Самалделла йоьжначу мисканна ялар дара и, ткъа немцойн доьзална кхин цхьа де а мацалла ца леш бисар дара. Ижу карадеъча, болар а талора Альбертан. Иштта ка-м1араш туьйсуш 1аьнера бовлуш бохкура баланза бисинарш. Ткъа Далла дуьхьала баханарш-м вуно дукха бара, г1ора д1адаьлла болу нах царна кешнаш даха а ца кхуьуш. Г1орийначу лаьттах бел ца леташ, ор даккха дезачохь маситта сохьтехь, шортта дечиг а дуьллий, ц1е ягайора. Луьрачу 1аьнан самалделира. Йовхачу з1аьнарша дагана хьаам бора. Б1аьсте йог1у, б1аьсте йог1у! Маьлхо чусадаийтаре сатуьйсура дег1ана халла бен дола а ца далуш лелачу пекъарша. Амма Х1аронна духьалкхетта Альберт ц1ом оллийна вара: хьуьнхахь ло юкъа-кара даша а дешна, лараш д1аевлла. Кхуьнан тешнабехках цхьа а пхьагал ца 1ехаелла. Т1аккха х1ун яа еза?.. Цкъа Абос хьавзийра йилбазалла доцу шен к1ант: «Х1арон, хьан деваша немцошца т1ом беш ву, каялахь и вуьйр волуш вуьш а бу. Ткъа хьо немцойх ца хилча ца тору а бина лела. Товра дуй техьа и хьан девешина?» Воьхна, хьацар туьйхира Х1аронна. Х1етте а уьйраш д1а а ца хадаелира. 52


Цхьаццанхьа бай гучубаьлча ц1акхечира т1емало. Галпи хеча юьйхина, шуьйра доьхка юкъах дихкина, б1оржамаш санна долу мекхаш кура ирахъхьовзийна дуьхьалах1оьттира деваша. Цунна доггаха маракхийтира Х1арон. Цхьана дийнахь, баьхьа санна, доккха цуьнан куьг а лаьцна, дозалладеш цуьнца юьртахула вуолавелира Х1арон. - Хьан деган накъостий муьлш бу? Хьалха цаьрга х1отта веза вайша, - элира 1умарас. - Келлерара, - уозалу-уш жоп делира Х1арона. - Немцой бу уьш? - Бу, - халла балдаш хьадийра к1анта. - И дика ду, - къобалдира кхуо тесна гергарло девашас.- Немцой хьекъал долуш къам ду. Х1арон сапарг1атвелира. - И муха хиира хьуна, Ваши? - Ас т1ом ма бина цаьрца. Сталинградехь а, цунна т1екхочехь а бинера девашас т1ом. Х1ета дика кхеташ ца хиллехь а, х1инца Х1аронна (дерриге дуьненна а санна) хаьа цигахь къаьхьа де даьлланийла. Къаьсттана шаьш к1елах1иттийнера мацалло, бахара девашас. Эрна аьлла дац, юучуьнца ч1ир яц. Аренан кухни т1аьхьайисанера, к1ирнах а гучу а ца йолуш. Карайог1уш х1ума а яцара, уратталла къиг а мукадахка а. Бакъду, г1одал г1аддайча кхалла дитина дакъийна баьпган ши цастар дара – чекх са а гуш дуткъа. Уьш меттахъхьадан мегар дац бохуш («НЗ» ю и олура, даздеш), х1ора 1уьйранна уьш долуш ду-дац хьовсура хьаькамаш. Х1етте а мацаллина са ца тохалуш, и ши цастар вовшах а хьакхадой, цу кепара баьлла жарж бага кхуссура. Т1аккха кхин а ч1ог1а дагаюг1ура юург. - Цкъа т1елата чухьаьдда бог1у немцойх цхьаъ улле кхаьчча оха вийча, цуьнан букъа т1ехь боллучу т1оьрмига чохь х1ун ю хьаьвси тхо, - дуьйцура девашас. – Мазалхьакхийнарш яра. Цунах боккха кхаъ хилла, йии. Т1е хи а мели. 1уьйшучу хенахь моз санна мерза хеттехь а (уьш-м боккъалла а ма ярий моз тоьхна), х1инца бала боьссинера: гай дистина т1едеира. Хиллачух кхийтира кхин немцо каравалийча. Кхара лелочух цецваьлла, цо элира: аша нийса ца до. 53

Хьалха мазалхьакхийнарш хича йилла еза. Йиллира. Совса а севсина, тоъал пхьор хилира цунах. И диъча, дуьзира. Цатам а ца хилира. Мерза х1ума чохь 1иллина хи т1емелира. - Хьекъал дац и? Лело атта, меттиг к1езиг д1алоцуш йинера мазалхьакхийнарш. Юучу хенахь эвсаре а хуьлуш. - Дика дагадеъна царна, - т1етайра к1ант. – Х1инца Келлерарга воьдий вайша? Немцойн зуда доккхо дег1 долуш яра. Товш хьаьрса месаш, к1айн дилх, лилула сийна б1аьргаш. Екхаеллла, елаелла хила г1ертара. Амма юьхь т1е дилла доладеллачу дестаро гойтура, и мацалло юьйш хилар. Кестта Вашис динарг а хийтира Х1аронна хьекъале. Немцошна дагадан там болуш. Эвлайистехь басе яра цхьана аг1он т1ехь ло 1уьллуш, вукха аг1он т1ехь – бай баьлла. Бай т1е кетар а тесна, малхехь вохлуш 1ара 1умар. Ц1аьххьана уллерачу туьйлиган тидам хилира. Нур дашо з1аьнарша самалха а даьккхина, къахьега доладеллера зингатий. Шайн бенара аратекхайора нех-боьхалла; арахь чудахьа рицкъа лохура, керла хелигаш дададарал сов. Амма шело къаръелла ялаза яра. Цундела ма-дезза шорта дацара ижу. Цаьрга хьоьжуш, ц1аьххьана дага а деъна, чо болу аг1о бухахь а йолуш туьйлиг т1е йиллира шен мезех юьзина йолу кетар. Бедарш-м кха чохь (саба ца хиларна) юьттура зударша – несо а, вешин йо1а а. Ткъа кетар цу чухьакхайойла дацара. Ткъала-ап аьлла т1екхетта мезех д1ац1анйира зингаташа кетар. Цу буса санна ша дика наб янза дукха хан яра, олура 1умара. Цу хенахь болх ца беш ца 1ойтура 1едало цхьа а. 1умар колхозан жа лело вахара. К1езиг-дукха хан яьлча боккъала йолу б1аьсте х1оьттира. Охана деш, мекха боккхуш, ялта д1адуьйш хьийзира самукъадаьлла нах – ца леш 1анера бовларх баккхийбиэра. 1уй бара говраш лохкуш, даьхни дежийлашка дуьгуш лелаш. Уьстаг1ийн 1уналладеш 1умар а вара. Цунна г1одан воьдура Х1арон. Цхьана дийнахь, делкъехь, жа дуза а дуьзна, 1ома чуьра хи а мелла, берда йистехь садо1уш 1уьллура. Хьо б1аьрг тухуш саца, ша чу а вахана, хьиэ ца луш, юхавог1у 54


хьуна, аьлла, деваша къайлавелира. Берда йистехь дийшина 1оьхку уьстаг1ий меттах а ца довлура. Т1аккха диттан чкъор а даьккхина, маситта аса, уьш юцуш шад а йина, г1ожах кхаж а бина, воккхавеш лелара Х1арон. Хаваэхула ластийна шад тоьхча, «т1ох» олий тата долура, цунах самукъадолура йолхалг1а шо бен доцчу к1ентан. Амма кестта кхуьнан парг1ато д1аелира. Бай т1ехь дежаш лелачу нехан бежнаш къийзо йолаелира горанаш, вукхара ц1ога ластийча а, мийра тоьхча а т1ера а ца йовлуш. Т1аккха, бута а еъна, вуьш 1ома чу лилхира, йоккха г1овг1а а йоккхуш. Дийшина 1оьхку уьстаг1ий, кхера а делла, къаьхкира. Уьш совцо а, юхадерзо а ницкъ ца кхечира жимчу к1ентан. Цундела жана т1аьхьа д1авахара, юьйцина шад а етташ, юьстаха баьлла уьстаг1а жа юккъе а лоллуш. Амма ша мича воьдий, мел генаваьллий ца хаьара. Са а доь1на, 1ома йисте юхавеъначу 1умарна жа а ца карийра, коьртаниг – к1ант а вайнера. Кийра йоккха ц1е хьаьдира. Юха, саца а велла, ойла а йина, царна т1аьхьа волавелира 1умар. Амма, шуна махаъара, некъаш шорта ду, оьшург – цхьаъ бен бац. Х1етте а и нийса лаьцна хиллера 1умара. Сохьтехь сов шерачу аренашкахула г1аш некъ бича, ворданахь дуьхьала вог1у г1азкхи кхийтира. Цуьнга хаьттира, уьстаг1ий гирий цхьанхьа а. Гира, элира вукхо, цхьана жимчу беро шад а етташ, иштта д1анехьа д1адуьгуш ду-кх. Кхин а ши-кхо километр йорт етта еза ахьа. Цул т1аьхьа-м хала дацара. Т1аьхьа а кхиина, жа юхадерзийра. Амма Х1арон цецваьллера: - Ваши, дуьненан йиъ маь1иг ю. Хьуна муха хиира тхо муьлхачу аг1ора дахана? Важа велавелира: - Цул атта х1ума дан а дац. Уьстаг1ийн амал евза суна: 1ай шийлачу хенахь уьш махана букъ тухий доьлху, аьхка йовхачу хенахь махана дуьхьала доьлху. Мох мичара хьоькху а хьаьжна, цунна дуьхьала некъ бира-кх ас… Х1ета девашас делла и хьекъал коьрта чуьра х1инца а д1адалаза ду Х1аронна. Кхин цхьа х1ума а лаьтта дагахь: т1едиллинарг лерина лелош ву Х1арон, аьлла, девашас шен яхийтина ц1е. Лаьттара 1а1а а баьккхина, мерза хеташ биънера Альберта. Ц1а 55

дахьа а лехира уьш. Бай т1ехь баьлла боь олуш болу акха саьрамсекх а, иштта ша т1ебаьлла сийна хох а карийнера. Тайп-тайпана бецаш юура мацаллина, муьжгаш биста кхаччалц. Уьш ца хиллехь, белларш кхин а алсам хир бара. Альберт веънера Х1ароне къайлаха дехар дан: буса шеца колхозан хьаьтта ваг1ахьара, жимма ялта а лачкъийна хьокхам ца бахь, нана г1ийла ю шен. Накъост хила резахилира Х1арон. Цу сарахь беже лаьллина кхеран дуьхьарг ц1а ца деънера. Т1аьхьавахийтира Х1арон. Дог1уш дог1а дара, цо бецан чам то а бой, дежаш хьиэло бежана, бахара баккхийчара. Генна некъ бан безара. Амма уггаре а ч1ог1а дагахь дохкура г1азкхийн кешнаш – царна уллеша ваьлла ваха везара. Ткъа уьш буьрса дуьйцуш, кхуьнан даг чу кхерам бижийнера. Ошх1ада а доьшуш, ведда т1ехъэккха х1ара кечвеллачу хенахь, къожа юккъехь барз гира. Х1а-а, туьйлиг ю хьуна и, дог тийшира Х1аронан. Т1е ког а баьккхина, зингаташка ша къийза ца вайта, г1ори г1оддаха т1ехула кхоссавелира к1ант. Х1ара жима волу дела, гена ца велира, цхьа ког чубахара. Х1инца-м т1етасалур ду хьуна уьш!.. Амма ца къовзийра. Цецваьлла, д1ахьаьжча, настара т1ера охьаоьхуш цхьа можа кегий х1уманаш яра. Ларлу-уш, улле вахара: цхьамма шена д1адиллина к1а дара. Х1у д1атаса колхозо делларг лачкъа а дора белхалоша. Мацалла ца бала г1ерташ. Цу хенахь дийнна бахам бара и: г1еметта х1оьттинчу стага я зудчо кенаш а лахьийна, цхьа кана буьртигаш гулдича, и турпал адам хетара – доьзал хене баккхал рицкъа ма-дара и. Ткъа Х1аронна карийнарг кхо-диъ сахь хир долуш оьла яра. Дуьхьарг а далош, ц1а веъча, т1ех суьпа йолчу шен нене дийца а ца ваьхьана, йишига къайлаха т1оьрмиг бийхира, ялта ц1а дан дагахь. Амма вукхунна хьулда а ца хиъна, нене, юха дега а делира дов. Нана луьйш – хьарам ду, цхьамма шена д1адиллина хир ду, эхартахь цунна такха дезар ду, цигахь мичара лур ду и? ша т1екхевдира яц – бохуш, да воьлуш: хьашт доцуш зуда ю-кх хьо, бохуш, хан елира. Кхуьнга хьоьжуш немцойн к1ант вара. Амма хьаьтта ца вахара и шиъ. Х1арона иза оьлана т1е а вигна, цу шимма ах к1а немцошна деира, ах – Х1аронаг1арна. Цу буса доккха той х1оьттира Келлерг1еран 56


доьзалехь: кохьар хьовзийна, к1ах дама а даьккхина, дина мерза хьокхамаш дууш, т1е ц1ийдина хи а молуш, чай ду бохуш, сахуьленга бевлира. …Х1аронан орцанах а йоккха т1аьхьало ца хилира. Ши-кхо де даьлча йистина эккха йоллучу церан ненан Мариян дакъа гира к1антана. Юьхь яра т1ееина, ахкаргаш дича санна дистина б1аьргаш. Т1ехьажа а инзаре дара цуьнга. Доьлхуш, цунна т1едеттало бераш, царал а ч1ог1а воьлху Х1арон – ненах а, берех а къахеташ. Д1аялале, 1умаре чукхайкхина хилла цо. Шен уьш кхаба а, шен корта кхаба а де дац, ша д1айирзинчул т1аьхьа 1едале чехкка хаам а бай, бераш боберийн х1усаме д1анисдахьара аьлла дехар дина хилла. Г1айба меттахбаьккхича хьокхамаш карийра бухахь: шена а ца дууш, 1едало бераш доладаххалц царна даа дитина хиллера мискано. Немцойн молла а валийна,церан 1едалехь Мария Келлер д1аерзийра. Бераш боберийн х1усаме д1аделира. Къаьсташ, мара а детталуш, дилхира: кхин гур дуй техьа вай?.. - Гирий т1аккха? – хаьттира оха, г1еххьа тапъаьлла а 1ийна. - Гира. Г1еметтах1оьттинчул т1аьхьа, кехаташ яздеш, уьш схьа а лехина, т1аьхьавахара со. Тхо 1ийначу юьртахь 1аш бара. Кхуо а дика д1а нисделлера. Ненан кошан борза т1е а боьлхуш, нохчийн кешнийн а 1уналла а деш 1аш бара. Мерза к1ира даьккхира оха. Къаьсташ, шаьш дагадахкарна а, дагахьлаттарна а, шайн мотт биц ца барна а суна даггара баркалла бехира цара… Бакъду, цул т1аьхьа г1еххьа хан яьлча Германи 1ен уьш д1а а бахана, тхан уьйраш хаьдда.

Соьлжа-г1ала апрель 2009 ш. 11-г1а

Ц1ога хадийна ц1убдар 57

(Хабар) …Т1ох-т1ох-т1ох! Т1ох-т1ох-т1ох-т1ох!... Осто-опираллах1! Ма доккха х1ума ду хьо! Вижча а парг1ат сада1а йиш яц-кх. Кху хенак1уьран х1ун г1уллакх дара, суна герга а еъна, диттах з1ок етта? Хье чу етташ санна новкъа ма ю и суна. …Т1ох-т1ох-т1ох! Т1ох-х-х… Дала садуийла хьан!... Ша наб еш вуйла а хаьара, х1етте а дагна вуно ч1ог1а ницкъ а хуьлура. Цхьадика, самавелира Жума. Амма цунах аттачу валар ца хилира. Х1унда аьлча, хенак1ур ца хиллера, зуда яра екаш ерг, з1ок етташ санна, кхуьнан хье бууш… Хьан пхиъ во1 ву, бахара цо. Пхиъ лаьттан дакъа даккха деза. Закон-макон а ца дуьйцуш, бакъо-нийсо а ца хьехош, наха дийриг дичхьана хьуна а лур ду дакъош… «Наха дийриг» дара ткъеитт б1е туьма. Цхьана декъах. Итт сотех. Делахь-х1ета пхеа декъах дала пхийтта эзар туьма вовшахтуоха деза. Мичара? Ас дан-м ца деза и ахча? Муха? Сан зорбан чарх ма яц! Хьанал къахьегарх и вовшахкхетар дац йовмал къемат де дог1уш а. Х1ун диэ ас т1аккха? Жума чуьра аравелира. Ойла еш лаьттана-а, дагавала шайн тайпанан воккхах волчу вахара. Баьхьа санна йоккха маж шурула к1айн яра х1усамден. Де дика дича а меттахвала йиш яцара Хьамидан. Настарех тасаделла декхаш ц1убдарш дара. Шера. Дегаза. Гича а, Жумин 1етто дог а карчош. И шиъ къамеле велира. Жумас шен бала балхийра. Лаьттан дакъош дог1учарна д1адекъа аьлла схьахецца 1едало. Амма вайн юьртда Ц1урмахьма уьш дуохка охьахиъна. И хьан ц1убдарш санна, т1елетта вайх векхаш ву иза. - К1еззиг г1алатвели хьо, - хаийтира х1усамдас. – Х1ара ц1убдарш-м дуза ма-дуьззинехь шаьш охьаоьгу. Ткъа ахь вуьйцуш волу Ц1урмахьма цкъа а 1ебаш вац. Шолг1адаьлла ц1ога хадийна ц1убдар! - И бохург х1ун ду хьан? - Боьха ц1ий дукха 1аь1ча, и ц1анда шорта ц1убдарш оьшу. Амма адамаша шайна зен ца хуьлу аг1о лоху. Цара ц1убдаран ц1ога 58


хададо. Цо схьаузу ц1ий, кийрахь а ца соцуш, т1ехьашха охьадоьду. Цундела ц1ога хадийна ц1убдар цкъа а ца дузу, т1елеттачуьра ша д1а а ца долу. К1ордийча, нуьцкъаха д1адоккху иза, ц1ена ц1ий ца милийта. И ц1ога хадийна ц1убдар санна ву вайн Ц1урмахьма. Дайшкара дуьйна г1ийла сискал юуш 1ийна. Цундела ц1ий меца ду цуьнан. Ницкъ Кхочучо дерриге а дуьне шена цхьанне д1аделча а кхачам бийр бацара цо… Доцца аьлча, воккхачун къамелах а ца хилира синтем. Цуьнан хьехар а дара изза – «наха дийрриг» диэ…. Коьртера бала байба дагахь берзан йорт ийцира Жумас. Цунна ца хаьара, ша мича воьду а х1унда воьду а. Амма, г1улчаш йоху-уш, шен зудчо хаьржинчу г1айре т1екхечира. Эвла йистехь яра иза. Х1оз беш санна, хьаьвзина доьду хьаьъна татол. «Г1аз, бад лело аьтто бу кхузахь», - олура х1усамнанас. Х1ара латта дустийтинера цо. Г1еххьа кхуьнан пхеа во1ана дог1учул ду. Ул-улле баха хевшича, вовше марзо хир ю, берийн уьйраш хир ю, дика-вон 1оттаделча орцахбовла гергахь хир бу, олий ша сатуьйсург охьадалхадора берийн нанас. Бакъду, нахана зеделларг-м кхин дара. Наггахь гича мерза хуьлу, олура цара, ул-уллехь д1атарбахь, цара зударий ма-баллийнехь, хийра бевр бу я кхин а далатоьхнарг хила а тарло – мостаг1ий а хилла охьаховшар. Цхьана ненан кийрахь шаьш 1ихкинешшехь. Наггахь бен ца нисло вежарийн барт беш болу оьзда буха т1ера оьзда несарий. Уьш вайна а нислур бу боху дегайовхо мичара яьлла? - Хьан девешин к1ант юьртда волуш, хьо цунна т1еваханехь, х1инца нехан нахе корта бетта безар бацара, - т1ехдеттара зудчо. - Шена дала лиънехь, ас дехар ца дича а лур дара цо и дакъош, - ца къарлора Жума. – Кхиберш юьстаха теттина дала а ца дезара. Царна доькъучу хенахь, шен шича дагаван ца мегара цунна? Амма…. Жума дохко ца ваьллера ша дехаре ца вахарна. Иза даима а нийсоне г1ертара, ткъа нийсонца дича иштта хир дара: дог1учунна дакъа ишттанехьа д1алур дара. Кхин а т1е латта дезахь, мах баккха мегар ду. Амма ахча юьртден кисана ма дилла, цунна луш алапа ду. Юьртана охьадилла – некъ тобан, я т1ай тилла, я кхин хьашташ кхочущда. Юкъара хьашташ. 59

Х1ара мел бакъ велахь а, юьртахой кхуо дуьйцучух башха бешаш а бацара. Закон-макон дийца х1оьттича, х1умма а йоцуш вуьсийла, ша санна шера, хаьара царна. Ткъа и деса хабарш айдина лела Жума кхетам боцуш хетара. Шел сонтаниг карийча, хьеннан а самукъа ма долий. ….Яьлла коьллаш, сийна буц, кийра бузош ц1ена х1аваъ! Дуьне ца дуура боккъала а х1ара г1айре шайн дола ца ерзийча! Амма езарх пайда бац, карахь ницкъ ца хилча. Аьлча а, киснахь ца хилча. Сахиллалц, ойланаш еш, керчаш а 1иллина, 1уьйранна г1ала д1атаь1ира Жума. Цунна дагавеънера г1уллакхера цхьа г1азкхи, цо аьллера кхуьнга цкъа, кхаъкхаллор йоьхуш меттиг балахь, шега хаийта. Ша къаьхьа де дийр ду. Жума х1ун г1уллакх дахьаш веъна хиъча, хазахийтира Николай Васильевична. Цо мича хаор ву, мича х1оттор ву ца хууш т1еийцира. Лерина ладуьйг1ира. Кхуьнга, номерш д1а а язйина, ахча делира. Хьайн ца хиларе терра, атта д1а ма лолахь, аьлла хьехар дира. Юьртда шек цавалийта. Мах къовса. Цхьа сом даккхий а, охьабаккхийта. Т1аккха тешар ву ахь шай-кай хала вовшахтоьхна бохучух. Шега ма-баххара дира Жумас. Доггаха къийсира кхаъкхаллоран барам. Кхунна диканна вукхо пхиб1е туьма охьадаьккхира. Шена езачохь охьа а юстийтина, ахчанан туп д1аелира. Вукхо, дагар а дина, кисана диллира. Цу хенахь т1ебаьхкинера г1уллакхера нах. Нахартех а велира. Куьйгех г1оьмаш а йоьхкира. Юьртахь сиха даьржира, Ц1урмахьма докъан полла а бина ваьхьана боху хабар. Хазахетарш дукха бара, къаьсттана дагахь хазахетарш. Халахетарш а хилла хила там бу. Хьаннан хаьа и? Амма Ц1урмахьмина орца сиха кхечира. Районда, хилларг махиънехь, ваха вез-везачунна т1е а вахана, г1уллакх дийцира. Вийна а вац, ваькххина а вац. Даьлла-кх цуьнгара иза. Дерзо мегар дарий техьа? Дерзо мегаш хиллера. Шортта дуьненан даьхни охьадилличхьана. Райондас берриге а юьртдай гулбира кхеташоне: тахана цунах 1оттаделла, кхана вайх 1оттадала тарло. Г1одан деза вай. Дуьхьала цхьа а вацара. Массара а дакъалецира шай-кай вовшахтухуш. Кхаъкхаллор эцарна хан ца тохийта, - алссам кхаъкхаллор 60


яла йийзира. Кестта схьахийцира Ц1урмахьма. Хьалхачул а алсам эхь-бехк дайна вара иза х1инца. «Кхаа шарахь декъначу дакъойх ткъеитт-итт б1е туьма лерича а метта ца х1утту Жумас дина зен», - бохуш, юьхьанца итт а, пхийтта а, ткъа а б1е а туьманех дакъош д1аьделлачаьргара ткъеиттанна т1еоьшург схадаьккхира: 20,15, 10 б1е туьманаш. Зен ч1ог1а хиллехь а, кестта шен ценойн тхов д1а а эцна, шолг1а г1ат т1ейира; г1еххьа йолу шен машен чуьрчу бершана а йитина, шена бохь баьлларг ийцира. Х1инца нахе кура хьоьжура: х1уссуьк, вохийн аш со, бохуш санна. Шайна хиллачу зенна Жума бехке вуора юьртахоша. Цунна делла лаьттан дакъа шайна дукха дазделла, бахара. - Шуна хила деззарг хилла, - церан дог «хьаьстира» Жумас. – Къахкхаллор еллий аша Ц1урмахьмина аьлла, г1уллакхерчу наха шайга хаьттича, аш керста дира. Боьршачу стагана аьшпаш боьттича эхь хилар тергал а ца деш. Цундела ц1ога хадийна ц1убдар кхин а ч1ог1а т1елетта-кх шуна. Бакъ-я1! Диц ма диэлаш, нуьцкъаха ца даьккхича, иза ша дага а даьлла д1адолуш дац шуна. Г1азкхичунна т1е а вахара Жума, ша юьхь1аьржа х1унда х1оттийна, аьлла. Шен дан х1ума дацара, бахара Николай Васильевича. - Шун районан куьйгалхоша йозанца ч1аг1о йира, оха болх муха бо хьажа х1оттийна кеп яра иза аьлла. - Хьо теший цу туьйранах? - Со-м ца теша. Сол лакхара хьаькамаш тийшира-кх. Я тешна моттийтира. Аш болх дика бира аьлла тхуна баркалла а кхайкхийна, стаг д1ахецар т1едожийра тхуна. Хьаькамо бохург ца дан бакъо яц тхан. Кхаъкхаллор оьцучарца къийсам латто тоба вовшахтоьхна аьлла хезча, самукъаделира Жумин. Х1инца-м ц1ога лоцур ду хьуна ас нах бууш 1ачу хьаькамийн, аьлла дагатесира цунна. Вахара. Д1акхаьчча, бухахь 1аш беккъа куьйгалхой карийра. Коьртехь районда а волуш. Юьртдай а. Оьцуш мел верг. Ц1урмахьма к1елхьараваккха шай-кай теснарш. 61

- Шу а дика д1анисделла, - элира Жумас. – Суна-м боккъала а нахана тешаме хета накъостий хир бу моьттура кху юкъа хаьржинарш. Тхуна, хьацарца сискал йоккхучарна, ма ца ло х1ума, шу санна, г1уллакхехь болчарна ма ло. Ткъа шу мила лаха дохку? Тобан декъашхоша, кар-кара а оьцуш, даккхий къамелш дира: нехан дуьхьа. Хьанал къахьега. Хьарам х1уманах ларлуш, ц1ена лела. Тилавелларг нийсачу новкъа ваккха… Дийца к1ордийча, кхеташо ерзош, райондас элира: «Вайн районехь коррупции ян а яц, я хила йиш а яц. Х1етте а лакхарчу 1едало бохург кхочушдархьама, само йолуш хир ду вай». Бисинчара цхьабарт болуш къобалдира цуьнан дешнан. Бакъду, нах кхаьрдаш даьржира уьш ярташкахь, мог1арерчу нахана юккъехь. - Берзалошна т1едиллина, берзалоша уьстаг1ий идадо я ца до таллар. Ткъа цунах хиндерг хаа хала дац, - элира догдоьхначу Жумас тайпанан воккхахе. - Атта-м ца кхийти хьо, - бахара вукхо. – Хьо веттаваларх хийцадала х1ума ма дац. - Дац со цхьаъ веттаваларх-м, - т1етайра Жума. И т1етайнехь а, воккхастаг кхийтира, шен верас дагахь къарвелла а, догдиллана а воцийла. Шена г1о-накъостий а лехна, юха а дуьхалавала и дагахь вуйла. Нуьцкъаха даьккхича бен, ц1ога хадийна ц1убдар шашаха охьа ца дужийла дика кхеттачух тера дара Жума.

Соьлжа-г1ала 25.06.09.

Дарбане шалго-топ (Хабар) Настарш чуьра са дIа а даьлла висира тхан юьртахо Пацу. Халла Iасанашца дIасхьаволалора. Цунна дарбанна молха лохуш вара вешийн ши кIант. Амма хьалхадолуш хIума дацара. Цара хаддаза сагатдойла хааделлачу воккхачу стага Махьмуда аьлла цхьана дийнахь: туо-м ша вийр вара, цул тIаьхьа цуьнан дов аша шайна тIелацахь. Вуьш, бакхий а беш, резахилла.

62


Делахь кхана оццул хан яьлча кху новкъа охьаваийталаш иза, аьлла Махьмуда. Карзахбаьллачу хIордо дIасхьакхуьссу хин кема санна, цхьана агIора вадош, вукха агIор вадош, вогIуш хилла Пацу. Цунна дуьхьала а ваьлла, дов эккхийтина Махьмуда: пхьоьхана а хIоьттина, шена стаг а вац, боьрша а вац хIунда баьхнера ахь? – Ша-м ца аьлла хьуна хIумма а, – ца дог1учу дагца вистхилла Пацу. – Муха ца аьлла, и хезна шортта нах хилча: бага пIелг биллича, и Iовша а доьналла дац цуьнан, ма баьхна ахьа суна!.. Дархочо и дов шена тIелоцуш ца хилла. – Хьо-м айхьа аьллачунна къера хила стаг а ма вац, – бохуш, чугIерташ хилла Махьмуд. Дог а, пах а даьттIа, Пацус аьлла: – Дийцина–кх ас. Дийцича хIун дан воллура хьо? – ХIун дан воллу–м ас гойтур ду хьуна, – аьлла, гихь йоллу шалго-топ схьа а яьккхина, некхан уьн тIе хьажийна Махьмуда. Луьйчура бат а ца сацош, бIур–бIуров–в, аьлла, топ ялийтина. И яларца-ана, ши Iаса охьа а кхоьссина, уллехь лаьттачу бIогIама тIе хьалатасавелла лазархо, тIехула тIетесна долчу серашна герга кхаччалц. Тоьпан тата а хезна, нах а схьахьаьлхина, цу сохьта йоккха тоба гулъелла-бала берш а, боцурш а. Пацу охьаваьккхина бIогIам тIера. Махьмудана чугIерташ хилла иза: – Минот ца яьллехь, ша воьру–кх ахь, – бохуш. Наха куьг бехкечунна тIе ца кхочуьйтуш, догъэтIаш хилла Пацун. ДIахьаьжча, Махьмудана уллехь лаьтташ кхуьнан вешин ши кIант хилла. Амма и шиъ кIадда а деш вацара. – Велла вала шуьша, делаI, шайн деваша вийча а меттахдовла де дац шу–м. ТIетоха цунна! Ткъа важа шиъ, вела а къежаш, Iаддалаьттара. – Уой, шун стенах самукъадаьлла, да нелца валларш?! – Ваша, хьайга хьажахь. – Лаа? 63

Дархочо шех бIаьрг туьйхира, амма тIе тидам бахийттал хIума ца карийра. – Шуьшинна хIун гина, сел самукъадолуш? – Ваша, хьан Iасанаш мичахь ю? ТIаккха бен уьш дага а ца яьхкира. Уьш геннахь Iоьхкура, ша–ша а яьлла, ткъа хIара шен когаш тIехь лелаш вара, цкъа а сиркхо а ца хьакхаелча санна. Юха вешин бераша шаьш бина барт бийца а бийцина, массо а гIадваххана велавелира. Ши «довхо» куьйге вахийтира. Соьлжа–гIала 2008–гIа шо, август бутт

Ца еза-кх эмгар (Хабар) Хьалха-Мартант1ехь болх беш вара сан маьхча 1абдул-Вах1аб. Лоьран болх беш. Со кест-кеста воьдура и волчу. Цо берриге а белхан накъостий а бовзийтина, цаьрца а тасалора самукъадолу къамел. Цкъа массо а шайн-шайн г1уллакхе д1аса а бахана, соьца висинера цхьа Сайда-1али. Оза а волуш, юучунна башха т1ера а воцуш накъост вара иза. Ханна генаваьлла вацахь а, дуьне гина а, наха х1ун леладо хууш а, ша лело дезарг девзаш а вара. Къаьсттана суна цуьнан товшдерг дара, ша волучул дика ву моттийта аьшпаш буттур болуш вацара иза. Жимма а т1етоьхча, хаа ма лой. Вистхуьлуш 1аш, ас сайн гергарчу стеган хьал далхий. Лор хиларе терра, мет-меттера хаттарш дира Сайда-1алис. Дагахь цхьа хьесап а дина, суна некъ гойтуш, цо дийцира: - Сан нана а хиллера цкъа цомгаш. Массо а тайпа лоьрашна т1е а юьгуш хьал таллийтича а, бахьана ца карийра. Цхьанне а. Шеншен говзаллица галдаьлла х1ума дац, олура. Йиш йоьхна висанера со. Лозуш меже а ца хилча, чохь са а ца хилча – тамашина х1ума ма хуьлу иза… 64


Х1ора лоьраца шеца-шеца дагаволуш со лелаш, ц1аьххьана неврапотолога шайт1ан нанна а дага ца дог1у долу хьехар дира: т1е зуда ялае. - Ас муха ялор ю сайн нанна т1е зуда? – цецвелира со. - Ас-м ца боху хьоьга боккъала а ялае. Кеп х1оттае. - Дог 1аьвжар ма-ду цуьнан! - Хьайн нана тоян лаьий хьуна? Делахь, ас бохург диэ. Цу дарбано а и ца г1аттаяхь, догдилла мегар ду-кха хьуна… Нана йоьжначул т1аьхьа г1еххьа хан яьлча, хьал-де хатта чувеанчу дадин шичас, аьлла хиллера – зуда ялае. - Ялийча доккха г1уллакх-м дора, - яхь д1а ца яла т1етайна тхан нана. – Со дезар дан де долуш а яц. Чохь х1усамнана ца хилча, чоь г1ийла хуьлу. Амма дада оьг1азвахана: - Ерриге а хало а ловш соьца чекхъяьлла х1ара хьан нус, - аьлла цо. – Х1инца х1ара меттахь йисча г1ело ян еза кхунна?.. Хьуо дийна а волуш и санна долу къамел кхин ма делахь соьга, - човхийна шича. - Ша-м забар йора, - к1елхьаравала г1оьртина важа. - Иштта забар а ма е!.. Мамина, дагана там бина ца 1аш, б1аьргех хи даьлла. Иштта шегахьа г1олоцур ду аьлла цуьнан дагахь а ца хилла. Шен к1адделла дог ца гайта г1ерташ, д1а а йирзина 1иллина, йист хила а де доцуш: елхаран къурдаша гучуйоккхур яра иза! Хьуна бакъдерг х1унда ца дуьйцу, сан сайн а дега болу ларам болучул а алсамбелира цуьнан и дешнаш бахьанехь… Х1инца и оьг1аз а ца вохуьйтуш и санна дерг ала дезаш со а вара. Бакъду, цуьнан шичас санна нийсса д1аалахь-м сан хьал декъаза хир дара. Цундела, и ламаз эца араваьлча т1аьхьа а вахана, и кхета а веш, д1адийцира ас лоьро сайга аьлларг. Боккъала а яло оьшуш яц, кеп х1отто еза. Т1е къайллаха дуьйцучхо цунна хезаш дийца а деза. - Цуьнан даго ловр дуй техьа, Сайд-1али? – шеконца хаьттира дадас. - Хала ца хеташ-м юьсур яц, - элира ас. – Лазошшехь, стаг иэт1а 65

а вой, та ца во? Ткъа вайша догъэт1ийчхьана ваьлла, дилхах урс а ца туьйсуш. Дада т1етайра. Мама 1уьллучун уллерчу ц1а чу а ваьккхина, дадица захало д1адолийра ас: - Дада, х1ума ца йиттича ца йолу, юург кечъя а еза, чохь нуй-горгам хьакха а еза – бахара ас. – Со Мартант1е д1авоьду, хьо 1уналла дан стаг а воцуш вуьсу. Хьуна сагатдеш ларт1ахь болх а ца бало соьга. - Т1аккха? - Т1аккха хьуна цхьа зудчун бахтар ца далийча дер дац. Мамига хьажа а, бовха кхача бала а хир яра иза. - Сайд-1али, хьо хьера-м ца ваьлла? – бахара дадас. – Шен нанна т1е ялош хуьлу зуда? Цуьнгара ледарло яьлча-м ша дара иза, ткъа бехк –гуьнахь а доцуш цуьнан догдохо ца лаьа суна. - Суна а ца лаьа, дада. Суна сайн нана дукха а еза, цунна хьалхара сайн са д1адала кийча а ву! – даггара элира ас. Цхьа дош дацара цу т1ехь-м харц. – Амма шуьшинна г1айг1а ца бича девр дац вай… Иштта жим-жима дада т1евоьрзучха-ана къамелш дора оха къайлаха барт а бина. «Хьамидеран йо1 Зулай реза а ю хьоьга ян а, шуьша даггара лело а», - хаамбира ас, рог1ера куцх1оттош. Цкъа юха а цигга, не1ара т1ехьа дега д1а а кхайкхина, ас меллаша, амма мамина хезар долуш элира: - Со х1инца накъосташца нускал схьадало воьду. Хьаьнгахь йоссийча бакъахь хета хьуна? Дада жоп дала ца кхиира. - Сайд-1али, - кхайкхира нанас, - цхьаннахьа а ма г1охь, суна дерриге а хезаш ду хьуна. Со х1инцца хьалаг1отту хьуна. - Г1атталур юй техьа хьо? - Эмгар ца ган г1атталур ю… Меттахь ца юьсуш, кхин ялх шарахь ехира тхан нана, - дерзийра Сайд-1алис. – Бакъду, дуьхьалкхетча Зулайна кочаяханера: къанвеллачу кхуьнга ца еъча, кхин яха меттиг бацара хьуна? Вукхо, мара а кхетта, къинт1ера яла, аьллера: хьо меттара г1атто г1ерташ ма лелара тхо массо а. 66


Цо дерриге а д1а а дийцина, юьхь серлаяьлла чуеира нана: - Сайд-1али, х1инца бастабели сан кийрара шад. Хьо боккъала а сайн т1е зуда яло воллу моьттуш (оццул дуьхьала волу да а къарвина), ч1ог1а халахеттера суна. Хьо сан дуьхьа лелаш хилла. Йовссар!.. - Ва мама, хьуо санна йолу зуда а лалур яцара хьоьга? – хьовзийра ас нана. – Суна-м хьо болатан дог долуш ю ма моьттура. - Яхь д1а-м лур яцар-кхи ас, - тешийра со нанас. – Делахь а эмгар ца еза-кх. Ахь шайн г1иллакх лелийна… (Хабар) Еххачу хенахь Советан 1едало лаг лаьцна а 1ийна, кхечу пачхьалкхашкахь бехачу гергарчаьрца, бевза-безачаьрца хилла марзо д1аяьлла ца 1аш, уьйраш а хаьддера. Юха 1едалан мукъ Горбачевн кара а беъна, цо маьршо елира. Нохчийчу эха буьйлабелира дозанал арахьа 1аш болу вайн махкахой. Юьхьанца тамашина хетара и, уьш гархьама, цаьрга бистхилархьама мел генарчу а юьрта боьлхура нах, царна т1екхаьчча доккха х1ума а хеташ. Цу муьрехь Хьалха-Мартант1ерчу сан накъоста Юша1а Соьлжаг1ала ша веанчохь иштта шинца гергарло теснера. Цхьана дийнахь хьажа-х1отта юьрта вахана со, Юша1аг1еран куьпахь кхаьънаш дара дохуш: махкара боцу хьеший бог1у! - Хьайн хеннахь кхаьчча-кх хьо! – хазахийтира сан накъостан йижаршна. – Хьешашка вистхила ч1ог1а оьшуш вара хьо. Цул хьалха 1аьрб-махкара ц1абирзинчу нохчийн кхаа доьзалехь хиллера со. Дуьххьара воьдуш: «Х1ума а кхаллий г1уо», – боххушехь, – «Ца оьшу, нохчашка воьду со, цигахь юур ю», – аьлла, суо сиха хиларна д1аваханера. Дикачу газетехь корреспондентан болх беш вара со х1етахь, дукха нохчашкахь а, г1алг1ашкахь а хилла а вара, церан комаьрша хьошалла дика девзара. Цундела сапарг1ат д1авахара гена махкахь 1ийна ц1абаьхкина динан вежарий бол67

чу. Амма со цец а воккхуш, тешнабехк хилира суна. Учи т1е бен, чу а ца кхайкхира, цига цхьа лоха стол а х1оттийна, жимчу пиэла чохь кофе а елира, т1екхалла печени а йиллира. Х1етахь суна моттаделира, зударий ц1ахь хир бац, и дерриге а лелошверг х1усамда ма-варий. Юха а г1алатваьлла хиллера со: зударий а чохь хиллера, амма б1ешерашкахь 1арбашна юккъехь а 1ийна, церан г1иллакх т1еэцнера, хийрачу стагана зударий ца гойтуш долу. Иза т1аьхьо хиира суна, кхечу доьзалашка а кхаьчча, цигахь а изза кеп х1оттийча. Цундела башха воккхавеш а вацара со, кху пола т1е нисвелла. Делахь а, вада йиш яцара. К1езиг-дукха хан яьлча боккъала а жимчу машенахь схьакхачийра и шиъ. Т1ам карахь хьалха хиъна вара х1усамдайн гергара жимастаг. Дуьзана эккха доллу гали санна, дилх диллина вара ший а. Лоха дег1, 1аьржа амат, 1аьржачу мекхийн аса. Б1аьрг ма-кхийттинехь, сан даго т1е ца ийцира уьш, церан дог а 1аьржа хийтира. Т1е цу шиннах цхьаъ вайнехан маттахь «т1ит1» алалуш а вац бахара, вукхо-м дика ладоьг1ча маь1на схьалаццал жарж бора. Бакъду, Юша1-м сан дагара вацара. Самукъадаьлла, юьхь серлаяьлла, д1асхьауьдура. Каде туохавелла, уьстаг1 бейтира хьешашна, готтара уьш базбеш. «Хьайбан х1ун бехк бу, х1усамда т1ебаьхкинчарна качвала лууш хиларх?» – ойла йира ас, амма хезаш ала йиш яцара. Ткъа царна шун дуьзний, буога доьттаний даарш дара чукхоьхьуш, ша-шена реза вара х1усамда (цо кест-кеста шен мекхаш шардар хьесапе эцча). Бехк а бац: х1инццалц сатийсина волу махкара воцу хьаша ву кхуьнан х1инца з1е д1атесна. Ши хьаша къаьсттина йолчу чу а вигна, даийра, малийра, кехатпондар т1аьхьа а балош мехкаршка нохчийн эшарш лекхийтира царна. Хелхаран бал баккхийтира. Хьешашца охьахаийна шен цхьа гергарастаг а вара. Г1иллакхана а цаьрца шуьне хаа ца элира соьга. Хаалуш дара со чувог1ийла ца лаар, ас и хьеший схьабахарна кхоьруш санна. Бакъду, бехказлонна «кхузахь б1аьрг тухуш хилахь», аьлла, зударшний, берашний юккъехь-м витира со. Г1иллакхана жимма 1ан а 1ийна, суо хьашт воцийла хиъча, дог резадина д1авахара со, боьхна – а болчу цуьнан йижаршка вист а хилла. 68


*** Цул т1аьхьа ах шо даьлча, ц1ерпоштца Москвара ц1а вог1уш вара со. Цхьа ларт1ахь боцу некъахой ма нислахьара соьца купе чохь, бохуш, ойла а еш, д1а чоьхьа ваьлча, Юша1 ву-кх бухахь 1аш. Хазахийти суна! Ц1ера ваьлча вевзарг гича самукъа ма долу! Тхешан рицкъа хьалха охьа а диллина, хилларг, гинарг дийца дуьйладелира. Айса лелориг дийцина со ваьлча, ша арабаьккхина некъ бовзийтира Юша1а. Иза бусалбанийн махка вахана хилла, керла бевзийнчех мелла а вайн мотт кхеташ верг волчу. Цунна боккха кхаъ хир бу моьттуш, гуттара самукъадаьлла, сакъераделла з1е тоьхна хьашас ша схьакхачар хоуьйтуш. Дехьа маь11ера аз х1умма а воккхавеш дацара. «Ша х1инца сиха воллу, хьайн г1уллакхе хьажа». – «Буьйса яккха меттиг яц шен». – «Цхьана хьешац1а чохь д1атарло». – Кхин цуьнан сиха валлар – к1ира даьлча а, шиъ даьлча а – д1а ца долуш, сан шай-кай кхачийра, – кхид1а дуьйцура Юша1а. – Дог а даьтт1а, со т1ечийхира цунна, айса цунна динарг телефона чухула т1ех а детташ. – Иштта х1унехдина сахьт даьлча схьакхета, – элира цо т1аккха. – Човхийча кхетар волуш хилла х1ара-м, бохуш, сайн дагахь виела а воьлуш, д1акхечира. Учи т1ехь лоха стол а х1оттийна, кофе а, т1екхалла печени а йиллира цо. И воцург кхин стаг а ца гира суна. Цо лелочух со цецваьлча, цо со ларт1а валийра: Ахь шайн г1иллакх лелийра, ас тхешан г1иллакх леладо. Тхан 1едалехь, кхайкхина веанчу хьешана бен ца леладо боккъала хьошалла. Хьо ас кхайкхина веъна вац. Ч1ог1а оьг1аз а вахна, со мохь хьекха х1оьттира: нохчий а вац хьо! бусалба а вац хьо! бохуш. Амма и х1умма а воьхна вацара: «Т1ехвалахь полицига д1авуьгуьйтур ву хьо»… Со тоьлур волуш дов дацара. Хьешац1а чу схьа а веъна, оьрсийн маттахь дена а, нанна а хьежош, коридора чухула д1асауьдуш лелара со. – Махкахо, хьо стенна карзахваьлла? – хаьттира соьга кхаа г1азкхичо. («Земляк, чего разбушевался?»). – Дог иккхина, велча а бехк-м бац сан, – элира ас. 69

– Валохь, х1ума а кхоллуш дуьйцур вай. – Кисана хьоькхуш мох бу. – Са ма гатде: жимма-т1амма х1ума тхоьгахь ю… Ресторана чу а дахана, х1ума а кхаьллира, малар а мелира. Т1аккха мотт баста а белла, сайн дог дассийра ас, дерриге а охьа а далхийна. – Хилла даьлларг нислур дац вайга, – сатедира цара сан. – Цхьайтта баттахь валах1оьттина болх бича, цхьана баттахь мукъане а сада1а вай, аьлла, кхуза х1орда йисте даьхкина шаьш, – бахара цара. Церан сада1ар дара мерах даллалц даар, малар. Цара дийриг деш х1инца со а вара. – Цхьана-шина дийнахь са а къийрина, буха цхьа а шай ца дуьтуш, д1аг1ур дуй вай, – элира цара. – Москоха д1а а вуьгур ву хьо, цигахь билет а эцна, хьайн Соьлжа-г1ала д1а а хьажор ву хьо. Оццул вошалла дича тоьур дуй хьуна? – Муха ца тоьу! – Делахь, цу т1ера кад мер бу вай… Юша1а и дерриге а дийцича, т1аьхьакхиира со, хийра махкара ц1абирзинчу нохчийн кхаа доьзалехь со учахь т1е х1унда ийцира а, ледара хьошалла х1унда дина а: со кхайкхина веъна хьаша мавацара! Ткъа вайн къомах хадаза болчу нохчаша и тидаме а ца оьцу: кхайкхина веънехь а, кхайкхаза кхаьчнехь а, вевзаш велахь а, мила ву ца хаахь а шайна ца юуш а, уггаре а мерзаниг хьалха а юьллуш, ницкъ ма-кхоччу ч1ог1а, дика хьошалла до. Ца дича – эхь а лоруш. Соьлжа-г1ала 2008 шо, 12-г1а октябрь


ТУЬЙРАНАХ IЕХАБЕЛЛАРШ (Хабар) I. Туьйранийн хаза зама

2-г1а дакъа

Туьйра, туьйра, туьйра ду…

«Дуьнен чу сирла са тосучу хенахь, Дашо маьлхан зIаьнараш хазлучу хенахь, Са цIена шен гила1 ша каде кечбина, Чал дера ва герзаш юкъ къовлуш дихкина, Юрт хадош юьртаха иккхира, тов, Цхьа динан бере2…» – Туьйран Дада, ва Туьйран Дада, кхо корта болу саьрмак биэ воьдуш вуй и? - гуобаьккхина Iачу берашна юккъера хьалаиккхира жима а, петIамат - зезаг санна, хаза а йоI. Цуьначул сов собар кхечеран а дацара, цундела йоккха гIовгIа елира. – ЛадогIал, сан мерза доттаг1ий, аш юкъахвохуш хилча, со вицвала ма тарло. Ткьа аш сатохахь, дерриге а хуур ду шуна. Вуьш цхьана юкъана дIатийра. «Гу лакхе ваьлча, шакарца чехош, Гу таьIе ваьлча, маьхьарца чехош, Ша вахна кхечира и динан бере паччахьан шахьаре. Цу паччахьан шахьарехь Iаш-вехаш вара Кхуьнан Дадин доттагIа.

1гила – скакун 2динан бере - всадник

70

Мохь бетташ кхайкхина цо араваьккхира Шен Дадин доттагIа. - Ассалом Iалийкум, ва Дадин доттаг1а, Iуьйре дика йойла хьан кхоьллинчу вайн Дала! Олуш, тIехIоьттира и динан бере. - Iаликум ва салом, доттагIчун ва к1еза, Хьо маьрша догIийла, хьо Далла доьзийла! — Олуш лен велира, тов, и Дадин доттагIа. 71


Нанас бер ва санна, карахь - марахь чуваьхьна, Везаш т1еийцира и динан бере. ТIум санна, мерза жижиг галнашца дууш, Метт - метта нисдалийта хьена чорпа тIемолуш, Дукха мерза къамелаш - юучул а мерза! – Дича а ца Iеба и дика ши кIант. Шуьнехь Iен кIордийча ловзарга воьдуш – Кху везчу хьешана хIоттийна дара и, БIаьстенан зезагаша кхалийна къорза аре ва санна, Оьздачу мехкарша къагийна ловзар. Самукъане мукъамаш пондаро балош, Чехкачу вотано дог ир-кара хIоттош, Дикачу к1енташа безаман догдохуш, Кест-кеста боккхуш хелхаран бал болуш, Хаза доьдуш ма дара и доккха ловзар. «Хьо лаа варий те, хьо тара варий те, Ахь деънарг дийцахьа?» – воккхачо ца олуш, Дийцина паргIат жиманиг а ца волуш Кхо буьйсий кхо дей дIаделира, тов. Цул тIаьхьа вистхилира и Дадин доттагIа: - Дакъаза ма дала, доттагIчун ва кIеза, ХIун бала бу техьа готтачу хьан кийрахь, ХIун гIайгIа ю техьа горгачу хьан коьртехь? Балхабел ахь соьга коьртера бала, Мажаран тоьпаца ас каде ойур бу. Елхаел ахь соьга кийрара гIайгIа, Дуткьачу туьраца ас каде ойур ю...» Ша дуьйцучунна т1аьхьа гIийла пIелг а тухуш локхуш хилла болу дечигпондар юьстахбаьккхира Туьйран Дадас. – Бераш-кераш, ладогIал цкъа! - вистхилира и. - ХIинцца суна тIееъна сан йиша Ану гой шуна? – Го!!! – цхьаьне жопделира вукхара. 72

– Дакъийна жижиг кхихкина даьлла боху цо. Цунна хIинца гIоьнчий оьшу. Ахьаран галнаш ян хьанна хаьа? - хаьттира цо. – Туьйран Дада, ва Туьйран Дада! - цIе яьлча санна, сиха хьалаиккхира то-харлерра жима йоI . - Cyна хаьа хьуна, суна хаьа!.. Цуьрриг а цец ца велира Туьйран Дада йоьIа бохучух. ХIунда аьлча хьаста-ха къамел хиллера цу шинна: – ЦIе хIун ю хьан? – Нура! – елаелла – екхаелла жоп делира вукхо. – Хьо дан а ду, хьуна, Дала даздина даийтина нур. Яа хIума ян хаьий хьуна? – Хаьа. – ХIун ян Iемина хьуна? – Жижиг-галнаш. – Корта Iовдал-м хьа-ах бац, - хастийра Туьйран Дадас, шен велакъажар къайла а хьош. — Вай юха гулдалале, ас оьшу гIирс кечбийр бу хьуна, ахь а хатта хьайн нене, жижиг-гала мерза хIун дича хуьлу алий. ТIаккха массара a гlo а деш йийр ю-кх ахь яа х1ума. Реза юй хьо? – Ю... Тахана хьалхеяккха чуг1ерташ ерг а и яра. – Схьайола, делахь, кхуза, - т1екхайкхира Туьйран Дадас. Важа, аларх а ца тешаш, едда т1еяхара. – Ану, - вистхилира шен йишига, - хьажал кху йоIе, мел хаза ю и! – Аренан ховха зезаг-м ду, — тIечIагIдира вешин дешнаш Анус. – Ткъа xlapa мел дика йоI ю хьайна хиъча, акъ а, цец а яьлла юьсур яра хьо, - кхидIа а дуьйцура Туьйран Дадас. – Г1еметтахIоьттина яьлла зуда санна, говза ю xlapa дечу хIумана тIехь. - Юха йо1ехьа дIавирзира: - Нура, хиирий хьуна, хIун дича мерза хуьлу галнаш? – Хиира, хьуна, Туьйран Дада! — жопдала сихъелира жима йоI . - Нанис хIун бахарий? Дерстана даттIа доллу жижиг кхехкийна схьаяьлла чорпа хьена хуьлу, бахара. Цу чохь кхехкийна галнаш, бетах буй битча a, тlepa валалур воцуш, мерза хуьлу, бахара. – Осто-опирла! - цецъелира Ану. - Оццул жима йоллушехь, цу йоIана ца хууш хIума дац-кх!.. Баккхийчара баккъала а дуьйцу моьттуш, яша а ешна дIаяьллера 73


Нура. Шайн самукъа а долуш, цара ша хьийзош хиллийла дуккха а тIаьхьа кхетар ю и, дегабаам бан а, оьгIазъяха а аьтто боцчу хенахь. И сурт дуьхьала а туьйсуш, ша шена йоьлуш Iийр ю: «Дависа, схьаелира и зама, туьйранийн хаза зама! Ма къегина дара, ма доккха дара хIетахь дуьне!..» Ткъа цу дийнахь... – Ану, - элира Туьйран Дадас, — кху хазчу йоIа бох-бохург а деш, мерза юург кечъе. Айхьа a гloде, зудаберашка a гloдайта. Т1аккха сихха девр ду шу. И бераш гой шуна? - куьг хьажийра цо. — Уьш массо а, гай тIе басар даллалц, дузо деза шуна... Нагахь жижиг Нурас ма-бохху дерстана ца хиллехь, чорпи тIе хьелийн даьтта тоха, кхоа а ца деш. Т1аккха галнийн чам дика хир бу. Нийса дуй и, тхан хьомсара цIийннана? – Ду, - бакъдира цуьнан дешнаш Нурас, шена билггала ца хуъушехь. Цхьана хIуманах тешна яра и: Туьйран Дадас олург дерриге а ду нийса. Ану дIайолаелира-дукха гIуллакхаш дара цуьнга хьоьжуш. И г1еххьа гена-яьлча, Туьйран Дадас меллаша хаьттира жимчу йоIе: – Нура, хьоьга къайллаха цхьа хIума ала мегар дарий? – Мегар ду хьуна, Туьйран Дада, ас цхьангге а дуьйцур дац хьуна!.. - Юха, ойла йина-а, тIетуьйхира: - Сайн нене бен. Туьйран Дада велакъежира шен дагахъ: «Т1аккха-м кхин цхьангге а дийца а ца оьшу!» Амма багахь кхин элира: – Нура, хьайна дерриге а массарначул а дика хаахь а, Анух дагайолуш хила- лахь. Цунна хала ца хетийта. Ша ханна йоккха йолу дела, шега ца хаьтгича де-габаам бо цо. Ткъа и сан йиша ма ю. Сан дог доьлхур ду, цунна цатам хилча. Суна халахетар дан ма ца лаьа хьуна, ца лаьий? – Ца лаьа, Туьйран Дада. – Делахь, барт хилан вайшинна? – Хилла... Йоккхачу уьйтIахь хаза бай баьллера. НиIмат дара цу тIехь Iep! ХIетте а буха истанг а тосий ховшадора бераш. Ша дIавала гергавахча, дас дина весет дара и: шайна caгla даккха дагадеъча, эцца урамера бераш чу а кхайкхий, уьш дузаделаш - кIе74

зиг дац шуна царна юккьехь мецанаш. П1ераскан буьйса лорий - делкъал тIаьхьа- гуллора уьш: роггIана туьйранаш дуьйцура; цхьаьне, са а къералуш, юург кечйора. Г1еххьа баккхий хилча хьовх, дикка хене лестича а, диц ца лора шаьш Туьйран ДадагIаьргахь рицкъанах деттадалар: «Ц1аста санна, цIийяллалц йохйора шелъелла сискал. Дели а доьхьа, ма мерза хуьлура и!» - «Сийначу хьаьжкIийн кенаш доттура...» – «Йоьхьаш кхорзура...» – «КIегаш тIехь деттина жижиган цастарш хуьлура хьоналла а 1ийдалуш.. .» – «Шортта хьелийн даьтта а тухуш динчу к1алддаьттанца чам товра галнийн...» - «Ма мерза хуьлура къийса а луш юуш!..» Тахана жижиг-галнашна тIетаьIанера кегий хьеший. Царна эвхьазлонна, г1еххьа гена а ваьлла, лохачу гIанта тIе хиира хIусамда. Цхьа хан яьлча еана схьакхечира жима заббари: – Туьйран Дада, ва Туьйран Дада, ас аьлларг дийр дарий ахь? – Иштта хазчу йоIа аьлларг моха ца до? – Сан гай тIе куьг Iоттахь, – дийхира цо меллаша. – Стенна? – ца кхийтира важа. – Басар даьллийла хьажа. – ХIун до ахь цунах? – тIаьхьа ца кхуьура воккханиг. Жимачунна новкъадеира цуьнан вицвалар: – Ва Туьйран Дада, гайтIе басар даллалц яа ма элира ахь... Туьйран Дада велакъежира: – Дагадеи суна... Хьо- хьуо ца хьаьжира? Жима делахь а, зудабер долу дела тIекховда ца лууш ийзалора и. ТIаккха Нурас катоьхна схьалаьцна цуьнан хьажо - пIелг хьаькхира шен цIонгел лакхахь. Басар хьавх, ур-атталла хьацар а дацара. – ХIун де ас, Туьйран Дада? Со юза ма юьзина. – ТIаккха тоийта. Тахана хьо тхан цIинана ю, хьайна луъург дан йиш а йолуш... Йоккхаеш, дIатасаелира йоI . Амма хьиэ ца луш, гай даьтIча санна, мохь хьоькхуш, юхакхечира. – Дада, Туьйран Дада, - бахара цо елхаран къурдаш а деш,-цхьана кIанта... со Iовдал ю... бахара хьуна... хьинк1аш1 – елхаран къурдаш (всхлипывания)

75


– Хабар дуьйцур цо-м. Хьо санна, хьекъал долуш велира массо а. Кхин хIумма а дуй? – Ду-у-у... - Тиэран меттана, кхин а чIогIа хих Iанаяхара жима йоI . – Цу кIанта...хIун... бахара... хаьий хьуна? Со цхьаммо а... маре юьгур яц... бахара-кх. – И-и-и, никказ яI ! Ма халахетар дина цо хьуна! Харц-Iаббаз волчух тера ду и, - элира Туьйран Дадас. - Ахь хIун дей? БIаьрхиш дIа а дахий, Ану а ялош, схьайоьлла. И гIуллакх цIенна къаста ца дича девр дац вай... Кестта xlapa шиъ схьакхечира. – Ва Ану, и хIун дов ду кхунний, цу нехан кIантаний юккъехь дерг? – Цхьанне а новкъа а воцуш, шен хIума юуш Iapa и кIант. Х1окхо т1e a яхана, из-важ а доцуш, ластийна бетах буй балийтира-кх цунна. – ХIун динера цо хьуна? - хаьттира хIусамдас. – ХIумма а. Ас хIуьттаренна ма ца туьйхира. Нанас аьлларг бакъ дуй хьожуш яра со. – ХIун дара иза? – Жижиг-гала мерза делахь, бетахь буй тоьхча а тIера вер вац... Къийла а ца луш, гIаддаххана деладелира ваший йиший: царна чIогIа хазделлера и. Амма жима хьаша елхар сацо дагахь а яцара: «Туьйран Дада... цо хIунда эли-ра... со цхьаммо а... маре юьгур яц?» – Шек дIа ма яла хьо, Нура, – сатиэда гIертара Туьйран Дада. Хьо санна йолу хаза йоI къуьйсуш дика кIентий шортта хир бу. Мера тIе пIелг а бетташ хоржур ву ахь хьайна царах тайниг. ЙоI хьинк1аш1 а совцийна, лерина ладоьгIуш лаьттара. ТIаккха меллаша дехар дира: – Туьйран Дада, охьатаIахь. Со хьала ца кхочу. И лере цхьаъ ала йоллу моьттуш, важа когаш тIе охьалахвелира. XIapa дIанисвелла а валале «тIох» аьлла пIелг туьйхира йоIа аьрро бIаьрга чу, хиш а тосуьйтуш. – Хьо лаа юй! – Хьуна мера тIе пIелг тухуш ю-кх: суна хьо виэза, ас хьо хаьржи76

на. Ахь хIинцца ма бахара... – Ас со ма ца вуьйцура хьоьга, хьан нийсарой ма буьйцура. Ткъа со хьол дуккха а воккха ву. – Со а хир ю йоккха... – Хьо йоккха хилале, со къан а велла, букар гlyp ву. – Туьйран Дада, хьо къан ма лол хьо, - элира заббарис, еза а еш, - со де- цел хиллалц, - Ану йолчу aгlop куьг хьажийра. – Дависа, жима кIорни, сан карахь делара и! Ма гlepтapa вацара со къанвала! Ma гlepтapa вацара!... – Туьйран Дада, сох «жима кIорни» ма алахь, тохара санна «хаза йоI» алахь. – Дика ду, хаза йоI . – Лиэха а ца диэзаш, нускал а нисдели хьуна, - елакъежира Ану. Юха шен «несан» куьг а лаьцна дIаяхара бераш долчу... II. Дика хьанна до? Шена до Вон хьанна до? Шена до Даар диъна, малар мелла девлча, к1езиг–дукха ловза хан елира берашна. Цул т1аьхьа юха схьагулдина, моз санна, мерза хорбазаш яийтира цаьрга. Т1аккха д1акхайкхийра: – Сиханиг а, ц1ахь дан дезаш г1уллакх дерг а д1аг1уо. 1ен йиш ерг, нагахь санна кхид1а а туьйране ладог1а лууш велахь, саца. Бухабисинарш шорта бара, цхьа а ца къаьстича санна. – Мичахь севцира вай? – хаьттира Туьйран Дадас шен кегий накъосташка. – Динберечуьнга Дадин доттаг1чо хаьттира, хьо х1ун г1уллакх дахьаш веъна, аьлла… – Шу–м дицделла ца хилла, – хастийра ладог1архой х1усамдас. Иллин мукъам1 а ца балош, хецна къамел дира цо.

*** 77


Динан беречо элира шен Дадин доттаг1чуьнга: – Куьйга т1ера пхи п1елг санна, пхи ваша вара шаьш. Нана–п1елг санна, царах воккханиг ву ша. Т1аккха церан доладан дезарг а ша ву. Т1е ша д1акхелхачу хенахь Дадас весет дина, шен метта церан да хила, аьлла. Шеган далург дан г1ерташ схьавог1ура ша, амма т1аьхьарчу хенахь йиш йоьхна ву ша: вежарий дуьненан еа маь11е салаьтташ бу. Цхьамма боху, вайн Дадин садала гергадахча, кхайкхина нехан дешнастаг валийра вай. Г1оле дацара вешаниг хиллехь? Ша дин 1амо къилбехьа вахийта, боху цо. Шозлаг1чо боху, Дада цомгаш хилча кхайкхина нехан лор валийра вай. Г1оле дацара вешаниг хиллехь? Малхбалехьа деша вахийта ша, боху цо, лор а хилла, вухавоьрзур вара ша. Жимчохь дуьйна буй–т1ари еш самукъадолура кхоалг1ачуьнан. Цо ша къилбаседехьа вахийта боху, шийлачу махкахь т1емаш беш паччахь ву олуш хезна цунна, цу паччахьан б1онах д1акхета лаьа цунна. Воьалг1аниг вуно башха хелхаволуш ву, и волчу сакъерамашка нах хьовса а оьхуш. Цунна хезна, иштта хелхаваьлчий, куц х1оттош нехан самукъадаьккхачий шортта ахча а ло, сий а до малхбузехьарчу пачхьалкхехь. Ша цига вахийта, бохуш, сан садуу цо а. Царах къаста а ца лаьа суна, уьш вовшех къастийта а ца лаьа. Юха а царна цатам бан а ца х1утту (т1е а чевхина, уьш саца а бина), хьанна хаьа, церан рицкъа цигахь дуй а? – Х1ун дича бакъахь ду техьа ша? – хоьттура динан беречо. – Уьш д1абахийтича, п1елг санна, ша вуьсу ша. Ца бахийтича – церан дог дохадо… Цу хьокъехь дагавала веанера ша, ва Дадин доттаг1а. – Цара боху мехкаш долуш ду, – вистхилира мехе оьхуш волу Дадин доттаг1а. – Дагана хала делахь а, д1абаха мукъ бала беза. Х1ун хаьа, цара цигахь вайн сий леккха хьалаойий а? – Цу т1ехь вайн барт хиллехь, кхин цхьа г1уллакх а деана ша, –– олуш, лен велира и динан бере. – Ша Далла дуьхьалвоьрзучу хенахь Дадас весет динера, вала а волуш, нехан декхар т1е ма хьарчаде, аьлла. Г1одал г1аддайна, ца даьккхича ца валахь, шен деган доттаг1чуьнга бен ма деха, аьлла. Дуьненан еа маь11е вежарий д1ахьавсо тоъал ахча вовшах ца кхета шен, долу хьайба д1адоьхкича а… – Дакъаза ма дала, сан доттаг1чун ва к1еза! Ма ледара хеташ хил78

ла хьуна хьайн Дадин доттаг1! Х1умма а йохка ма йохка, оьшшучул шай–кай хуьлуьйтур ю хьуна. Ша луьйта лаьцна ва дина хаийна, Цо новкъа ваьккхира хьомсара хьаша. Самукъа ва даьлла и вог1уш вара, Мехал чехка лаьллина са ц1ена шен гила, Гу лакхе ваьлча, шакарца чехош, Гу таь1е ваьлча, маьхьарца чехош. Ден доттаг1 волчуьра ша гена ваьлча, Архаш д1ахийцира цу динан беречо: Некъ дика бевзара гилана шена, Ц1а боьду некъ бара самукъане, боца. Ц1аьххьана къаьхкина говр юьстаха иккхира. – Дакъаза ма бала, са ц1ена гила, Хьо кхиэра х1ун ду те доккхачу дуьненахь? Амма дино жопдала ца дезаш, беречун шен б1аьрг кхийтира: некъа юккъехь, кхин гуш х1ума а доцуш, валаро–висаро бен къаста а бийр боцуш, вовшех а хьаьрчина, леташ бара ши лаьхьа. Уьш ца хьаша юьстахъиккхинера кхуьнан тешаме доттаг1-са ц1ена гила. Гобаьккина тийна лаьтташ исбаьхьа хьун яра, майданаш хазйина доьлуш зезагаш дара, массо а садолу х1ума – зингат биста кхаччалц – яха г1ерташ йоллура. Ткъа ши боьхах1ума г1ори-г1оддаха тасаеллера вовшех, цу шиннах цхьаъ бен дийна д1аг1ур йоцуш. «Муьлхха сибат оьций а, къовсалуш ерг хуьлу Бакъой, Харцой, – ойла йора динан беречо. - Кху шиннах муьлха ю техьа Бакъо?» Юьзина хиларехь, онда хиларехь, са долчу меттера лоцуш дукха вон латарехь евзира цунна Харцо. Кхаа шарахь юьйлина латтийна барх1 са болу бакъ г1ирми мажар–топ ялийтира динан беречо, доггаха лаг озийна. Харцонан корта кхоьссина д1абахийтира, вич1а а боккхуш. Дег1 маситтаза туоха а 1тарх - скала 2г1утакх – коробка

79


делла, малделира. Г1ийланиг, хазаниг маьршаелира. Некъа т1ера и д1аяллалц собар а дина, д1аволавелира, тов, и динан бере. Амма Бакъоно, Нийсоно шена динчу диканна дуьхьала дика ца деш ца дуьту. Динберечо урх д1ахийцира, говр боларехь парг1ат д1аяхийта дагахь. Ц1аьххьана некъа т1ехьаьжча, цунна гира ша орцахваьлла йолу боьхах1ума сихъелла шайл хьалхаяьлла йоьдуш. Цхьана юкъана нийсса д1а а ихна, аьтто аг1ора чуйирзира иза. Кхуо дин нийсачу новкъа д1абахийтира. Амма дукха хан ялале лаьхьа юха а хьалхабелира. Юха а чубирзира. Кхозлаг1а а цо и кеп х1оттийча, жимастаг шеквелира: шена т1аьхьавуола боху цо. Цунна т1аьхьа а х1оьттина вахара, йоккхачу тарха1 т1екхаччалц. Х1ара сецира, важа т1улгаш юккъе къайлаелира. Хьиэ ца луш, иза а цуьнан накъостий а гучубевлира багахь г1еххьа доккха г1утакх2 а долуш текхош. Хьалхха и охьа а диллина, церан тхьамдано ц1оган боьххье а диллина дато мух1ар кхоьссира кхунна. Катоьхна схьа а лаьцна, п1елга т1е доьллича, массо а са долчу х1уманийн мотт кхета белира. Паччахьа кхуьнга элира: ахь лечуьра к1елхьараяьккхинарг шен йо1 ю. Луларчу махкара паччахьан к1ант а веъна, цуьнга маре лур йолуш хилла барт бу. Кхана новкъаялале, ша йинчу, ша кхиинчу махке т1аьххьара б1аьрг туоха араяьллера иза, шеца ха а ца дуьгуш. Шеца захало таса мах ца кхочу к1ант ву кхуьнга безам болуш. Шега ца яг1ахь, ша са доккхур ду хьан, аьлла, тасавелла хилла иза хьо т1екхочуш. Ахь иза 1ожаллех а яьккхина, ша юьхь1аьржонах а ваьккхина. Цундела ахь динчун сий а деш, хьоьца гергарло а дезаш совг1атана х1ара г1утакх а, цу чуьра хазна а хьуна ло оха. – Ша дикане сатуьйсуш ма ца дина шуна дина г1уллакх. Нийсо езаш ма–дина… – Х1етте а тхан кхаъ3 д1аэца, хьуо тхох вашахь кхид1а а тхоьца гергарло а леладе. Стага г1утакх схьадиллира. И дуьззина жовх1арш дара цу чохь. Цаьрга хьаьжна болчу дашо маьлхан з1аьнарш кхуьнан б1аьргаш чу а кхетта, цхьана юкъана нур дайра. Г1утакх схьа а эцна, х1ара новкъа волуш паччахьа кхин цхьа 3кхаъ – хаза хетарг дарна луш долу совг1ат

80

хаам а бира: къамелашка ладег1а к1ордийча, мух1ар хьовзийчахьана, шайн адамийн мотт боцург хаа а ца хууш, парг1атвер ву хьо. Цу кеппара шортта дуьненан рицкъа кара а деъна, шен вежарий церан са лаьт–лаьттачу д1а а хьовсийна, ваха хиира и динан бере. Цул т1аьхьа к1езиг–дукха хан–зама яьлча, шен керлачу хьешашна орцахвала дийзира яхь йолчу к1ентан… Набаро 1ехийна х1ара маьлхан Дуьне Ког хецца дижира, Бода т1етесна. Чал дера ва герзаш юкъ къовлуш дихкина, Са ц1ена шен гила ша каде кечбина, Бухь бойнчу попа т1е дайн куьйра ва санна, Ша дина хиира яхь йолу к1ант. Дуьне дуьтуш д1абузу дашо малх ва санна, Юрт юьтуш юьртаха велира и динан бере. Борз санна, йора дин хецца бохуьйтуш, И вахна кхечира шен хьеший болчу: – Ассалом 1алийкум, дег1 текхо вежарий, 1уьйре дика хуьлда шун, куц тайна йижарий, – Олуш, т1ех1оьттира и динан бере. Могаш–парг1ат д1адаьлча, х1усамдас хаьттира: – Хьо лаа варий те, хьо тара варий те? Са ц1ена хьан гила хьацаро 1аржбина Дукха чехка хихкина, кхуза кхача г1ерташ. Х1ун бала бу техьа готтачу хьан кийрахь, Х1ун г1айг1а ю техьа горгачу хьан коьртехь? – Лаа а вара ша, тору а вара ша, Амма цхьа шийла кхаъ3, ша санна шийла, Маса ца кхачийча, ма–хуьллу маса, Шун боккха бехк бара шена т1ехь буьсуш. – Бижина дашо Малх сама а балале Ховха мотт битина хьо новкъа ваьлла, Кийрара мерза са санна дукхабеза 81


Са ц1ена хьайн гила чехабеш кхаъчна Генарчу тхан махка, хьуо а ца кхоош, Беркате з1аьнарша тхо дох а дале. Ма г1уллакх хила деза ахь арадаьккхинарг. Дийцахьа тхоьга а, х1ун дара иза? – Дакъаза ма довла, сан деган доттаг1ий, Ма боккха бала бу шуна т1ебуссуш: Луьрачу лаьхьано паччахьан во1 лаьцна, Кхиаза жима к1ант. Цу д1аьвшах и велла. Ницкъ болу цуьнан да карзахаваьлла, Ц1е тесна текхаргаш яйийта воллу. Сихха х1ун ду – мила ду а теллина, хьаша кхето г1оьртира: – Тхан тайпана а ма бац и лаьхьа, т1аккха тхоьгара х1унда доьху жоп? – Паччахьана х1ун бен ду и? Т1е адамаша текхаргаш сибатца къаста а ца йо, массо а цхьана куьцехь хета. Йоккха я жима хилар го, кхид1а бен а дац. Текхаргийн йоккха пхьоьха гулъеллера, и онда сингаттам массарна а дакъа кхочуш болу дела. Х1орамма шена хет–хеттарг дуьйцу. Цхьаберш ца бешаш боьлу: – Адамо деънехь и хабар цхьа тешнабехк боцуш дац. Вайн адамашца генарчу дайшкара дуьйна мостаг1алла ду, цкъа а вайна юккъехь масла1ат а хир доцуш. – И нийса ду! – цуьнан аг1о лоцурш а къамеле бевлира. – Цхьана хенахь Дуьненахь девнаш хилла текхаргашний, адамашний юккъехь. Тоьлларг Дуьненан да а хир волуш. Цхьацца бахьанашца адам тоьлла. Амма дов х1инца а дирзина дац: текхарг гушшехь и ен т1ехьоду стаг, цо шена дина х1ума а доццушехь, ца йийча къа хьаьрча а бохуш. Паччахьан во1 ца веллехь а карор яра адамашна, вай яйа бехказло. Суна хетарехь, ша деъна туьйра бехке а дина вай махках даха дагахь ву керла вевзина хьаша. Цуьнга д1ахьеда деза: тхо махкара девлла цхьаннахьа а г1ур дац… Делахь а дукхахберш буьрсачу паччахьца барт бан лууш бара. 82

Церан ц1арах вистхилира тхьамда: – Х1ара мохк Адамана шенна цхьанне белла бац Дала. Хьуьна юккъехула лела берзалой, и мохк шайн а лоруш. Диттан генаш т1е хевшина 1а чо–шера олхазарш – церан а бу изза мохк. Шайна туьйлиг а йина дезарш дан дохку зингаташ –– церан а ду х1ара беркате латта. Доцца аьлча, кхузахь мел ехачу са долчу х1уманийн бу х1ара мохк. Дала массарна а юкъахь лелабе аьлла белла и. И хаа а хууш бертахь 1ен деза вай… – Ахь мел бохург ч1ог1а нийса ду, 1аламат хьекъале а ду, дег1 текхо сан ваша. Амма паччахь нийсоне г1ерташ мичахь гина хьуна, маца гина хьуна? Ас бехк ца биллар доьху сайна, ас вуьйцург хьо вац, ас вуьйцург адамийн паччахь ву… Массо а боьхах1ума юьйр ю ша боху цо, ц1е а тасийтина. «Дукхе–е дукха садолу х1умнаш ма ю арарчу аренца, уьш яьгна д1аевр ю, - дешначу наха шега аьлча, – «Дала хьеха даций», – бахара. «Къа дац церан, бехк боцчу»? – молланаша аьлча, карзахвелира: – Къа дац сан жимчу к1ентан? Цуьнан х1ун бехк бара? Х1ара мерза дуьне даа кхоьллина волу иза, х1ун ю а ца хуучу боьхах1умано вийна!.. – Иштта–м дара и… Делахь а, д1овш тоьхнарг цхьаъ ю, хьо церан массеран а х1у кхачо г1ерта. – Кхача а дийр ду. Алунах к1елхьараяьлла боьхах1ума йийначунна цхьацца деши лур ду ас. Ткъа ахчанах адамо шен ворх1е да а вухкур ву. – Иштта къамел хилла шуна, – элира хьешо пхьоьхане. – Т1аккха ахь айхьа ма–баххара, вай массо а Дала кхоьллина ду, дика–вон т1ех1оьттича вовше г1о ца дича а ца довлу. Сайга далучунна со кийча вуйла а хаийта, со кхоавай ма 1е а ала веана–кх со кхуза. Пхьоьханахь дош ала луурш бистхилла бевллачул т1аьхьа, шайн къаьсттана кхеташо йира паччахьа а, лакхара даржерчара а, хьекъалдайша а. Х1оьттина хьал а, гулбелла хиллачийн лаам а тидаме а эцца, цара хьукам1 дира: махках ца девлча девр дац. «Г1арч1» аьлла дуьхьала бевлларш бита, уьш адамийн паччахьан адамаллех тешна совцуш бу. Сацам нахала баьккхича, динан беречо хаьттира: – Мича д1айига шу? 83


– Йо1 маре яханчу махка. Захалоша т1е ца оьцуш дуьтург хир дац тхо. – Делахь, таьлсаш чу д1атардала дезар ду. Лата а ца леташ, «шуш– ш» а ца деш 1елур дуй шу? – Тхайна са дезахь… Генна д1аихира, цхьа а некъахьовзам ца хуьлуш. Къуй–ирзу олучу метте кхаьчча, динан беречо элира дег1 текхочу шен хьешашка, ша х1ун ду мила ду хьажа воьду дитташ к1елахь, хийра стаг т1еваг1ахь, и лаца кийча хила шу. Андий дитташ дара генаш д1асхьа а даржийна лаьтташ. Б1аьрг тоьхча гуш стаг а ца хаавелла, х1ара сапарг1ат воллушехь, лакха боьххьера кхоъ къу чукхоссавелира. Х1ара х1ума дан кхиале кхуьнан деган 1айга чу барх1 са болу мажар–топ ерзийра. Дуьхьало ян кхуьур ву бохург аьттехьа а дацара. – Таьлсаш чохь х1ун ю хьан? – буьрса хаьттира кхуьнга, б1оржамаш санна, даккхий мекхаш долчу стага. – Малх санна, ц1ен деши а ду, бутт санна, к1айн дети а ду. Хазахетта, юьхь серлаелира вукхуьнан. – Ма беза кира2 бу и, ма хала хир ду и д1атекхо хьо мисканна, – ца вешаш вистхилира юха а г1еранан баьчча. - Мукъаваккха веза цу ондачу махьарх х1ара пекъар. – Ма хьашт доцуш кочадаьхки шу суна, – ч1ог1а вистхилира динан бере, лаьхьарчашна хазийта. - Нийсонца деа декъе мукъане а бекъа вай и сан бахам? – Тхоьга х1ун х1оьттина хьуна дакъа дан? Хьан х1инца х1умма а яц. Тхуна лаахь, хьуна т1ера шарбал4 а тхан ю! Х1ара кхид1а а Хьарам, Хьанал, Нийсо, Харцо йийца г1оьртира, амма ладуг1уш цхьа а вацара. – Сан вежарша, сан йижарша аша динарг ца доькхуш дуьтур–м дац шуна, - мохь тоьхна элира динан беречо. Вуьш кхунах кхаьрдаш доггаха белабелира. Шиъ кхуьнан гила болчу д1авуолавелира, цхьаъ кхунна т1е топ а лаьцна сецира. Вуьш жимма генабевлча, г1аддайна лаьттачо элира: – Тоьпан юьхьиг т1еерзон бен кхин хьекъал долуш вац моьтту 84

суна хьо–м. – Х1унда бахара ахь? – Муха х1унда бахара?.. Оццул мулк5 хьоьца йоькъуш бохкур бу уьш? Сох бала пайда а бац, цундела хьайн накъостех д1а а хадий, хьайна йог1учух ма вала. Ойла йинаа, т1аьхьатасавелира кхунна т1е герз лаьцна лаьттинарг. – Таьлсан ши ога кхаа декъа муха доькъур ду вай? – хаьттира тхьамдица д1аваханчу къуьно. Важа, цец а ваьлла, сецира: – Кхоъ вара вай? Кхаа декъе декъалур дац. Юха топ тоьхна охьавиллира т1аьхьахьаьдда вог1у шайн накъост: – Х1инца декъа атта хир ду. Хьанна муьлха ога кхочу къастош, кхаж а тесна, таьлсаш долчухьа сихвелира ший а. Деши, дети ду моьттуш, эвххьаза шайх катуххушехь, иштта а дарделла 1оьхкучу лаьхьарчаша луьра д1овш тоьхна вожийра ши къу. – Некъ маьрша баьккхи аша вайна, дег1 текхо вежарий, йижарий, – царна резаволуш вистхилира динан бере. – Зулам ду–кх деши – дети. Ур–атталла уьш ду моттар а. Царах ца 1ебаш, шен накъост, шен верас а вен кийча ду адам. Кхин цхьа а новкъарло ца 1отталуш, хийрачу махка д1акхечира. Йо1а а, невцо а, керла хиллачу гергарчара а боккхачу ларамца т1е а эцца, цигахь шайн хьаса д1атесира динан беречо д1акхачийначу текхаргаша. Доггаха хьошалла а дина, паччахь ша а т1аьхьа а волуш, новкъа ваьккхира динан бере. – Вай вовше т1е ца кхочуш хан ялахь а, вайн гергарло херлур долуш дац хьуна, – элира кхуьнга лаьхьарчийн паччахьа. – Тхуна ахь дина г1уллакх дицлур дац, хьуна орца оьшучу хенахь тхо кийча хир ду… Винчу махка ша кхаьчнийла хиира беречунна боккха бохам гича: яьгна аре, чим хилла 1оьхку текхаргаш, бехк–гуьнахь доцу кхин а эзарнаш са долу х1умнаш. 85


Адамийн паччахьа кхочушбинера къиза шен сацам. Буьххьехь 1аддарг1а6 йолу серий а карахь лелаш нах бара лечкъана а, 1уьрга яхна а боьхах1ума йиснийла хьожуш. Х1ора коьртах деши лур ду ма–аьлла паччахьа. Т1улган тарха йолчу д1алаьллира са ц1ена шен гила. Цигахь а дара дог майрачу, амма шайга дуьйцачух ца тешначу лаьхьарчийн чим хилла 1оьхку декъий. Миска–я1! Махках ца довлуш, кхузахь шайн са далийта кийча хили–кха шу. Б1аьстенан ховха малх а кхеташ, сийна буц а йолуш, наха латта а охуш, ялта чу а дерзош, бехк боцчу текхаргашна а, кхечу садолчу х1уманашна а цкъа а цхьа а бохам а ца хилча санна, маситта шо делира. Кхелхира адамийн паччахь а. Цхьаболчарна хала хийтира и велла (г1уллакхерчу нахана), кхечарна дагахь хаза а хийтира, кхайкхо тамехь дацахь а. Т1аккха юха а шен са ц1ена гила, нускал санна, кечбина новкъа велира динан бере. Х1инца цо хьош берг хаза кхаъ7 бара; дег1 текхочу вежаршна, йижаршна тов болу кхаъ. Царна х1инца ц1аберза маршо яьлла! Х1ара везаш, веза хьаша вина т1еийцира. Амма кхуо деана г1уллакх къобал ца дира, юьхьанца динан бере цец а воккхуш. – Ша цхьа кица дуьйцур ду хьуна, – элира сийлахьчу паччахьа, – т1аккха дика кхетар ву хьо оха лелочух.

1хьукъам - сацам 2кира бу - груз 3мохь бу – ноша 4шарбал – шатайпа хеча (шаровары) 5мулк – состояние, имущество 61аддарг1а – развилина прута, рогатки 7кхаъ – новость 1пхьарделла - беременна 2чалх – куча, ворох

86

Беречуьнга даьхна орца Б1аьстенах пхьарделла1 хи чалхаш2 а такхийна хьаьдда доьдуш хилла. Цхьа динан бере кхаьчна цу хенахь берда йисте. – Х1ей, Адам! – бистхилла цуьнга циггахь хьаьрчина 1уьллу Лаьхьа. – Хьайца вукха аг1ора баккхахь ша. – Ша муха боккхур бу хьо, – аьлла боху беречо, – ахь тешнабехк а бина, лацарна кхоьруш хилча? Лаьхьано ч1аг1онаш еш лаьтташехь, гила хи чу а кхоьссина, д1авахна бере. Ша ц1а кхаьчча, шен дега дийцина цо шех 1оттаделларг. – Вало, маса юха а г1ой, сехьа баккха иза. Хьайга оццул дехар дича, цунна жоп а ца луш, схьа муха вавелла хьо? – бехк баьккхира дас. Шен дог реза дацахь а, дина а хиъна юхавахна бере. – Х1ан, бало, ас дехьа боккху хьо, – вистхилла иза Лаьхьане. – Х1а–х1ан. Х1инца дехьа бер бац ша. – Х1унда? – цецваьлла жимастаг. – Ша–м т1аьхьа ца кхуьу ахь лелочунна. – Ша кхетор ву хьо, – аьлла Лаьхьано. – Тохара ша хьоьга орца доьхучу хенахь, к1орнеш ян хьийзош бара ша. Ткъа х1инца ша бехкина баьлла. Ша дехьа берда т1ехь дуьнен т1е баьлла бу. Ша сехьа болуш, хи чукхетта дара. Лела а лелла, юхабеъча и дистина карийра шена. Мел г1оьртича а, дехьа ца балалора. Х1ета дехьа баьккхинехьара, доккха г1уллакх дора ахь: шен а, шен к1орнийн а мохк цхьаъ хир бара. Ткъа х1инца… Х1инца ша дехьа ца болу, х1унда аьлча, х1инца ша дехьене ма–тийссара, шен к1орнеша сехьене сатуьйсур долу дела, шаьш хаъал хилча: хьуьлла бу–кха вай дина мохк, бохуш. Иштта уьш хьегочул, ша баллалц бинчу махка кхузара б1аьрг а тухуш дуур ду ша х1ара маьлхан дуьне, – аьлла Лаьхьано. – Къинт1ера балалахь шена шегара яьллачу ледарлонна, – дехар дина беречо. – Дагахь а доцуш, боккха бала бина–кх ша хьуна. Цхьа а тайпа байбан йиш а йоцуш. 1соз – урчак т1ехь хьовзо кечбина т1арг1а 2 оти – ц1а 3Совц1а – хьешана дина ц1а 4 мукъ – пурба

87


Иштта къаьстина Адаммий, Лаьхьий. Динан бере дика кхийтира паччахьо бохучух. 1одика а йина, иза а вахара шен ц1а. III. Ирахь1ер Т1ерг1ан соз1 санна, керчаш, хьийзаш д1аихира цхьа зама. Цу юкъана шортта х1умнаш 1иттаделла вай буьйцучу нахах, делахь а уьш т1аьхьо довзуьйтур вай. Ткъа х1инца, иллешкахь олуш ма–хиллара: Хьешашна диначу цу дуьхьал оти2 чохь Кхо ког болчу ж1айг1ента ша лоха лахвелла, Пондаран кхаа пхенах марг1ал п1елг ва туьйсуш, Ойлане велира, тов, и Туьйран Дада. Готтачу кийрара г1айг1а 1уьйшучул, шен шийтта шо кхаьчначу йоь1ан дагахь хила везара иза. Самукъадаьлла, сакъераделла, цу совц1а3 чу иккхира иза. – Ваши, Ваши, – сихъелира йо1. – Ас цхьа хаза х1ума дийца хьуна? – Дийцахь, Цуьрга, – догдоьхна–а мукъ4белира дас. Амма бага г1аттийначохь сацаелира: – Ваши, хьо ма йиш йоьхна ву. Х1ун хилла х1инца? Х1умма а ца хилла, хьуна моттаделла, баьхча а, йо1 1анне а 1ен а ца 1ийна, Туьйран Дадас даре дира: – Дадин доттаг1чо хабар тоьхна: хьан ц1ийнан к1ур бовш лаьтта. Чохь хьийзаш, малх санна, х1усамнана караяйта. Хьо меттах ца валахь, ша хьалха т1енисвелла стех1ума чукхуссур ю хьуна. Иза ша аьлларг дийр долуш вуйла вайна хууш ма-ду. Цунна дуьхьало ян а йиш яц, т1е сан б1аьрг т1ехь сецца цхьа а яц. – И бен дуй и? И хала х1ума дац, – хазахийтира йо1ана. – Суна карийна–кх хьуна нускал!.. – И бохург х1ун ду? – Сийсара синкъераме ялийна ч1ог1а хаза йо1 яра, массара а К1ужал а олуш. Илла а билла а, аьлла, дехар дича а, хелхайолуш кхо го бен ца боккхура цо. 88

Кхин цхьана х1уманна а билгалъелира иза. Цхьацца хьекъале кицанаш дуьйцуш 1ачу хенахь, цуьнга хаьттира, х1ун жоп делла йо1а захалойн къамелана: «Уьйт1ахь кхелли а яц, чохь дахка а ца лела, кхуьнга яг1ахь тоьла хьуна»? Суна и дика меттиг ю моьттура. Амма цо кхетийра иза иштта доцийла. «Уьйт1ахь кхелли яцахь – бежана дац хьуна, чубог1уш дахка бацахь – чохь ялта дац хьуна, «тоьла хьуна» бахахь лаьттах яьккхина тоьла йоцург х1усам яц хьуна. Со мацалла ен ца г1ертахь, цига ма яхийталахь, дада, аьлла боху-кх». Ма хьекъал долуш ю иза, юй, Ваши? Туьйран Дада дуьхьала вист ца хилира. – Кхин а ч1ог1а нах цунна резабинарг дийца ас хьуна? Наха цхьацца х1етал–метал хаьттича, и ша а дан деза моьттуш 1овдал ву, аьлла, ц1еяханчу Б1от1ас хаьттира: – Йо1, «бурч1а–буч1ам» бохург х1ун ду хаьий хьуна? – аьлла. – Деллахь ца хаьа шена–м, – жоп делира цо, – волучунна – бала, воцчунна – белам, бохург и дацахь… Массо а, «г1огг1» аьлла велавелира. – Дика-м аьлла цо и, Ваши, аьллий? – бохуш, даггара йоьлура Цуьрга. – И ю ахь суна хьахийнарг? – цецвелира да. – Ю. Хьо реза вац цунна? – Со–м реза хин варий. Куралла яла йоллу и мича ешар ю сох? Массара а къуьйсуш хир ма ю иза… – И–м х1унда ца ешара, хьоьга–м паччахьан йо1 а йог1ур яра. Ирахь1ен хьо ваийта мегар ду аьлла дош даьккхина ас цуьнгара. Хьой, Дадин доттаг1ачун к1анттий церан маьхча волчу д1авахчахьана, несо чукхойкхур ю иза. К1ид1а аш шимма иза 1ехийчахьана. – Корта, хьовззийна, схьа–м оьцур бу, – забар йира дас. Боккъалла а сарахь ваха а вахара. Мало ян ца ваьхьаш. Дадин доттаг1 кочавале, аьлла. Могаш–парг1ат д1адаьлча, невцан накъоста д1адолийра (шен дагахь говза) къамел: – Куьг бехкениг х1ара хиларна, кхуьнан хьуьнарш довзийта вол1васхал – полка; лекх айвина бохург ду

89


лу со, – элира цо. – Ц1е Саиб ю, кхуьнан да 1абдаррахьман нахана вуйла а хууш къонах вара, дикане а, воне а кхойкхуш. Кхуьнан нанас Пирдоза йоттуш хилла ахьаран тоьпаш х1инца а юьйцу мерза яра бохуш, и бакъдуьнена яхана дикка хан яьллашшехь. Т1аккха, вайна хууш ма-хиллара, ораме хьаьжжина хуьлу г1ад а. Цундела боху ас: хьуна ма мотталахь, стиглах хьекхалуш кхуьнан бохь ца хилча, х1ара ледара стаг ву. И бохь стиглах хьекхалучерачул доккха ду кхуьнан дог. Хьуна ма мотталахь, болатах йина кхуьнан меженаш ца хилча, х1ара хесара х1ума ю, турпал ду кхуьнан дег1. – И стенах хиъна? – хаьттира йо1а, цо х1инца забар е–еш дуьйцийла а кхетта. – Мел доккха текх шена хьалха х1оттийча а, б1аьрган нег1ар тухучу юкъана цу чохь ерг шен элдар дег1ах д1атуху кхуо. Турпал ца хилча далур дарий иза? – Ахь–м хастийна васхала1 ваьккхи х1ара… – Лаахь, ледара аг1онаш а юьйцур ю. Маймал санна, чамбоцуш а ву хьуна… – Суна маймал ган а ца гина. – Делахь, кхуьнга схьахьажа. – Йо1, охьа а таь1на, елакъежира. Ткъа невцан накъоста кхид1а а еттара бага: – Аьрга хьач санна, муьста а ву хьуна… – Аьрга хуьлу хан д1а ца яьлла кхуьнан? – хаьттира несо. – Дашо хила хьан бага, дела1, – хастийра иза невцан накъоста. – Ма–нийса луьйш ю хьо!.. дуьне кхоьллина а дага а дог1уш, къена борз–м ю. Х1етте а цхьа зудча–бахтар нисъян араваьлла. Х1унда ваьлла? Кхуьнан шо кхаьчначу заман чохь цхьана х1ума хуъчу зудчо дукха вехар ву, аьлла, дош делла. Хьуна стенах хаа, аьлла, хаьттича, лергаш деха ду кхуьнан аьлла, деха лергаш дерг дукха веха. Цу туьйранах 1ехавелла, жима нускал а далийна, доьзал кхио кхуьур ву ша, аьлла, араваьлла–кх х1ара сан деган доттаг1. – Т1аккха бакъдуй и?.. Йо1а ша долийнарг чекх а даккхале, къамелан муш шегахьа озийра невцан накъоста: – Х1ун? Кхуьнан лергаш деха хиларрий? Дера, ду–кх, виран сан90

на, деха–м. 1аьржа гуьлмаьнда шен бета дуьхьла а оьзна, йо1 елаелира: – Ас–м дукха веха бохург бакъдуй хоьттура, – халла схьааладелира цуьнга. – Х1а–а, и ца хаьа Дела воцчунна… – Ахь ма–бохху къена борз х1ара хилча, кхуо х1ун до жимчу нускалх? – хаьттира несо. – Хьуо мотт кхобуш вацахь, ши–кхо дош мукъане а алахь, – реза воцу кеп х1оттийра накъоста. – Ламазана тас, г1умг1ий кховдой, догдаьт1ча т1ечовхий, – забар йира кьуг бехкечо. – Цу шина х1уманна т1аьхьатесна кхин х1ун хир ду? – хаа лиира несана. – Кад–1айг, текх–цаца, тай–маха, мотт–г1айба, бежана–уьстаг1, керт–ков… Нус елакъежира: – Зудчунна дог1ург дерриге а, бохий аш? Жимма саца а вела, невцан накъоста юха а долийра къамел: – Лелла борз х1ара елахь а, берт1орза–м хьо а ма дац. Куй тоьхча охьа ца южу йо1 маре д1аяла еза олу. Хьо кхо куй тоьхча а йожалур яц. Х1инццалц х1ун деш 1ийна хьо? Кетар йолчо ца юьгуш, чоа долчух ца ешаш–м ца ихина хан д1а? Ирахь1ен ялийнарг йист ца хилира, амма цуьнан несо жоп делира, забар ечахо цо хеттахь а, боккъалчу озаца: – Хийла куьйра дара хьуна вайн керта б1аьрг бетташ, к1уж болу меъ дадо сак1амделла. Амма цуьнан 1индаг1 хаалушшехь, меъ, къайла а долий, д1алечкъара, леча ду ша д1адига дог1ур долуш, олий. Ша жима к1орни долуш дош делла кхуо, шортта тешаш а болуш, цхьана стаге хьоьжуш 1ен. – Делан возлора, – даггара т1етуьйхира несо, – шун вон мах–м ца хуьлу шуна, цхьа рицкъа а хилла, берта г1ахь!.. – Марйиша кочара яккха г1ерташ хестайой техьа ахь иза? – К1уж болу меъ–м хьа–ах дац цхьанне а новкъа, нахе а ца кхочуьйтуш шадолу г1уллакх до кхуо. – Ахь дуьйцург бакъделахь, дешин кхаба карийна тхуна. Дийца91


хь, хаза йо1, яах1ума ян мукъане а хаьий хьуна? Стенна делахь а, йо1 охьа а таь1на, халла хаалуш, елакъежира, бесни т1ехь к1аг а х1уттуш: – Хаьа. – Х1ун ян 1емина хьуна? – Жижиг–галнаш. – Корта 1овдал–м хьа–ах бац… Ва нах, и суна хаза ма хезна, – ойла йора куьг бехкечо. – Мичахь хезна техьа? Амма коьрта чуьра дохк д1аса ца даьржира. Ткъа несо, йо1 дезарш дан хууш хилар ч1аг1деш, кица далийра: – Бедана нека 1амо ца оьшу. Т1аьххьара дерзош, невцан накъоста хаьттира, шаьш юхадахка мегар дуй, аьлла. – Шайн лаамехь ду–кх шу. – Вай юхагале ц1ераш йиц–м лур яц хьуна? – забар еш т1етуьйхира цо. – Рицкъа делахь, ц1ерш кхаба еза. Дацахь – хаа оьшуш а яц. Нийса лоьй со, Туьйран Дада? Куьг бехкениг, ю 1оьттича санна, кхоссавелира: – Цу йо1а х1ун дуьйца–а? – Асий? Ас, дера, бах, со санна йолчу жоьра–бабас мера т1е п1елг а бетташ хоржур ву шена мегаш верг. Бакъ дац и, Туьйран Дада?.. Лов–в аьлла дег1ах ц1е елира куьг бехкечунна. Цунна т1аьххьаре а дерриге а дагадеира, гена заманчохь хилларг: кхунна хьалха 1ийриг дара кхуьнан жима «нускал» – Нура, «Дала даздина даийтина нур». *** Кхаьрга хьоьжуш синтем а байна 1ара Цуьрга. – Ваши, х1ун хилира шун? Хазахийтирий шуна йо1? – Х1ун хир дара цигахь? Со юьхь1аьржа х1оьттир–кха. Айхьа цуьнга аьлла х1ора дош дагалацал. – Ма товш ю хьо, ма хьекъал долуш ю хьо, сан нана елара хьо, – элир–кха, т1е а яхна, синкъерам д1абаьлча. – Хьох дага а юьйлуш 92

1ийр яра со. «Нана яц хьан?» – хаьттира цо, къинхетаме озаца. «Ян– м ю, йоцчу метта ю–кха. Гина а яц, юьхь т1ера евзаш а яц». – «Са ма гатде, дас юхаялор ю. Йитинчу зудчун к1ажа дашо тарло, боху». – «Хьуна сан да ца вевза. Цкъа цуьнан багах даьларг – чекхдаьлла ду». – «Ткъа х1инца хьанах дагайолу хьо?» – хаьттира цо. «Ц1ахь йолуш децех, Анух йолу, х1инца санна хьошалг1а еъча – дех йолу». – Деца хьахийча, цо и юхахаьттира, вайн юьртан ц1е а йийцийтира». – Хьалххе тхо муьлш ду хууш хилла цунна, ткъа тхо пайда мел боцу т1уьллиг буьттуш 1ийра. Дагахь кхаьрдана хир ю хьуна иза… Чухула волавелира Саиб: «Жима бер долчу хенахь ша соьга маре йог1ур ю, аьлла, дош делла ю иза. И дош ларош 1ийна дуккха а шерашкахь, ткъа суна нахана чул башха беран дош дош а ма ца хеттий…» – Х1а–а, и хилла–кха цо соьга баьхнарг, – духе кхиира Цуьрга. – «Шех ч1ог1а тешачунна харцдерг дийца мегар дуй?» – хаьттира цо соьга. Дог тешшна: «Дац», – элира ас. «Бераш теша. Ткъа баккхийчарна шаьш делла дош цу сохьта дицло. Х1етте а шаьш дешан дай а лору цара», – бахара К1ужала, цхьа ойла а еш. Амма х1етахь цо х1ун боху со ца кхийтира. – Со т1екхиийта а ма дийцира цо цхьацца х1уманаш. – Ваши, –самукъадаьлла елаелира йо1, – доцца аьлча, ах захало кхочушхилла–кх вайн. – Муха? – Вайша цунна реза ду, х1инца иза реза хилчахьана чекхдолу–кх. – Иштта дийцича–м, – юьхь серлаелира ден, – ах хилла а ца 1а, цо юхадахка мукъ ма белла вайна! Вайша х1ун дан дезий, Цуьрга? – Вайший? – хазахийтира йо1ана, ша юкъатоьхна. – Вайший. Синбилгало жимма а схьакъедча, аратасадала деза. – Гена доьдий вайша? – Муха–гена доьдий? Хьуна нана лаха езаш дац вайша?! – Ду. – Т1аккха цунах а кхетта, ма–дарра хилларг, лелларг дуьйцур ду, цо х1ун боху ла а дуг1ур ду. *** 93


Туьйран Дадас барт бан Цуьрга яхийтира: х1ара шиъ т1еэцахь, дагара дийца воллу ша, кхин а накъост а валаве бахахь – цхьадерг къайла ца дахийтича ца волу ша. Х1ара шиъ мегира йо1ана. – Суна хьо а, генара и хаза зама а дагаеъна хьуна, – д1ахаийтира Туьйран Дадас. – Цхьабакъду, хьо дагаяле а, хьох селхана б1аьрг кхеттчахьана дуьйна а, кийрахь нур догуш, самалхадаьлла ву со. Г1ан-набарха дуьхьал тесна сурт хиларна кхоьруш, садаккха а, сауоза а ца ваьхьаш 1ийра, ма-хуьллу сайн багана дола а деш. Ц1аьххьана самаваьллехь х1ун дийр дара ас? Бакъду, юхадахка ахь мукъ белча, г1еххьа синтем хилира: б1арлаг1а ца хилла дуьхьалах1оьттинарг. Сийсара дукха ойланаш еш садаь1на а вац со. Сайн уггаре а доккха г1алат а карийра суна. Бере аьлларг а, беро аьлларг а дош ца хетар ду иза. Ткъа хьо, жимчохь дийцинарг боккъалла а бакъ а хетта, и ларош кху хене яьлла. Ахь диначуьнан ч1ог1а сий до хьуна ас!.. Сайн бехкана къера а ву. – К1ужал, ва К1ужал, соьга цхьа х1ума хаттийтахь, – юкъаиккхира Цуьрга. –Хелхайолуш, кхо го бен х1унда ца боккху ахь? – Суо жима бер долчу хенахь, юкъара д1аяла а ца кхеташ, дукха хелхайийлина со хьан деца. И т1ехдиттина суна дехха… – Шуьша хьалххе девзаш ма–хилла! – йоккхаерца, йистхилира Цуьрга. – Муха дара и, схьа дийцахь, К1ужал. – И–м дийцича а эхь ду. Кхуо хьийзош аьлларг боккъалла бакъ ду моьттуш, мера т1е п1елг а тоьхна, йоккха хилча хьоьга маре йог1ур ю со, бохуш, хьан да хьийзина–кх ас. Кхин йо1 кхуьнца хелха а ца йолуьйтуш, кхунна нускал лохур ду шаьш баккхийчара аьлча, ца оьшу, со ду цуьнан нускал, бохуш. Еаре дийнахь берашна, саг1а а доккхуш, туьйранаш дуьйцура хьан дас, тхуна хаахь – тхоьга а дуьйцуьйтура. Кхечу деношкахь, шайна эвхьазалонна зудабераш ара а дохий, божарша туьйранаш дуьйцура. Т1аккха, пондар а локхуш, хелхабовлура. «Х1инца–м декъахь дай тхо!» – олий, зудабераш а д1акхетара. Баккхийчу мехкарел хьалха а юьйлуш, хелхайолу бохуш хьан дан хьийзина–кх ас х1ета. Я сайх нах боьлийла а ца хиъна т1аьхьа бен. Юха тхо пана махка д1а а дахна, бежнаш, уьстаг1ий а лелош 94

1ийна. Ткъа х1инца кху шахьаре хьошалг1а еъна со, тхешан гергаранах болчу. Шегара даьлларг дийца г1ертачу хьан дена дош ло вай?.. *** Т1ехьийза к1ант воьхна, ваьгна сацавелира, т1аккха а нуьцкъаха аратеттира багара дешнаш: – Хьо йиц а йина, масийтта зуда ялийна–кх. Собаре хилий, сема ладог1алахь. Х1ета вай дийцина туьйра хьуна дагадог1у я ца дог1у ца хаьа суна. Амма цхьана зудчо ч1ог1а д1алаьцца хиллера иза. Тида охьахиънера: Туьйран Дадас вийцинчу динберечун виъ ваша ву. Цуьнан шен а ву. Уьш дуьненан еа маь11е д1ахьовсийна. Изза дина цо ша а. Пачхьехь Дадин доттаг1 ву. Цуьнан шен а ву. Делахь – х1ета, Лаьхьарчаша делла жовх1арш цунна делла. – Нура, ладоьг1на а, ойланашка яхара. Юха цо меллаша хаьттира: «Хьан мух1аре хьажа мегар дарий?» – «Дара». Схьадаьккхина, йо1ана хьалхха охьадиллира Туьйран Дадас. Шен п1елга т1е а доьллина, д1асахьовзийра: т1етаь11ана къамелаш деш дара шайн бен тобеш дохку ч1ег1ардигаш; дов иккхина, вовше багаеттара москалша; х1ара мохь дукха беза бу шена, орцахахдовла! – бохуш, г1овг1а эккхийтинера зингато… Ша санна, шера кхеташ а дара цара массара а дуьйцург. Йо1, цец а яьлла, д1ахьаьжира т1ехьийзачу к1анте. Цуьргех ларлуш, цо б1аьргашца бен х1умма а ца хаьттира. Вукхо, халла хаалуш вела а къежна, корта та1ийра, амма цхьа а дош балдех ара ца далийтира. – Х1ума дагадог1ур долуш–м хилла и зуда, – элира Нурас, мух1ар юха а луш. – Иштта маь1на диначул т1аьхьа,-кхид1а а дуьйцура т1ехьийзачу к1анта, – шен йо1 сан ц1арт1е яккха араелира. Церан х1иллий, моттарг1нашший ца евзачу, сан дог к1ад а делла, ас ялийра. Цхьадика, церан дагахь дерг дукха хан ялале гучуделира. Цкъа сайн г1уллакхе а вахана, вухавирзина со, нускал ц1ийнах хьожуш доллуш 95


т1екхечира, массо а х1ума т1ек1ел а етташ. – Хьо х1ун деш ю? – Ахь д1адиллина ахча лохуш ю–кх? – Сан мичара ю къайлаяккхал шай-кай? – Хьуна, дахьа меттиг а йоцуш, шорта ц1ен деши, к1айн дети делла, боху. – Мила ву техьа сел ч1ог1а комаьршаниг? – Боьхах1ума. – Ахь дуьйцург нахана д1ахазахь, хьо ларт1ара яьлла эр ду хьуна. Сацаелла, ойлаеш а лаьттина, цо тийна, йиш йоьхна–а, элира: – 1овдал–л ю–кх со, цу туьйранах 1ехаелла йолу… Х1ара кхош, пхьаьжаш–м суна ц1ахь а дара, кхуза еъна ца кегийча а. Иштта кочара елира иза. *** Цхьа мур юкъабоьлча, соьца бала берг а, боцург а тохавелла, кхинаг марзйи суна: цул дика а, цул хаза а, схьаяьлла меттиг цуьначул оьзда йолуш а кхин йо1 ян а яц кху докххачу дуьненахь я хила йиш а яц. Схьаяли. Тхешан рицкъа а лохуш, цхьа хан яьккхи. Доьзалхо дуьнен т1е а вели. Цхьаъ 1оттаделча бен вевзаш ца хилла стаг ма–варра. Цкъа карзахдаьлла корах детталуш 1аьржа т1ам болу ч1ег1ардиг дара. Цо х1ун леладо хьажа, аравели со. Мотт бовзийта мух1ар д1а а дерзийна, хаьтти: – Хьо лаа дарий, хьо тара дарий? – Ша лаа а ду, тара а ду. Текхаргийн паччахьа сиха кост д1акхетадиэ аьлла дехар а дина, гена некъ бина ша. – Х1ун ала боху техьа дег1 текхочу сан вашас? – Хазанеха санна, ч1ог1а мохк бегор бу, боху, кестта. Хьуо а зу-

1Пачхье – столица 2Паччахьан г1аланаш – дворец 3Сур – войско 4Бута – бзык напал

96

ламах ларло, хьайн дагана мерза болчу нахе а д1ахаийта, боху. Латта х1инцале а, хорша йолалуш санна, генара детталуш ду; шаьш экаме долу дела лаьхьарчашна и хааделла. Т1аккха, чехкка хьуна орцахваьлла–кх дег1 текхо хьан сийлахь ваша. Ахь шайна а дина, бахара, и санна долу г1уллакх. Далуш долу сий дина, даггара баркалла аьлла ойланашка велира: жимчу шахьарахь–м бежана – х1ума арахецчахьана, ц1енош д1асадеттачу хенахь чуьра ара а девлчахьана, кхерам к1езиг бу. Б1е эзар к1ур болучу пачхьехь1 ма зенаш хила тарло!.. Цигахь чуэга кийча лаппаг1неш шорта ю, къаьсттана йистошкахь, нах дукха болуш вовше новкъарло а йийр ю кхерабелла, шаьш х1ун лелайо а ца хууш. Доцца аьлча, нускал санна, са ц1ена сайн дин хаза кечбина, сихонца новкъа велира со. Гу лакхе ваьлча, шакарца чехош, гу таь1е ваьлча, маьхьарца чехош, со вахна д1акхечира йоккхачу шахьаре. Воьддушехь, ойла йира ас: боьхах1умно боху аьлча, ларт1ара ваьлла мотталур ду. Кхин бехказло х1отто еза. Ц1аьххьана дагадеира: г1енакхоьлах дуьхьалтесна ала деза, ткъа суна гинарг декхалуш ду. Ма–ваххара паччахьан г1аланаш2 чу а яхийтина, мехкан дега дийца вуьйлира. Амма ха деш дийнна сур3 дара, со чу ца витира. Ца бешаш, боьлура: луъ–луург т1евитча–м, сийлахьчун болх бан а, сада1а а йиш хир яцара. Д1адиттича а, схьадиттича а, г1уллакх ца хилира. Йораббана, х1ун дича х1ун хир дара техьа?! Ц1еххьана дагатесира: Воккха-моллех кхета веза. Иза–х вай паччахьана т1екхочуш. Со доккха–маьждиге воьдучу заманчохь, маьхьарца, ц1ог1анца г1алара арауьдуш дара бежнаш, уьстаг1ий, говраш, цицигаш, ж1аьлеш. Моьттур дара: царна цхьаьне бута4 еана. Кхераделла, инзаре 1еха а 1оьхуш, уьш идар мохк бегор гергакхачаран билгало яра. Воккха-моллина хала делан балица т1екхачавелира. Амма цо ас дуьйцург тергал а ца дира. «Г1енах гинарг дуьхьара а лаьцна, сан хан яй араваьлла хьо? Пачхьалкхан г1айг1а бийриг а хилла, совг1ате сатуьйсуш лела хир ву хьо. Со г1ур вац хьуна хьан туьйра дийца 5Хамталла - ропот 6хьукма – сацам

97


сийлахь–воккхачунна т1е». Дан х1ума а ца хилла, Дадин доттаг1чун кет1а а х1оьттина, со ц1авирзира. Дукха хан ялале, пиллиг санна, ловзабаьккхира мохк, сан сайн дег1ана дан дола а доцуш. Къематде т1едеъна мотталора. Эзарнаш тиша а, шира а х1усамаш дамар-дарц хилла д1аехира, 1аламат дукха нах байира, д1адихкина дисина хьайба д1акъевкъира… Тезеташ, белхарш д1адирзинчул т1аьхьа къоман дена хамталла5 дан буьйлабелира нах. Цхьанна а х1унда ца хиъна, паччахьана улле ховшуш шорта хьекъалдай а хилча, дешнанах а хилча? Т1аккха бехкениг лаха вийзира, махкахойн оьг1азло цунна т1еерзо. Лох-лоху–уш, г1аддайна волу со карийра. Докъа–полла бина, вадийна со пачхьана хьалха д1ах1оттийра. «Хьуна хаьарий мохк бегор буйла?» – буьрса хаьттира цо. «Хаьара». – «Тхоьга схьа х1унда ца элира ахь? Оха цхьацца кечам бина хир бара, т1аккха иштта доккха зен хир дацара». – «Со хьуна т1е ца витира». – «Хьан?» – «Хьан г1аролша». – «Г1уллакхерчу кхечу стагана т1е х1унда ца вахара хьо?» – «Вахара. Воккха-моллига дерриге а далхийра. Амма иза сох кхарда а кхаьрдина, со аратасийтира, иштта хаам цхьанна а жайни т1ехь бац, ткъа со цхьана дикане сатуьйсуш лела, аьлла». Воккха-молла суна юьхь дуьхьала х1оттийра. Б1аьрга т1е б1аьрг а боьг1на, «къакъ», аьлла, багахь къера дуй биира цо, со шена дуьххьара гуш ву, аьлла. Паччахь цунах тийшира: и вевзаш а ву, динан да а ву, ткъа со мила ву? Моллин дош т1е а даьлла, бохаман берриге а бехк суна т1е биллира. 1едалан кхелехь 1ачу дешначу наха хьукма6 а дина, барх1 шо хан туьйхира суна. Чохь воллуш волуш, кхечу тутмакхаша дийцира: х1инца Воккхамолла верг цхьана заманчохь юьртан къеда хилла. Къоладан вахана стаг говро мийраш а тоьхна вийча, иза дин болучарах хьаьрчаш ма ву, бохуш, хьалхаваьлла лелла хилла къеда. Шаьш кхайкхина веана вац, шайна къола дан чуваьлла иза вукхара аьлча, шена Дала яздинчу 7когтосийла – предлог (бахьан)

98

рицкъана т1евеъна и, бохуш, харцо т1еяккха г1иртина. И дерриге а хезча, сайна цо динарг тамашина а ца хийтира суна… Цкъа тхо балха дуьгуш, сан б1аьрг кхийтира: 1ахар а бадалур болуш, йоккха аьрзу яра стигалхула хьийзаш. Г1ад деха мажар т1ехьажийра г1ароло цунна. И йийча а цунах бала пайда бацара цхьа а тайпа, х1етте а нийса топ кхетча а самукъадолур–кха. Цо лаг озо хан гергаеъча, ас б1аьхо д1а а теттина, олхазар к1елхьардаьккхира. Бакъду, иштта къинхетам ас барна шайн дог 1аббалц суна тоьпан бух–м биттира г1аролша, сан дан х1ума а доцуш. Делкъа-ламаз оьцуш со 1ачу хенахь, чо–шера аьрзу улле охьахиира. Олхазарийн маттах кхетийта дато мух1ар а хьовзийна, ас элира: «Т1ам маса сан ваша! Хьо лаа лелий, хьо тара лелий?» – «Ахь динчу диканна дуьхьала дика дан лаьара шена». – «Делахь, дег1 текхочу сан вежарех д1а а кхетий, Воккха-моллас тешнабехк а бина, чувоьллина чохь воллуш ву со, маьрша хилча хьошалг1а ца вог1уш оццул хан а йолуьйтур яцара, цундела суна бехк ма билла ала х1инццалц д1а ца кхеташ 1ерна а, вовше марзо ца эцарна а». Т1ам маса аьрзу мархашка елира. Цо сан кост д1акхачийна хилла. Кхану–у д1ахьаьжча, лаьхьарчийн г1ера, шайн сийлахь паччахь хьалха а волуш, новкъа яьлла хилла суна орцанна. Дег1 текхош бан беха некъ бу иза. Х1етте а бинера. Маситта баттахь. Цкъа Воккха-молла ц1а а веъна, парг1ат ваьлча, чохь шух–шух хезна. Д1аладоьг1ча лаьхьарчийн г1ера хилла чоь д1алаьцна 1аш. Кхеравелла, са долучуьра ваьлла. Меттавеъча, ц1оган боьххье а диллина, дато мух1ар кхоьссина цуьнан кара. Т1аьххьаре а, шекваьлла, п1елгах доьллича, мотт кхета вуолавелла. «Бехк а боцуш, ахь чуволлийтина тхан ваша, 1абдаррахьманан к1ант Саиб, кхаа дийнахь–бусий мукъа ца ваккхахь, – аьлла сийлахьчу паччахьа, – цул т1аьхьа дог1учу х1ора дийнахь хьан цхьацца доьзалхо д1овш детташ вуьйр ву оха, уьш кхачийча хьо д1а а къовкъор ву». Воккха-моллина х1ун когтосийла7 карийна ца хаьа суна паччахь 1ехо, амма со схьахийцира. – Дег1 текхо сан вежарий, шуна аьттонна говрашкахь д1акхетадой шу генарчу махка? – хаьттира ас сайна орцахбевллачаьрга. 99


– Ца оьшу, – элира церан паччахьа, – хьох беркат а даьлла, ц1адирзина тхо, тхаьш дина мохк ма–гиннехь юхадаха хилла ойла а д1аели тхан. Шен мохк санна мерза мохк хила йиш а яц… Дуьйцуш санна сиха ца йоьду хан. Со ц1ера ваьлла биъ бутт кхаьччера. Веана, чоьхьаваьлча, сан йиша Ану ю–кха ша 1аш. «Кху чуьра хьет1абехчалг мича яхана?» – «Хьуна барх1 шо хан кхайкхича, шена–м къахета шен жималлех, аьлла, д1аяхара». Со мукъаваькхинийла хиъча, юхаян г1оьртира иза. Амма со реза ца хилира, сайн гергарчара дехар дича а: суна х1ун хаьа, кхана 1уьрре сайх цхьаъ 1отталой а. Иштта тешаме йоцу зуда ца оьшу суна. Ша бохург ца хуьлийла хиъча, т1улган некъа т1ехь лаьттачу сан йишига схьакхоьссина карара йо1: шех дешаш доцчу шух схьаяьлла х1ара а ца оьшу шена! Ану халла схьалаца кхиъна, лаьттах ца кхетийта дикка охьа а таь1аш. И каде ца хьаьвзинехь, корта «т1ох», аьлла, эккхар болуш хилла, т1улгех а кхетта. – Бер доь ахь!.. – И хьаса–м кхечанхьа а тосур бара ша… Иштта шолг1ачух а къаьстана со. *** Чохь са дерг цхьацца бахьанаш ца лелийча ца волу. Йо1е хьажа а, ков–керт лело а накъост оьшура. Вевзаш мел волчо ч1огг1а мага а йина, кхоалг1аниг ялийра. Бакъду, кестта шеко–м хилира цунах муьт1ахь зуда хир яц аьлла: вайна чохь оьшу х1ума эца аьлла, ахча а делла ша туькана яхийтича, шена тайп–тайпана бедарш а, кхалла мазала 1иттина локъамаш а яхьаш чуеира. Майрчунна я йо1ана аьлла цхьа а х1ума ца эцнера. Хьиэ ца луш, иза къиза адам хилар а гучуделира. Урамновкъа дог1учу ж1аьлина г1аж тоьхна, ког каггийра. 1айнц, 1айнц, бохуш, мохь хьоькхуш, астаг1 а лелхаш, д1атасаделира и миска. – Стенна лета хьо цунах? Цо х1ун дина хьуна? – аьлла, човхийча: «Ж1аьла бен дуй и? Ма ч1ог1а верас х1оьтти хьо цуьнан», – бахара. Цул т1аьхьа хилларг кхин а боьха дара. Цуьрга кога а яхна, хьаьддий–еддий лела хан яра иза. Цкъа цхьанхьа ваханчуьра чоьхьа100

ваьлла со, т1ееана шен ког а ийбеш, цхьаъ дийца г1ерта. Мотт 1амаза дара бер, цундела цо бохучух ца кхийти со. Тхо тхаьш дисинчу хенахь йо1 хьосту кеп х1отти х1усамнанас. Амма вукхо юьхь т1е туйнаш туьйхи. Нанас санна, лерина лелийча хуьлу баркалла х1ара ду-кха, бохуш, елха хии. «Цуьрга, х1унда ди ахь и? Мегар ма дац», – бохуш, кхето г1ирти со бер. Т1аккхахула а со чувеъча, майра йолий, цунна, г1ам–г1им дора йо1а. Ткъа со ца кхетара цо бохучух. Амма кестта дерриге а гучуделира. Цкъа хенал хьалха чукхаьчча со, ирча сурт ги: йоккхах йолчу йишас настарш т1ера д1а а лоцуш, ц1ийннана яра йоь1ан когийн айрех сара бетташ. «Ч1ог1а туоха ахь, айри т1е тоьхча лар ца юьсу хьуна», – бохуш, хьехардеш сан стунйиша а йолуш. Т1акха т1аьхьакхиира со Цуьргас ий а беш когаш сайна х1унда ийхьина а, цо дестенчунна юьхь т1е шеташ х1унда тоьхна а. Цара ницкъбеш хилла–кх мотт а ца хууш жима долчу берана. Г1ибаяллалц етта а йиттина, ц1а д1ахьажийра ас и стех1ума а. *** Ларт1ахь зуда суна йоьг1на а ца хилла, бохуш, х1етахь дуьйна 1ийна со. Тхешан дезарш а тхаьш до. Хьалха ц1ийнан доккхах долу дукъ йишина т1ехь дара, йоккха мел хуьлу 1емаш, т1аьхьо и шена т1елеци Цуьргас. Нехан ц1арт1е яьлча а, тхуна чусадиллина ю Ану. Цхьадика, и яхнарг а, нуц вара аьлла ца 1аш, ваша санна, тхан накъост а хилла д1ах1оьттина. Сайгара дийлинарг цхьа х1ума ца лачкъош ас д1адийцина хьуна. Х1инца хьайна хетарг а, хьо тхох ешар яра, яцара а хоуьйтур–кх ахь. Нура, охьа а таь1на, ела а къежна, меллаша йистхилира: «Вуьрх1итта шарахь со д1айига хьо вог1ур ву бохуш а 1ийна, х1инца куралла йича хаза–м хир яра со. Делахь а, т1аьххьара жоп далале, цхьа хаттар, цхьа дехар хир ду сан. –– Хаттал. – Хьайна ца мега зударий бийцира ахь. Хьайна х1ун динарг товр яра хаийтахь. – Цхьа туьйра хезна суна жимчохь. 101


Саоьцу малик а, жима нускал а. - Г1еххьа мотт 1емина даьлла боьрша бер хиъна 1аш, хаьн т1ехь кхозуш т1оьрмиг а болуш, саоьцу малик схьакхаьчна. Х1ета гуш хилла, боху, уьш. Ахь х1ун леладо, аьлла, хаьттича, хьан ненан саэца деана ша, аьлла. Ой, нана а йоцуш долу дуьне шена–м ца оьшу, х1ун марзо оьцур яра ша? Цул а шен са д1а а эций, шена йог1у хан шен нанна д1ало, аьлла. Ша и дича, хьан нана мел холчохь хир ю хаьий хьуна? Цунна къахьлур ду х1ара маьлхан дуьне, бобер дисинчу хьуна чул а. «Т1аккха х1ун диэ вай? Ненах ваьлла х1ара дуьне хьеша ша реза вац хьуна». – «Ахь иштта ч1ог1а бохуш хилча, Делера пурба а даьккхина, хьан хенах цхьа дакъа хьан нанна д1алур ша, ткъа хьоьга х1ара к1айн маьлхан дуьне доуьйтур ду ахь зуда ялаяллалц. Амма ахь вайша бина барт цхьаьнге д1абийцахь, хьан а хьан ненан а саоьцур ша. Иштта реза вуй хьо?» – «Ву». Хуьлу–уш, воккха хилла. Нийсархой чубирзина, х1ара цхьаъ висна зуда ялоза. Нанас вуьтуш ца хилла, даима и т1ехдетташ. К1орда а дина, шех догдиллина, мехкаршна юккъера хаьржина, уггаре а хазаниг ялийна. Дег1ах хи а кхаьрзина, чухула юху х1ума а ц1енаниг йоьхна, Далла дуьхьала ваха кийчча 1аш хилла жимастаг. Деана, саоьцу малик схьакхаьчна, хаьн т1ехь кхозуш синош чудохку т1оьрмиг а болуш. Х1етахь маликаш гуш лелаш хилла, боху. «Вайшинна барт биц–м ца бина ахь?» – хаьттина саоьцучу малико. «Ца бицбина. Со кийча ву–кх хьуна». Когашкара озийна са ц1онге далийна, цигара озийна некхе далийна, т1аккха тасаделла, са хьала а даьккхина, т1оьрмиг чу кхоьссина малико. Цу хенахь т1екхаьчна жима нускал. «И х1ун ду ахь динарг? Ц1арт1е яьлла а ялале, сан х1усамден са д1а ма ийци ахь». – «Хан кхаьчна цуьнан». – «Ца кхаьчна хьо иштта д1а а г1ур долуш–м». – Ткъала-ап аьлла т1екхетта синош чохь долу т1оьрмиг бат1ийна жимчу нускало. Цу чохь мел долу синош шен–шен да волчу д1а а дахана, нах денбелла. Кхуьннаг а хьалаг1аьттина, доккха са а даьккхина: «Ма мерза наб кхеттера суна!» Малик арз эцна, Далла т1е дахна: жимчу нускало иштта–иштта тешнабехк би шена. «Делахь, ахь х1ун дей? Цу нускалан мел хан йисна?» Тептар т1е а хьаьжна, кхузткъа шо дисина, аьлла. «Т1аккха и хан нийсса юкъах екъа цу шинна, цхьана хенахь дехар а долуш, цхьана хенахь лийр а долуш». Цхьабарт болуш, мерза 102

ткъеитт шо даьккхина цу шимма кху дуьненахь. Доьзалш а кхиийна, ирс долуш даха а даьхна, цхьана хеннахь атта садаьлла цу шинна. И санна муьт1ахь зуда езар–кха суна. *** – Цхьа дехар а дара сан. – Схьадийцал. – Д1аяханчу мерзачу заманахь санна, бераш а гулдеш, д1абевллачарна т1ера саг1а а доккхуш, туьйранаш дийца вовшахдеттадалар. И сурт дуьхьалатуьйсуш, хийла хаза г1ан гина суна кху шерашкахь. – Цу т1ехь–м шеко хила ца оьшу хьуна!.. *** Сеттачу поштана йора дой а доьжна, дуьненчу кхета дашо малх санна хаза нускал цу поштана хаийна, и йигина йоссийра Дадин доттаг1чун х1усаме. Цигахь доккха ловзар лаьттира кхаа дийнахь– бусий, уггаре хазанаш совг1аташ дина, уьш шайн ц1а д1ахьовсийра Дадин доттаг1чо. Иштта гергара нах Дала ма эшабойла вайна! Массеран а доьзалехь барт хуьлда вайн, хьомсара вежарий, йижарий!.. Барт болчу чохь ца 1ийча дер дац ша, аьлла, дегабаам а бина, ворх1 ломал дехьа а даьлла д1адоьду ирс юхадирзина, боху, доьзалехь барт хиллийла хиъча! Соьлжа–г1ала 1999–2008 шш.

«Бусалба стеган хье баа…» (Доккхачу йозан т1ера жима кийсак) Мацах-мацах… Аьлча а: Это было, это было в те года, От которых не осталось и следа; Это было, это было в той стране, О которой не загрезишь и во сне. 103


Оьрсийн г1араваьллачу поэта Николай Гумилевс суна хьалхара маца хилла а, мичахь хилла а дийцина хилча, со х1ун хилла, муха хилла хаийтичхьана волу. Мел къаьхьа даахь а, мел къиза делахь а диэза кхоьллина х1ара дуьне кхит1е а марзда тохаеллера зевне б1аьсте. Шаш а башийна, г1овг1анца-ц1ог1анца охьахьадийра дистина дог1у хиш, дуьхьала нис-нисъелла чалх а такхош. Теттина хьалабалийтира лилула сийна бай. Гарманан аренаш кхелина д1ах1иттийра бос хаза зезагаш – бурула можа, шурула к1айн, ц1арула ц1ен, шекъан басахь. Нур дашо малх а бара са мел долчу х1уманна хьаам беш. Цу дерриге а 1аламна т1еоллабеллера бохь лекха башлам-шекар санна к1айн болчу шен коьртах безамехьа чалба а йихкина. Цунна лахара аьрцнаш 1арждинера дукъадала доладеллачу диттийн а, коьллийн а г1аша. Оцу ерриге а хазаллин да вара паччахь. Бусалба паччахь. Айбеллачу гу т1ехь, воьда майда а хаьржина, йина, сурт санна хаза, г1аланаш яра цуьнан. Дийнахь ц1ен деши санна лепаш, буса к1айн дети санна къегаш. Цу говза йинчу г1опан куц 1аламат тайнера нахана, генара дуьйна леррина цуьнга хьовса а бог1уш. Цу хьешашна маьрша яра к1ет1е а, уьйт1е а. Даима дуй техьа аьлла шун хуьлура х1оттадой, милла а шена эвхьаза хетачу тобанах а кхетта чоме хьажа йиш йолуш. Мукъа хан а нисйой араволура 1едалда а. Шина мог1ара, духьдуьхьла а бирзина, г1енташ т1е д1а а тарлой, дууш-молуш 1ара. Цхьаьна сискал йиъча, вовше марзо хуьлу, олуш ма-ду. Чулацаме долчу къамелаша а ч1аг1йора уьйраш-бусалба вежаршна, йижаршна юккъехь хила ма-еззара. Кхайкхаза баьхкинчарна там хуьлура паччахьца цхьаьна рицкъанех кхеташ а, цо дуьйцучуьнга ладуг1уш а, цхьацца долчу х1умана т1ехь и дагаволуш а: делахь-х1ета, церан хьекъал а ду-кх махкана оьшуш!.. Сийлахьчуьнан дикане сатуьйсуш некъ бинарш а бацара к1езиг. …1уьйре д1аяхана, де маьршадаьлла хан яра. Гулделла ох1ла1 1ох1ла – нах, адамаш 2ант - дефект

104

шек дара тахана шатайпа хьал х1оьттина хиларх. Цкъа-делахь, шун дацара хьахош а. Шолг1а-делахь, ша-ша бен кхин мила ву боху къонахий балийнера кхайкхина. Царах уггаре а хьалха кхечира вуткъа лекха волу Жуьнид молла. Нах уозалора цунах: шен буора б1аьргаш луьра т1едуг1ий хьан кийрахь доллучунна т1аьхьакхуьура дешнастаг. Х1етте а цунна герга а г1ертара, 1илма дезарна. Юьстахо лаьттачу, зезагийн курс санна, хазачу ж1угана юкъара схьакъаьстира масех маьлх-аьзни. Де дика диначул т1аьхьа, Къор1ан т1ехь зударех лаьцна х1ун боху хаа лиира царна. Моллас берриш а жоьжахате хьовсабо - Зударий жоьжахатехь богур бу-кх, - буьрса кхел кхайкхийра Жуьнид моллас. – Х1унда аьлча вон мел дерг царах долу: эладита лелорш а зударий бу, питана тосурш а зударий бу, ваша вешех воккху, бераш деца эвхьазадоху, зударийн мотт бахьанехь ши лулахо вовшахлета, виэр-ваккхар а хуьлуш. Доцчу денца, шаьш вовше а ца тарло, кура сетташ… Моллин бехкебарш муш санна дахделлера. Цо дуьйцу анташ2 шайца дуйла а хууш, йиш йоьхнера мисканийн. - Ваша, массаьрга а догдуьллуьйтуш, сел луьра ма ала, - дехар дира цара, хьаста а луш. Амма… - Шуна томана харцдерг дийца бакъо яц сан, - даздира Жуьнид моллас. - Бусалба дино дерриге а ц1ена леладиэ боху: дег1 а, бедар а, дог-ойла а. Уьш ерриш а деши санна ц1ена ю шайн аьлла баа дуй буй шун?.. Х1уьттаренна дуьйцу, догъ1аьржа ву, куцхьарам стаг ву аьлла шайна синтем бен барий, нагахь санна иза 1илманда вацахьара. Ткъа х1инца г1ийла кортош охкийна лаьттара х1орш: дог ч1ог1а дохийнера , кхузахь олуш ма-хиллара, бусалба вашас. Ла ца дийг1инарш а моллин къамел шайна довзийтича холчах1оьттинера. Уьш дика метта а бахкале, вовше кхаьънаш даха долийра: - Шайх-Ахьмад вог1у! Шайх-Ахьмад вог1у! Сийначу стигал басахь йолу оба а юьйхина, ло санна к1айн чал105


ба коьртах а хьарчийна, юьхь т1е девлла сира чоьш тукарца тодина кечвелла волу хенаро стаг гучуваьлча дег1е зуз хьодура, боккъала а цунна цхьа дакъа делла-кх Дала олий дагчу дуьжий (цунах дуьйцуш ма-хиллара). Мухха делахь а, нехан самукъадолура и гучуваьлча, кийрахь нур дага долалора. Бакъду, иза вог1уш лаьтташехь баккхийчарна т1е ца вахара. Лечкъаргех ловзуш дохкучу берашца цхьа а тайпа бала а боцуш, туьйлигана уллехь гуола а х1оьттина, доьду а дог1у а зингат тергалдечу берт1орзана гергахь сецира Шайх-Ахьмад, шен карарчу 1асанна т1е а тевжина. Са долчу х1умнашна т1аьхьа тиэкхачу к1антана кхуьнан носта новкъа хилира – цунах корта д1а а г1оьртина висира. Кхуо-м х1ун ден дарий; ша вацара цунна дагахьволлург! Коканаш санна 1аьржа долу шен хаза б1аьргаш кхунна т1е а доьг1на, жима къонах хьаставелира: -Дика Ваша, д1ахила, и беза мохь текхо хала ма-ду дег1 дуткъачу зингатана, сел боккха гуо ма тасийтахь цуьнга… Шайх-Ахьмад, вист а ца хуьлуш, д1атаь1ира. Хьаьдда т1е а баьхкина, 1еламстагца къамел доло бахьана лоьхучу зударша, к1антах кхаьрдаш, хаттар дира: - Цу Жимчу Хьасанах лаьцна х1ун эр дара ахь? Дукха хан ю-кха цу ц1инц1олгаша х1ун яхьа, мел некъ бо хьоьжуш и волу, кхин цхьа а дуьненан синкъерам а боцуш… Дика ла а доьг1на, Шайх-Ахьмада элира: - Ас дешначу Къор1анора, и к1ант я к1оргге хьекъал долуш хир ма ву, я кхоччуш 1овдал хир ма ву! Амма цо шена йина кхел хезаш а дацара берт1орза: и жим-жима д1атекхира, ги боьттина доьлхучарна т1аьхьа… Эццахь аьтто баьлла, тохарлера хаттар дира зударша: шайх лаьцна дино х1ун боху, аьлла. Берриш а ялсамане бог1уьйту - Цхьа а тайпа шеко йоцуш, ялсамане г1ур бу-кха зударий, Дала мукълахь! – доггаха 1а ялийтира Шайх-Ахьмада. – Шен дуьхьа дерриге а Дуьне кхоьллина волу Мухьаммад пайхамар винарг а ю зуда – Амнат, - охьабагарба волавелира иза. – Элчано ийман – ислам кхайк106

хо долийча уггаре а хьалха имадиллина цуьнан х1усамнанас Хедишта. Мел еза юьйцу цуьнан жима зуда 1айшат, йо1 Пет1амат. Иштта сийлахь ц1ерш кхин а ю шорта. Амма уьш а битина, вайна юххехь болу наной, йижарий дагалаьцча а дог токкха хуьлу вайн: кхерч цара латтабо; доьзалехь барт цара хуьлуьйту; берашна г1иллакх, оьздангалла 1амадо; ма-дарра аьлча, майрчух къонах вийриг а ю зуда… Цхьацца хилла х1ума а далош, ша аьлларг т1еч1аг1дира ШайхАхьмада. Жуьнид моллас бина хорам бастабелира. Зударийн дегнашна боккха хьаам хилира, ялсаманийн дог1анаш шайн кисана дехкича санна. - Дала дукха вахавойла хьо, Дала сий дойла хьан! – бохуш, мара а бетталуш, Шайх-Ахьмадан кисана саг1ина ахчанаш те1ийра бусалба йижарша. - Эвлаян дакъа кхаьчна ву боху иза! Цуьнан шина пханар юккъера т1еда гинарг бартхаттам боцуш ялсамане г1ур ву боху! – и д1авахча а хеставора зударша… 1есаваларна кхерам бу… Амма т1аккха а хецца паччахьан г1аланаш чуваха маьрша ца витира Шайх-Ахьмад. Божарийн пхьоьхана юккъера цунна т1евеира беркъа а волуш, озал валлаволлу цхьа г1аддайна стаг: - Бехк ма биллалахь, сиха-м хир вара хьо, Делахь а хьох дагавала лаьара суна, - бехказа вуьйлура иза. – Къелло лаг а лаьцна д1а ца хоьцуш амал дайина сан… со мел тийсаваларх … доьзал хьовх, ур-атталла сайн корта а ца кхабало соьга… Лелочух ими-беркат ца хуьлу… Ткъа къен стаг 1есаваларна кхерам бу, олу. Сайн хьал-де меттадало х1ун молха лаха ас? Х1ун дича бакъахь ду техьа?.. - Ас цхьа кица дагадаийта хьуна? - Даийтахь, сийлахь ваша. Хама Цхьа Дика стаг хилла Далла т1евоьдуш. К1езиг-дукха хан яьлча воьдучу новкъахь и т1екхаьчча цхьана мисканна. Ур-аттала т1ейоха бедар а йоцуш, бехке меттигаш къайлаяхархьама т1е г1ум а хьаькхна 107


1уьллуш хилла иза. Дикачу стага х1ун леладо, мила леладо хиинчул т1аьхьа, де доьхначо дехар дина: «Хьайн г1уллакх д1адаьлча соьгара бала бийцахь Деле, ас г1оде бахара алахь». Дика ду, эр ду ша аьлла д1авахана. Д1аоьху-уш, дажош шортта жа долчу стагана т1енисвелла. Х1ун ду, мила ду хиинчул т1аьхьа цо а дина кост: «Жа дукха дебаш, дахьа меттиг бац шен, жимма лахде бахара алахь Деле». Цуьнга а мегаш ду, д1аэр ду ша аьлла д1авахана Дика стаг. Далла т1е а кхаьчча, цуьнга шен г1уллакх дийцина а ваьлла, юхавирзина Дика стаг. Ткъа новкъахь дуьхьалкхеттачу шина стага шена т1едиллина кост дицделла хилла. Дерриге а хууш волчу Дала хаьттина: цхьаммо а х1умма а схьаала-м ца аьллера хьоьга? Т1аккха дагадеъна стагана: иштта а вуьшта а аьллера шега. …Юханехьа некъ бечу заманан чохь, хьалха жа дажочунна т1екхаьчча. «Сан дехар д1акхетирий ахь?» - «Кхетийра» - «Х1ун бахара Ницкъ Кхочучо?» - «Дала хьайна деллачу диканан хама ма биэ, т1аккха лахлур ду хьуна». – «Дала ларвойла и санна дерг дагадарх а!» Цуьнан жа кхин а ч1ог1а дебба… Д1авоьду-уш вукхунна т1екхаьчча: шега х1ун бахара? «Хьайна Дала деллачу диканан хама биэ бахара». - Суна-м х1ун дика динера Цо? - Хама ца бахь, кхин а вониг дан ницкъ бу Шен бахара Дала. - Суна дан-м х1ун дара Цуьнан, иштта а даа а доцуш, мала а доцуш, т1ейоха а йоцуш витинчу? Цуьнан багах и доллушехь, чехка мох а баьлла, т1ера г1ум яда а йина, нанас дена ма-варра, верзина висина 1есастаг. Жимма саца а велла, Шайх-Ахьмада элира: - Хабаро дуо ца буза, бохург хир ду хьан дагахь-м. Иза нийса а ду. «Тховсенна даа эмкалан лерг а ду, кханенна Дела юкъара а ву», - баьхна боху Турпал 1елас. Цунна а дайна, цкъачунна таро ян х1ара ахча ду шуна – зударша саг1ина делларг дерриге а ду кхузахь. Ткъа т1аьхьалонна оьшучу рицкъана цхьа г1айг1абер-кха аш… Паччахьан лазабаьлла корта 108

Доккхачу нана-ц1а чохь вовшахкхеттера махкахь ц1е мел йоккху дика к1ентий: 1едал карахь долу визар; эскаршна хьалхаваьлла волу туртекха; лаккхарчу г1уллакхера кхин а масийтта стаг; хьекъалдай… Уьш массо а г1айг1ане эггера. Х1унда аьлча паччахьан корта лазабаьлла дела. Г1еххьа дерг-м х1умма а доцу х1ума дара. Ткъа 1едалда туоха са доцуш, вала а вуола а ца вуьтуш хьийзавора. «Т1ох» аьлла т1улгах тоьхна эккхийтича, г1оле ериг хилча, и далла б1арзвинера. Хье чу к1ад ца луш з1ок еттара гуш доцчу олхазаро. Б1аьргаш дуьхьала марха туьйсура, гулбелларш б1арлаг1аш санна хоьтуьйтуш. Дуьйцург а ледаро лоцура схьа. Эхь дац х1ара боьрша х1уманна? – узарш ца сацалойц!.. Цхьаъ дара сатедеш: массо а г1аьттина, орцахбевллера, со бен мила ву боху лор а, бецашца г1олеян мел 1еминарг а, х1айкал-жайна даккха мел хуург а. Цхьабакъду, къинхетам бар бен, церан молханаша цхьа а тайпа хийцам ца бира. Т1аьххьаре а Жуьнид моллас валийнчу цхьана воккхачу лоьро элира: «Шен дарбан т1екхаччалц лаха деза молха. Кхин некъ ца карабахь бен ала ца лууш 1ара со. Бусалба стеган хье бао беза. Кхиина дог1учу бераниг гуттара дика хир бу…» Иштта дарба хьахош ца хезнера гулбеллачарна. Х1етте а шайн дан кхин шапа1ат доцу дела, цу воккхачу лоьро бохург къобалдина 1ад1ийра… Хьадалчаш д1атасабелира оьшург лаха. Т1аьххьаре а мукъаваьлла чувог1у - Схьавалавел Жима Хьасан. Вайн сацам цунна бовзийта ШайхАхьмад теттина, охьатухучуьра а бовлуш, аралилхира. Церан аьттонна, башха кхахьега а ца дийзира: кет1а ма-бевллинехь карийра къелло лаг а лаьцна, дан амал доцуш бисина доьзал. Кхо сахь деши ло шаьш элира, паччахьана дарбадайта бер доьхкинчунна. Дагах яьлла ц1е д1а ца яйалахь а, ойлане делира да-нана. Г1аддарна т1етайра: х1ара цхьаъ д1авоьхкича бухадуьсу ялх мукъане а мацаллех к1елхьарабахалурх бай шайга. Уггаре а г1ийланиг схьакъастий3хасп (дар) – убой; торговля мясом. 4ц1одар – недоразвитый, хилый ребенок 5латкъам - жалоба

109


ра. Иштта а вала герга ву иза. - Мичахь ву и к1ант? – бен доцуш санна хаьттира дас. - Зингатийн бенахь…беза. Паччахь коьртехь а волуш, ахгуо а бина 1ара лаккхарчу г1уллакхера нах, лоьраш, дарбанчаш, хьекъалдай. Царна дуьхьала х1оттийра эг1аза к1ант. Г1ийла корта а оллийна, ладоьг1уш 1ара хаспана3 магийнарг. - Иза-м цхьа ц1одар4 ма-ду, - меллаша балдаш хьадира паччахьа Жуьнид моллин верасе – воккхачу лоьре д1а а вирзина. - Цуьнан дилхах ахь х1ун до? – иштта лоха вистхилира важа. – Хьуна оьшург хье ма бу… Уьшал чу г1аж тоьхча совцу пхьидаш санна, д1атийра массо а. Т1е ма-хьажжи Шайх-Ахьмадана вевзира туьйлига уллехь ваьллина к1ант. Массо а воьхний, ойланашка ваханий дикка хан елира. Шена детташ долу ов ца сацахь а, паччахь а вацара дош ала сиха. Т1аьххьаре а меллаша цуьнан лере а таь1на Шайх-Аьмада шабар-шибар дира, кхечаьрга къаста а ца луш. Т1етовш, 1едалдас халла хаалуш корта та1ийра. Юха к1анте хьаьжира. - Хьо ма мискаваьлла 1а, ала х1ума а, хьайн бусалба вешига дан дехар а дац хьан? – хаьттира паччахьа. - Ас х1ун бохур ду? – къевлина долу балдаш даьстира Жимачу Хьасана. – Шегахь бала хилча я винчу нене, я вайтанчу дега буьйцуш хуьлура. Амма и шиъ со дуьненан рицкъанах д1а а воьхкина, долара дели. Шолг1а, шена харцо хааелча къедина т1евоьдура. Амма иза а хьуна со виэ а магийна охьахии. Т1аьххьара паччахьана т1ехьора шен латкъам5. Амма хьо а, сан ваша паччахь, - хьуна Дала маршалла дойла! – хьайна адам диэн а диэйтана и даа кечвелла. Т1аккха хьанна т1ег1ур ву со, хьаьнга бала балхор бу? Сайн болх Нийсо Езачу ВезаВоккхачу Далла т1е а биллина 1аш ву-кх со… Массо а кортош охьадахара. Амма 1едалдех уозалуш цхьа а 6ларгант – брадобрей, парикмахер 7мокха – бритва 8хьасене – приветливо, ласково

110

вист ца хилира. Т1аккха куьг бехкечо тоьшалла дира: - Ахь накъост ледарниг ца лаьцна-кх хьуна… Жимма 1ийна-а т1етуьйхира: - Цу Везачу Делан дуьхьа, со х1инцца охьа а кхетта лийр велахь а, хьо к1ант маьрша вити-кх ас. - Т1аккха суна т1ера д1аделла деши схьадоккхур дуй? – хаа лира Жимачу Хьасанна. - Дац! – цец а ваьлла цуьнга д1ахьаьжира паччахь. – Кхин со лайм вац д1аелларг юхаеха!.. - Иштта делахь, со реза ву. Хьуна Дела реза хуьлда, хьо Дала 1азапах воккхийла! Паччахьа, шена т1е а кхайкхина, къевллина маравоьллира хаспана валийна хилла миска. Шена къинт1ера а валийтира воккхачунна а лан хала долчу зерах ша чекхваккхарна. Юха Жимчу Хьасанан коьртах дай-й куьг хьаькхира 1едалдас: - Дера, бу х1ара хьекъал долуш корта. Вайн махкана а беркат дала мега кху къонахчух. - Дала мукълахь! – берттахь т1етайра чохь мел верг. Цара доккха садаьккхира: х1уъа а дийцича а, хьуо санна мотт а хууш долу адам диэн гулъеллачу тобана юккъехь 1ен атта дац. Бежана дуьйш а къахета, ткъа х1ара Дала кхоьллина са ма дай. Массо а д1а а бахийтина, Шайх-Ахьмад паччахьца сецира. Хьалха ларгант6 чу а валийна, «ч1арх» аьлла ц1ена д1абашийтира мокханца7 1едалден корта. Цул т1аьхьа меллаша п1елг а тухуш, лазош йолу меттиг билгалъяьккхира, шекъан къоламца гондахьа сиз а хьокхуш. 1аламат жима гуо хилира цунах. - Сан бусалба ваша, - мерза вистхилира Шайх-Ахьмад, - паччахьан корта лезча мехкан а лаза корта. Цундела ма-хуьллу маса туоба беза, нахана хуьлучу синтемна а. Бакъду, мелла а лазор-м ву хьо. Цхьадика, вай т1ам т1ехь долуш дуьйна чевнаш лан 1емина ву хьо. Ингалс – пачхьалкхехь бина лоьрийн маха кеч а бина, иза жимжима чубог1уьйтура, мелла а дилх г1орош долу молха чу а хоьцуш, кхид1а маха чута1ийча куьг бехкениг ца лазавайта… Иштта ч1ог1а 9маса – скорый, быстрый

111


ларлуш хье т1е хьаьдда ц1ий схьаийцира. Механ боьххьехь жима т1адам бара, цуьнга х1оккхул волчу стагана цхьаъ далур ду аьлча тешар а воцуш. - Вай «хьаьдда» алахь а, к1езиг ц1ий ду хьуна ницкъ бинарг, х1етте а хье т1ерачу пардонна тоьъна иза а... - Б1аьргаш доьхьлара бода д1абели, - воккхавиэра паччахь. - Кхид1а, нанас дена ма-варра, могаш-маьрша лелар ву-кх хьо, Дала мукълахь! – кхаъ баьккхира Шайх-Ахьмада. Шайх-Ахьмад г1аланаш чуьра араваьлча, тохарлеррачу туьйлига юххехь гуола а х1оьттина зингаташна т1аьхьа а текхаш, церан некъ беш карийра хаспана воьхкана хилла волу Жима Хьасан. 1еламстаг шена уллехь сецча, и вевзина, хьасене8 хьалахьаьжира жима къонах: «Паччахьехь х1ун хьал дара?» - «Г1еххьа г1оле хиллера цунна». – «Далла бу хастам», – хазахийтира Жима Хьасанна. Цу хенахь, гай даьт1ча санна, маьхьарий хьекха болабелира зударий. Уьш болчу хьаьдира Шайх-Ахьмад: «Х1ун хилла кхузахь?» - «Дог г1елделла йоьжна воьхкинчу к1ентан нана». Цунна т1е а х1оьттина аиташ дийшира 1еламстага. Йоьжна зуда жимма а меттаеъча хаьттира: «Х1ун лаза хьан, йиши?» - «Хьох болу бехк Дала лоьрийла, - элира зудчо, шен дагах ка а етташ, - Жима Хьасан лозу-кх, Жима Хьасан, 1ахар санна, охьа а виллина, урс хьакхийта д1авелла волу…» - «Хьо Дала дукхаяхайойла, ма хала дов дац хьайниг: д1о-о туьйлига уллехь зингаташца ловзуш ву-кх хьан сих схьаваьлла волу к1ант»… Нана башха тешаш а яцара цу дешнех. Х1етте а дикане сатуьйсуш, мох санна маса9, д1атасаелира цу аг1ора… 1ийна-а, т1аьхьавахара Шайх-Ахьмад. Зударийн ж1уга а яцара т1аьхьара йолуш. «Тохара кхунах лаций дош ала бехира аш, - вистхилира 1еламстаг. – Х1ета сан дийца х1ума дацара. Х1инца – ду: дуьззина хьекъал долуш к1ант ву Жима Хьасан. Вайн сийлахьчу паччахьна а тайра кхуо дина къамел. – Юха, туьйлиге а хьаьжна, хаьттира: - Зингаташа х1ун боху хьоьга, жима къонах?» 10юкъарло - посредничество

112

- Х1умма а. - Боху хьуна. Хьуна ца хеза-кха. Стигал къовкъале, къайлавала боху, шаьш санна. Гой хьуна, уьш шайн 1уьргаш чу д1аоьхуш? Дог1а дотта кечделча, хаьа царна, цундела шайн-шайн чу а доьлхий д1алечкъа. - Дика Ваша, хьуна зингатийн мотт хаьа? - Наггахь долу дош девза-кх. Уьш хьуна а 1емар ду, хьо д1аг1ерташ хилчахьана… Вало, нана ю хьоьга хьоьжуш, синтем биэ цуьнан. - Цара со воьхкина. Кхана 1уьйранна шаьш мацлахь шолг1а а вухкур ву. Цаьрца 1ийр вац со кхин. - Иштта ма дийца, дан амал а ца хилла ма дина цара иза, хьо ца везаш ма ца дина… Шайх-Ахьмадан юкъарлонах10 а г1уллакх ца хилира. - Т1аккха хьайн корта муха кхаба воллу хьо? – хаьттира 1еламстага. - Х1инца а ца хаьа… Ахь хьекъал лохь суна. - Жима Хьасан, хьо тахана вехха зингатий тергалдеш ваьллина. Бакъдерг дийцалахь: аркъал а даьлла, ког а хецца дижина 1уьллуш гирий хьуна царах цхьа а? - Ца гира. - Делахь, цара санна ахь къахьегахь, яа сискал хир ю-кх хьуна хьайна а, чувог1учу хьешана а. - Дика Ваша, ахь бохург дан со реза ву. Йолаха балха оьцур варий со? Ойланашка вахана лаьттара Шайх-Ахьмад. И шена доьхьала ву моьттуш, кхеравелира к1ант: - Меца ца витчахьана кхин мах бала а ца оьшу хьуна. Т1е юучунна т1ехь ас башха зен а ца до. - К1езиг юург мелхо а балха д1а ма ца оьцу?

11азат – свободный

113


- Х1унда? – цецвелира жима къонах. - К1езиг юучуьнан г1ора к1езиг хуьлу, т1аккха болх а ледара бо. - Ваша, хьо дика а вай, цкъа хьайца д1авига со, дохковалахь эккхийр ву ахь. - Иштта барт хили вайшинна. Делахь а, вайша новкъа валале, хьан нене вист хила воллу со. … Уьйт1ахь, кет1ахь шун х1оттийнера. Цхьаьна рицкъанах кхеташ, марзо оьцуш бара нах. Уьш инзаре а бохуш, тамашина х1ума дуьйцуш вара Жуьнид молла: - Вайн сийлахьчу вашас, паччахьа, элира шена дарбан виэ эцначу к1анте: «Сайн бусалба вешин хье а биъна тавала ца г1оьртуш, х1инцца охьа а кхетта вала кийча ву-кх со. Хьо азат11 а воккху ас, хьуна т1ера белла мах а, дог къинт1ера а даьккхина, шуна а буьту ас». Массарна а кхаъ хилира паччахьан дешнаш. Цо динчунна реза а хилла, Ницкъ Болчу Дала Жабраил малик даийтира хаам бан: «Ахь и дика дарна йовмал къемат де даллац хьан корта кхин лазар боцуш тобо Ша аьлла…» - «Остопирлах1!» - бохуш, цецбуьйлира ладог1архой. Царна юкъара Хьасанан нана юьстаха а яьккхина, къамел дира Шайх-Ахьмада. «И хьоьца хилча-м цхьа а тайпа саготта дацара тхо, - юьхь серлаелира ненан. – Ахь цунна вониг а 1амийр дац, 1уналла ца деш а вуьтур вац. Важадерг - Делан карахь ду…» Шайх-Ахьмаде хьежна синтем кхачийнера Жимчу Хьасанан. И юхавеъча, ч1огг1а цуьнан куьг д1а а лаьцна (ша а витина вадарна кхоьруш санна), улле х1оьттира жимха. - Дика Ваша, кхузара чехкка д1авахийтахь вайша, - доггаха дехар дира цо.

3-г1а дакъа

Мотт кхин болу вайн вежарий

Соьлжа-г1ала 29.03.2009 ш.

Оьпано тесна питана 114


(Хабар) Тахана болу, кхана болу, бохуш, даима буьйцуш лаьтташехь, даго аьттехьа ца дуьтура т1ом болабалар. Цхьаъ-м хала делабалица лайнера, шортта зенаш а, зуламаш а хиллехь а. Шолг1аниг ма 1аьткъар бу! Дог болатан ма дац. Цо ловр буй техьа иза? Вайна санна г1азакхашна а хьаьхна и. Цундела кхерамаш а туьйсуш, 1ад1ийр бац техьа? Амма ц1аьххьана… Ц1аьххьана хилир-кха иза юха а. Теркал дехьахь а, Элстанжа чу а бомбанаш туьйхира. Нах байира, чуолакх а бира. Со бен мила ву бохуш, хаьнт1е дез-деза герз а тесна, лелла майра къонахий а мича бахана а ца хууш къайлабевлира. Бала юха а мискачарна боьссира. Сан верас Аюб кхечира машенахь: вайн цхьаьне махках довла деза,доьзал к1елхьара ца баьккхича девр дац. Соьлжа-г1алара тхо ша волчу юьрта дигира, цигахь буьйса а яьккхина, вежарий г1алг1ай болчу д1атаь1ар ду вай, аьлла. Х1уманех шеддаш а дина, д1акхалха кийча 1аш бара уьш. Х1усамнана Малика юург-мерг еш д1асауьдура, тхо а т1е а кхетта, болх алсамбаьллера цуьнан. Цуьнан г1аддайнийла хууш санна уьйт1ахула парг1ата, шен дилх 1а1ийна дег1 а лестош лелаш яра хилла яьлла оьпа. И гича, Малика кхераелира, мохь а болуш, ткъа важа-м шек а яцара, и берриге а бахаман да ша юьсийла хууш санна. Делахь а, меттаеъча, Маликас девзиг тоьхна эккхийра кхайкхаза еъна хьаша. Х1етте а къар ца луш, кхин масситтаза хьалхаша йолаелира оьпа, эхь доцу б1аьргаш х1усамнанна т1е а дуг1уш. Са ма-тесси, тхо новкъа девлира. Г1алг1айчохь хилларг, лелийнарг деха ду. Цундела сайна тамашина хетта цхьа х1ума дуьйцур ас. Тхо цхьана юьртахь 1аш дара – сан доьзал, Аюбаг1арий. Амма петарехь цхьаьне дацара. Цхьана дийнахь дагахь доцу хьаша кхечи тхойга – Малика. Махках девлла 1ачу хенахь вевзарг гича самукъадолу, ткъа х1арам ца хилча ца тору ма ярий. Амма кестта сан хазахетар д1аделира:

115

1мук1арло - признание

д1ахьаьжча, Аюба етта а йиттина араяьккхина хилла х1ара. Бахьана а ца хьулдира – къоладина бохуш йиттина. Кху Чуьрачунга дийцина цо и дерриге а: «Г1енах-сомах дагадеъна а доцург дина аьлла юьхь1аьржа х1оттий-кха цо». Маликин ц1еранаш 25 километр гена кхечу юьртахь севцинера. Цундела цаьрга а хаийта, цул хьалха Аюбах а кхета, х1ун ду мила ду хьажа, т1е х1ума йоьхна а ваьлла со кех воллушехь, Аюб шена керла вевзанчу накъостаца жимчу машенахь схьакхечира. Сан некъ чохь а буьсуш дирзира. Чу а дахна, дистхилча, цо хаийтира: цхьа йоккха киртиг т1ех1оьттича бен т1екхевдира доцуш дас дуьйна гулдина долу ц1ен деши юьртарчу шайн кертахь лаьттах доьллинера Аюба. Юьхьанца цхьанне а ца хаьара цо и динийла. Амма цкъа шена ан а х1оьттина, букъ д1алаьцча, Дала дагатесира цунна: ша ц1аьххьана лахь довр ду, цхьа а пайда а боцуш. Цундела, дуй а баийтина, шинге дийцира: шен зудчуьнгий, шен 10 шо кхаьчначу к1антий. Х1инца т1ех1оьттинчул йоккха киртиг маца х1уттур ю, аьлла, оцу кхерамечу новкъа, луьрачу посташа юккъехула шайн юьрта вахана Аюб. 1аржъяллалц собар а дина, бел кара а эцца, вахана к1аг схьааьхкича, деши хиллачохь х1упп1елиг а ца хилла-кх. Кхеравелла, дег1ах хьацар тоьхна: д1абиллина сай болуш санна дог токкха 1ер д1адаьллера. Хьалха дукха вуоха а воьхна, берийн йиш лекхира: «Шайт1а, шайт1а, хьайн диканиг д1аэций сан вониг схьало!» Амма шайт1а я жин а кхунна деши дала кечделла 1аш ца хиллера. Ойла ян х1оьттира. Ша деши д1адилланийла шинне бен ца хаьа. Цаьрга хоттур ду. Хьалха берт1орзе хаьттина. Амма цо ца эццера. Делахь, кху «адам-йилбазо» даьхьина хьуна! Амма «адам-йилбаза» даре ца дора: т1екхевдина яц, ур-атталла дага а ца деъна шена кху бохама юккъехь. Делахь а, цуьнга мук1арло1 яйта г1ерташ, Аюбм «кхевдира» т1е. Г1ибаяллалц, йиттира зудчунна. Т1аккха а схьа ца дийцир-кха цо. Иштта дуьхьалбовлу-кх зударий, шайн сийдацарна!.. - Х1инца х1ун оьшуш веана шуьша? - Муха х1ун оьшуш? – цецвелира Аюб. – Сайн бахам оьшу-кха. Леяй а, 1ехаяй а схьабалийтахьара аш цуьнга. - Даьлла х1ума ду-дац а ца хууш, лета х1ун г1уллакх дара хьан? 116


- Оьг1азвахча шен зудчунна тоха бакъо а яц кхуьнан? – резавоцуш, юкъаг1оьртира невцан накъост… И дов дуьйцуш масех шо делира. Малика шен ден ц1а д1аяханера. К1ант ву хьан, юхаяха еза аьлча реза а ца хуьлура: ша эшахь, к1ант хьал-де хатта вог1уш хир ву. Боккъала а и ван а вог1ура шен са ма гатдели. Ткъа нана ган са даима а гатло. Ц1ехьа дирзинчул т1аьхьа, шен керт охкуш воллура Аюб. Юккъера-м нох даьккхинера, йистехь бел 1отта езара. Дагахь а доцуш оьпанан бен бохийра. Гинчунах цецваьллера Аюб: адамийн бен хьекъал дац олу вай. И аьттехьа а ца хиллера. Дика кхетамца бинера шен бен оьпано: ялта д1адуьллуш къаьсттана чоь яра, нех-боьхалла д1акхуссуш кхин чоь яра, ша чохь 1аш уггаре а йоккха а, хаза кечйина а чоь яра. Уггаре а хазаделларг х1ун дара аьлча,кхуьнан мел дайна ц1ен деши оьпа юьжучохь д1атардина дара. Кхано д1ателлича, кхуьнга дийцира: оьпа къегаш йолу х1ума ч1ог1а дукхаезаш ю… «Дала х1аллакье хьо, ахь тесна хилла-кха х1ара дерриге питана!» – мохь белира Аюбе, амма оьпа уллехь а яцара, кхуо дуьйцург хезаш а я цуьнца бала болуш а яцара. Цуьнан 1ойла йоьхнера, цундела иза шена кхин тоьла ца яьккхича ер яц. Дерриге а гучудаьлча а, Малика юхая реза ца хуьлуш хан елира. «Х1ун хаьа, кхана мукадехко хьой и деши я кхин х1ума. Уьш а ма ду цу кертахь жа санна лелаш…» Делахь а дехар дийриш алсам а бевлла, царна юккъехь кхуьнан к1ант а кхуьнан нана а долуш, т1аьххьаре а и т1етайра. Бакъду, цхьа дош-м даьккхира: майра шех кхин цкъа а летар воцуш, ша резавацахь юьтур йолуш. И дош лардеш а ву-кх Аюб. Къиг

2009 ш.

(Хабар) Г1аларчу 1едалан ц1енойн уьйт1ахь даьллачу куц-хазчу хьехана к1елахь берттахь ловзуш цхьа хан яьккхира шина берат1орзо. Юха, цхьана х1умана дов иккхина, т1ехбеттамаш бан волавелира шеа: – Ахь-м х1ун йийр яра, ва къиг?! 117

– Хьуо ма ярра къиг хьа-ах ю хьо! Оццу заманчохь волавала барт бинера ас лулахочуьнца. Сардал т1екаре а, дийца х1ума долуш а ву. Цундела цуьнан къамеле ладуг1уш ч1ог1а самукъадолу сан. Х1инца а, дуьйцуш-олу-уш т1ех а ваьлла, д1аваханехь волура тхойша, барх1-итт шо долчу к1енташа бохург тергал а ца деш. Амма Сардалан дагах хьакхабелла хиллера церан къовсам. – Хьажахь, – элира Сардала, – къиг х1умма а йоцу х1ума ю моьтту-кх царна. Цу хьокъехь дийца кица ду сан. Х1уъа а аьлча а, юха ца волуш, церан коча вахара сан накъост. Къера хилла сецира со а: царна т1ечехаш-х ваций иза, мелхо а хьекъал дала г1ерта. Ткъа вайн г1иллакхе даьккхича, и бакъ луьйра. – Йоккха-Г1ала ваханера со сайн цхьа г1уллакх эцца, – д1адолийра шен къамел Сардала. – Цигарчу вайн махкахоша цхьа жуьгти вовзийтира суна. Тхойшинна сихха гергарло тасаделира. Стенна делахь а, со тайна хилла цунна. Ша суна вовзийтинчу вайн махкахошна даре дина: нохчий иштта хьекъал долуш хуьлийла ца хаьара шена, аьлла. Цо аьллачух ца бешаш, вукхара, вовше къайллаха б1аьрг а та1ийна, бегаш бина: цецвала х1ума дац, шун х1у хьакхаделла ма ву иза! – Муха? – Цуьнан ненанана – жуьгти ю. Ткъа церан 1едалехь къам ненехула лору, цундела cо а жуьгти хуьлу. Шаьш гучу ма дахалахь цара а аьлла, уьш юьхь1аьржа ца х1итто, и аьшпаш бакъбан бийзи сан а: «Тхан-м «жуьгтий» бохуш дийнна тайпа а ду», – хазахетийра ас цунна. Иза-м харцдерг а дацара. Т1аккха тхойшинна уьйраш йиснарг а ч1аг1ъели. Пуьчаш ца безаш валаволлу со. Делахь а х1ета цара х1ара забар ца йинехь, х1инца дийца хабар хир дацара… Х1ора 1уьйре цхьабоьсса йолало. «Зар-р-р!» – олий ека з1е. «Со ладуг1уш ву». – «Эдуард ву». – «Ца вевза суна». – «Эдуард Григорьевич ву хьоьца къамел деш». – «И мила ву?» – юха а моттарг1анаш лелайо ас. – «Жуьгти Больцман»… – «И ша ду, жуьгти вевза, и сан ц1ийх схьадаьлла ц1ий ду, сах схьадаьлла са ду»… – «Ваша, атта 118


вевзар волуш-м ца хилла хьуна со». – «Суо хийрачу наха 1ехорна кхоьруш само латтайо ас». Юха и со волчу схьа а вог1ий, тхойша цхьаьна юучух а кхетий, т1аккха кхарста воьду Йоккхачу-Г1алахула. Мега мел йолчу фирманашкахула чекхваьккхи со, «Х1орш вайнаш бу» бохуш, вовше тхо довзуьйтуш. Т1аьххьара тхойша воьдуш, лаьттахула хьоькхуш дарц дара, ахь букъ берзийча, вадавой, хьалхакхуссуш, юьхьдуьхьала вирзича, лайн чимаший махой вагош, к1егарнехьа туьттуш. Т1ехиъна ваха цхьа а г1ирс ца лелачухула тиэкха тхойша. Г1оддаха юхатуьтту дорцо, г1орийна ю дег1ан массо а меже, бат шелъялар-м дуьйцийла а яц. «К1адвелла; чуьра са долуш доллу», – ала даго ца вуьту со. Соьга схьа а хьаьжна, къинхетам бира Больцмана, эг1аза ша велахь а, х1уттуш воцучу: Овх1анехь бинчу т1амо а, Чернобылера бохам берзош къинхьегаро а чахчийна вара иза. – Кхуза гена йоццуш вайчеран фирма ю, – элира цо. – Вохвала чувуьтур вуй цара? – Къамел а дац… Боккъала а генахь а ца хиллера; т1екаре т1елецира тхойша. Чохь совнаха хьаькамаш а боцуш, синпарг1ато хилира суна. Веъна Къилбе Корейра совдегар а хилла, самукъаделира Больцмана. Йохка-эцаран сайн цхьа а тайпа хьуьнар ца хиларна, ас и тергал а ца вира. Со иштта волуш воккхавийра бухара менеджер а, соьца д1авеъна накъост а. Кхано кхийтира со: дийца х1ума кийра доьссина яра коьрта бухгалтер, шен самукъа ца доллушехь, цуьнга цкъа ладоьг1нера менеджера, амма важа чудоьссинарг охьа1анорах ца 1аьббера, и хьенан коча тосур ю ца хууш 1аш хиллера белхахо. Соьца верг а сиха кхийтира х1оьттинчу хьолах (и боккъала а ма ву жуьгти), уьш махкара воцчу хьешаца цхьана соне бевлира, Римма Ахметовна суна а йитина. Со х1умма а дохко а ца велира-кх, цо дуьйцург суна тамашина хетаделла дела. Ц1е санна, довха чай доьттира, ас г1иллакхана ца деза боххушехь. «Муха ца деза, сел шийлачу арара чувеъча?» Дукха дехарш а ца дойтуш, ас стака бете даьхьира – иштта мерза хеташ чай цкъа а ца мелла ас, цул хьалха а я цул т1аьхьа а. 119

– Сардале дийцахь хьайх 1оттаделларг, Римма Ахметовна, – элира Эдуарда, – цунна ч1ог1а хазахетар ду хьуна. Йогу шен беснеш соьгахьа а ерзийна, сан амал толлуш соьга лерина хьажира г1еметтах1оьттина зуда. Кхуьнга дийца мегар ду аьлла сацам хиллачух тера дара цуьнан. – Гурахь дара иза, – д1адолийра шен къамел Римма Ахметовнас. – Балхара яьлла со ц1а йоьдуш, тамашина сурт дуьхьалах1оьттира: бочаб1ар бага а доьллина, дикка лакха а йолий, и чухоьцура къиго. Маситтаза дира цо и. И стенна леладо ца хууш, цуьнга хьожуш со а сецира, дехьахь и тергалъеш жима к1ант а лаьттара. Т1аьххаре а б1ар иккхича, цуьнан т1ум д1акхалла т1ехьаьдира къахьоьгуш долу олхазар. Амма цул каде хилира кхин къиг – га т1е а хиъна 1аш яра и, наггахь бен б1аьрг а ца боьллуш. Х1етте а рицкъа хааделча, маса хьаьвзира. Х1инццалц къахьегнарг ц1ом а оллийна юьстаха елира. Амма цул ч1ог1а догдаьтт1а хиллера цигахь хьоьжуш лаьттачу к1ентан. Цо схьа а эцца т1улг тоьхна, т1ам бойра харцо йинчу къийган. – Х1унда ди ахь и, х1инца т1ема яла а, шена наппаг1а лаха а аьтто боцуш ма йити ахь иза! – дов ди ас. Важа х1умма а дохковаьлла вацара: – Цуьнан х1ун бакъо ю нехан б1ар даа? И нийсо яц! – Хьуна х1ун хаа къигашна юккъехь нийсо-харцо муха лору? Уьш адамийн кхетам, адамийн г1иллакхаш долуш ма яц. – Ша къа ца хьеггарг ма ядае цо! Къа а хетта, т1ам бойна къиг ц1а йиги ас. Олхазарийн лор а валийна, цуьнга дарба а дайтина, х1ун яо еза, х1ун мало деза а дийцитина, цуьнан 1уналла дан йолаелира. Жим-жимма талуш, меттаеира къиг. Ас коран б1аьрг биллина буьтура суо арайолуш, цунна д1аяха дагадаг1ахь а, бохуш. И наггахь кхарста йоьдучух тера а дара, амма чохь йоцуш цкъа бен ца нисделира. «Могаш-маьрша ша хилча, цуьнга х1ун х1оьттина кху набахти чохь ялла, – дагадеира суна. – Олхазарш парг1атонехь лела 1емина ма ду». Амма со г1алатъяьлла хиллера: суна ч1ог1а хаза а хоьтуьйтуш, т1ам тоьхна еъна схьакхечира къиг… 120


Иштта тхо 1аш-дехаш долуш, дагахь доццург хилира. Йоь1а з1етоьхнера соьга, к1ирандийнахь шен жима йо1 а ялош, со йолчу хьошалг1а йог1ур ю ша, аьлла. Готтара кечъелла, качъелла, мерза мел хин йолу юург йина, са т1ема даьлла со йоллуш, не1аран горгали туьйхи. «Х1а, сан хьоме хьеший схьекхечи!» – аьлла, горга б1аьрга чухула ара а ца хьожуш, не1 схьайилли ас. Сан самукъадалар дай, цкъа а хила а ца хилча санна. Ши къаркъан кад вара суна чуг1ерташ. Со мел ч1ог1а тасаяларх, не1аран аг1о церан карара ца йолура. «Х1ун оьшу шуна?!» – т1ечевхира со. «Къанделла гужам…И нийсо яц, – бахара хьалхаваьллачо, вехана мотт тийсалуш. – Пенси а хьуна ю, доккха алапа а хьуна ду, т1е хьо цхьаъ бен яц. Ткъа тхойша бага кхагар а йоьллу лела, дан амал а доцуш. Оха хьуо лазаяле, ахча схьало!...» – «Со шуна х1умма а декхаре яц, т1етатта не1». Амма уьш, со йийна а, малар мердолуш бара. Ас не1 т1еийзош, цара д1аийзош дохкуш дала орца доцуш йисанера со. «Х1ума туохий, туьта кагъехь, – элира т1иэхьа лаьттачо, – вуьшта и къарлур йолуш яц». Оккхало санна, цхьа г1аж ойъушехь хьалха лаьттачо, ткъала-ап аьлла, цунна т1екхийтира къиг, т1емаш а даржийна, царна оьг1азъяхна, месаш а юсийна, йолучул а йоккха хетара иза. Зуламхочун куьйгах ира м1араш тесна, коьртах а хьаж т1е а, болат санна, ч1ог1а з1ок етташ доллура дарделла долу олхазар. Лазийна, чож даьтт1ача санна мохь белира хьалхаваьллачуьнан: «Вадалахь чехка, г1омалха оьху г1ам хилла х1ара, х1инца къиган сибате а йирзина сан к1умс юуш ю хьуна!» Ведда къайлавелира шеа. Т1ееттало къиг д1аяккха г1ерташ, т1амарш а лестош. Мацах къиган т1ам бойна к1ант дуьхьалкхетча, цо, юьстаха а г1ерташ, элира соьга: – Хьо дика зуда яц. Сан да чуолакхавина ахь. Ас жопделира: – Жима къонах, къигана хьекъал дала г1ертачул, хьайн да кхетаве: цунна мала дагадеънера аьлла, нехан ахча д1адаккха г1ерта мегар 1Жут – стая (птиц)

121

дац. Нийсо юьйцуш вацара хьо? Иштта хуьлу т1аккха нийсо?.. Цкъа ц1а еъна со, къиг яц-кха. Новкъадеи суна и, барам-чот йоцуш! Амма дукха хан ялале, шена нускал а далош юхакхечи. Ша 1аш сахьийзаш хилла хир ду-кха цуьнан. Цунах йоккхаеш 1аш ю-кха со. -Шу кхийтарий, кхохкаелла н1аьна-к1орнеш? – вистхилира шина к1анте Сардал. – Кхин къигашна а ма лиэ, вовше а ма къийсало: шена тоъал стаг воцуш цхьа а вац шуна. Берийн дагахь х1уъа а делахь, суна-м тайра цо дийцинарг. Ткъа шуна муха хийтира, х1ара дешна вежарий, йижарий? Соьлжа-г1ала 16.02.08

Г1арг1ули (Хабар) Г1арчч1ъаьлла са д1а а лаьцна, сагатдеш, сахьийзош, холчах1оттийнера бай т1ехь ловзуш воллу иттех шо кхаьчна к1ант. Ва нах, и бале лаьцнарг мила ву техьа? Саца а велла, лерина ладуьйг1ира Жимчу Хьасана. Боберийн узарш санна, г1ийла аьзнаш дара генара схьахезаш. Хьаж дуьхьала лаба еш куьг а х1оттийна хьалахьаьжча, г1арг1улийн жут1 гира, цкъа ира са бой д1айоьдуш, юха, х1оз хуьлий, цхьана метте хьаьвзаш. Цара беш хиллера дагна хорам. Рузбана ваха араваьлла кхуьнан верас Шайх-Ахьмад сацавелира, х1ара дукха воьхна а хаавелла: - Хьуна х1ун хилла? - Д1о-о-о сийначу стиглахь олхазарш тийжича кхуза лаьттахь волчу сан велха дог х1унда дог1у, ва Дика Ваша? Г1еххьа хьалахьоьжуш а лаьттана, воккхачо элира: - Дера, Хьасан, 1аламат боккха бала ма бу царна боьссинарг. Цундела, хьаьнга орца доккхур дара ца хууш, хьан догъоьцур дара ца хууш, ма-хуьллу маьхьарий детта цара. Ткъа уьш вайн дагах чекхдовлу, вайн са а лоцуш.

122


- Х1ун бала бу техьа цаьргахь, сел ч1ог1а елххал? - Кхин боккханиг хила йиш йоцуш боккханиг: шаьш йинчу, шаьш кхиинчу махках йовлу г1арг1улеш. - Х1унда? - Вайн кхузахь шело х1уттуш лаьтта, уьш йисахь милла лийр а йолуш. Цундела йовхачу метте д1аяха новкъа евлла мисканаш. - Ваша, гуттаренна а махках йовлуш ю уьш? - Даламукълахь-м, яц! Б1аьсте ма елли, юхайог1ур ю!.. Хьасанна мелла а синтем хилира цунах: цхьана 1ай сатоьхчахьана, шайн мохк юхагур бу куц долчу цу олхазаршна! Ткъа верас, Жимчу Хьасанна и кхетам а белла, кхечу божаршца маьждиге д1авахара. Берат1орзо б1аьрг т1ера ца боккхура г1арг1улешна. Герга мел кхечи, онда йовлуш санна хетара. Ва нах, уьш лаа юй техьа? Хьовсийша, хьовсийша, лаьтта охьаховшуш яйц! К1адъелла, сада1а дагадеъна техьа? Жимчу Хьасанна х1ета ца хаьара, цаьрга х1аваэхь а сада1алойла а, г1арг1улеша, шаьш т1ема а евлла геначу метте д1айоьлхучу хенахь, г1ийланаш, цомгашнаш т1иэхьах1иттайой а, т1аккха вукхарна некъ бан атта хилла ца 1аш, набаран тар таса а йиш хуьлийла а. Иза Дика Вашас т1аьхьа дийцира цуьнга. Х1инца т1емаш, г1уора а дина, ша лацабелла дара, цундела кхин д1аяха де дацара. Iома йистте охьахевшира уьш, жимжимма гуо туьйсуш лах а елла. Хьалха цу безамехьчу суьртах 1ехавелла а лаьттина, юха берех цхьамма ласттийна г1аж тоьхна г1ог1 дойра цхьана мисканна. - Хьо ларт1ара-м ца ваьлла, ва къиза х1ума! – чуг1оьртира Жима Хьасан. – Лаза ма йи ахь и. - Цу т1ехь йита ца воллу со-м, - шек а вацара важа, – ц1ергахь а еттина, сайн гай чу кхосса дагахь ву-кха. - Сан дег1а чохь са а долуш-м юур яц… Ши к1ант доггаха вовшахтасавелира. 2Зоьпар – ходули 3Косказш - ходули 4Ург1ал – дылда 5Г1ера – отряд, группа

123

Бераша х1ара шиъ къастийний, дов дерзиний долучу юкъа, маьждигера бог1урш а т1екхечира. Царна юккъера кегийнах а г1оьртира, шашаха карадаьхкинчу олхазарийн жижиган чоме хьовса. Т1улгаш а, г1ожмаш а кхисса буьйлабелира. Амма Дика Вашас маггане а мага а ца дина, жайнахь къа летар ду аьлла ду бохуш кхерамаш а тийсина, хала дела балица совцийра уьш и жут х1аллак ца йойтуш. Вуьш-м, ша бешина ма беллинехь, т1ема а евлла, ладуг1учуьнан дог дуткъадеш, тийжа а тийжаш, д1аяхара. Ткъа астаг1 т1од Жимчу Хьасанна йисира. Цо ц1а а яьхьана, лерина 1алашйора г1арг1ули. Лаз йинчу г1ог1анна зоьпар2 тохийтина, кисанца дихкина, дарба дира. Еззарг яайора, маладора. Чу са деанчул т1аьхьа Хьасанна т1аьхьара ца долура олхазар. Косказш3 санна, лекхачу когаш т1ехь шен оьзда дег1 кура саттийна, ехачу вортан т1ера шен хаза корта вуно лекха айбина, к1антана улле йолий лелара. «Х1ара ург1ал4 т1аьхьа а тесна вог1у Хьасан а», – резабоцуш олура цхьаболучара. Кхечарна уьш цхьаьна товра. Мухха делахь а, уьш цхьаьна ган 1еминера юьртахой, и шиъ вовшахдаьлча мегар дацара аьлла а хеташ… Т1ееира хаза б1аьсте. Бай бара хьалаболуш, хиш малделла дог1ура, лилула сенъеллера стигал. Самукъадаьлла эшарш лоькхуш хаалора хьозарчий а. Цкъа д1атаь11инчохь наб озийнера Жимчу Хьасанна. Гуш г1ан а ма дацара, диканиг а я вониг а, амма ч1ог1а лазадаьлла дог а, б1аьргех оьхуш хиш а долуш самаиккхира. Х1ун хилла техьа х1инца? 1аччохь ладуьйг1ира. Хезаш дара г1ийла аьзнаш, белхаме аьзнаш. Ара а иккхина, стигала хьалахьаьжира: са баьржина йог1уш г1арг1улийн жут яра. «Далла бу хастам! – хазахийтира Хьасанна. – Уьш юхайирзина!» Кхаъ баккха дагахь т1ам шерачу шен доттаг1чуьнга д1ахьаьжира Жима Хьасан. Амма цуьнга х1умма а хаийта дезаш дацара. Йиснарг а ях а йина шен еха ворта, стигала а хьоьжуш, лерина ладоьг1уш яра г1арг1ули. Шен сихдоьлла аьзнаш довза а девзина, дог деттадала доладеллера мисканна. Юха, дег1 диэгош, туоха а елла, т1ема елира. Жимчу Хьасанна т1ехула а хьаьвзина (цхьа гуо а тесна!), сингаттаме 1цана - покос 2кес – полоса скошенной травы

124


мохь а бетташ, шен вежарий, йижарий болчу д1атасаелира. Царах д1а а кхетта, къайлаелира… Халахетта, ийза а ца луш, вилхира Жима Хьасан. Цуьнан коьртах, синтем беш, куьг хьаькхира Дика Вашас: - Вуоха ма вуоха: х1ора са долу х1ума шех терачийн г1еранца5 яха еза: адам – адамашца, борз-берзалошца, г1арг1ули-г1арг1улешца… И бакълоьйла-м хаьара Жимчу Хьасанна. Х1етте а… Цкъа марайолла мукъане а иза юхаяре сатуьйсуш, кест-кеста сийначу стигала а хьоьжуш, 1аш-вехаш ву к1ант х1ета дуьйна. Амма цкъачунна гучуяьлла-м яц астаг1а йолчу хенахь кхуо лелийна, кхуо доладина йолу г1арг1ули. Соьлжа-г1ала 2008 шо, ноябрь, 7-г1а де.

Зу (Хабар) Дика туса а туьйсина, ирбинера мангал. Баккхийчаьрца цана1 хьакха ваха кечвеллера Жима Хьасан а. Цанин куп генахь яцара, цундела некъана дукха хан ца яйра. Болх д1аболийра. Кесарш2 охьайохкура, самукъа а долуш. Ц1аьххьана, суйнаш а тосуш, цхьана х1уманах д1акхийтира мангал. Хьасанна халахийтира: сел лерина ирбина мангал артбелла хир бу хьуна. Т1улгах кхетта техьа иза я аьчгах? Д1ахьаьжча, к1охцал – барз а хилла 1уьллучу зуьнах тоьхна хиллера. Миска–я1! Йийна–кх ша иза, аьлла, дагатесира Хьасанна. Цунах къахетта, к1ентан б1аьргаш чу хи доьссира. Кхин буц хьокхур яц ша тахана. Иштта догдоьхна а волуш, йол гулйира Хьасана. Меттиг ц1анйиначул т1аьхьа, сада1а охьахиира. Д1айоьллича х1ун дара техьа иза? Я ма–ярра йитича бакъахь ду?.. Шина даггахь х1ара 1ашшехь, санкъ–синкъ аьлла д1айолаелира зу. Хазахийтира Хьасанна, дуьйцийла а йоцуш! Йийна ца хилла зу! Далла бу хастам! Дийна ю, дийна ю!.. Шен куйна а йиллина, ц1а еира. И зулам дарна къинтера яккха г1ерташ санна, доггаха лелайора Хьасана зу. Шура юттура, мел ме125

гарг лора: 1ежаш, кхораш, хьоракамаш. Амма массо а х1уманал а ч1ог1а дуура цо кхаьрзина х1уш. Ша дехкий а лоьцура. Кертахь «ц1ур–ц1ур» хезачуьра д1адаьллера. Цкъа т1ек1елдоьттина 1оьхку аннаш схьа а эцна д1адахьийтира баккхийчара. Бен бина хиллера зуьно царна к1елахь, г1аш а буц а буха а йохкуш. Амма, шен 1ойла йохийча, т1епаза яйра. Цкъа а хила а ца хилча санна. Дегабаам биначух тера дара. Ткъа Хьасан, хорам хилла , вехха воьлхуш 1ийра. Цунна дукха ма–езара иза ч1огг1а. Амма х1ара байлахь а витина, зу д1аяхана. Соьлжа–г1ала 2008–чу шеран август, 5–г1а де

Гила борз (Хабар) - Малх дукъал т1ехьа баьлла, - дагадаийтира Ризвана шен накъосташна.- Маьрк1ажа-бода къовлабалале ц1ехьа даха деза вай. Цхьа а доьхьала вацара. Царна хаьара - и бакълоь: лам духерчу хьуьна юккъехь сиха 1аржлуш лаьттара. Ткъа х1ара ялх берат1орза дечиг даккха арадаьллера. И дезар дар-м кхунна, пхийттара а валанза волчу Ризванна, т1едилланера. Амма дас лелош йолу «Беларусь» хьала а латийна: «Трактор хахка хьанна лаьа?» - кхуо оллушехь, г1оьнчий бевлира. Кхул кегий-м бара уьш. Амма кхуьнан г1уллакхана кхачамболуш бара. Балха т1ехь дика кайолура церан. Дакъадел-делла дитт, диг тухий-тухий я херх хьокхий-хьокхий, г1овг1анца-татанца дожадора. Кха тилла г1еххьа хинйолчу барамехь туьппалгаш хедайора. Уьш прицепа т1екхисса а дара атта. Хи ма-хутту и юьзча а ца 1ебара – барз баккха лууш хьебеллера уьш. - Болийна хен чекх мукъане а боккхий вай? – хаьттира цхьамма. - Дера, боккху. Бита кхоам бу цуьнан, - жопделира Ризвана. – Ас х1инцца, лата а дина, тракторан стогарш т1едерзор ду. Дийнахь чул дика са а гуш 1ийр ду вай. Орца (арц) – поросшая лесом горная местность Гила борз – оза, меженаш ч1ог1а а йолуш, каде борз

126


Амма ша бохург дан жимастаг кхиале, массо а цецбевлла д1атийра: гонаха гуш-хаалуш адам доццушехь, цхьа безамехьа зуькар дека доладелира. Кху буьрсачу хьуьна чохь, д1о-орчу дукъа т1ера схьа. Хьалхара олура стомма аз долчо. Т1аьхьара даладора цул дуткъониг долчо. Ткъа мукъам тобеш – хазбора готтара дуткъачу аьзнаша. Уьш массо а цхьаьна дог1уш а товш а дара. Осто-опирла! Ма тамашина х1ума ду х1ара! Буьйса юлучу заманчохь, орца а баьхкина, зуькар дан дагдар! - Жинийн ловзар дуй техьа? – шен шеко йовзийтира цхьамма. – Нах 1ехо х1уъа а до боху цара. - Тхуна юккъехь лерса уггаре а дика долуш хьо ву, - элира Ризвана назма хаза олу бохуш ц1еяханчу жимхе. – Хьуна х1ун хета кху г1уллакхах лаьцна? Шамсуддис дуьхьала цхьа дай-а велар эккхийтира: - Забаре кица дийца сак1амделла-кх сан… - Муьлха? - Бода булучу хенахь, кертах д1акхеташ, колл схаьалоцуш – охьа ца вожа г1ерташ вог1уш цхьа къонах хилла. Вехана т1урт1аз а ваьлла. Воьду-уш, коьллаш юккъехь цхьа г1аларт хааделла. Цхьабакъду, и г1аларт делахь а, ши б1аьрг-м хилла цуьнан кед-кедал боккха а, к1ега санна къегаш а. Цунах ша санна волу къаркъан кад тарвелла. - Ассалом 1аликум! Нохчо вуй хьо? - хаьттина. - Ву-у-у … - дехха жопделла коьллаш юккъерчо… Шамсуддис дуьйцучух кхийтира Ризван, иза уг1а волачелча. Цу заманчохь ч1ог1а хазахийтира цунна стогарш лато ша ца кхиина. Цо серло т1еерзийнехь гучубер ма бара цуьнан юьхь т1ера баьхьна бос. Ткъа х1инца иза цхьадика къайлабахана. Массо а чо ирах1уттуш дег1е деъна зуз х1ете а накъосташна ган йиш яц! Далла бу хастам! М1аьргонехь юьхь1аьржа х1уттур-кха иза, шен воьхнахилар гучу а даьлла. - Собар … дел… - мотт а тийсалуш, вистхилира Ризван, – и хаза зуькар дийраш … мацъелла чож чукхетта … бер… за… лой… ю алам ца г1ерта хьо?.. 1Арданг – стая

127

Хаалуш дара цуьнан дага чу (вукхарна а санна!) кхерам теснийла. Бехк а бацара: кхеран карахь цхьа а тайпа герз дацара дуьхала даккха, ткъа къинхетам х1ун ю а ца хуучу цу акхароша, вала да воцу уьстаг1ий санна, х1орш цастахь – доккха зулам ма-хуьлу цунах!.. - Уьш меца ю-яц ала-м ца хаьа суна, - догдат1ийра Шамсуддис, - амма уьш берзалой хилар-м ду бакъ, Дела цхьаъ хилар санна. - Же, же! Хьаладовлал т1аккха… Д1адоьлху вай… Битал хен а, ша болччохь, - сихбира уьш Ризвана. Доггаха т1ета1ийра газ. Хьераяьлча санна чехка д1атасаелира трактор… Амма гена ца елира: гуш доцчу ор чу а кхетта, къакъаьлла кагъелира прицепан сема. Маржа дуьне я1! Йиш йоьхна д1аса а хьийзина, дечигах йоьттина йолу прицеп йолчохь а йитина ц1а баха сацам бира. Дукха кхерабелла хиларна, берриш а готтачу тракторан кабини чу хоьира – ялхе а. Д1атийнера догмайра к1ентий – цхьаъ вист ца хуьлуш. Хезаш яра тракторан г1овг1а, цуьнан нур (онда стогарш) дара воьду некъ серлабоккхуш. Дависарг, дукха меллаша йоьду-кх, оццул газ т1ете1аярх!.. Берзалойн маттах шаьш кхеташ белхьара, ма сапарг1ат бевр бара яхь йолу к1ентий! Царна хуур дара – акхаройн шайца цхьа а тайпа бала боцийла… уьш шайн дуьхьа вовшах ца кхеттийла. Уьш гулъялар бахьана кхин дара. Сада1а меттамотт лехина х1орш евллачу хенахь, кхарна дика къаьсташ долу уг1ар схьахезира гун боьххера: - … Ву-у-у. Со Шамад ву-у-у… Хазахетаран дакъа кхочучарна д1ахоуьйту ас: Ната парг1атъяьлла-а-а. Доьзалхо т1екхетта вайна… Вай нийса кхиавахь, цунах доьналла долу к1ант хир ву-у-у… цунах юьхьк1ам а хуьлу-у-уш … вайн тайпа а чаг1лу-у-уш… Вовше къаьънаш дохуш, доьзалшка екъаелла йолу берзалой т1етт1аяхана – г1еххьа йоккха арданг1 кхоллаелира. Цара самукъадаьлла зуькар дира, шайх х1у долучарна хилларг довзуьйтуш… Церан аьзнаш дара дечиге баханчарна хезнарш. Амма церан дагара ца хуу дела, царах шайна зулам даларна кхерабелла д1аэккхийтира 2Йовсар – дворняшка (собака) 3Гуьла – свора

128


трактор. Шайн са дадийна боьлхучу кхарна ц1аьххьана гинарг инзаре х1ума дара. Дийнна гуьла (ж1аьлийн тоба) лаьттара некъ лаьцна. Эрна арахь, т1ейог1уш лаьттачу буса, оццул ж1аьлеш мичара девлла? Цара х1ун леладо? Ма-хуьллу ч1ог1а тормоз тесира Ризвана. Шайн некъ мукъабаккха дагахь трактора т1ера воьссира Шамсудди. 1айт, в1айт, яхийтта кхузара, йовссарш!2 – бохуш мохь биттира, г1оддахха лестош т1аьрзенаш а йолуш; охьатаь1ча, лаьттахь карабеъна б1ал а кхоьссира. Амма «ж1аьлеш» шек ца довлура, ур-атталла меттах а ца хьовра. Мелхо а цец а девлла хьоьжура кхуо лелочуьнга. Б1аьрганег1ар ца тухура хьалхадаьллачо, озадалар-м дуьйцийла а дацара. Шен онда дег1 нисдина, юьхьдуьхьала дирзина лаьттара. «Х1ара ма кура борз ю, - дагатесира Шамсуддина. Юха ц1аьххьана, шен ойлано вагийна, чхам-м аьлла бос байра: - Х1а-а-а, ян а ю-кх борз, ца хилча иштта майра хьоьжур а яцара. Ткъа со, тентиг, воллу х1ара йовссар ду моьттуш». Цу юкъана-м Ризван а кхийтира х1оьттинчу хьолах. - Меллаша… сих ца луш… к1егарнехьа ког баккха, схьа чу хаа. Букъ ма берзабелахь, болар а ма сихделахь, - хьехарш дора цо Шамсуддина. - Хьо кхеравелла мотталахь, майра евр ю уьш. … Хаа а луш, са д1аделира когаш чуьра. Жимма 1адийча санна лаьттира, амма 12 шо кхаьчначу Шамсуддина вуно еха хийтира и йоца хан. Т1аьххьаре а меттавеира к1ант. «Хьо дика а яй… Хьуо йолччохь латталахь… меттах ца йолуш», - ма-хуьллу шен аз к1едамерза хилийта г1ертара иза, борз даръяларх озалуш. Юккъеша шен кхервалар а дара къайладахийта дезаш. Шен накъостех а (т1ехдетташ хьийза ца вайта), берзалойх а (цаьрга ша д1а ца кхаллийта). Деле шена собар дехна, ког бай-й айбина, хьалавелира жимха. - Иза-м ца хилла ж1аьлийн гуьла,3 - сапарг1атвелира иза, - берзалойн арданг хилла-кх… - Х1инца-м тхуна а хаьа и, - шен хьаж т1ера хьацар д1адоккхуш куьг хьаькхира Ризвана. - Амма цу кхетамо йина г1оле-м ца го суна. 4Даьндарг – пуля 5Ч1ижарг1а – детский игрушечный пистолет, сделанный из черной бузины; так называют и настоящее оружие в пренебрежительном тоне.

129

Вай х1инца а кхерамах к1елхьарадевлла дац… Арданга (берзалойн тоба) юккъехь шо кхаьчна К1антстаг вара цхьаъ. Тоъал г1ора долуш а, когмаса а ша а вара, амма къаьсттана б1обоьлла вара и шайн тхьамданах. Иза тешна вара: шена лиъча, куьйгалхочуьнга х1ара маьлхан дуьне, котаман х1оа санна, лаьттах тоьхна дохалур дара бохучух. Цундела дог майрадаьлла ца 1аш, куралло корта хьавзийнера цуьнан – и борз шайна хьалхаяьлла хиларна. - Ваши Баьчча, - вистхилира К1анстаг тхьамдане, - сел ч1ог1а и б1аьргаш вайна т1екъерзо ваьхьарг мила ву? - Йожа говр а ца оьшуш, ша лелачу ворданахь дог1у адам ду. Цу ворданан стогарш т1едерзийна цо. Б1аьргаш ца къарзийна, - кхетийра жиманиг. - Ц1е туху г1аж юй техьа цаьргахь? – ша кхераяла кийча хилар къайла дахийта а г1ерташ, юха а хаттар дира К1антстага. - Яц. Хиллехь молхан хьожа тоххарехь схьакхетта хир яра вайна. - Ма дика ду и! Т1аккха церан дилхах тоха вай? - И санна дерг дага а ма даийта. - Шиъ бен ког боцу и декъаза х1уманаш а эшалур яц вайга? – цецъелира къона борз. - Майра а, ког-маса а хиларца, ницкъ сов баларца-м вай г1оле ю царел, - т1етайра тхьамда. – Амма царна хьекъал делла Дала. Молха дан а, цуьнан г1оьнца даьндарг4 тоха а 1емина. - Ваши Баьчча, кхаьргахь ц1е туху ч1ижарг1а5 яц ма элира ахь, т1аккха вайга атта эшалур ма ю и – шиъ бен ког боцу декъаза х1умнаш. И х1унда ца до вай? - Цул т1аьхьа, бехке верг-воцург ца къестош, вай х1у кхачо арабевр бу бисина церан верасаш. Ма-хуьллу царех ларвалар бен, кхин дарба дац. Т1е вай дов лаха арадевлла дац. Дахьа там болу совг1ат а кечдина, вайн тайпанан ваша-йиша декъалда вовшахкхетта. Маьрша бита царна х1ара некъ. Берзалой, парг1атчу боларца, гучуьра къайлаевлира. Жаматта – загон (овец) Бирг1а - труба

130


Доккха садаьккхира кегийчу наха. Амма берзалойх дерг айддина дийца даьккхира юьртахоша шолг1ачу дийнахь. 1едалан жа юккъе а лилхина, мег-мега долу уьстаг1ий даьхьана, бахара, акхароша. Хьалха буьйцург кхоъ бара, т1аьхьо ворх1 хилира царех. Духе кхиъча-м, берзалой бехке а йина, биъ уьстаг1 биънарш белхахой хилар гучуделира: жа1у а, бежнийн лор а, жоьла (жа чохь дахко ков-керт) карахьъерг а, бахаман куьйгалхо а. Х1етте а массо а лерг та11ийна 1ад1ийра. Ткъа оцу веамма туьйранаш даржадора акхаройн къизаллех лаьцна а, цара юх-юха дечу зенех лаьцна а. Шайн бат хьанъярхьама. Бакъдерг дийцича-м, арданг цкъа бен ца иккхинера кхеран жа юккъе. Х1ета хьалха даьхникерта гондахьа хьийзира берзалой – х1ун мичахь ду толлуш. Хехь волу 1у къаьсттана лаьттачу ц1а чохь д1атаь1нера. Шалготоп улле а х1оттийна. Ши экха д1ах1оьттира и волчу не1арехь, дисинарш жаматта6 (уьстаг1ий чулохку меттиг) чулилхира. Ткъа уьстаг1ий, шайн мостаг1ийн хьожа кхетта, г1овг1а ян девлира - ж1ожъолий цхьана аг1ора хьовдуш, юха цигахь кхерам хаабелча – вукха аг1ора довдуш. Т1аьххьаре а церан хур-хур а, хьерадевлча санна д1асаидар а 1уьнан лерсах д1акхийтира. Топ а карахь, аратасавала г1оьртира. Амма борз, йоккха г1аттийна бага а йолуш, шена т1екхоссаелча, юханехьа иккхира. Не1 т1екъовла сихвелира. 1адийначуьра и меттавеъний, бирг1а7 корехула ара а яьккхина, тоьпан лаг озийний валале ког-маса акхарой кхиира уьстаг1ашна катоха а, уьш ги тоьхна керта т1ехула лелха а. Т1аьхьа деттачу герзо, г1овг1а яккхар бен, цхьа а тайпа зен ца дира царна. Мел луьра хьал шайна х1оьттича а, карадеъна ижу д1ахоьцур долуш яцара берзалой. Ши куьг а ластийна яха еза уьш кхоана дуьхьала? Юьхьк1ам хуьлучу кепара баьхкинера хьеший керла доьзалхо т1екхеттачу бена. Церан совг1ат тоьира массо а чомах кхета. Ц1е тилла пурба делира арданган тхьамдина. Берзан к1орнин ц1е «Шана» хила еза элира цо. - Ма хаза ц1е а ю! – элира нанас. – И мичара яьлла хьуна? 131

- Ден, ненан ц1ерийн юьхьиг вовшахтоьхча кхоллаелла-кх, - жопделира арданган тхьамдано. – «Ша (мад)» - дегара схьаэцна, «На(та)» - ненера. Вовшахтесча, «Шана» хилла-кх. - Хьуна дага ца дог1уш а дац х1ума! – резахилла йистхилира нана-борз. Хьеший, да-нана декъал а дина, к1еза хестош а 1ийна, шайншайн ц1абирзира. Амма адамашна юккъехь-м, юх-юха хьехабора уьш, белхахошна жижиг даа дага моссаза дог1у: кед-кедал б1аьргаш а дина, цхьа мочхал Лаьттах г1ортийна, важа мочхал – Стигалах д1атесна, т1елетта уьш, бохуш. Доккха зен а деш. Тамашина х1ун дара аьлча, даима а-дагардича санна! – нийсса биъ уьстаг1 баьхьана хуьлура х1оразза а. Кхин сов а боцуш, кхин к1езиг а боцуш. Шортта нахана хаа-м хаьара, уьш оццул х1унда хуьлу. Амма, и г1ара а даьккхина, дов шена т1елаца лууш да ца волура. Ткъа акхарошка п1елгаш а 1уьттуьйтуш 1ен йиш 1едалан а яцара. Цундела районера векал веира. Цо гулбира цу г1уллакхца бала мел берш. Юьртара таллархо Ваха а валийнера кхайкхана. Х1оьттина буьрса хьал а дийцина, дан дезарг д1алуьстуш, схьалуьстуш шаьш 1ачу хенахь, Вахас дош дийхира. - Гергахь берзан бен болучух тера ду, - элира цо. – Шен доьзал ца кхобуш и 1ийр яц. Жа т1е и ца кхийдита, 1уьно, бен а бина, уьстаг1 билла беза и т1екхоче. Т1аккха ша-м тешна а т1екхевдар яц иза, кхийолу берзалой а юьтур яц улле. Цо бохург т1елецира 1едалан векала, гулбеллачех цхьаберш т1е ца тайнехь а («Барзана уьстаг1ий даийна девр дуй вай?» - бахара цара). Цкъа-м боккъала а баьхьира уьстаг1. Жа1у вара вай вийцинчу Шамсуддин да Идрис. Цо ша урс а хьаькхна, тилийра. Чарх «Беларусь» трактора т1е а кхоьссина, Ризване а Шамсуддига а д1аяхьийтира гун лакхене (царна цигахь цхьаннахьа хир бу аьлла хетара берзан бен). Т1улгаш юккъе охьадиллира жижиг. Бакъ ду, кхеран б1аьрг кхеташ экха улле ца деира я кхарна ган а ца гира. Амма т1аьхьо хьовса 132


бахча, чарх 1иллина лар а яцара хаалуш. Цул т1аьхьа, дума а тухуш, ахьаран худар кечдора. Берзан к1езашна и дика хир ду жижигал а, бахара. Иза иштта делахь а, дацахь а – худар кхачадой карадора. Т1аккха хабар даьржира, жа т1екховда йог1у пхи борз стага кхобучо, дуьхьала а яьлла, царах лата а лета, юхаерзийна, бохуш. Хьал-де хоттуш кест-кеста з1е тухура 1едалан векала. Юьртахоша жоплора: биъ уьстаг1 бадийна. Шайггара туьйранаш т1е а детташ. Вукхо ладуг1ура, шен дагара а ца хоуьйтуш. Ткъа важа хиллера тешнабехк кечбеш. Берзалошна. Цкъа юьрта веира иза, шеца таллархой а балош. Наж-дитта т1ера яьккхина кевстиг пхеа-ялх сохьтехь хи чохь кхехкийра цара, Ризване, Шамсуддиге шайна г1о а дойтуш. Бос хийца а белла, букъарех д1атарделира хи. Т1аккха цу чохь еххачу хенахь кхехкийра барзана буг1уш болу гура. Схьабаьккхича, караш доьхкина бен д1а ца хьакхалора цунах. И дерриге а лелош хиллера адаман хьожа д1аялийта. Ахьаран худар бераша кхоьхьучу меттехь, т1е хьардаш тесна къайла а боккхуш, буьйг1ира гура. Мацъелча, пхьор лаха йоьду пхьуборз (вуьшта аьлча – доьзалан да) лаьцна хиллера цу болатан г1ирсо. Мел еттаяларах, ша мукъаялалур йоцийла кхийтира. Т1аккха цергаш а юхкуш, хаза нехан санна ша лазошшехь, шен ког д1ахадийра. Чуолакха йисна а, коьрта мукъа хилар г1оле хетара. Т1е, са санна дукхабезаш болу, доьзал а бара кхечу метте а баьккхина, д1алачкъо безаш. Амма шиъ бен ког боцу х1уманаш а яцара къаръяла дагахь. Ц1ийн лорах т1аьхьа а кхиъна, топ етта х1иттира уьш. Уггаре а хьалха садаьккхира дуьхьалалата кхоссаеллачу Шамадан. Цул т1аьхьа – Натиниг. Берзан к1еза жима дара, хуьлуш лаьттачух а ца кхеташ. Иза совг1атана Шамсуддин дена Идрисана дитира хьешаша. Х1инццалц а цуьнан тергойина хилар тидаме а эцна. Шана дика к1ант вара. Шана товш к1ант вара– жима долуш массо а бер а ма хуьлу хаза, б1аьргах лардан а дезаш. Къиза экха хила ша кхоьллинешшехь, х1инца а дуьненна а къинт1ера яьлла яра жима борз, цхьаьнцце а гамо йоцуш. Цхьабакъду, г1еххьа сагатлора нанна 133

а – цуьнан бовха накха дагара ца болура, дена а – цо ша мерза хьестар диц ца лора. Делахь а, х1уъа а хилла латтахь а, гай шениг ца дуьйцуш ца 1а. Мацаллица лело ч1ир ма яц. Шишана чуьра шура яош, дума тоьхна ахьаран худар я кхехкийна жижиг хьалха дуьллуш, сатедора цуьнан Шамсуддис. Де дийне мел дели, дег1 доккхура берзан к1езано. Цуьнан тергоеш а, цуьнца ловзуш а долу ши бер – Шамсудди а, цуьнан йиш а – ша церан ваша волуш санна дукхадезара берзана. Ткъа вукхарна еххачу заман чохь иза кара1емина долу ж1аьла долуш санна хетара. Иштта юкъаметтиг а лелайора. Дас-нанас дов дича, дедда к1езана улле иккхира цкъа ши бер. Цаьргахьа г1олоцуш, г1иг1 а деш, церан дена Идрисана чукхиссалора жима борз. И кхераме хила йолаеллийла а кхетта, х1усамдас цуьнан коча стомма аьчган з1е тесира. Чувог1учу нехан стагана катохча а эхь дацара цунан аьлла. Иза шен хеннахь дина хиллера. Кхара тидам бира: к1еза карзахдолура буьйда жижиг даийча. Ц1ийх хьожа кхетча, цуьнан дайшца мел хилла акхаралла самайолучух тера дара. Т1аккха и даар цуьнга ца кхачийта г1ерташ г1айг1абора. Х1етте а даррехь дов а леладора цо цицигца, цхьабакъду, дийнахь тийса а лой, буьйсанна цхьабарт хуьлий улулле д1адуьжура и шиъ. Цара лелочух самукъадолий, даггара доьлура адамаш, къаьсттана бераш. Ден шича д1аваьллачу тезета бахана пхи де даьккхира доьзало. Дагахь доцу цхьаъ керта валахь а аьлла, цунна зен ца хилийта, Идриса аьчган з1енах д1адихкира к1еза. Лулахь 1аш йолчу йишин йоь1ана т1едиллира шен-шен хенахь керла юург йиллар. Вукхо шега аьлларг мало ца еш дора. Амма къоначу барзо мотт д1а ца туьйхира. Доьзал ц1абирзича чусадеира цунна. Хьалхара ши ког Шамсуддинан белша т1е а баьккхина, йоьлхуш яра борз. - Елла ма-яла хьо дела1. Сагатделлера хьан? – хьаьстира иза к1анта. - Саб1арзделла, садолучуьра-м ели, - эр дара цо шена адамийн мотт хууш хилча. Амма, вовше бийца мотт ца хиларна, иза йист ца хилира. Дуьххьалд1а к1ентан юхь т1е шога мотт хьоькхура. Цо лелориг гича, баккхийчийн б1аьргех а делира хи. 134


Шинара санна, дег1 даьккхина д1ах1оьттира берзан к1еза. Кхуьнан доладеш адамаш делахь а, х1ара йицйина 1аш арданг а яцара. Хьалха ваьлла тхьамда а волуш, схьакхечира кхуьнан верасаш. - Вай цхьа вежарий ду, - элира баьччас. - Хьо, тхо санна йолу, гила борз ю, цундела тхойца д1ая еза. Ваьшна, берстониг хаьржина, цхьацца уьстаг1 ги а тоьхна, вешан хьуьна чу д1аяха еза вай. - Х1ара даьхникерт ас ларош ю, - элира Шанас. – Цундела шу а я кхин цхьа а борз а, суна чохь са мел ду, жа т1е кхевдар яц. - Г1иллакхе къамел дац ахь тхойга дийриг, - реза йоцуш йистхилира баьчча. – Латтар а дац хьан оьзда: ц1ога ирах а дахийтина лаьтта хьо, тхан тхьамда хьуо йолуш санна, - бехк баьккхира цунах. Амма къера хила дагахь важа а яцара: - Со шун хьаькам а яц, я шун куьйга к1елахь а яц. Со, вала да а волуш, корта мукъа борз ю. - Адамашца 1аш йолу борз маьрша ю бохург туьйра ду… Доьшанах 1ехалуш долчу ж1аьлех хьуо д1атаръелла ялале, хьуо схьаяьллачу буха т1е д1айола , - элира баьччас, луьра б1аьра а хьоьжуш. – Цу дегалчу х1умнаша да вийна хьан … хьо кийрахь 1иллийна нана йийна. Х1етте а цаьрца 1аш ю хьо. Уьш цхьа дезар а хеташ. Тешнабехках шайн кийра буьзна болу и мостаг1ий д1а а къовкъийна, тхоьца хьуьна чу д1айола. - И ас дийр дац. Аш мостаг1а ву бохург, сох шен нийса накъост вина лелаш ву. Цуьнан доьзал со дагайоьхна бала боллу. Ткъа аш диэ бохург – йоккха хьарамло ю. - Сарг1а юй цара лелош? – хаьттира тхьамдано. - Ю. Дика юстош а ю, - жопделира Шанас, т1ехьа 1уьллу мекарло ца гуш. - И дукха езаш ца кхобу хьуна цара, - элира ардангана хьалхаяьллачо. – Шаьш мацделча, урс а хьаькхана, яа юстайо. – Дуьхьала ала х1ума ца карош бага г1аттийнчохь йисира къона борз. – Хьо а ца лелайо нийса накъост хеташ. Хьо шайна мел оьшу, хьоьстур ю. Сов ма-елли, мийра а тоьхна аратосур ю. И де т1екхаччалц а ца хьоьжуш, тхуна т1аьхьа х1отта. Парг1атонехь дуьне даа атта дацахь а, маьрша дахар г1оле ду. 135

- Со шуьца лелалур яц. – элира Шанас. – Со кара1емина борз ю. - Борз кара1емаш ца хуьлу. Кара1емича, сий дайна долу ж1аьла хуьлу цунах. Хьуо схьаяьллачу къонахан сий а ца дойуш, оха динчу къамелах лаций ойла е… Хьеший д1абахара, хьекъалх эшна волчу (царна хетарехь) вешина зен-зулам ца деш. Амма хьиэ ца луш юхабаьхкира. Цара уьстаг1ан г1ог1 дитира, шаьш бохучунна и т1еверзо дагахь. Уьш г1алатъевлла ца хиллера – буьйда жижигах чам боккхушехь, амал хийцалора цуьнан. Х1инца а изза хилира: уьстаг1ан г1ог1 дуъушехь, карзахъелира ц1ахь лелош йолу борз. Идрисаг1аьрга, шен нийсархо волчу, вог1учу Ризванна чукхоссаелира, и ват1о г1ерташ санна. М1аьргонехь вийна д1авоккхура. Г1овг1а хезна, орцахбевллачу наха хала дела балица к1елхьараваьккхира. Х1ета сацам бира Идриса и кертара д1аяккха. Кхид1а йитахь, йиснарг а акхаяьлча а эхь дац цунна, зулам а деш. Цкъа балхара ц1авирзинчу Идрисна, шен ков-керт цхьа тамашина деса карийра. Берийн г1овг1а яйнера. Баккхийнарш а бацара гуш. Цецваьлла висира Идрис. Ша йисинера гила борз. Майра болар эцна, уьйт1е яьккхина хьийзара иза. Да со ву бохуш санна. Мохь туьйхира шен х1усамнене. Важа, кхуьнан аз хезна, ларлууш аракъедира, не1 шуьйра схьаелла а ца яхьаш. Цо хаам бира, кочара з1е д1а а яьлла, ша хецаелчахьана дуьйна, барзо аьлларг ца до. Шена улле ца вуьту. Юха д1а а ца тосуьйту ша. - Схьаял сан тиша тужурка. Еира. Хьарчийна и шен аьтто пхьарсах а йихкина, экхана т1еволавелира Идрис. Кхеро г1ерташ г1иг1 дира барзо; ц1ога ирах а дахийтира; луьра б1аьра хьаьжира. Оццул ша б1ов-в баьхча а, стаг юха ца ваьлча, доггаха чукхоссаелира борз. Х1аваэхула дог1ура цуьнан болатан дег1, йоккха г1аттийна бага а йолуш. Амма адам к1егара ца хьаьдира. Экха улле а кхачийтина, цу бага чу баг1ийтира пхьарс, буй легашка а кхачош. Садукъаделла, юьйжира шен ницкъах 1ехаелла хилла йолу гила борз. Коча з1е а тесна, юха а тохарлерачу б1ог1амах д1айихкира. Х1ета кхераяларх, Идрисах озалора борз. Цо бохург а дора. Амма х1усамда дика кхетара: даима и ларйина вер вац. Ца хууш 136


а хецалахь, зулам дан эхь дац. Цундела иза кертара д1аяккха сацам бира цо. Амма хьенан ги юллур яра и? Цхьадика, дагахь а доцуш, аьтто хилира. Боккха бахам ц1аьххьана кара а беъна, и ларо са ц1ена ж1аьла эца араваьллачу стагана хезира, лелош борз ю аьлла. И гуттар дика хир ю, аьлла, йолчун дена т1евеира. - Х1ун ло ахь? – хаьттира Идриса, ша ишттанехьа а д1аяла кийча волушшехь. - Къаьркъан яьшка. - Со молуш вац. - Делахь, цуьнан мах д1ало. Д1адийцина, схьадийцина, куьг куьйгах а тухуш мах бира. Бат йихкина, когех буржалш тоьхна яьхьира керлачу дас ша эцна йолу гила борз. И шех д1айоллалц, лара ца велча волурий иза?.. Еъна схьакхечира арданг. Амма деса карийра ков-керт. Кхеран вешех хилла доь а ца дисанера. Шайн верас лаха араевлира берзалой. Хан-заманца т1аьхьакхиира. Цара яда аьтто бира Шанин. - Х1инца мукъане а кхийтин хьо, шиъ бен ког боцчу х1уманех диканиг ца долийла? Мекарлой, тешнабехккий бу цаьрца кийра буьззина. Х1инца-м къера хила дийзира. Оццул шена чусадиллина волу доттаг1 а дуьненан х1уманах вухкуш долчу адамех диканиг х1ун эр дара цо? (Шегара даьлла бахьана дага а цо дог1ура барзана). Дера, тоьур дара-кх кхуьнан холчах1оттар-м, бат а къевлина, еа йик (конечности) а йихкина, гуьйриг санна, машен чу а кхоьссина, вевзаш а я гина а воцчу стаге йохьуьйтучу хенахь. Дела воцург, орцахвала накъост а воцуш. Д1акхаьчча, ша бох-бохург дайта г1ерташ, йиттина шад. Амма къурт1 аьлла буха борз а ца соцура. Ша да ву мел аьллачунна т1аьхьа а х1уттуш, хьесталуш ц1ога лесто, доьшанах дохкаделла ж1аьлах даций иза! Собарде ахь, де дохур ду! Амма ч1ир цуьнгара оьцур яц. Йоьхканчу Идрисе доьхур ду жоп – диэха ма-дезза! Х1ара маьлхан дуьне даа мах ца кхочу цуьнан. 137

К1ело а йина, балхара ц1а вог1у доьзалан да, жах д1ахаьдда уьстаг1 и болуш санна, логах катоьхна вийнера. - Шена дика дича ца хаьа берзана, - бехкаш дохура тезета баьхкинчара. – Мел коча лелийча а, тохарлерра экха ду иза. Мичча хенахь а, иштта тешнабехк бан кийча. Вовше бехке а деш, вовше теша а ца тешаш, кхид1а а х1ара дуьне цхьаьна даа дезаш ду адамаш а, акхарой а. Ткъа царах бакъ-харц мила ву Далла дика хуур ду. Ардангах д1акхийтира Шана. Тоьпан даьндарго лаццалц къаххаш юккъехула лела маьрша а ю къона борз. Соьлжа-г1ала 2010-г1а шо.


4-г1а дакъа

хенахь изий лулара г1азкхи Семенний, лоха г1енташ ара а дохий, кет1ахь 1аш хилла, вовше вист а хуьлуш. Цкъа (1953-чу шеран 5-чу мартехь) воьхна, велхха воллуш арашершина Семен: «Виса-а, Сталин умер…» - «Хор-рошее дело, Семен». Х1ара т1аьхьа ца кхуьу моьттуш, лулахочо юх-юха баьхна: «Ты не понял, Виса, товарищ Сталин умер». – «Хор-рошее дело, Семен…» Х1ара кхета воллуш а вац, аьлла, д1а 1ад1ийна г1азкхи. Цо мотт тоьхнехь-м цу хенахь 1едало хьур вара Виса. К1езиг-дукха хан яьлча, Сталин боьха х1ума хилар 1орадаьккхина Хрущевс. Цец а акъ а ваьлла, Семена хьаьттина Висига: и «хьалкъан мостаг1» вуйла муха хиира хьуна? - Делан а нехан а мостаг1 ца хилча, дийнна къаьмнаш шайн дайх бисинчу махках дохур дарий цо?.. Тхан юьртахь кица а хилла дехха лийлира и дешнаш: «Хор-рошее дело, Семен». (Дийцинарш бу Висерханов Леча, Бекаев Шерип, Дала декъала войла иза)

Цхьацца хазделла х1ума Деле воьху

Хор-рошее дело, Семен!!.. Ханна уггаре а воккха вара тхан юьртахь Виса. Вай арадаьхначу 138

1968-чу шеран йовхачу гурахь Шуьйта балха х1оьттинера со. Оршотан 1уьйранна д1авоьдура, дийнна белхан к1ирнах хьаккоша даош, вижош хьошалла а леладой, п1ераскана дийнахь сарахьо Соьлжа-г1ала схьавог1ура т1аьххьарчу автобуса т1ехь. Цкъа воккхастаг а и санна къена зуда а чоьхьадаьлча, со а сан накъост Яраг1и а хьала а г1аьттина меттигаш д1аелира. И к1езиг х1ума бахьанехь къамел тасаделира: - Жимастаг, хьо ц1ера мичара ву? - Хаьмби-Ирзера. - Ахь баккъалла! – самукъаделира цуьнан. – Шайн юьртахо Вахаев Хаси вевзий хьуна? - Суна хьавх, махкана а вевза иза-м. 139


Вахаев Хаси (вай лакхахь вийцинчу Висин вешин к1ант хилла иза ) 30-чу шерашкахь партин обкоман шолг1а секретарь хилла (хьалхарниг оьзда балкхаро Энеев Мохьмад вара), цо тергоян т1еэцца хилла суьдаш, прокуратура, милици, и бахьанехь дукха нахана г1одан аьтто а баьлла. И суна хууш дара. Ткъа воккхастаг а вара цхьаъ дийца сак1амделла. - Ворданахь дечиг дуохка г1ала вахана вайн чуьра к1ант ц1а ца вирзира, - долийра къеначу стага. – Са а хьаьвзина, масех де даьлча со т1аьхьа вахара. Лела ца хаа, мотт ца хаа… Хьуьнхахь некъ каром хала дацара, - олура цо, - цу йоккхачу шахьарехь мича ваха веза хьанна хаьа? Наггахь нохчи нисвелча ма-дарра а хоттуш, г1азкхашка халла а хоттуш, набахти хьалха нисвелира со… Т1аьхьо «Космос» кинотеатр йинера Чеховн парках хотталуш. Цунна т1ехьа хилла шоточу юьйцу набахти. - Цхьадика, милцошна юккъехь нохчи а хилла, иза кехата т1е а хьаьжна, к1ант цу чохь воллуш вуйла хиира суна. Амма кхид1а х1ун дан деза ца хаьара. Юха а и нохчи орцах а ваьлла, цо нийсачу новкъа ваьккхира со, - бахара воккхачу стага. – Вахаев Хаси бохуш цхьа къонах ву хьуна, цунна т1е а кхаьчча цуьнга хьайн бала д1абийца. И воцург хьуна г1одан кхузахь стаг вац. - Хьуьна юккъехь санна атта ма дац ца евзачу г1алахь лела. Цу набахти хьалха, корта а оллийна, г1ийла ойла еш лаьттара со, - кхид1а дуьйцура шоточо. – Мича г1ур ву? Кху йоккхачу шахьарехь и къонах муха карор ву? - Ассалом 1аликум! Хьо ма йиш йоьхна лаьтта, - элира вевзаш воцчу стага. Галпи хеча а йоьхна, шуьйра доьхка а дихкина, юьхь т1ехь морзгалмоьнаш а долуш вара къонах. Мотт хууш стаг нисвелла воккхавеш, ас ма-дарра д1адийцира сайн г1уллакх. - Кхузза сацалахь, со юхаваллалц, - аьлла набахти т1евахара цавевза стаг. Цигахь милцошца къамел а дина, т1евеира: - Ц1а ваха хуур дуй хьуна? - Хуур ду. Делахь а доьзалхо ма ву кхузахь. - Цунна са ма гатде. Хьуна т1аьххье иза а ц1а кхочур ву. 140

Со шеконца хьаьжинчух тера дара цуьнга. Цо т1аккха элира: «Ас х1ара куй лелор бац-кх хьуна хьан к1ант кхана малхбузале д1а ца кхачахь»… Т1аккха тийшира со. Со ц1а кхаьчча, к1ант бухахь вара. - Хьо мичара ваьлла? - Машена а хаийна, вадийна ц1а валийр-кх со… Х1ета дуьйна х1ора дийнахь, ламаз моссаза до, и Хаси Деле воьхуш, цунна мел кховдош ву-кх со, - дерзийра воккхачу стага. Ас дагахь дозалла дира и Вахаев Хаси сайн юьртахо хиларх. Цхьабакъду, и санна цо дина меле г1уллакхаш кхин дуккха а дийцина соьга цул т1аьхьа а шорттачу наха, бевзачара а цабевзачара а. Цергаш-м жижиг даалур долуш яра… Г1айракхах адаман сибат а дина и сан коьрта чу диллина кхузткъе пхи шо кхаьчна. Бакъ волчу нохчочун васт… Дерриге да-вахар ц1ахь а дуьтуш, махках даьккхина вайн къам мацалло к1еладитанера, х1оьттинчу шелоно а д1акъовкъош лаьттара. Доцчу г1ораца охкуш кешнаш, д1абухкуш нах а бара х1ора дийнахь…Чохь садисина тхо г1ийла т1аьхьа а доьлхуш… Доьзал балийта-х яций йиш аьлла, вахана бежана лачкъийна 1абдул-Кериман во1а Т1ах1ира (цуьнан т1аьхье, Керимов фамилии а лелош, ехаш ю тхан юьртахь, нахаца дика тар а луш). Суна г1ена – кхоьлах санна бен дага ца дог1у х1ета хилларг, амма баккхийчара дуьйцуш лерина ладег1арна сурт хьалхара д1а ца долу. Цу буссехь, кхехка а дина, дог 1аббалц жижиг диъна. Дисинарг, ц1ийнах хьовсахь а аьлла, шайн уьйт1арчу лайн борзах доьллина. Амма, хьожа а кхетта, ж1аьлеша гучудаьккхина. Борз санна, луьра 1едал а далош схьакхаьчча г1азкхий. Ч1ог1а ницкъ бина цара Т1ах1ирна. Т1евог1-вог1учо ластабой буй тухуш хилла. Эккхал догъэт1ара, амма дан х1ума дацара. Цухенахьлера къиза 1едал а цаьргахьа дара (кхуо ялийна бежана гуора, Нохчийчохь цуьнан дисина да-вахар тидаме а цо оьцура). Т1е х1ета нохчий, дук141


хахьолехь шайн дег1ана а дола а ца далуш, г1елбеллера. Къаьсттана дагахьлаьттара цигахь хилларчарна берт1орзо динарг. Баккхийчарах тарлуш цу мера1уьрго а туьйхира, хьала ца кхаьчча, кхосса а луш, буй. Мел йоккха киртиг т1ех1оьттича а вуоха бакъо яц нохчочун. Цу т1е а доьг1на, орцахбовла де дацахь а, бегаш бина дог ч1аг1да г1оьртира гулбелларш: - Ва Т1ах1ир, и цергаш ма ч1ог1а хилла хьан, оццул буй беттарх, цхьаъ меттех ца яьлла-кх!.. Цхьа безамехьа вела а къежна, Т1ах1ира аьлла: - Цергаш-м жижиг даалур долуш хьа-ах яра, кху Делан мостаг1ша даа ца витии-кх… Х1ета д1авигарх кхин ц1а ца вирзина Т1ах1ир. Амма цуьнан доьналлица латтар, х1умма а воьхна воцуш забар яр деза дуьйцу баккхийчара.

аг1ора дирзина. - Х1ара х1ун г1ирс бу, мичара баьлла? – хаьттина Ислама. К1анта дийцина: наха а кхоьхьура, ша а беъна. - Уой, наха кхоьхьуш хилча ахьа а еъна х1ара коьчалш? - Еъна. - Делахь, ахь х1ун дей? Айхьа мичара эцца хаьий хьуна? - Хаьа. - Хьада, ваха а г1ой, айхьа схьаяьккхинчу уьш охьа а яхкий, схьавола. Кхин цкъа а, хьуо дийна а волуш, нехан х1умана т1е а ма кховда, - д1ахадийна Ислама.

(Дуккхаза а дийцина Хаьмби-Ирзерчу Сугаипов Абос)

Баккхийчара Х1уми Юшаъ олура цунах, ткъа кехата т1ехь Исламов Юшаъ вара иза. Шен хенахь туртекхаш хилла а вара – юьртда, колхозан куьйгалхо. Ткъа мила ву а хууш суна гучу хенахь а вара дош лелаш – тхан тайпанан воккхах вара иза. И деза дукъ шен кочахь долу дела, ахь мел атта х1ума хаттахь а, и д1акарчош, схьакарчош, дика ойла йиний бен жоп лур дацара цо. Арадаьханчуьра вай ц1адирзичхьана даима Къор1ан доьшуш 1аш хуьлура шен къаьсттанчу чохь – чай а цигахь а молуш, рицкъанах цу чохь кхеташ. Эрна хан йойур йолуш вацара. Иза юкъахволура ламаз дечу хенаххьий, цхьаъ чувеъчий, набаро 1ехичий. Керла х1ума дахьаш а кхунна т1ебог1ура, хьал-де хатта х1етте а не1аре х1уьттура. Ткъа ша д1асавоьдуш суна гина а вацара. Х1етте а ц1ийнах хьалхарчу стеган Гезуев Са1идан х1усамнана 1айнаъ могаш йоцуш хилла аьлла хезча, араваьлла Юшаъ. Массара а магош дика адам дара 1айнаъ. Юшаа лоруш нус а яра. Цундела, цхьанхьа а воьдуш воцу х1ара, 1асанна т1е а тевжаш, церан кет1а вахана, 1айнаэра хьал-де хатта. Доьзалхоша хаийтина иза Т1ехьаМартант1ерчу больнице охьайиллинийла. Делахь шаьш т1аьхьадахча ша веънера а ала, шегара мерза маршалла а луо. И кост д1акхаьчча,

Нехан х1ума хьарам ю Советан 1едал доккхучу хенахь, Заки-Юьртара чуетташ яккхий тоьпаш а йолуш, Хаьмби-Ирзера нах юьртах бевлла. Тхан денда, Дадин Ислам (кхин а Х1ума а олура цунах), шен доьзалца Валаргт1е вахана. Цигахь Атабаевг1аьргахь 1ийна (дуьйцу Исламов Рамзана). Тхан девешин кхалхар а нисделла, валаргхойн кешнашкахь д1авоьллина иза. Ц1адирзича, шайн х1усамаш меттах1отто буьйлабелла хаьмбиирзхой. Цу заманчохь Заки-Юртара г1алг1азкхий бохийна хилла Советан 1едало. Церан дисинчу ц1енойн кор-не1, шайга яккхалуш ерг схьа а йоккхуш, схьакхоьхьуш хилла наха. И хиъна тхан девешина Юшаъна (кхид1а а дуьйцу Рамзана). Цхьана дийнахь иза а вахана говра-ворданахь, кор-не1 а, цхьацца кхийолу х1ума а яхьаш ц1а каьчча. Х1ета жима хилла Юшаъ, цундела шегара даьлла хьуьнар бахьанехь дас ша хьастор ву моьттуш хилла. Амма г1уллакх кхечу 142

(Исламов Рамзане дийцина цуьнан дас Рапа1а).

Хаза дош – хаза ду

143


шен оццул боккха ларам барна, ч1ог1а хазахетта 1айнаана. Ша ц1а ма еъи, Юшаъ волчу яхана. - Муха ю хьо? – хаьттина Юшаа. - Дика ю со-м, - жопделла 1айнаа. - Хьо дика юйла-м тхуна тхайна а хаьа, - тоьшалла дина Юшаа, - хьан могашалла муха ю хоьттур аса-м… Цу дешнех дукха там хилла, суна хезаш масситтаза дийцира и 1айнаа ша (Дала декъалдойла и шеа). Салам схьа ца эцар Изза Юшаъ хилла стогар а ца латош маьрк1аж ламаз деш воллуш. Чохь г1еххьа бода х1оьттина хан хилла. Чоьхьаваьлла цхьа гергарстаг (мила ву хууш ду, цхьангге а дегабаам ца байта ц1е ца йоккху). Юшаал мелла а жима-м вара иза, делахь а хан тоьхна борз яра. - Ашшалам 1аликам! – аьлла хийра цергаш юккъехула салам делла. Дуьхьала цхьа а вист ца хилла (муха хуьлу, ламаз дохо йиш ца хилча). Цхьа г1аларт а хилла меттахъхьеш, т1аккха и ца хезаш 1а моттуш хьашас ч1ог1о аьлла: - Шалам делира хьоьга. Юха а цхьамма а салам д1а ца эцца. - Кху чохь-м шалам д1аэца къонах а вац, - аьлла, ара а ваьлла, д1аволавелла хьаша. И дешнаш лалур долуш стаг ма вацарий Юшаъ! Чехка ламаз д1а а дерзийна, т1аьхьатасавелла. Т1аьхьа а кхиъна, букъа юккъе 1аса етта йоллийна доггаха. - Ни 1аликум салом, ни 1аликум салом! – бохуш. (Дийцинарг вара Ц1уоц1ин Юнусан Мохьмад; Манажера Мохьмад а олура цунах).

Сту бигина Вай арадаьхна долчу хенахь, бежнийн фермехь буса ха деш хилла 144

ц1ера тхан юьртара волу Ц1уоц1ин 1ела. Кхуьнан б1аьрг т1ера матиллинехь, лачкъийна сту бигина хилла (мацалла хала ма яй.). Цу сохьта 1едале а даьлла, г1уллакхера нах баьхкина. -Сту хьан бигина хаьий хьуна? – хаьттина вокккхачу стаге. -Хаьа. Карийна баьлла моьттуш, самукъадаьлла г1азкхийн. -Хьан бигина? -И схьабаьстинчо. -Дика ду. Схьа хьан баьстина хаьий хьуна? -Хаьа. -Хьан баьстина? -И д1абигинчо. -Д1аваккхахь, цхьа тентиг ю иза-м, - аьлла,чу ца вуллуш витина цу луьрачу заманчохь. Амма церан нийсархочо Г1уларерчу Сайдаев Ахьмада (1амадис) тоьшалла дора: Ц1уоц1ин 1елий, цуьнан ваша Халиддий санна хьекъал долуш а, доьналла долуш а стаг каро хала дара, олий. «Дош дан а дацара, т1аьхьабевлла ч1ирхой а болуш, говра-ворда церан уьйт1а а теттина чувахана парг1ат ца ваьлча, - олура 1амадис, - ма кхерам бацара-кх цара хьуна т1е п1елг кхачийтарна!» 1елас баьхнарг («бигинчо-баьстинчо») кица хилла деха лийлира тхан юьртахь. (Дийцинарг ву Цацаев Мус, Дала декъалвойла иза).

Шиннах арадаьлларг Цкъа хилларг, лелларг шега дуьйцуш со 1ачу хенахь, тхан дешичас Исламов Рапа1а элира соьга: - Жайнахь аьлла ду хьуна: «Шиннах арадаьлларг дуьненна хаьа». Рапа1 шен заманчохь хьуьжарехь дешна вара, цундела цо и хьехам баро со цец ца ваьккхира. Амма х1ета со къона вара, собар кхачамболлуш дацара. Цунде145


ла:

- Хаьа суна, - сихвелира со. – Фирдоуси бохуш г1ажарийн-таджикийн хьекъалда хилла. Цо эзар шо хьалха шен «Шах-наме» тептар т1ехь яздина (Липкин Семена иштта оьрсийн матта а даьккхина и): «Есть тайна двух, но тайны нет у трех, И всем известна тайна четырех». Лерина соьга ла а доьг1на, цхьа безамехьа вела а къежна, Рапа1а корта ластийра (иштта дац и бохучу маь1нехь): - «Шиъ» бохург балдаш ду. Цхьаьнга дийца а мегар дац къайлахь дита дезарг… Байтамал я1! Ма дукхазза дохковийлина со Рапа1а сайна х1ета бина хьехам бицбарна: тешаме хетачуьнга далхийнарг а хийла бале даьлла. Ши балда а къевлина, со 1ад1ийнехь, и юьхь1аьржонаш хир яцара. Ца тоьлу волу дов - Сийсара г1ан гира суна, - дийца волавелла цхьа стаг шен лулахочунна. - Далий, маликаший диканиг дойла. Х1ун г1ан дара и? - Мулкалмовтца дов даьллера сан… - Са оьцу маликаций? Д1авала, хьо а харцахьа тасавелла. ( Дийцинарг ву Хаьмби-Ирзера дешнастаг Элимханов Товгира, Дала декъалвойла и)

Хаьмби – Ирзе йолу меттиг Вай арадаьханчуьра ц1адирзинчул т1аьхьа, ц1енна нохчийн духар а доьхна, Хьалха-Мартант1ерчу базара вахана цкъа тхан юьртара Г1азалин Мохьадди. Цу хенахь вовше гархьама боьлхура цхьаберш. Цуьнан куц тайна т1аьхьаваьлла вевзаш воцу жимастаг: -Воккхастаг, бехк ма биллалахь, цхьа х1ума хатта мегар дарий хьоьга? -Хаттахь. 146

-Ц1ера мичара ву хьо? -Хаьмби-Ирзера. Кхид1а къамел дан ца х1уттуш (буьрсо юьхь-сибат долуш вара тхан Мохьадди), жимастаг д1авахана: -Дика ду, - а аьлла. Амма, синтем ца хуьлуш лелла-а, юхавеъна: -Бехк ма биллалахь, воккхастаг, и Хаьмби-Ирзе ян мичахь ю? -Хьалха ша хиллачохь. -Бакъахь ду… Юха а, хьаьвззина, схакхаьчча: -Воккхастаг, со к1ордийна-м хир вара хьуна. Къинт1ера валалахь. И Хаьмби-Ирзе хьалха мичахь лаьттина? -Х1инца ша йолччохь…. Г1азалин Мохьаддин и забаре жоьпаш ч1ог1а тайна хиллера шортта нахана. Масала, дуьххьара соьга и дийцинарг вара Йоккхачу Атаг1ара Гойтемиров Муса (Дала декъалвойла иза). Хьекъале дош довш дац Со г1алахь 1аш ву. Амма мукъа ма-виссинехь хьажа-х1отта винчу юьрта воьду. Цкъа д1акхаьчча со, воккхах волу ваша Абу чохь вац-кха. Несе Баянте хаьтти, иза стенга вахана, аьлла. Д1ахьаьжча, нахана юккъехь дар-дацар а хилла, иза нийсонца дерзо гулбелла хилла юьртан къаной, 1еламнах. Абу а вахана цига. Т1аьхьаваха араваьлла со, иза а, тхан гергарстаг Кутуш а, царал жимо волу Маь1агера Супьян а чубог1уш бу-кха. Куьйгаш а лестош, царна цхьаъ дуьйцуш Абу а ву… Нах болчохь со-м тергал а ца ви. Ткъа тхаьш дисча, 1иэ а ца велла, хаьтти ас, стенах самукъадаьлла вара Абу. -Суо жимастаг волуш хезнарг, кхин цхьанна а и дага ца дог1у моьттуш, цкъа а хьахийна вац со, - бахара Абос, - амма тахана Халидана и меттан боьххье а деъна, воккхаве-кх. -Х1ун дара иза? -Хьуна Шахьбин Шах1ид вевзий? – хаьтти соьга. -Вевза дера-кх. И хилар вайн Хаьмби-Ирзена юьхьк1ам а болуш 147


стаг ву-кха. Харц цхьа а дош дацара цу юкъахь. Т1аьхьо, и кхелхича, юрт яссаелча санна хийтира массарна а. Баьхьа санна йоккха маж шурул к1айн яра, бакъволчу бусалба стеган хуьлуш ма-хиллара, ч1иж санна, йогуш беснеш яра цуьнан. Нах а безаш, нахана иза а везаш, вайн махкахь мичча а к1ажахь хиллачу дикане-воне а кхочуш, нехан ахча ца лелачохь а шен дош а лелаш къонах вара Шах1ид. -Иза а иштта хилча, цуьнан да Шахьби муха къонах хилла хир ву аьлла хета хьуна? – хаьттира Абос. И ойла ас ян а ца йинера. Х1инца вашас хаттар дичий бен. -Шайн тайпанан воккхах вара Шахьби, - элира Абос. – Цу заманчохь, вовше шаьлтанаш а етташ, леттера цуьнан гергарнах а, вайн ширдий а. Ширдийн ка х1ета сов а яьлла, царна х1ума алсам кхеттера. Т1аккха ширдашкахь марехь болу церан тайпанан зударий, нуй хьаьккхина, ц1а бахана – къона а, къена а. -Шун лаа дуй? – хаьттина Шахьбис. -Цара и дина хилча, тхо-м 1ийр дац цаьргахь…. -Зударша дов дерзадал г1аддайна а дац тхо, - аьлла Шахьбис. – Суна новкъа а ца г1ерташ, маса шайн-шайн ц1а г1о-л… Ма дукха хан ю Шахьбис и боьрша дешнан аьлла! Х1етте а диц-м тешна а ца делла уьш, мелхо а тахана а нахана хьекъал а луш лелаш ду. Ца лаьа-кх къанвала… Ша санна шийлачу 1ай ц1евзинчу 1уьйранна г1алит1е ваха араваьлла Г1уларера Сайдаев Ахьмад (несарша а, кегийчара а 1амади олура цунах). Дехьа эвлайистера сехьа йистенна гергахь йолчу туькана хьалха кхачале (цигахь юхахьаьвза автобус) дикка г1аш йорт йиттина. Х1ара г1еххьа дуьне диина борз йолу дела, дуьхьала кхеткхеттачо кхуьнан 1уьйре дика еш хилла. Церан г1иллакх васхал даккхаран метта, дог а пах а эт1аш хилла 1амадин. Х1унда аьлча цо иза «Хьо къанвелла» боху т1ехбеттам санна туьдура. Ткъа цуьнан дог-м къона дара х1ета а, хазчу йо1ах б1аьрг кхетча самукъа а долуш. 148

Доцца аьлча, дарвелла кхаьчна 1амади туькана хьалхарчу майдана. Г1ала лела автобус схьакхачаза хилла. Веха лаьттина цуьнга хьоьжуш. Х1ара а, кхул а цхьа ткъех шо воккха волу цхьа маждада а. Ког лаьттах беттарх а, цхьана меттехь волаваларх а вохлуш ца хила. Кхин детта са а ца хилла, воккхастага аьлла 1амадига: - Жима къонах, нехан чу а вахана вохлур вара со, ахь машен схьаеъча хоуьйтур делахь. - Дера, хоуьйтур ду, са ма гатде! Лапъаьлла кийра нур доьссира: 1амадин самукъадаьллера шех «жима къонах» аьлча. Цунах дукха сакъераделла дерриге а дицделлера вайн хьешана: ша г1алит1е кхаьчча дагавеънера 1амадина шех а тешна нехан чувахана къано. Бехк билла мегар дац. Дуьне ма ду х1ара: ца лаьа-кх къанвала… (Дийцинарг ву Сайдаев Ахьмад ша, Дала декъалвойла иза) .

Берцан буьртиг, хьаьжк1ан буьртиг

Оьзда нах дукха гина суна. Амма царна юккъехь а билгал вара Валаргт1ера Зайнутдинов 1абдул-Разакъ. Баа санна, нах безара цунна. Хьо гушшехь, цуьнан юьхь елалой-екхалой д1айолура. Б1аьргаш серладовлура. И веъна д1авахча масех дийнахь хьан кийрахь нур догура. Эхь-бехк сов хиларна, Герман т1ом болабелча, шен накъостий д1а а бигийтина ц1ахь муха 1ийр ву ша аьлла, ханна жима воллушехь шен лаамехь т1аме ваханера. Цигахь хьуьнар а гайтина атта луш йоцу Хастаман орден а, кхин орденаш а, мидлаш а еллера цунна. Чолакх а хилла ц1а хьажийча, нохчийн къам арадаьккханийла а ца хууш, Соьлжа-г1ала а Валаргт1е а веана леллера, комендатурерчара ша гергарчарна т1аьхьа хьажаваллалц. Казахстанехь а, вайн махкахь а берашна хьоьхуш хилла. Т1ебиллина болх говза барна «РСФСР-н хьакъволу хьехархо» олу ц1е тиллинера цунна. 1абдул-Разакъ к1еда-мерза велахь а, доьшучу хенахь низам хуь149


лийла лууш вара. Ла ца доьг1ча хаарш ца хуьлу дела. Амма цхьадолчу берийн дагахь кхин хуьлура. Аьлча а, хьаьстича а ца кхетча, дешархо ира а х1оттавой, 1абдул-Разакъа къамел дора: - Хьекъал долчу стагана х1ора дийнахь берцан буьртигал хьекъал т1екхета боху; сонтачунна х1ора дийнахь хьаьжк1ан буьртигал сонталла т1екхета боху… Юха соцунг1а а хуьлий, доггаха т1етухура: - Дели а доьхьа, ма 1овдал а ву-кха хьо! Г1ог1 олий бераш дела а лой, кхин харцахьалела некъ ца буьсура ледарчунна а. (Дуьххьара дийцинарг вара Сагаипов Адам)

Бехк т1е ца лецира Хаза стаг вара Нурдин Музаев – г1араваьлла волу вайн яздархо. Ас дуьйцург цуьнан юьхь-сибат хилла ца 1а, куц-м иштта а долуш вара иза. Олу дош а хуьлура цуьнан хаза. Ас доьшучу хенахь, тхан хьехархо вара иза. Т1аьхьо Москоха балха хьажийнера Нурдин Джамалдинович вайн хинболчу артисташна нохчийн мотт хьеха а, церан долада а. Цкъа г1алахула буьйлабала бахана вайн к1ентий. Цхьа дар-дацар а тасаделла, летта. Г1уллакх милцошка а даьлла, вукхара институте кехат даийтина шайн студенташ совцабе, аьлла. Кхеран куьйгалхоша, чехкка хьехархой схьа а гулбина, луьра бехкаш дохуш хилла: иштта вочу аг1ора дешаран кхерч цкъа а бийцина бац. Та1зар дан деза девна юккъехь хиллачу студенташна. Д1акъовла еза Нохчийн студи. Кар-кара а оьцуш, и къамел дийраш берриш а буй техьа аьлла жуьгтий хилла. Шайна багаетта к1ордийча, Нурдин дагавеъна: кхузахь 1аш церан куратор а ву (доладешверг), цунна дош дала деза. Шек а воцуш, ладоьг1уш 1аш волу Музаев Нурдин г1аьттина т1аккха: - Чеченская студия не Суэцкий канал, чтобы ее закрывать и открывать, а чеченцы не арабы, чтобы бегать от евреев… 150

(Нохчийн студи Суэцера апари дац, д1акъовлуш, схьадоьллуш ловзо, ткъа нохчий 1арбой бац жуьгтех ида…) Вовше а хьаьвсина, 1ад1ийна хьехархой. Хьанна хаа церан дагахь х1ун дара? Мухха делахь а, дов цу т1ехь доьхна, студи д1акъовлар кхин хьаха а ца дина, ткъа дешна бевллачу кегийрхойх ц1еяххана артисташ хилла.

(Дуьххьара дийцира Айдаев Юшаа, Дала декъалвойла иза)

«Д1авало хьайна, дукха шарвелла хьо!..» Б1ат1аьхьашха (заочно) доьшуш берш баьхкинера цкъа Соьлжа-г1ала шайн рог1ера сесси д1аяла. Цхьаьна1ойле д1а а тарбелла, т1етаь11ина нохчийн литература 1амош хилла дукхахболчара. Хан ца тоьуш, сада1ар, дийшар к1езиг долуш, бохкуш хилла. Ткъа цхьаъ, Муса аьр вай цунах, шен сакъоьруш лелаш хилла. Чувирзича, еккъа цхьана Музаев Нурдин киншканаш йоьшуш хилла. «Кхиерш а караэца, оццул дукхачу билеташна юкъара вайна хьоьхуш волу Музаев х1унда кхача веза хьуна?» - олуш хилла накъосташа. «Суна са ма гатде, шайн г1уллакх диэ аш», - жоп луш хилла Мусас. Экзамен д1аяла чубахана . Схьаэцца билет. Мусана кхаьчначунна т1ехь Музаев аьттехьа а ца хилла. Амма Муса вуоха дагахь вацара. - Билета т1ехь дерг 1амийний ахь? – хаьттина Нурдис. - Иза-м берашна а хууш к1езиг х1ума дара, Нурди Джамалдинович, - аьлла Мусас. – Цулла а сайна уггаре а дукха беза яздархой бийца ас? - Бийцал. - Уьш бу Шекспир, Маяковский, Музаев… - Т1аккха, т1аккха, - самукъадаьлла, меттахваьлла Нурди: Шекспир, Маяковский – кхунна дукхабеза яздархой бара. И хууш дуьйцура студента а. - Кхечу пачхьалкхийн литература д1алуш елахьара – Вильям Шекспир вуьйцур вара, оьрсийн литература луш елахьара Владимир Маяковский вуьйцур вара, ткъа вайн экзамен нохчийн литература 151


хилча Нурдин Музаев вийца вай? Хьехархо доьхьала вацара. Цуьнан кхолларалла-м Мусана ша санна шера хаьара. Чулацам буьйцуш, авторан шена а дага ца дог1у васташ дуьйцуш, цо мел язйинарг лоьман ц1ока йина охьайиллина. Дукха там хиллачу, Нурди Джамалдиновича «отл» (т1ехдика) диллина Мусан зачетке т1е. И куьг яздина воллушехь, зачетка шен кара схьа а эцца, Мусас аьлла: - Амма кхачамбацарш а ду… Цец а ваьлла, д1ахьаьжна Нурди. Цо лелочух кхета а кхетта, велакъежна: - Д1авало хьайна, дукха шарвелла хьо… И т1аьххьара дешнаш: «дукха шарвелла хьо» - дехха лийлира тхуна юккъехь хаза кица а хилла. Нохчий санна бертахь… Дикка хьалха хилла ду х1ара. Суна дика вевзаш волу Костоев Башир а, суна ца вевза цуьнан накъост а «Волга» машенахь шайн Г1алг1айчу ден ц1а а бахана, хьал-де а хиъна юхабог1уш хилла. Х1ета нохчийн, г1алг1айн цхьа республика яра, цундела уьш цу хенахь Соьлжа-г1алахь 1аш бара. Бог1у-уш тхан Хаьмби-Ирзе кхаьчча, совхозан кхаш т1ехь къахьоьгуш шортта нах гина. «Базара а вахана , марг1алъяхнарш оьцучул оццу мехах кхузара дико-ох йолу наьрс, помидор эца вайша», - аьлла Башира. Накъост т1етайна. Машен а сацийна, бригадир мила ву хаьттина. Зударша аьлла – Эдильханов Зеуди ву. Т1екхайкхийтина. Салам-маршалла хаьттина бевлча, шайна дагадеънарг хаийтина. Зеудис аьлла, шена шун г1уллакх дан хала дац, амма шена шу девзаш дац, х1ун хаьа шу тешнабехкана т1едахкийтаний а? Т1аккха Костоев Башира ша вовзийтина. «Хьо журналист хилча, хьуна тхан юьртахо хьенех а вовза веза», - аьлла сан фамили хьахийна Зеудис. «1аьрбий? Дика вевза, иза-м сан накъост ву», - аьлла Башира сох долу цхьацца х1ума дийцича, Зеуди кхетта, Костоевна баккъала а со вевзийла. «Шуна и вевзаш хилча, цхьа а ахча а ца оьшу, шайна езачул наьрсаш а хьуо, помидораш а хьуо», - аьлла Зеудис. Юха зударшна т1едиллина дик-диканиг 152

харжар а, уьш багажник чуйохка г1одар а. Цунах боккха кхаъ хила, ц1а ма-кхеччи со лехина Башира. Амма газетан белхахой цхьана меттехь ца 1а, цундела х1ета со кара ца веъна. Юха т1екхаьч-кхаьчначуьнга дуьйцуш, Соьлжа-г1ала зийзош хилла Костоев Башира. Шайн г1алг1ашка олуш хилла: хьовсал, мел бертахь бу нохчий. Шайн юьртахочун ц1е яьккхина аьлла иштта сий ди цара. Царах масал эца деза вай… Дависа! Х1ета царна моттаделла ма-хиллара бертахь 1аш делара вай баккъала а! Амма… Диканиг дийца олу дела, юьртахь нах гулбеллачохь хахийра ас Зеудис иштта юьхьк1ам сайн бинийла. Массара а къобалдира цуьнгара даьлла хьунар. Х1у кхачорна-м ца кхоьру хьо Цунах тера кхин цхьа х1ума а дагадеи. Иза а дара со «Грозненский рабочий» газетехь болх беш волчу хенахь. Цкъа Теркайистерачу Макани олучу юьрта хьажийнера со. Ч1ог1а дукха кемсаш дебнера цу шарахь. Парг1ат шайн къамел диэ аьлла, совхозан директор Х1арон д1авахара, со белхалошца а витина. Д1адуьйцуш, схьадуьйцуш тхо къамеле девлча, цхьана белхалочо элира, доккха са а даьккхина: «Тхан бала а кхочуш, тхох дог а лозуш цхьа директор хилла – Гезуев Рашид». Лапъаьлла, суна дег1е зуз деира: иза вара тхан Хаьмби-Ирзера а, тхан ц1ийнан хьалхара а стаг. Ткъа теркахошна со мичара ву а, хьанах а ву а ца хаьара. «Дика хилла х1ун дина цо?» - хаьттира ас. «Белхалоша ц1а боьлхуш чийлак дуьззина а, кхин а сов кемсаш хьуора, - элира къамел долийнчо. – Цкъа а и бахьанехь эвхьаза ца ваьлла Рашид. Дуьххьалд1а цо х1ун олура аьлча, таьллангаш кег а ца деш, дик-дикачуьра яккха шайна хорха, со вог1ура алий уьдуш уьш х1аллак ма е». Цкъа Рашид юьртара ваьлча баьхкинчу районера милцоша маситта стаг ваьхьира тхан, 1едална къоладеш бу аьлла. Дагийча санна, тхо лелаш Рашид ц1акхечира. «Х1ун хилла х1инца, шу ма доьхна ду?» Иштта а иштта а ду. Кхин чу ца воьдуш, машен хаьхкина Ч1улга-юьрта а вахана, тхан накъостий а балош веира иза… 153


Кхано, Хаьмби-Ирзе кхаьчча, дийци ас нахе. Рашид а волчохь. «Хьуна дагадог1ий и дов?» - хаьтти ас. Вела а къежна, цо элира: «И дицлойла дац. Х1унда аьлча милцойн хьаькамо аьлларг дагах хьакхаделира суна». – «Х1ун ду сел ч1ог1а хьуна 1аьткъинарг». – «Ма ч1ог1а воллу хьо, - элира цо, ас шех бехк баьккхича. – Церан х1у кхачадаларна-м ца кхоьру хьо?» Кхин эхь ца хеташ нохчийн къоман дуьхьа вала кийча ву ша бохуш деза къмелаш а дора, г1алит1арчу майданахь митинг йина лаьттачу нахе. Цуьнан дешнех 1ехалой, стигал 1адо г1ерташ санна, т1араш гулбеллачара а деттара… Цу стагца къамел х1ара мог1анаш яздечун а хилла. Амма цуьнан дешнаш сайна Рашида довзийтичхьана дуьйна, цуьнга а, цуьнан санна дагахь цхьаъ – багахь кхин долучаьрга а безам боцуш валаволлу. Дала лардойла вай царах. Лела ца хиъча пайда бац Хьалха-Мартант1е йоьду автобус йоьттинера, даккха са доцуш. Ирахь лаьтташ вара г1еметтах1оьттина стаг (суна-м воккха хетара иза, суо цу хенахь ткъех шо кхаьчна бен воцу дела). Г1аьттира цунна уллехь 1аш волу жимастаг: - Кхуза охьахаахь. - 1ад1е, со гена ца воьду, - бохуш, дуьхьалавелира, аьлча а дехча а охьа ца хууш. Къовсам бахбелира, нахана а к1ордош. Т1аккха: - Охьахаахь, къонах, и жимастаг г1иллакхах вохо а ца г1ерташ! – т1ечевхира баккъала а къенастаг (мел лахара а 80 шо хир дара цуьнан). – Хене ваьлча а лела ца хаьа-кх хьуна! Цкъа ахь 1айтича, хьо санна болчара, кхин а кхин а 1айтича, хиина 1ер марзлур ду цунна а, цунах 1еминчарна а. Т1аккха вай т1екхуьучу чкъурана лен охьаховшур ду, ма г1иллакх доцуш бу уьш, бохуш. Ткъа бехк хьенан хуьлу? Вайн хуьлу-кх, баккхийчийн. Ахб1е шо х1ете а даьлла и сурт суна гина. Амма дагара ца долу иза, къаьсттана вевзаш а воцчу воккхастага баьхнарг: г1иллакхах вохо ма г1ерта! Къонах буьна чу вер вац 154

Бусалба наха ч1ог1а сий деш юрт ю Дойкар-Эвла. Х1унда аьлча цигара ваьлла эвлаяъ Докка. Цу Доккин к1ентан к1ант Шаптукаев Iалу цхьана буса , котамаша ен г1овг1а а хезна, самаваьлла. Чиркх а латийна, стенах уьш къаьхка хаа дагахь, шайн буьна чу хьаьжна. Къу хилла кхеран котамаш луьйцуш воллуш. Когара а яьккхина, цунна бетах кало тоьхна Iалус. Кхано и г1арадаьлча, наха хаьттина: -Ва Iалу, т1ара х1унда ца туьйхира ахь? -Т1ара къонахчунна туху… -Иза а вацара къонах? -Вацара. Къонах буьна чу вер вац, - элира Iалус (Дала декъалвойла иза). (Дийцинарг ву Ховхаров Шаму)

Дош дисина Дойкар-Эвлара Вагапов Хьумайд шуьйра а лекха а волуш онда хилла. Цуьнан «ГАЗ-67» олу готта машен хилла, чухаа а охьавосса а аьтто боцуш. Говра-ворданахь а вахар-вар нислуш хилла цуьнан . Цу т1ера восса а дац атта. Х1етте а могаш-парг1ат хоттучу хенахь, Хьумайд даима а охьавуссуш хилла. «Ма воссахь, Хьумайд, хала ма ду хьуна», - шега аьлча, цо жоп луш хилла: - Лело атта хилча-м г1иллакх массара а лелор дара… И бакъдуьнена д1авахана (Дала декъалвойла иза), амма цо аьлларг дисина. Хьенехкна а дайна, олий, цхьаболучара х1инца а даладо Хьумайдан и хьекъале дешнаш. (Дийцинарг ву Дойкар-Эвлара вахархо Ховхаров Шаму)

Сискал йоцчу хенахь Дойкар-Эвлахь хенаро волчу Закрин Юнусе воккхавеш дуьйцуш хилла хила ца 1еминчу юьртахочо: -Кхушара-м Дала деллера вайна: дуо буьззина хьаьжк1аш ю, сайра буьззина ахьар ду… - х1ара ю, важа ю, бохуш, шайн мел ерг 155


ягаръеш ваьллина. Лерина ла а доьг1на, воккхачу стага аьлла: -Ма дика ду шун и йолуш. Шайн йоцчу хенахь аш нах шайн сискал яа а ма ца буьтура.

(Дийцинарг ву Ховхаров Шаму)

Йоьхуш к1ордийча Оццу Дойкар-Эвлахь лулахочо диг доьхуш, херх хьош, бел хьашт хуьлуш самерекхачийна хилла цу юьртарчу Исмаь1алан Исмайлан. Рог1ера х1ума оьшуш веъча, и к1ордийначу Исмайла аьлла: «Хьенех, ас ехча ахь соьга лун йолу х1ума, со волчуьра хатта а ца хоттуш яхьа мегар ду хьуна». (Дийцинарг ву Ховхаров Шаму)

Догдоьхна аьлларг Ломахь боккъала а хилла ду бохуш дийцина х1ара Т1ехьаМартант1ерчу йишига Малижига фабрикехь цуьнца цхьаьна болх беш хиллачу ламаройн зударша. Шайна чулацам дош ца хетахь, матте ладог1ийша. Ма хаза, ма куьце бу иза! Къойсе бохучу къонахчун Маржан ц1е йолу зуда а, ворх1 бер а хилла. Цу Маржана шен ворх1 берана 1аьно баа, дуо буьззина, хьаьмцаш лахьийна. Х1ара йоккхаеш 1ашшехь, кхин цхьа зуда, Милихан, ялийна Къойсес. Иза шен жимчу нускалца дуьне дууш 1ашшехь, дагахь а доцуш, дуьне дита дезна – цомгаш а хилла, велла Къойсе. Тезета баьхкина зударий. «Милихан, 1окадал хьо Къойсена», аьлла зударша. Милихан елха хиъна: «Вай шимме ламан басошка к1елкхисса чуокхе т1ам ас х1у даь бицбаь бу, ва Къойсе», - аьлла кедна Милихан. И кедана яьлча, зударша Маржане аьлла: -Iокадал х1инца хьо. -Дела 1ор1анора кодарг яр-кха, дукха бакъдор-дора а дуьйцушм, - аьлла када хиъна Маржан: - Ас сайн ворх1 берана мазал мерза хеташ 1аьно баа 1аь1бе хьаьмци дуо семал къахьбира ахь, Къойсе, 156

жуожаг1ата боьду некъ йортахь хьойла ахь, Къойсе!... (Малижигара д1аяздина 20.10.2000)

Ма-дарра дийца йиш ца хилча Жимчохь дуьйна бакъдерг дийца 1амийна хилла цхьа оьзда йо1. Маре яхана дукха хан ялале кхуьнан ц1ийнда волчу накъостий баьхкина шайн сакъера дагахь. Мохь тоьхча, не1 елла йоьдучу кхуьнга майрчо аьлла, ша ц1ахь вац алий д1абахийтахь уьш. Аьшпаш боьттича а эхь ду бохург дагчуьра ца долуш, майрчунна луург ца дича а ца йолуш, йиш йоьхна хилла. -Ц1ахь вуй тхан деган доттаг1?! – аьлла, шега хаьттича, жимчу нускало жоп делла: -Башха ц1ахь а вац… (Дийцинарг ву Махъядиев Дауд)

Вайн ц1а Т1ехьажча безам а бахана, жижиг эцца цхьана мартанхочо (цуьнан ц1е а евзаш ю). Амма базарахь кхин а г1уллакх хилла цуьнан, цундела шен лулахочуьнга хаьттина: «Хьо д1авоьдуш вуй?» - «Ву». – «Делахь ц1а хьуохь х1ара жижиг». Важа дуьхьала вацара. Кхано, ша чукхаьчча, зудчуьнга хаьттина мартанхочо: -Ахь жижиг кха оьлларий? -Х1ун жижиг? – ца кхетта х1усамнана. Ша хьенехе схьа ма даийтинера. Шега-м ца делла цо цхьа а жижиг. Дог а доьхна, лулахо волчу вахана. Ша жижиг ма деллера хьоьга, аьлла. Мича даьхьира ахь иза? -Ахь хьуо аьллачига даьхьир-кха – вайн ц1а. -Ахь шайга х1умма а ца елла ма боху цара. -Вало, ас д1агойту хьуна. 157


Кешнашка а вигина, д1агайтина ша охьадиллина жижиг: -Х1ара вайн ц1а а ду, х1ара 1уьллуш ахь эцца долу жижиг а ду. (Дийцинарг ву Хьалха-Мартант1ера Мальсагов 1али).

Ийданал дехьахь «Дала Ийданал дехьа воккхийла хьо!» - олий сардам буллуш дукха хезнера суна суо жима волчу хенахь. Х1етахь суна моьттура, иза 1аламат генара цхьа пана мохк бу. Т1аьхьо хиира, Ийдал - оьрсаша дийнахь а буса а зурманахь дуьйцуш долу Волга хи дуйла. Цкъа Ийданал дехьа – Волгоградан махка г1ишлош ян бахана хиллера тхан юьртара кегийнах (цу хенахь). Бода боллалц юттуш а бохкий, сарахь кино хьовса боьлхуш хилла. Ч1ог1а т1ом беш фильм гойтур ю боху кхайкхам хилла клуба хьалха д1атоьхна. И бакъ ду моьттуш, г1аж таккхол мел верг схьагулвелла, охьахаа хьавх, ирахь латта а меттиг ца юьсуш. Йоло хан т1екхаьчча, г1аьттина юьртда: - Накъостий, - аьлла цо, - кино ца еъна, амма районера кхаьчна хьаша ву, цо вайна йоьшур ю лекци… Нах кхетта, шаьш тешнабехк а бина, схьагулбинийла. Г1уг1 иккхина цу чохь, хаза нехан санна ч1ог1а! Церан г1овг1а а эшош, вистхилла Т1аки 1али Леча: -Надоелся я эта лекция! Чтоб был концерт – и сегодня же!... Шайга концерт хотталур яц аьлла меттигерчу бахархоша цу сохьта къурдъаьлла. - Делахь, оха х1оттийр ю, - аьлла, дош делла Лечас. Хаийта деза, Т1аки 1али Лечас санна хаза нохчийн хелхар деш стаг гина вац суна. Шен а самукъа а долуш, безамехьа вела а къежаш! Х1ета цаьрца вахана хилла Но1манера Мохьмад - говза дечигпондар локху цо, х1ета ч1ог1а нахана езаш хилла йолу х1индийн эшарш оццу х1индийн маттахь локху. Биснарш а бацара хьуьнар доцуш: илли ала а, байташ еша а, куцх1отто а хаьара. Шайн пондар-х1ума схьа а еъна, хьан х1ун муха дийр ду х1орш 158

дагабовллушехь, нахана цаоьшу лекци а д1аяьлла. - Режиссер-постановщик Такаев Леча, балетмейстер Такаев Леча, лезгинку исполняет Такаев Леча, - олий, Лечас ша д1а а кхайкхадой, Мохьмада пондар локхуш, кхечара т1араш тухуш, Лечас, д1аьндарг санна хьаьвзий, бал боккхуш, хьерабаьхна юьртара бахархой. Дукха ч1ог1а и концерт тайна, тхан юьртара кхин тоба кхо шо даьлча цига балха яхча а, цу сарахь цара шайн даьккхина самукъа дуьйцуш хилла. Ткъа тхан ц1ахь х1ета дуьйна олуш ду, к1ордийна х1ума хезча, Т1аки 1али Лечас юкъадаьхна дешнаш: -Надоелся я эта лекция… (Дуьххьара дийцинарг вара Буорера Мусбек)

Марахъяьлла говр Х1инцца хьахийначу Но1манера 1елин да – Элисханов Но1ман – Сийлахь – Боккхачу Даймехкан т1амехь хьуьнар гайтина а, вайн эскаро схьаяьккхинчу Берлинехь а хилла вара. Ц1а а, вай арадаьхначул т1аьхьа масех шо даьлча, вирзинера. И бахьанехь вай махка даьхкинчул т1аьхьа цуьнга балун болу болх беллера цунна 1едало: почта д1асакхехьар. Цу хенахь газеташ дорах дара, цундела х1ора доьзало аьлла яздора уьш шайна. Говра а хуий, массеран а кет1а х1уттуш чекхволура Но1ман. Иштта некъ х1ора дийнахь бора. Газеташ, журналаш, кехаташ, телаграммаш д1акхачош. Цкъа цхьа юьртахо дехаре веъна: «Но1ман, цхьа к1езиг дечиг гулдинера ас, и ц1а дан хьайн говр лур ярий ахь?» - «Хьайна магахь, д1айигахь», - стенна делахь а, велакъежира Но1ман. «Дика мегар ю», - сихха т1етайра юьртахо. Д1а а йоьжна, ша вордан т1е а хиъна: «Но-о!» - аьлла, д1алаьллира. Парг1ат ког а боккхуш, д1айолаелира. Амма кхуо архашца ша ерзочу новкъа а ца йоьдуш, х1оранна кет1а х1уттура. И кеп х1иттош ерриге а юьртах чекхъелира почта лело 1емийна йолу говр. 159


И дечиган мор ц1а беина валале, дийнна де дайра. Цул т1аьхьа цкъа а Но1мане говр ца йийхира. Цо а. Цунна хилларг хиъначу кхечу юьртахоша а. (Дийцинарг вара Ц1уоц1ин Юнусан во1 Мохьмад, Дала декъалвойла иза.)

Кошара схьа яздина арз Г1алахь 1аш волу со, мукъачу дийнахь винчу юьрта ваханера. Дикка хьалха ду и, делахь а сайна хазделла дела коьрта чохь дисина. Оьздачу дех Шепа1ах схьаваьлла оьзда к1ант вара Ваха – баа санна нах безаш вара шеа. Гуттара велавелла, векхавелла т1е а веъна, Вахас эли соьга: ла а дог1ий, хьайга цхьа а тайпа накъосталла далур дарий хьажахь. Цкъа РОВД-е д1акхайкхина кхуьнга. Дерриге а г1уллакхаш к1ела а дитина, т1евахана, 1едало коьртахваьккхина хилча цхьа баккъала долу х1ума хила ма деза и, аьлла. Д1а ма-кхеччи, милцойн майор бехк баккха волавелла: - Хьан зуда арз деш ю, ахь алименташ д1а ца ло бохуш. - Дера, до хир дац сан зудчо-м, - цецваьлла Ваха. - Хьо ма ч1ог1а б1обоьлла ву хьайчух. Массо а цхьаъ бу хьуна уьш. - Сайна цо х1умма а ца бохийла хуу дела. - Багахь аьлла а ца 1аш, кехата т1е яз-м дина. - Делан Къор1анна, ца яздина сан зудчо-м!.. - Осто-опираллах1! Ма баа къера дуй. Хьо ма ч1ог1а теша хьайчух. - Со мухха тешахь а, цо ца яздинийла хаьа-кх суна. - Хьан дуйнаш а к1ордийна, хьо а к1ордийна. Хабарх-м к1елхьарвер вац хьуна хьо, шен-шен хенахь алименташ д1аяла езар ю. Даьхьана, паспорт т1е мух1ар тоьхна, алименташ такха езаш ву, аьлла. Мичча а 1едала т1е вахча а, кхуо дуьйцучуьнга ла ца дуг1у. Цхьамма а. 160

- Прокуратуре вахарий хьо? – хоьтту ас. - Цигахь а бухахь 1аш, дуьненна а даръелла, шира йо1 ю. Цо, т1е а чийхина, лаьллира со. Газетан редакцин бланка т1ехь яз а дина лерина ла а дог1ий, и дов къастаде аьлла, оццу прокуроран г1оьнчина т1ехьажий ас, ца къастадахь – нахала даха дезар ду шу… - Хьо Джанхотов вуй? - Ву. - Ваха вуй? - Ву. - Т1аккха хьан зудчо яздина арз ду, ахь йо1ана т1ера алименташ ца ло, аьлла, - хаийтина прокуратурин белхахочо, собаре хила а г1ерташ. - Ас алименташ х1унда ло, йо1 соьца хилча? - Хьайн зудчуьнга хаттахь. - Зудчуьнга муха хотту, и елла маситта шо хилча… - Муха – елла? – цецъяьлла г1уллакхера йо1. - Муха-муха? Нах санна, цомгаш а хилла елла-кх. - Т1аккха х1ара арз хьан яздина? - Суна х1ун хаьа!.. - Хьо Джанхотов вуй? Ваха вуй? Цхьадика ден ц1е кхин хилар, 1аш волу юрт кхин юйла а гира т1аьххьаре а. Куьг бехкениг церан шайн юьртахо хилла хиллера, кхуьнан санна фамили а ц1е а йолуш волу. Т1аккха, беза мохь кочара баьлча санна, доккха са а даьккхина, паспорт хийцита сацам бира. Х1етте а жимма та1зар дина хиллера Вахина. Керла паспорт яздеш бланках долу туьма кхуьнан кисанара сацийнера. Ишттанехьа дан ца лиънера Вашина (майорана) и г1уллакх, бехк шайн боллушехь. - Иза-м х1ума дацара, уьш кочара бевлчахьана, - аьлла, цхьа безамехьа велавелира Ваха (х1инца воцуш ву и, Дала декъалвойла иза! Дага ма догийла 161


Х1инцца вийцинчу Вахин да Шепа1 вара лохочу дег1ахь а волуш, бусулба стеган юьхь-сибат долуш стаг. И нах безаш хиларна, вог1уш гушшехь хьеннан а дог-ойла серлайолура. Цкъа а цо вон дош олуш ца хезнера цхьанна а. Цкъа эвлайистехь дечиг гулдина хилла Шепа1а. Юха и д1адахьа ворда яло вахана. Г1аш д1а а ихина, говр а йоьжна, ворданахь юха а веъна. Цу юкъана кхуьнан дечиг цхьамма лачкъийна д1адаьхьана. Катуха берзалой шорта ма яй вайна юккъехь. Догдаьтт1а, корта а хьийзош, вист ца хуьлуш лаьтташ хилла Шепа1. Халахета дош цуьнан багара ца долийла а хууш, улле нисбеллачу юьртхоша хьийзош хилла: - Шепа1, х1уъа а алий а цхьаъ алахь цу боьхачу х1уманна! Виттане а ша ца витича, Шепа1а элира, бах: - Дага ма догийла и цуьнан… И соьга дийцина волу Но1манера 1ела (Дала декъалвойла иза) даггара велавелира: цунна тайнера цо сардам а оьзда боллар. - Ойла йича-м, к1орггера дешнаш ду-кхий уьш, - кхетира со Но1манера 1елас. – Лечкъош оццул къа а хьегга, ц1е ца летча, догдет1ира ма ду. Хазахетаран бахьана Сарахь суьренца бузучу малхаца юьрта юккъехь х1оьттинчу пхьоьхана т1евеъна вевзаш воцу хьаша. Могаш-парг1ат хаьттинчул т1аьхьа, гулбеллачарна хаа лиина и мичара ву. Вукхо дийцина. Цул т1аьхьа: -Жимастаг, шун юьртахь керла х1умма а дарий? – хаьттина баьрчехь 1ачу воккхастага. -Х1ара ду аьлла х1ума дацара, - жоп делла хьашас. Юха ойла йина-а т1етоьхна: -Бакъду, г1уллакхера нах балхара д1а-м баьхнера: юьртда а, школан директор а . -И дика ду, - бина хаам тайна воккхастагана. -Хьуна бевзаш бара уьш? - хаьттина хьашас. -Бевзаш-м бацара, - аьлла, 1асана т1е а тевжаш, вукхо. – Д1абаьхча хазахета-кх. 162

(Дийцинарг ву Бердк1ел эвлара Якубов Шамхан)

Цаяшар - Зуда, т1ехьа машен юйла хьажахь, - аьлла майрчо шен керлачу нускале. - Яц. Дапъаьлла т1етоьхна. - Ахь машен яц ма бахара, - бехк баьккхина майрчо. - Деллахь, саг, ц1ахь йолуш дуьйна «Запорожец» машен хеташ яцара со.

(Дийцинарг ву Гуьмсе г1алахь 1аш волу Алиев Асламбек)

Шозза эла Вайн махкахой хилла Г1алмакхойчохь шайн рицкъа лохуш. Цхьацца аьттонаш а хилла церан. Ткъа мукъачу хенахь цхьаберш кехатех ловзура. Ахча а дуьллуш. 1усмана б1е кхузткъа туьма даьккхина Данч1игара (цу хенахь дукха ахча ду иза). Т1аккхахула левзина схьадоккхур –кх, бохуш, Данч1а сапарг1ат 1ашшехь, 1усманан гергарчара дуй баийтина, кхин кехатех п1елг тосур бац, аьлла. Йиш йоьхна 1усманин ше а, Данч1ин а. Ц1аьхьана дагавеъна Элабек (шозза эла ву бохуш, хьийзавора и : «эла» а, «бек» а). Иза ахча доцуш висинера, амма ловза лууш, садала доллура. Т1аккха 1усмана, ахча а луш, шена хьалхара ловзуьйтура иза. Шегара 1усмана даьккхина б1е кхузткъа туьма дагара ца долучу Данч1ас аьлла Элабеке: «Хьо суна дала дезаш волу дезткъа туьма схьа маца ло ахь?» - «Х1окху некъехь дан-м дац», - жопделла шех декхар доллучо. «Делахь ас гечдо хьуна иза, ахь 1усманигара шиб1е туьма даккхийтахь». – «Кхоб1е даккхахь, т1едаьккхинчу б1е туьма163


нах ах суна а луш», - аларх а ца тешаш т1етайра Элабек. Данч1а реза ца хилла: совдерг шена ца оьшу. Къайллаха барт бина: секанах ловзучу хенахь, ткъе цхьаъ б1иллиг (очко) хьайга кхачахь, иштта дерзор ду ахь кехаташ, суртдерш нислахь – вуьшта, лахарниш карадаьхкинехь – кхечу аг1ор дерзаде. Нийсса шиб1е туьма даьккхина. Кхин а ловза бохуш, чуг1ерташ хилла уллехь 1аш волу 1усман, шена бина тешнабехк ца хуу дела. Амма Данч1а т1е ца тайра (шегара даьккхинарг меттах1оттийнера цо). Цул т1аьхьа Элабеке элира Данч1ас: «Хьан ц1е «Элабек» елахь а, хьо «эла» а вац, хьо «бек» (туркойн маттахь «эла» ду иза) а вац, хьуо ма-варра лай ву хьо, ца хилча тешнабехк хир бацара хьоьца». Шена дага ма-деъи итт а, ткъа а туьма доккхура Элабекера. Схьа маца лур ду аьлла хаьттича, цкъа а лур дац, хьо т1ехвалахь ша 1усмане д1а дуьйцур ду, т1аккха цо кхалакхезиг воккхур ву хьо, олий, кхерам тосура. - Ма алалахь! – дехар дора Элабека. Г1алмакхойн махкара ц1а верззалц хьийзира и миска. «Оьзда воцчу цунах-м къа ца хетара суна», - дерзийра шен къамел Данч1ас. Кочмаш дохийна стерчий Гуьржийн жа лам т1е доьдуш, коьллех тасалуш бисина т1арг1а лахьа а бина, цунах маша а бина, и маша буохка а боьхкина ас старг1анаш эцча, уьш стерчий хиллалц лела а йича, уьш д1а а доьжна со хьажа-х1отта ден ц1а йохуьйтур юй ахь, аьлла, хаьттина къелла «къийкъ» бохуш 1ачу доьзалерчу зудчо шен майрчуьнга. - Йохуьйтур ю, хьан да нелца валла, кочмаш а дайна лаьтта стерчий а доьжна, - аьлла, зудчух летта, боху, ц1ийнда. ( Дийцинарг ю Абдурзакова Малижа, Дала декъалйойла и. Т1ехьа-Марта, 23.01.2001г)

Дика хьа-ах ду… 164

Дика вевзаш журналист вара Вокуев Тутуш. Г1алахь х1инца а го иза суна наггахь. Нохчийн маттахь арадолучу «Ленинан некъ» газетехь болх беш вара и. Цкъа хаам би, журналистийн пхьоьха вовшах а кхетта, Тутушера даьлларг дийцаре дан деза аьлла. Со а ваха везаш хуьлура, х1унда аьлча со а волу дела цхьана газетехь сискал йоккхуш. - Х1ун дина цо? – хаьтти ас тхешан хьаькаме. - Юкъаг1орта бакъо йоцчу юкъаг1оьртина. Партин обком реза яц… Кхид1а дийца а ца оьшуш кхеташ дара. Цхьана г1уллакхера стагана цхьаъ 1оттаделла. Т1аккха зорбанан белхахоша шайгара долуш санна кар-кара а оьцуш бехва веза. Х1утту долу сурт довзарна со сайн ц1а вахара. Са а доь1на юхавог1у сой, Зорбанан ц1а чуьра араволу Тутушший не1арехь дуьхь-дуьхьала кхийти. - Дов къастийн аш? – хаьтти ас. - Хьала а г1уьттуш, вайн накъосташа со балхара вохо веза, партера а эккхо веза бохуш (цу хенахь ч1ог1а та1зар ду и), къамелш-м дира. - Хьуна дош деларий? - Делира. - И дика ду. Х1ун элира ахь? - Дера, элира: «Накъостий! Дика хьа-ах ду вайн вовше рицкъа вовше карахь доцуш»… Х1ета дуьйна и нийса дешнаш ала дукха бахьана даьлла суна сайна а. Тутуш-м юхаметтах1оттийра Москоха цо арз яздича – партехь а, балхахь. Т1аккха накъостий бу бохурш, х1умма а эхь а ца хеташ, юха а цунна улле г1ерта буьйлабелира. Т1ама т1е вигина казах Герман т1ом баьлча, казах а вигна мохк ларо. Цунна оьрсийн маттахь дуьйцург ца кхета дела, юург ечохь хьадал-вадал х1оттийна. Цхьа мего волу айкх вига еъна немцойн тоба, парг1атта пхьег1аш юьлуш лаьтта салти а гина, йоккхаеш хилла: т1едиллинарг атта кхо165


чушдалур ду. Коьртах х1ума а хьарчийна, бага горгам а йоьллина, ваьхьна вайн нуц. Немцойн мотт х1ете а хууш бац. Т1еман къайле ца хаарал сов. Цунах кхин бала пайда а бац аьлла, кхача кечбеча хьажийна. Советан эскаран г1ера а еъна, коьртах х1ума а йоьллина, юхавалийна, немцо ву моьттуш. Юьхь яьстича, Бурумбай хилар гучудаьлла. Ткъа вукхо боху бахара резавоцуш: - Немес пиршол – туда таскал, урус пиршол – суда таскал. Когда вайивайт будем? Вухур волуш-м ца хилла вайн бусалба ваша! (Дийцинарг ву Хаьмби-Ирзера Исламов Ризван)

Дилхича хаза хуьлу Жима бер, юха а ца доьрзуш, доьлхуш хилла, амма къоначу нанас тергал а ца дина. «Хьажа цу к1анте,» - аьлла майрчо. – «Велхийтахь, - аьлла зудчо, - вилхича хаза хуьлу боху». – «Хьан нанас хьоьга-м ч1икъ д1абакхийтина ма ца хилла и». (Дийцинарг ю журналист Сулумова Дети. Цунна хезна Г1ойтехь)

Дай къонахий хилла Вай арадаьхначу хенахь Кавказ дага а йоьхна бисанера массо а. Баккхийчара безамца буьйцура гуьржий а. И бахьанехь кегийнарш а бара уьш ган сатесна. Ц1а ма-дирзи, институте деша дахара тхо. Ткъа аьхка, каникулаш йолчу хенахь, сан накъостий (хьалхаваьлла Г1ойт1ера Джамбулатов 1иса а волуш) Гуьржеха бахана. Ахб1е шо даьлла цул т1аьхьа-м, делахь а х1ета хилларг довзийта лаьа. Цкъа цхьана жимчу г1ала нисбелла вайн махкахой. Кегий хиларе терра, хелхаршка бахана. Йоккха Атаг1ара Гойтемиров Муса хьаьрса вара, сийна б1аьргаш а долуш. И г1азкхи ву моттаделлачух тера ду меттигерачу гуьржийн к1антана. Кхуьнан кочабаьхкина. 166

«Т1и посиди, я буду т1анц1евать», - аьлла д1атеттина. Муса боксе а оьхуш, буй-т1аре ялуш вара. Цо х1ума тоьхна шена п1елг 1оьттинчунна. Мечикан к1орни т1ехула даьлла дов олу ца кхетачара. Ца даьлла. Хьо х1умма а яц бахарна долу и… Нах юкъа а лилхина, къастийна леташберш. Ледарчу оьрсийн маттахь кхерам тесна: хелхарш чекхдевлча хьовсур ду вай… Меттигернаш парк яьккхина дуккха бара. Вайнаш пхи-ялх стаг. Цундела 1исас аьлла, вай дийна дуьсур ду алий са а ца тосуш, йолчо иралла кийча хилийта. Летачу хенахь, вовше букъ тохий д1ах1отта. Хьо ледара хилахь, накъостана тешнабехк хирг хилар ма дицде… Кхин а кхин а хьехарш дан х1оьттина 1иса. Генабоцуш лаьттачу гуьржашна хезна кхеран къамел. Х1орш оьрсий боцийла кхетта. «Шу мича къомах ду?» - «Шуна х1ун бен ду?» - «Делахь а дийцийша». – «Нохчий ду тхо». Цу сохьта къамел хийцаделла. «Нохчий кхералуш бу ала меттиг гуьржийн а бац, гуьржий кхералуш бу ала меттиг нохчийн а бац. Цундела дов а дитина, шайга хьошалг1а дахка деза шу». - Х1ун до вай, к1ентий? – хаьттина 1исас. - Хьуна луъург до, хьо ву воккха. - Делахь, хьошалг1а г1ур ду вай. Амма, мела ма 1е, хьанна хаа кхеран дагара?.. Ч1ог1а хьошалла дина нохчашна. Къаьсттана баккхийбеш хилла баккхий гуьржий, цара дийцина нохчий гуьржий вовшашца тарлуш хиларх а, уьйрех, доттаг1аллех. Шорта хилла даа даар, мала малар. Амма х1орш, тешнабехках кхоьруш, к1езиг дууш, кхин а к1езиг молуш 1ийна. Бакъду, цхьа а харцо ца йина. Х1орш новкъа а баьхна, гуьржий къаьстанчул т1аьхьа Джамбулатов 1исас аьлла: - К1ентий! Лерина ладог1алаш, дика ойла елаш. Вай къонахий долуш к1елхьара ца девлла шуна вай. Вайн дай къонахий хилла дела девлла-кх. Ойлане бахара уьш. 1иса бакълуьйш карийра. Цара барт бира, шайн дай санна, доьналла долуш а, оьзда а хила г1орта. Т1аккха царал т1аьхьа баьхкинарш а лелор бу куьйгаш т1е а бехкина. Дагахь а доцуш «03» орцахъялар 167


Х1оа дохарна кхоьруш санна, меллаша ког боккху Мальсагов Султана. Даима а. Х1ета а (ялх шо хьалха дара иза) шайн ц1а к1ажахь лаьтта дела, цигахула воьду-вог1у стаг а наггахь бен ца хуьлу дела, сахьаьвзина цхьа урам лакха хьалавеира иза – шен вешин к1ентанан Дикалун ков-керт лаьттачу метте. Кет1ахь лаьтташ аннех дина деха г1ант ду. Цу т1е охьалахвелира Султан. Х1инца Хьалха-Мартанан боккхачу урамехула д1асалеларш гора, уьш к1езиг а бацара. Цхьаберш бистхуьлий синтем а бора. Ц1аьххьана ц1ен йозанца т1ехь диллина «03» терахь долу машен кхунна хьалхха сецира. Цу чохь мила ву а хаале, дог тохаделира: дукха шерашкахь цу т1ехь шоферан болх бинера Султана, ша пенсе ваххалц. Шашаха сихдира суьлхьанашца деш долу зуькар. Цу чуьра охьабиссира кхуьнца болх бина накъостий. Ибрагимов Нурди, Акаев 1айнди (х1инца вац ишиъ, Дала декъалбойла уьш), Акаев Муса, Ибрагимов 1умар. Мара а беттабелла, къамеле бевлира. - Дуьло, чуг1ур ду вай. Хьеший резахилира. И тамашина хийтира Султанна: «скори помощь» даима сиха ма хуьлий. Цхьа лазархо к1елхьараваккха хьодий. Дукха хан ялале шолг1а машен а («03») схьакхочу. Коьрта лор Абу-Супьян, диспетчерш Майса а, Зураъ, Элима, фельдшерш Бахадова Лайлаъ, Сайд-Селам а балош. Уьш а чукхойкху. Уьш бахкарх а цецвуьйлу Султан, амма шу лаа лелий аьлла хатта г1иллакхехь ца хета. Дагахь а доцуш, оццул хьеший гулбелча, чохь хьалха х1отто кийча яа х1ума хир ю-яц ца хаьара Султанна. Жимма собар дийриг хир ду цара, кхача кечбаллац, бохуш ойла а еш, вог1ура х1усамда. Амма чоьхьа ваьлча юьхь1аьржа ца х1утту волу шун гира. Дог сапарг1атделира. Д1атарбеллачул т1аьхьа, хьеший буьйлабелира Султан декъалва. Х1ун диначуьнца? - Хьо винчу денца! – кхетийра баьхкинчара. - Суна-м дага а ца дог1ура, - даре дира Султана. – Т1е нохчаша и терахь даздеш а ца хилла. Амма шу даьхкина, шу гина ч1ог1а хаза-м хета. 168

Х1инца т1аьхьакхиира Султан хиллачунна. Стохка чугулбелла зударий а, бераш а гича, х1ун хилла аьлла хаьттанера цо. Румисас (Султанан йо1а) Липин (шайн ненан) йина де билгалдоккхуш ду шаьш аьллера. Забар еш, шен йо1арий хьовзийра цо: ша-м ца вог1у шуна дага а. Т1аккха йижарша барт бинера той х1отто. Кхуьнан вина де гергадеъча Сепас а, Раисас а, Румисас а кхоб1е туьма вовшахтуьйхира (б1е туьма цхьаммо а луш). И ахча шайн нене Липига д1аделла эцийтира жижиг, кега-мерса х1умнаш, стоьмаш, корта ца бахо маларш. Султанца цхьаьна болх бинчу (х1инца и къахьегар дитаза йолчу) шайн маьхчана 1айнаана т1едилланера белхахой цхьана хенахь чукхайкхар. …Х1оранга хилларг-лелларг дуьйцуьйтуш, вовше хьийзош самукъадаьккхира. Иштта марзо оьцуш бехха 1ийра. Дукха там хилла юьхь т1ера хебарш а д1аевллера. Хьешаша совг1ат а дира – ламазан куз а, езчу меттера деъна горгали туху сахьт а луш (Султан суьпа стаг ву). - Ма дика ду шу даьхкина, - даггара элира Султана. – Тахана санна самукъадаьлла вац со балхара ц1ахь сецчахьана. Тахана щаьш а ду ч1ог1а сакъераделла, тоьшалла дира хьешаша а. - Совг1атийн дуьхьа а доцуш, со дага а веъна шу даьхкина хазахета суна, - элира Султана. – Нохчаша вина де билгалдохкхуш ца хиллехь а, бина ларам бу беза. 2010 шо.

103


Туьйранах 1ехабелларш  
Read more
Read more
Similar to
Popular now
Just for you